10 кл. Урок№ терахь
Тема: Архаизмаш,
историзмаш, неологизмаш.
1алашонаш:
1аморан: 1. Архаизмех,
историзмех, неологизмех юкъара кхетам балар .
2. Уьш кхидолчу дешнех къасто а хаар;
Кхиаран:
1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;
2.Шайн маттахь долу керла а,ширделла адешнаш довза хьашт хилар ч1аг1дар;
Кхетошкхиоран:
1. нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо
дешархошна
йовзийтар,берийн нохчийн матте безам кхиор;
2.Шен
мехкан 1аламе безам кхиор.
Урокан тайпа -
керла тема Iамор.
Урок
д1аяхьар.
Ойла тIеерзор
(мотивация)
Маьрша дог1ийла шу, хьоме бераш!
Тахана
вай цхьаьна д1ахьур ю
Коьртаца ойла ян еза,
Дагалацам хила беза,
Дуьйцург дагахь латто деза,
Рог1ера
беркате урок.
I.
Ц1ахь бина болх таллар.
9-г1а шардар толлу
Карладаккхарна хаттарш:
1.Стенах
олу лексика?
2.Омонимаш
стенах олу?
3.Синонимийн,антонимийн
башхалла йовзийта.
II.
Керла коьчал йовзийтар
Хьехархочо довзуьйту, цхьа а мотт беккъа
ц1ена шен дешнех лаьтташ цахилар. Зама хийцаяларца цхьадолу дешнаш юкъара
д1адовлуш, керла дешнаш юкъадог1уш хилар.
Архаизмаш
ширделлачу дешнех олу: отту(адъютант),хьукмат,талмаж,къепал,лахьоврч(ракушка),шатлакх
, б1арза,ц1етуху,кост,чардакх,напг1а,хасп,лахьа…
Дахарера д1аевллачу х1уманийн
ц1ераш билгалъечу дешнех историзмаш олу :
пурстоп,геланча,х1оллам,к1арлаг1а,эла,сахь,мажар…
Неологизмаш керлачу дешнех олу: космос, космонавт, ракета, комьютер…
1амийнарг
т1еч1аг1дар
Кхочушдо 10 шардар
12-
г1а шардар йозан у т1ехь кхочушдо.
Рефлекси
1.Муха хийти шуна вайн
урок?
2.Ца кхеташ дисина
х1умма а дуй?
3.Буй вайн мотт уггаре
а ширачу а,хьалдолчу а меттанех цхьаъ?
Синквейн- Дош
Керла,шира
1амаво,
кхетаво, кхиаво
Меттан
1илманан дакъа ду
лексика
III.
Ц1ахь бан болх—
-
Кхочушде 13-г1а шардар,5-г1а бакъо 1амае
10 кл. Урок№ терахь
Тема: Нохчийн
меттан а, т1еэцна дешнаш.
1алашонаш:
1аморан: 1.Нохчийн
метан дешнийн хазна карлаяккхар.
2. Уьш вовшех къасто а хаар;
Кхиаран:
1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;
2.Шайн маттахь долу керла а,ширделла адешнаш довза хьашт хилар ч1аг1дар;
Кхетошкхиоран:
1. нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо
дешархошна
йовзийтар,берийн нохчийн матте безам кхиор;
2.Шен
мехкан 1аламе безам кхиор.
Урокан тайпа -
керла тема Iамор.
Урок
д1аяхьар.
Ойла тIеерзор
(мотивация)
Маьрша дог1ийла шу, хьоме бераш!
Тахана вай цхьаьна д1ахьур ю
Коьртаца ойла ян еза,
Дагалацам хила беза,
Дуьйцург дагахь латто деза,
Рог1ера беркате урок.
I.
Ц1ахь бина болх таллар.
13-г1а шардар
толлу
Карладаккхарна хаттарш:
1.Стенах
олу лексика?
2.Омонимаш
стенах олу?
3.Синонимийн,антонимийн
башхалла йовзийта.
4.Неологизмаш
стенах олу?
5.Х1ун
башхо ю архаизмашний,историзмашний юкъахь?
II.
Керла коьчал йовзийтар
Хьехархочо довзуьйту, цхьа а мотт беккъа
ц1ена шен дешнех лаьтташ цахилар. Зама хийцаяларца цхьадолу дешнаш юкъара
д1адовлуш, керла дешнаш юкъадог1уш хилар.Довзуьйту ,1илманчаша дуьненчохь 3000
сов мотт лоруш хилар,нохчийн мотт царна юкъахь уггаре а хазачу а, хьалдолчу а
меттанех цхьаъ хилар. Масална Л.Н.Толстойн нохчийн маттах лаьцна дешнаш
дало мегар ду.Кхечу меттанашкара цхьацца бахьанашца т1еэцна дешнаш хилар
довзуьйту.
Ясакх(турк.)-нохч
.маттахь ял.
Х1онс
(х1ирийн)-нохч.м .даьхни
1аьрбийн матера
т1еэцна:еса,жам1ат,салават,къор1а,хьаьрк…
1амийнарг
т1еч1аг1дар
1.§ 6-г1а йоьшуьйту,цунах юкъара
кхетам ло
2. .§ 6-г1а масалш йозан белхан
тептарш т1е схьаяздо
Рефлекси
1.Муха хийти шуна вайн
урок?
2.Ца кхеташ дисина
х1умма а дуй?
3.Буй вайн мотт уггаре
а ширачу а,хьалдолчу а меттанех цхьаъ?
Синквейн- мотт
хаза,исбаьхьа
1амаво,
кхетаво, кхиаво
Адамийн
дахарехь коьртаниг лору
хазна
III.
Ц1ахь бан болх—§ 6. Ш. 4
10
кл. Урок№ терахь
Тема: Литературни
меттан лексикан тайпанаш.
1алашонаш:
1аморан: 1. Литературни
меттан лексикан тайпанех юкъара кхетам балар.
2.
Уьш вовшех къасто а хаар;
Кхиаран:
1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;
2.Шайн маттахь долу керла а, ширделла а дешнаш довза хьашт хилар ч1аг1дар;
Кхетошкхиоран:
1. нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна
йовзийтар,берийн нохчийн матте безам кхиор;
2.Шен
мехкан 1аламе безам кхиор.
Урокан тайпа -
керла тема Iамор.
Урок
д1аяхьар.
Ойла тIеерзор
(мотивация)
Маьрша дог1ийла шу, хьоме бераш!
Тахана вай цхьаьна д1ахьур ю
Коьртаца ойла ян еза,
Дагалацам хила беза,
Дуьйцург дагахь латто деза,
Рог1ера беркате урок.
I.
Ц1ахь бина болх таллар.
14-г1а шардар
толлу
Карладаккхарна хаттарш:
1.Стенах
олу лексика?
2.Муьлха
тайпа дешнаш девзи вайна?
3.Масалш
даладе нийса а,тардинчу а маь1нехь лелачу дешнийн.
II.
Керла коьчал йовзийтар
Хьехархочо довзуьйту литературни матто дахаран массо
а декъехь г1уллакх деш хилар,цуьнга хьаьжжина шайн-шайн тайпанашка уьш
декъадалар а,иштта довзуьйту, юкъараллин дахаран
тайп-тайпанчу аг1онашкахь буьйцучу литературни меттан тайпанех литературни
меттан стилаш олуш хилар а, ткъа уьш 1амочу 1илманан декъах стилистика
олуш хилар а.
Литературни
меттан къастош йолу коьрта стилаш ю барта къамелан а, книжни меттан а
стилаш. Книжни меттан стилашна юкъайоьлху литературни меттан 1илманан а,
г1уллакхан а, публицистически а стилаш.
Исбаьхьаллин
стило шатайпа меттиг д1алоцу адамийн дахарехь. Иза синкхачаман стиль ю ала
мегар ду, х1унда аьлча дешнаш нийса харжа хааре терра, дог-ойла а, синхаам а
дика къасторе хьаьжжина, х1уманан сурт х1отторе а, къеггина, бакъ васт гайтаре
а хьаьжжина, дешархочун даг т1е кхочуш хуьлу произведенин дешнаш.
1амийнарг
т1еч1аг1дар
1.Слайдаш т1ехь болх
2.Кхочушдо 16-г1а шардар
Рефлекси
1.Муха хийти шуна вайн
урок?
2.Ца кхеташ дисина
х1умма а дуй?
3.Буй вайн мотт уггаре
а ширачу а,хьалдолчу а меттанех цхьаъ?
Синквейн
СТИЛЬ
БАРТА
КЪАМЕЛАН, КНИЖНИ МЕТТАН
IАМАВО,
КХИАВО, ПАЙДАОЬЦУ,
ДАХАРЕХЬ
УГГАРЕ МЕХАЛА ГIИРС
МОТТ
III.
Ц1ахь бан болх—
-
Кхочушде 17-г1а шардар,7-г1а бакъо 1амае
§7. Ш. 17
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.