Инфоурок География КонспектыУрок-конспект "Абдулаев Лечин дахар а, кхолларалла а"

Урок-конспект "Абдулаев Лечин дахар а, кхолларалла а"

Скачать материал

Абдулаев Шарипан Леча. Дахар а, кхолларалла а.

 

1алашонаш: Абдулаев Лечин дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар; дешархойн ойла а, тидам а кхиор; нохчийн литературе болу безам ч1аг1бар.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза шаьш ешначух кхета, цунах лаьцна коьртаниг дагахь латтадан а, шайна хетарг ала а; вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа,1ама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.

 

Хьехаран некъаш: учебникца болх бар, дешархойн хаамаш, комментари ярца текст ешар.

 

Гайтаман г1ирс: яздархочух лаьцна йина презентаци, «Орга» а, «Вайнах» а журналаш.

 

Урок д1аяхьар

 

I.                  Урокана кечамбар.

 

II.               Ойла т1еерзор.

- Хьоме дешархой, дагадаийтий вай, х1ора шеран оханан беттан 25-г1а де х1ун аьлла билгалдина ду вайн къоман?

- Нохчийн маттахь дуьххьара арадаьллачу  газетан ц1е муха хилла вайн?

- Тахана а долуш ду аьлла хетий шуна и? Хьан йоккхур яра аша цуьнан ц1е?

- 1990-чу шарахь республикин «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор х1оьттина а волу, уггар хьалха оцу газетан ц1е «Даймохк» аьлла  хийцина волчу нохчийн г1араваьллачу поэтан ц1е яккха хуур дарий шуна? Мила хилла те и? (Абдулаев Леча).

- Хьан эр дара аша, хьанах лаьцна дуьйцур ду вай тахана урокехь?

 

( Дешархошка шайга урокан 1алашонаш а, декхарш а бигалдохуьйту)

 

 

III.           Дешархойн хаарш жигардахар

 

Хьехархочо толлу дешархоша ц1ахь кхочушбина белхаш, билгалбоху церан кхиамаш а, кхачамбацарш а.

- Мичахь, маца вина поэт Шайхиев 1алвади?

- Шен дуьххьарлера стихаш хьаьнга йоьшуьйтуш хилла 1алвадис?

- Маса шо долуш зорбанехь араяьлла къоначу поэтан дуьххьарлера стихотворени?

- Мичахь белхаш дина Шайхиев 1алвадис?

- Коьртачу турпалхочун х1ун амалш билгалйоху авторо «Дорцан буса» поэма йолалуш?

- Х1ун хьехар до цунна дас?

- Муха т1еоьцу к1анта ден хьехар?

- Ден хьехам кхочушбеш, х1ун сацам т1еоьцу к1анта?

- Муха гучуволу к1антана шен накъостех бакъволу доттаг1?

- Муьлхачу амалшца къаьста бакъволу доттаг1 кхечу накъостех?

- Билгалдаккха поэмин коьрта маь1на

 

 «Тешаме доттаг1 – ч1аг1онна йоьттина б1ов» рефератах дош.

 

 

 

IV.            Керлачу хаарийн  дуьххьара д1алацар.

 

1.     Хьехархочун дош.

 

  Тахана вай шуьца карлабоккхур бу Абдулаев Лечин дахаран а, кхоллараллин а некъ.

  «Аре дукха шийла хилла хиларна хир ду и, аре суна кхин хIара аьлла дага а ца йогIу: тхо, бераш, гуттар бохург санна чохь хуьлура. Да балхара чувогIу хан а яра гуттар ларош. Да даим векхна-велавелла хуьлура. Иза боккха синтем а, синкъерам а бара. ХIетахь дуьйна иштта цунах дIаволарх суна хIинца а ца хаьа иза сингаттаме, гIайгIане ган. Иза сингаттаме, дог ца догIуш хаавелча, суна суо бехке хетта. Ишттачохь тIаьхь-тIаьххьалц цуьнга хоттуш Iедал а дара сан: «Соьгара цхьа ледарло-м ца яьлла?»

Дас суна гуттар а цхьацца дуьйцура. Суна хIетахь дуьххьара девзира Кавказ, ДегIаста, ДецIа, БIаьсте боху дешнаш. Суна цу дешнийн чам хаалора багахь. Суна и берриг цхьа кхетам а бара. «ЦIа гIур ду» боху хиндолчу диканан нуьре гIаларт дара гуттар бIаьргашна дуьхьал лаьтташ. Цкъа а цхьанхьа а вахна воцчу суна суо цхьанхьара схьавеъна вуйла хаьара, юхаваха везаш,  юхаваха бакъо а, декхар а долуш.

I957-чу шарахь тхо цIа даьхкира. «Вай цIа дохуьйту!» – дас и кхаъ баьккхина  дагадогIуш санна хета суна, и боккхуш цуьнан хилла бIаьргаш дуьхьал а лаьтташ. Аьлча а, иза деккъа суна хетарг хила тарло. Амма и некъ, Кавказ, ДегIаста, ДецIа, БIаьсте йолчу махка тхаьш цIа бина и беха некъ, юха тхаьш схьакхачар а суна билггал дагадогIу. Бохамочул  дикано, халхетарочул хазхетаро, къастарочул  юхагаро чIогIахо велхош хиллийла а хиира хIетахь дуьххьара»,- иштта дуьйцу Абдулаев Лечас шен дагалецамашкахь.

Оцу къамелаца а йовза йиш ю вайн авторан амал. Цуьнан дена муьт1ахь хилар, шегара цхьаъ даларна кхоьруш, лерина хилар. Ткъа иштта хила ца веза муьлхха а доьзалхо? Нохчийн 1адаташца йог1ург а и кеп бен ма яц… Вовше ларам а, барт а, дегайовхо а йолуш… Шен сил дукха Даймохк а безаш… Кхин цкъа а ладог1а кху мог1анашка ( д1айоьшу билгалъяьхна предложенеш), иштта дешнаш яздан ма муьт1ахь хила веза шен доьзална а,  Даймахкана а.

  Ткъа вай тахана вийца лерина волу Леча Абдулаев ван а ву иштта. Нагахь вацахьара, сих кхетар дацара мел ч1ог1а говза кечдина къоламца яздинарг.

 

2.     Учебник т1ерачу статьяца болх бар.

( Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешарошка д1адоьшуьйту статьян дакъош)

 

3.     Дешнаш т1ехь болх.

Г1аларт- силуэт, призрак.

Аккази- акация

Элхьамчаш- боярышник

Коканаш- терн

ГIундалгIеш-бузина траянистая

Ц1ийнан лард- ц1ийнан бух (фундамент).

 

4.     Кхетарх дуьххьарлера таллам.

Хаттарш:

 

- Маца д1аболабелла Абдулаев Лечин кхоллараллин некъ?

- Муьлхачу лит-цхьаьнакхетарраллехь дакъалоцуш хилла иза?

- Шен бераллех муха дуьйцу поэто?

- Нохчийн къоман эшарш а, иллеш мичахь, маца девзина Поэтана?

 

 

V. Урокан жам1дар

- Стенах лаьцна дийци вай тахана урокехь?

- Мичахь, маца дуьненчу ваьлла нохчийн г1араваьлла поэт, яздархо, гочдархо Абдулаев Леча?

-Муьлхачу шерашкахь нохчийн литературина юкъавеана иза?

- Дас х1ун т1е1аткъам бина поэтана бераллехь?

- Муьлхачу васташкахь карийна поэтана Даймохк?

- Абдулаев Лечин книгийн ц1ераш яха

 

 

5.    Рефлекси.

Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна 1еми…

Суна хии…

Суна кхета хала дара…

Со ца кхийти…

Хаарийн мах хадор. ( Мах дешархошка шайга хадабойту).

 

VII. Ц1ахь кхочушдан дезарг. ( Т1едахкарш декъа мегар ду дешархошна).

1.Учебник-хрестомати т1ерачу 1-7-чу хаттаршна жоьпаш кечдар.

2. «Маьлхан каш» поэма еша.

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Урок-конспект "Абдулаев Лечин дахар а, кхолларалла а""

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Специалист по сертификации продукции

Получите профессию

Няня

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 660 767 материалов в базе

Скачать материал

Другие материалы

ПРОЕКТНО-ИССЛЕДОВАТЕЛЬСКАЯ РАБОТА «КРИТИЧЕСКОЕ СОСТОЯНИЕ ЭКОЛОГИИ В СОВРЕМЕННОМ МИРЕ»
  • Учебник: «География России. Население и хозяйство», Дронов В.П., Ром В.Я.
  • Тема: § 11. Проблемы природно-ресурсной основы экономики России
  • 04.10.2020
  • 1314
  • 32
«География России. Население и хозяйство», Дронов В.П., Ром В.Я.

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 05.10.2020 3720
    • DOCX 20.7 кбайт
    • 144 скачивания
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Исраилова Луиза Абдул-Галимовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    • На сайте: 6 лет
    • Подписчики: 52
    • Всего просмотров: 111042
    • Всего материалов: 31

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Технолог-калькулятор общественного питания

Технолог-калькулятор общественного питания

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Организация проектно-исследовательской деятельности в ходе изучения географии в условиях реализации ФГОС

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 39 человек из 25 регионов
  • Этот курс уже прошли 430 человек

Курс профессиональной переподготовки

География: теория и методика преподавания в образовательной организации

Учитель географии

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3950 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 983 человека из 81 региона
  • Этот курс уже прошли 3 374 человека

Курс повышения квалификации

Педагогика и методика преподавания географии в условиях реализации ФГОС

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 284 человека из 69 регионов
  • Этот курс уже прошли 2 728 человек

Мини-курс

Медиа и коммуникации в современном обществе

5 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 79 человек из 35 регионов
  • Этот курс уже прошли 14 человек

Мини-курс

Развитие коммуникативных и здоровьесберегающих навыков

8 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Финансовое моделирование и управление инвестиционными проектами

10 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе