Инфоурок Другое КонспектыУрок на тему: «Хуттургех 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1дар а.» (7 класс)

Урок на тему: «Хуттургех 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1дар а.» (7 класс)

Скачать материал

МБОУ  «СОШ №7»

 

                               Ненан меттан

йиллина

урок

«Хуттургех 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1дар а.»

49888877_konkurs7 класс.

 

 

 

 

 

 

 

 

Урокан чулацам :  «Хуттургех  1амийнарг карладаккхар а, т1еч1аг1дар а».

 

Урокан чулацаман 1алашонаш:

 

                               Хьехархо: Каимова Ж.С.

 

  • 1аморан: Хуттургех  1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.
  • Кхиоран: Йозанехь а, барта къамелехь а хуттургех нийса пайдаэца хаар.
  • Кхетош - кхиоран: Ненан матте  болу безам совбаккхар.

 

Урокан г1ирс: компьютер, презентаци, карточкаш.

 

Урок д1аяхьар.

I.Орг.момент.

2.Дешнаш т1ехь болх. (Дешнаш т1ехь болх бар д1ахьо проекторца экран т1ехь цкъа хьалха суьрташ а гойтуш).

1апказ - океан                                         к1удал – кувшин

Цу дешнашца барта  предложенеш ялайо.

III.1амийнарг карладаккхар.

1.Фронтальни хаттарш.

1.Стенах олу хуттург?

2.Муьлха синтаксически г1уллакх кхочушдо хуттурго?

3.Хуттургийн муьлха тайпанаш девза шуна?

4.Шайн синтаксически маь1не хьаьжжина муьлха тайпана хуьлу хуттургаш?

5.Карарчу хуттургийн маса тайпа ду? Даладе масалш.

6.Цхьаьнакхетаран хуттургийн маса тайпа ду? Даладе масалш.

7.Муха язйо хуттургаш кхечу дешнашца?

 

2.Тесташ .(дешархоша болх бечу юкъана г1ийла мукъам бу хезаш).

1.Амма, ткъа бохучу хуттургийн тайпа ду:

а) къасторан

б) дозоран

в) дуьхьаларан

2.Бакъонца цадог1ург д1адаккха.

Хуттургаш хуьлу:

а) меттиган

б) карара

в) цхьаьнакхетаран

3.Г1уллакхийн къамелан дакъош ду:

а)  ц1ердош, ц1ерметдош, куцдош.

б)  хандош, терахьдош,билгалдош.

в)  дешт1аьхье,  хуттург.

4.Г1алат караде:

а) Хьоьга дукха дийцира, амма хьо шек ца велира.

б)  Арахь шийла ю амма хьоькхуш мох бац.

в)Набарна йийшина 1аьхкина хилла ораматаш а, дерзина дитташ а самадохуш т1ееара хаза б1аьсте.

 5.Х1орш цхьанакхетаран тайпанан хуттургаш ю :

а) амма, ткъа, я;

б)  х1унда аьлча, санна, аьлла;

в) бакъ ду ,  дийцина;

6.Карарчу хуттургийн тайпанаш ду:

а)  бахьанин, бехкаман, дустаран, кхеторан  ;

б )  лааран, т1едожоран, гайтаран;

в)   меттиган,  хенан,  сацаран ;

 

7.Хуттургаш предложенехь кхечу дешнашца:

а) цхьаьна язйо;

б) къаьстина язйо;

в) тире йилларца  язйо;

Дешархошо болх бечу хенахь г1ийла хезаш нохчийн  халкъан иллин мукъам.

Хаарш лакхара долчу  дешархочо жимма чолхечу тесташца болх бо  компьютер  т1ехь.

Цуьнан  белхан жам1 компьютеро до.

 

IV.Д1аеша текст. Д1аязъе оьрсийн маттера дешнаш нохчийн матте гочдеш. Хуттургаш а, церан тайпанаш а билгалдаха.

Уггар деза подарок Дала адамашна делла долу – это жизнь ду, ткъа цу дахарца вместе  Цо делла нам природу, религию, культуру, къинхьегаман корматалла. Ткъа оцу шадолчуьнца цхьаьна  массо а народу шен-шен язык белла Дала.Одинаковый дег1ан меженаш йолчу адамашна тайп-тайпана звуки долу языки делла Сийлахьчо.

        Ненан мотт! Мел много красивый дешнаш аьлла хьох лаьцна!Дикка ойлане а ваьлла, они д1адешча, понимаешь цхьана х1уманах: ма боккха сийла бу-кх хьоьца ненан мотт!

 

            Дешархошка шайга таллам бойту,  проекторца экран т1ехь нийсаниг схьа а гойтуш.

 

1.Стенах лаьцна дуьйцу текстехь?

2.Муха кхоьллина Дала массо а адам?

3.Цхьатерра меженаш йолуш ша коьллинчу массо а халкъана башхаллаш йолуш х1ун елла Сийлахьчо?

4.Вайна х1ун мотт белла Дала?

5.Х1унда аьлла цуьнах  ненан мотт?

 

 

 

V.Ц1ера болх таллар.

Ц1ахь ненан маттах байташ еша а ешна,цу юккъара хуттургаш шайца йолу б1ог1малгаш тетрадаш т1е д1а а язйина,хуттургийн тайпанаш билгалдаха дезаш дара.

 

Ненан мотт язло сан ц1ийца,

Ненан мотт бека сан сица.

Сан бакъо ю иза бийца ,

Амма яц бакъо и хийца.

/Кусумов с./

 

Хазнашлахь хазна ю

Ненан мотт къоман

Ненан мотт мел беха,

Къам дуьсу даха.

Ткъа нагахь мотт шен лахь

Къам, лей д1адолу

Ненан мотт бицбинарг

Сийсазво наха.

                        /Арсанукаев Ш. «Весет»/.

 

Башха дац со кхалхарх

Ломахь я арахь,

Тезетахь 1аьржа-к1айн

Къеста ма ве.

Амма сох кадам бе

Сан нохчийн маттахь,

И безаш ца хиллехь,

Геч а ма де.

                        /Сулейманов Ю. «Ненан мотт»/.

 

Диканехь я вонехь

Дош ала дезча,

К1орггера ян воьлча

Хиллачийн чот ,

Эхь, иман я доьналла эшча,

Хьекъал лург хиллера

Сан ненан мотт.

                        /Ш.Рашидов «Ненан мотт»/.

 

Сан ч1ог1а дог лозу

Хьо ца хууш волчух,

Амма эхь ца хетта

1амо ца г1ертачух.

Суна сайн ца хетта

Ненан мотт бицбинарг.

Б1аьрга ван ца веза

Кхечух и хийцинарг.

                                    /Саидов Б. «Ненан мотт»/.

 

Ладог1а цкъа соьга

«Хьекъале корта»

Ладог1а, яккхий д1а

Лергара потт.

Йист йоцу х1орд санна,

Бу хьуна шортта

Ша хууш волчунна

Вайн нохчийн мотт.

                        /Арсанукаев Ш. «Ненан мотт»/.

 

VI.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Хьехархочо предложении д1айоьшу.Дешархоша карточкаш т1ехь цу предложенера хуттургийн тайпанаш билгалдоху.

 А- цхьанакхетаран хуттургаш,

 Б- карара хуттургаш.       

1.Хьийза а хьийзаш, хелха а дуьйлуш оьгу лайн чимаш.

2.Дуккха а заза даьккхинехь а, бакъду, стоьмаш к1езга бара кхушара.

3.Б1аьстенан баца юкъахь лепара ц1ен а, к1айн а, можа а зезагаш.

4.Мохо, и бун кху йист йоцчу арахула д1асахьур ю аьлла, хоьтуьйтура.

5.Инзаре хаза ду кхузахь!

6.И оьзда йо1 ялоза 1ийр ма  вац ша аьлла , ч1аг1о йинера к1анта.

7.Х1окху беттан денош йочана йоцуш хир ду бохуш, хезнера суна.

8.Г1а долчу дитташа а, коьллаша а, баганан дечигаша а охьадожийна г1аш.

9.Дийначу 1аламехь дерриге а кийча ду 1а т1еэца.

10.Мархашлахь лечкъа дашо  малх санна,  кирхьан к1ел лечкъара нускал.

1

2

3

4

5

6

7

8

9

10

А

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Б

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                        

Хьехархочо проекторца нийсаниг гойту экран т1ехь, дешархоша шаьш толлу шайн  болх.

2.Проектарца суьрташ гойту. Оцу суьрташ т1ехь гуш долчух лаьцна  дешархоша предложенеш х1иттайо, шайна чохь хуттургаш а йолуш.

VII.Жам1.

1. Мотт, хуттург, дахар дешнашна  синквейн язйо.

Масала:

         Хуттург                                                                                Мотт

     Цхьалхе,  чолхе                                                                   ц1ена,хаза

Хутту, кхетаво, 1амаво                                                     Буьйцу,1амабо,1алашбо

Г1уллакхан къамелан дакъа.                                          Адамийн уьйран г1ирс.

           Уьйр                                                                                         Хазна.

           

            Дахар

          Ирсе, хаза

   Лардо, хаздо, деза

Дала адамашна делла совг1ат.

            Кхоллам.

 

2.Ц1ахь бан болх:

 

 «Ненан мотт»  жима сочинени язъе, сочиненехь хуттургаш хилийта хьовса.

 

3.Оценкаш.( Дешархоша шаьш хадабо шайн белхан мах)

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Урок на тему: «Хуттургех 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1дар а.» (7 класс)"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 2 месяца

Товаровед-эксперт

Получите профессию

Бухгалтер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 661 379 материалов в базе

Скачать материал

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 17.10.2016 2027
    • DOCX 58.6 кбайт
    • 17 скачиваний
    • Рейтинг: 1 из 5
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Каимова Жарадат Султановна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Каимова Жарадат Султановна
    Каимова Жарадат Султановна
    • На сайте: 7 лет и 6 месяцев
    • Подписчики: 0
    • Всего просмотров: 46461
    • Всего материалов: 8

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Менеджер по туризму

Менеджер по туризму

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс профессиональной переподготовки

Библиотечно-библиографические и информационные знания в педагогическом процессе

Педагог-библиотекарь

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3950 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 483 человека из 70 регионов
  • Этот курс уже прошли 2 325 человек

Курс повышения квалификации

Специалист в области охраны труда

72/180 ч.

от 1750 руб. от 1050 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 33 человека из 20 регионов
  • Этот курс уже прошли 153 человека

Курс профессиональной переподготовки

Руководство электронной службой архивов, библиотек и информационно-библиотечных центров

Начальник отдела (заведующий отделом) архива

600 ч.

9840 руб. 5900 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 25 человек

Мини-курс

Интерактивные материалы на печатной основе

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 57 человек из 25 регионов
  • Этот курс уже прошли 30 человек

Мини-курс

Финансовое моделирование и управление инвестиционными проектами

10 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Стратегическое планирование и маркетинговые коммуникации

5 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 33 человека из 19 регионов