Для всех учителей из 37 347 образовательных учреждений по всей стране

Скидка до 75% на все 778 курсов

Выбрать курс
Получите деньги за публикацию своих
разработок в библиотеке «Инфоурок»
Добавить авторскую разработку
и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок География КонспектыУрок-конспект по подготовке к работе над третьей частью (сочинение-рассуждение) КИМА ОГЭ по чеченскому языку

Урок-конспект по подготовке к работе над третьей частью (сочинение-рассуждение) КИМА ОГЭ по чеченскому языку

библиотека
материалов

Къамел кхиоран урок. Яшуркаев Султанан «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх» повеста буха т1ехь «Г1иллакх-оьздангаллин аг1о» ц1е йолу ОГЭ-н форматехь 9.3 ц1е йолу сочинени-ойлаяр язъяр.


1алашонаш: нохчийн литературин мотт хаар к1аргдар; йозанца шайн ойланаш нийса а, к1орггера а гучуяха 1амор; барта къамелан корматалла лакха а йоккхуш, ойланехь дерг йозане дилла 1амор.


Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза ешначух лаьцна шайна хетарг цхьана кепе а далош, йозане дилла; хаа деза ОГЭ-н форматехь сочинени язъян.



Урок д1аяхьар


  1. Урокана кечамбар.


  1. Ойла т1еерзор.


  1. Сочинени язъян кечамбар.

1. Хьехархочо йовзуьйту сочиненин тема а, язъяран кеп а.

- Дешархой, таханлерчу урокехь вай шакепара сочинени язъян 1амор ду шуна. Иза ОГЭ-н форматехь Г1ИЛЛАКХАХ лаьцна хир ю. Аьлча а, уьссалг1ачу классехь аша алссам язйир ю кху тайпа сочиненеш, х1унда аьлча, экзамен д1алуш иза хьашт йолу дела.

Х1инца аша шуна цуьнан коьрта некъаш довзуьйтур ду.

Уггар хьалха дийца дезар ду шу муха кхета шу Г1ИЛЛАКХ бохучу дешан маь1нах. Цул т1аьхьа кепе а далош, комментари ян езар ю шаьш цунах билгалдаьккхинчунна.

«Г1иллакх-оьздангаллин аг1о» темина сочинени-ойлаяр язъяр т1ехь ду шуна шаьш билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Г1иллакхех лаьцна билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладан деза: цхьа масал-т1еч1аг1дар - ешначу текстера, шолг1аниг – шайн дахарехь зеделлачух.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза. (Абзац 4).


2. Карладаккхаран хаттарш:

- Вай ешначу «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх» ц1е йолчу повестехь г1иллакх гайтина кийсакаш схьалахий вай? Хьенан васташца гучуделира вайна турпалхойн г1иллакхе хилар?

- Ц1ера а даьхна, де эшна, г1аддайна доллушехь, нохчийн къомо муха лардина хилла г1иллакх?

- Къаьсттина ч1ог1а муьлхачу турпалхочун амалехь гайтина автора г1иллакх долуш хилар?

- Кхин муьлха дешнаш х1иттор дара аша Г1ИЛЛАКХ бохучу дешан мог1аре?

- Г1иллакх- иза воккханиг ларар, г1ийлачунна шега дало накъосталла дар, лела хаар ду. Г1иллакхе стаг леларца а, духарца а, маттаца а оьзда хир ву. Г1иллакх багахь дийцина ца 1аш, г1уллакхашца гайта дезаш ду бохучунна реза дуй шу? Аша х1ун т1етухур дара?

- Дахарера масалш далон хуур дарий шуна г1иллакх-оьздангаллех лаьцна? (Ешначу киншки юкъара, я шайца нисделларг (халкъан исторера а), я гиначу кинофильмера а мегаш дуй хаийта деза дахарера масал далон).


Дешархошна г1оьнна ларамах лаьцна язйина сочиненин кеп йовзийтар.

9.3 Ларам-иза адаман дикалла къобалъяр,цуьнца оьзда юкъаметтиг лелор ,цуьнан хьашташ лоруш хилар ду.Сан кхетамехь,адамашна юкъахь лараме кхочуш х1умма а дац.

Х1окху кхетамах лаьцна сайна хетарг олуш ,билгалдаккха лаьа Х.-А.А. Берсановн текстера Кавказе веана волу хьаша Алексанр Иванович ларар гайтина масал.Цунна ч1ог1а хазахеттера шега болчу лерамна адам иштта хаза вовшахкхетарна.Ч1ог1а воккхавеш вара иза вайнехан хьаша лараран г1иллакхех. Яздархочо вайна иза гойту 29-30-чу предложенешкахь.

Дахарера масал далош,лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1ъеш,ала лаьа вайнехан хьаша-да ларарх лаьцна дош. Массо а вайнехан г1иллакхаш ч1ог1а хаза ду: воккханиг чувеъча, дег1 нисдеш, хьалаг1аттар, воккхачунна дуьхьала цалер, жимачун воккхачуьнга а, воккхачун жимачуьнга а болу лерам. Амма уггаре а сийлахьниг- иза хьаша-да ларар хилла а ду,тахана а вайнаха лелош а ду. Хьаша- иза беркат ду олуш ду. Кхечу юьртара хьаша веъча, синкъарам беш а хилла хьалха заманахь, хьешана хазаелла х1ума цунна совг1атна д1алуш хилла. Иштта деш хилла хьешана олий, оти ц1а а.

Цу т1ера схьа жам1 дан таро ю:вайн дайша хьаша ч1ог1а лоруш хилла, иштта вайна т1ехь а ду и ларам цкъа а вайна юкъара д1а а ца болуьйтуш,вешан хазачу г1иллакхийн дай а хилла, даха.


IV. Сочинени язъяр. ( Литературин шолаг1чу урокехь тептарш т1е схьаязйойту).


  1. Рефлекси.

Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна 1еми…

Суна хии…

Суна кхета хала дара…

Со ца кхийти…


VIII. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  1. 1амийнарг карладаккха



Курс повышения квалификации
Курс профессиональной переподготовки
Учитель географии
Найдите материал к любому уроку,
указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
также Вы можете выбрать тип материала:
Проверен экспертом
Общая информация

Вам будут интересны эти курсы:

Курс профессиональной переподготовки «Основы религиозных культур и светской этики: теория и методика преподавания в образовательной организации»
Курс повышения квалификации «Основы туризма и гостеприимства»
Курс профессиональной переподготовки «Управление персоналом и оформление трудовых отношений»
Курс повышения квалификации «Организация научно-исследовательской работы студентов в соответствии с требованиями ФГОС»
Курс профессиональной переподготовки «Экскурсоведение: основы организации экскурсионной деятельности»
Курс профессиональной переподготовки «Клиническая психология: теория и методика преподавания в образовательной организации»
Курс повышения квалификации «Финансы: управление структурой капитала»
Курс профессиональной переподготовки «Организация деятельности помощника-референта руководителя со знанием иностранных языков»
Курс профессиональной переподготовки «Управление информационной средой на основе инноваций»
Курс профессиональной переподготовки «Организация деятельности по водоотведению и очистке сточных вод»
Курс профессиональной переподготовки «Техническая диагностика и контроль технического состояния автотранспортных средств»
Курс профессиональной переподготовки «Теория и методика музейного дела и охраны исторических памятников»
Курс повышения квалификации «Информационная этика и право»
Курс профессиональной переподготовки «Стандартизация и метрология»

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.