8-г1а урок. Гацаев Асламбекан
Саь1ид « Кавказ» .
1алашо: Гацаев Саь1идан дахаран а,
кхоллараллин а некъах болу хаамаш к1аргбар; монологически къамел кхиор,
керланиг довзаран хьашто хилар. Ойла яран хаарш, дустар, жам1 дар, маь1нийн
дерзораш т1ехь болх бар. Даймахках, 1аламах йолу поэтан ойланаш йовзийтар,
махке, къоман г1иллакхашка безам кхоллар.
Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза
къастошеша, шаьш ешначух кхета , хиндолчу г1уллакхан прогноз ян; шайн белхан
план х1отто , цу планан рог1аллехь болх бан, вовшашца а , хьехархочуьнца а
къамеле бовла , къамел д1адахьа, 1ама беза шен кхиамаш а , кхачамбацарш а
довза , царех пайдаэца.
Хьехаран некъаш: къастош ешар, хаттаршца
доьзна къамелдар, хьехархочун комментареш, текстана анализ яран кепаш.
Гайтаман г1ирс: презентаци, яздархочун
сурт,йозан у,интерактивни у.
Урокана
эпиграф: «
Со хьох ваьлла дукха лелла,
Мохехь, малхехь листина,
Ас хьан марзо к1езиг мелла,
Ахь со к1езиг хьистина.»
Урок д1аяхьар
I.Урокана кечамбар.
Маршалла хаттар, урокана оьшу
г1ирс кечбар, класса чохь вверг-воцург билгал а воккхуш, журнал т1ехь болх
бар.
II.Ойла т1еерзор. Эпиграфна далийначу дешнийн
маь1на дастийтарца йолайо урок .
Хьехархочун дош
- Муха кхета шу тахана вай
урокана далийначу дешнех?
- Цуьнан маь1на хьан достур
дара аш ?
- Нохчийн исторехь хилла муьлха
бохам дагабоуьйту х1окху дешнаша: «Со хьох ваьлла дукха лелла,
Мохехь, малхехь листина»?
Жимчохь дуьйна хийрачу махкахь
кхойтта шо доккхуш ша сатийсинчу даймахке йолу шовкъ ю поэтан стихашкахь
лаккхарчу исбаьхьаллин чулацаме йирзина. Даймахках йолу поэтан стихаш, шаерш
бохург санна, авторан дахарх йозаелла ю.
Даймохк а, цуьнан 1алам а. И ши
кхетам вовшах къасталур боцуш цхьаьна бу Гацаев Саь1идан лирикехь.
Бераллехь даг чу йирзина , шен сих, ойланах д1аийначу даймехкан 1аламан
хазалла, цуьнан «зевне эшарш» исбаьхьаллин даше ерзо, «матте яло» лаьа
поэтана.
-Хьан эр дара аш, муьлха произведени
1амор ю вай тахана, х1ун ю цуьнан ц1е?
-Х1ун болх д1ахьур бу вай
урокехь?
(Дешархоша йовзуьйту урокан ц1е
а, 1алашонаш а)
III. Дешархойн хаарш жигардахар. Ц1ахь бина болх таллар.
Яздархочух лаьцна доцца дийцар.
- Мичахь дIаяхана Гацаев Саь1идан
бералла, къона хан?
- Маца язйина поэто шен
дуьххьарлера стихаш? (ша школехь доьшучу хенахь)
- ЦIераш яха С. Гацаевн гуларийн,
уьш маца араевлла а дийца.
- Поэтан даймахках а,1аламах а
лаьцна йолчу поэзин муха мах хадийна халкъан яздархочо Ахмадов Мусас
?
- Гацаев Саь1идан муьлха произведенеш ешна аш ?
- Дагайог1ий шуна уьш?
(Дешархоша яздархочух лаьцна шаьш
кечбина хаамаш бовзуьйту).
IV. Керлачу хаарийн дуьххьара
д1алацар.
Гацаев Саь1идан « Кавказ»,
Стихотворени къастош ешар.
Текст цкъа хьехархочо ша, цул
т1аьхьа дешархошка йоьшуьйту.
V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.
Стихотворенин хьокъехь иза талларан
кепара къамел
- Х1ун башхалла ю стихотворенин
куц-кепехь,муха гучуйолу и ?
- «Ши б1аьрг 1аьржа сан Кавказ»
мог1анехь эпитето х1ун маь1на леладо?
-Муьлхачу исбаьхьаллин васташца
гайтина поэто шен Даймахке болу безам?
-Билгалъяха стихотворенин рифмаш,
дийца церан башхаллех лаций. - Даймахках ваьлла ша лайна
халонаш муьлхачу васташца гойту поэто?
VI. Жам1даран хаттарш
-Х1ун ойланаш кхоллайолуьйту
стихотворенино? Х1ун сурт х1утту шуна хьалха и ешча?
- «Кавказ» стиховоренехь
даймахкаца йолчу марзонах муха аьлла поэта шен стихотворенехь?
- Стихотворенин юьххьехь х1отточу
1аламан суьрто х1ун маь1на леладо?
-Стенах дагавуьйлу лирикин турпалхо?
-Ша мел йо ойла Даймахке ерзо муха
1емина лирикин турпалхо?
VII.Рефлекси.
Суна хии…..
Суна хазахийти….
Со ца кхийти…..
IX. Хаарийн мах хадор.
X. Ц1ахь кхочушдан дезарг (Дешархойн хааршка хьаьжжина
тобанашкахь кхочушбойту болх)
1. ПРОЕКТ. Реферат язъе х1окху темина: « Даймехкан
1алам».
2. Гацаев Саь1идан «Кавказ» стихотворени
дагахь 1амае.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.