Урокан
ц1е: «Мукъаза къора аз (Хь), элп Хьхь. 19.01.2023ш
Лорсанова
Т.Л.
1алашо:
мукъаза къора аз (Хь) довзийтар, элп Хьхь довзийтар. Элп Хьхь дешан
юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь деша 1амор.
Кхочушдан
лерина жам1аш:
1.Предметни:мукъаза
къора аз (Хь) , элп Хь хь девзар ду. Нийса а , кхеташ а элп Хьхь юкъадог1у
дешнаш деша 1емар ду.
2.
Метапредметни:
·
Регулятивни: берашна
1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан
план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду
берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду
кхачамбацарш ган уьш д1адаха.
·
Коммуникативни:
берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца
къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн
накъосташа дуьйцучунга ладог1а, кхета.
·
Познавательни: берашна
девзар ду шалха элпаш , 1емар ду элп Хьхь юкъа а х1оттош дешдакъош
кхолла , уьш деша. Дешнашкахь деха а , доца а мукъа аьзнаш довза а 1емар
ду. Масех маь1на долчу дешнийн тидам бан 1емар ду.
3.
Личностни:берийн лаам хир бу 1алам довза а , цуьнан
тидам бан а , дола дан а.
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла
хаттар
-Де дика хуьлда шун, бераш!
-Диканца дукха ехийла!
-Вай
д1айолор ю дешаран урок. Тидаме а , кхетаме а хила декхарийлахь ду шу.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
·
Ловзар : «Х1етал-металш».
Х1етал-метал хаийла хьуна:
Ког
-
ц1а чохь, корта - арахь? (Хьостам).
Алал Кагиров Билал
Цхьа
корта,
исс
лерг,
пхи
даь1ахк?(Хьамц).
Лаьтта
юьжуш,
стигал
г1оттуш дег1 шен марг1ал хиллалц?
(Хьаьжк1а).
Сулейманов М-Э жоп
Ша
х1ума а ца юуш, коьрта т1ехь лела, мачаш елахь а, когаш берзина лела? (Мачийн хьостамаш)
Ша
х1ума а цаюуш, дерриг дуьне
кхобург?
(Хьера)
Даим
юуш,
цкъа
цаюзуш?
(Хьера)
Цергаш
хьийза,
багара
к1айн 1аь юьйлу? (Хьера)
Юх
ц1уналахь эла-борш? (Хьера)
Бешшехь
аьчгах бина со,
Когаш, куьйгаш ца дина.
Коьрте
кхаччалц аннех бетта,
Къа ца хеташ, ж1ов т1еетта.
(Хьостам).
-Х1ун
ю х1етал-металш т1ехь юьйцуш ерш? (Хьера, хьостам, хьаьжк1а).
-Ша-ша
олу вай и дешнаш : ХЬХЬЕРА, ХЬХЬОСТАМ, ХЬХЬАЬЖК1А).
-Муьлха
аз хеза царна хьалхахь? (Аз (ХЬ) хеза).
Берий
жоьпаш
-Х1ун
1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).
-Вайна
девзар ду мукъаза къора аз (ХЬ), элп Хьхь.
3 . 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла абатан 81-г1а аг1о. Аг1он т1ехь
балийначу г1ирсан тидам бе. План х1отта е шайн белхан.
Суна девзар ду…
Суна 1емар ду…
Суна хуур ду…
Ас дийр ду….
-Вайна тахана девзар ду аз а , элп а Хьхь.
Шуна евзар ю Хьхь элпан башхаллаш . Шуна хуур ду иза дешан юьххьехь ,
юккъехь, чаккъенгахь деша.
4. Мукъаха къора аз (Хь) , мукъаза шалха элп Хьхь
довзийтар.
·
Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь, чаккхенгахь,
юккъехь аз (Хь) довза 1амор.
-Х1ара х1ун ю? (Хьайба ю) … Дабагаева
1айша
-Ала ХЬХЬАЙБА . Муьлха аз хеза ХЬАЙБА
дешан юьххьехь? (Аз (Хь) хеза)
-Ала ХЬХЬ . Аз (Хь) мукъа ду я мукъаза ду?
(Мукъаза ду)
Берийн жоьпаш).
-Х1унда ду и мукъаза? (Аз (Хь) ца лакхало)
Цакаев Шемильхан
-Аз (Хь) зевне ду я къора ду? ( Аз (ХЬ)
къора ду)
Жоп ло Бултаева Хедас
-Тидам бе схемин . Х1ун бос бу аз (Хь )
билгалдечу еък1овн? (Сийна)
Хасуев Аюб
-Маса дешдакъа ду ХЬАЙБА дешан? (Шиъ ду)
жоп ло Гапураев С-М
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа ? (ХЬАЙ)
Жоп ло Юсупрва Мархас
-Шолг1аниг? (БА) Жоп ло Абдулазиев Л-А
-Х1ара х1ун ю? (Буьхьиг) жоп ло Сакаев А-М
-Маса дешдакъа ду БУЬХЬИГ дешан? (Шиъ ду) жоп
ло Сатыбаев Д
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа ? (БУЬ) жоп
ло Абдулазиева С
-Шолг1аниг? (ХЬИГ) Хажмурадов М
-Мича меттехь хеза аз (ХЬ) БУЬХЬИГ дашехь?
(Дешан юккъехь)
·
Элп Хьхь довзийтар.
-Х1ара зорбанан доккха элп Хьхь ду ,
х1ара зорбанан жима элп хь ду. И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана
ду?
-Тидам бе элпийн. Маса хьаьрках пайдаэцна элп
Хьхь яздеш? (Шина)
-Муьлханаш ю уьш? (Х , Ь) Берийн
жоьпаш).
-Элп Хь хь шалха элп ду , х1унда аьлча и
яздеш пайдаоьцу шина хьаьрках.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
·
Суна девзи мукъаза къора аз (Хь). Мукъаза
шалха элп Хьхь.
Самбулатова Л жоп ло
·
Хьхь элпах лаьцна байт 1амор.
X ьалххе:шена лоьхуш ижу
Хьоза уьйт1ахь к х и й с а л
о
Хьовсал — д1огахь теба Пису,
Хьанна хаьа цо х1ун до?
Хьавас Пису эккхадо.
5. Дешдакъош х1иттор , уьш
дешар.
·
Хьхь
элпаца дешдакъош кхоллар.
-Бераш , вай х1инца
1амор ду дешдакъош деша. Аса хьала ойбу элп Хь , аша аз а ца
хадош д1адеша иза. (Хьехархочо д1агойту элп , бераша д1адоьшу.
-ХЬХЬХЬ.
-Аса цунна улло дуьллу
кхин цхьа элп А. (Хь) олуш долуш долу аз а ца хадош д1адеша
дешдакъа. (Бераша д1адоьшу)
-ХЬХЬАА.
-Д1адеша аса гойтуш долу
элп юха.
-ХЬХЬ. Бераша д1адоьшу
-Аса дуьллу цунна улло
кхин элп О. (Хь) олуш долуш долу аз а ца хадош ший цхьана д1адеша.
-ХЬХЬОО.
-Юха аса дуьллу элп
У. Аз ца ходуьйтуш д1адеша Давлиева Иман
-ХЬХЬУУ,
-Юха аса дуьллу элп И.
Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
-ХЬХЬИИ.
-Юха аса дуьллу элп И.
Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
-ХЬХЬЕЕ
·
Хьхь
элп юкъадог1у дешдакъош дешар.
(Хьехархочо уьн
т1е д1ах1иттадо дешдакъош ,бераша д1адоьшу)
ХЬХЬАА ХЬХЬУУ ХЬХЬЕЕ
ХЬХЬОО ХЬХЬИИ
(1аматан аг1он
т1ера а д1адоьшу бераша дешдакъош)
-Х1ун кхиамаш
бехи аша?
·
Суна
1еми дешдакъош деша.
6. Дешнаш дешар.
·
Уьн т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Мила ву
хьархо? (Хьерахь болх беш волу стаг ву).
-Маса дешдакъа ду ХЬЕР дешан? (Цхьаъ).
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Муха
кхета шу ХЬАРАМ бохучу дашах? (Хьарам – иза ше йоцу х1ума шена йитча иза
хьарам хуьлу)
-Маса дешдакъа ду ХЬАНАЛ дешан? (Шиъ).
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (ХЬА)
-Шолг1аниг? (НАЛ) .
-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш . Х1ун
ю БОХЬ? (Диттан угар а лекхара генаш бохь бу)
-Маса дешдакъа ду МОХЬ дешан? (Цхьаъ).
-Х1ун ю МОХЬ? (Тухуш болу мохь)
-Кхин х1ун мохь хуьлу? (Еза ги йоьллина х1ума
мохь бу олу)
-Маса маь1на ду МОХЬ дешан? (Шиъ).
-Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш.
Х1унда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца? (Уьш адамийн ц1ераш ю, цундела
уьш даккхийчу элпашца язйо)
·
Абатан 81-г1а аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
·
Суна 1еми дешнаш деша.
·
Дехий доций мукъа аьзнийн тидам бар.
-Д1адеша дош. (Бора)
-Хьан бора хьерахь болх ? (Хьархочо хьерахь болх
бора).
-БОРА дашехь аз (О) деха ду я доца ду? (Деха).
7. Сада1аран миноташ.
1уьйренна полла самабели,тохабели
Меттахбели, озабели,
Малхе хьаьжна, белабели,
Самукъадаьлла, т1емабели
8. Барта къамел кхиор.
·
Дийцар х1оттор.
-Муьлш бу суьрта т1ехь гуш? (Бераш)
-Уьш стенга боьлху? (Уьш экскурсе боьлху) жоп ло
Самбулатова Л
-Стенга экскурсе боьлху уьш? (Уьш хьуьнах
боьлху) Кагиров Б
-Х1ун до цара экскурсехь? (Цара 1аламан тидам
бо).Доклаев С-М
-Шу хиллий экскурсехь? Х1ун дара шуна гуттар а
дагахь лаьттинарг?
Сатыбаев Д
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
·
Аса дийцар х1отти.
8. Дийцар дешар.
·
Массара цхьана ешар.
·
Шайн дагахь ешар.
·
З1енаца ешар.
-Д1аеша хьалхара предложени. Хьаьнца дахара
экскурсе? (Хьасанца экскурсе дахара тхо) Самбулатова Л
-Д1аеша шолг1а предложени. Мила ву Хьумид?
(Хьумид хьархо ву)
Жоп ло Кагиров Б
-Д1аеша кхоалг1а предложени. Стено хьийзайо хьер?
(Хьер хьийзайо хино)
Жоп ло Эскирханова А
-Д1аеша йоьалг1а предложении. Х1ун йо цигахь?
(Цигахь до дама а , ахьар а). Жоп ло Хатуева Маликас
-Д1аеша пхоьалг1а предложении. Х1ун керланиг
хиира берашна? (Тхуна хиира хьерахь болх муха бо). Жоп ло Тулаев М
-Х1ун ю аша ешнарш? (Предложенеш). Бераша
-Текст ала мегар дуй царех? (Дац). Бераша
-Х1унда? ( Предложенеш еригге яц маь1ница
йозаелла).
Хаждайдиев Д
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
·
Тхуна 1еми предложенеш еша. Жоп ло Бултаева Х
·
Кхоллараллин болх
-Массара а язде элп
Хьхь, дилла цунна дог1у сурт.
10. Жам1 дар.
-Муьлха аз девзира шуна? (Аз (ХЬ) ) Бераша
-Аз (Хь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза) жоп
ло Сакаев М-А
-Зевне ду я къора ду? (Къора) жоп ло Хасуев
Абус
-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (ХЬ) ? (Хьхь элпаца)
Самбулатова Л
-Элп Хьхь цхьалха ду я шалха ду? (Шалха ду)
Хажмурадов М
11. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
Тхуна девзи шалха элп хь
Предложенеш х1иттий.Хиира хьерахь болх муха
бо.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.