10 кл. Урок№ терахь
Тема: Нохчийн
меттан а, т1еэцна дешнаш.
1алашонаш:
1аморан: 1.Нохчийн
метан дешнийн хазна карлаяккхар.
2. Уьш вовшех къасто а хаар;
Кхиаран:
1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;
2.Шайн маттахь долу керла а,ширделла адешнаш довза хьашт хилар ч1аг1дар;
Кхетошкхиоран:
1. нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна
йовзийтар,берийн нохчийн матте безам кхиор;
2.Шен
мехкан 1аламе безам кхиор.
Урокан тайпа -
керла тема Iамор.
Урок
д1аяхьар.
Ойла тIеерзор
(мотивация)
Маьрша дог1ийла шу, хьоме бераш!
Тахана
вай цхьаьна д1ахьур ю
Коьртаца ойла ян еза,
Дагалацам хила беза,
Дуьйцург дагахь латто деза,
Рог1ера беркате урок.
I.
Ц1ахь бина болх таллар.
13-г1а шардар
толлу
Карладаккхарна хаттарш:
1.Стенах
олу лексика?
2.Омонимаш
стенах олу?
3.Синонимийн,антонимийн
башхалла йовзийта.
4.Неологизмаш
стенах олу?
5.Х1ун
башхо ю архаизмашний,историзмашний юкъахь?
II.
Керла коьчал йовзийтар
Хьехархочо довзуьйту, цхьа а мотт беккъа
ц1ена шен дешнех лаьтташ цахилар. Зама хийцаяларца цхьадолу дешнаш юкъара
д1адовлуш, керла дешнаш юкъадог1уш хилар.Довзуьйту ,1илманчаша дуьненчохь 3000
сов мотт лоруш хилар,нохчийн мотт царна юкъахь уггаре а хазачу а, хьалдолчу а
меттанех цхьаъ хилар. Масална Л.Н.Толстойн нохчийн маттах лаьцна дешнаш
дало мегар ду.Кхечу меттанашкара цхьацца бахьанашца т1еэцна дешнаш хилар
довзуьйту.
Ясакх(турк.)-нохч
.маттахь ял.
Х1онс
(х1ирийн)-нохч.м .даьхни
1аьрбийн матера
т1еэцна:еса,жам1ат,салават,къор1а,хьаьрк…
1амийнарг
т1еч1аг1дар
1.§ 6-г1а йоьшуьйту,цунах юкъара
кхетам ло
2. .§ 6-г1а масалш йозан белхан
тептарш т1е схьаяздо
Рефлекси
1.Муха хийти шуна вайн
урок?
2.Ца кхеташ дисина
х1умма а дуй?
3.Буй вайн мотт уггаре
а ширачу а,хьалдолчу а меттанех цхьаъ?
Синквейн- мотт
хаза,исбаьхьа
1амаво,
кхетаво, кхиаво
Адамийн
дахарехь коьртаниг лору
хазна
III.
Ц1ахь бан болх—§ 6. Ш. 4
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.