Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Свидетельство о публикации

Автоматическая выдача свидетельства о публикации в официальном СМИ сразу после добавления материала на сайт - Бесплатно

Добавить свой материал

За каждый опубликованный материал Вы получите бесплатное свидетельство о публикации от проекта «Инфоурок»

(Свидетельство о регистрации СМИ: Эл №ФС77-60625 от 20.01.2015)

Инфоурок / Другое / Конспекты / Урок на тему: "Раиса Ахматова «Нене» " 11 класс
ВНИМАНИЮ ВСЕХ УЧИТЕЛЕЙ: согласно Федеральному закону № 313-ФЗ все педагоги должны пройти обучение навыкам оказания первой помощи.

Дистанционный курс "Оказание первой помощи детям и взрослым" от проекта "Инфоурок" даёт Вам возможность привести свои знания в соответствие с требованиями закона и получить удостоверение о повышении квалификации установленного образца (180 часов). Начало обучения новой группы: 28 июня.

Подать заявку на курс
  • Другое

Урок на тему: "Раиса Ахматова «Нене» " 11 класс

библиотека
материалов

Нохчийн литература 11кл.


Тема:Хьехархочо хаьржинчу произведени т1ехь болх.


Раиса Ахматова «Нене»

«Лаьмнел лекха бу ден синхаам,

х1ордал к1орга бу ненан безам»


1алашо: 1.Р.С.Ахматован дахар а,кхолларалла а карл-р; стихотворени «Нене» йовзийтар,цунна т1ехь болх бар.

2. Хьалха ненах лаьцна 1амийна произведенеш карл-р:

а) Сайдуллаев Хьасан «Ненан б1аьрхиш»

б) Саракаев Хьасан «Ирсе б1аьрхиш».

Урокан г1ирс: Р.С. Ахматован сурт, книгаш, суьрташ


Урокан некъ.


I.Урокана кечам бар.


II.Хьехархочун дош.


-Де дика хуьлда массеран!

- Х1инца вай д1ахьур ю ненан метан литературан урок.

- Тахана вай дийца леринарг уггаре дезачух а,хьомечух а цхьаъ ду-Нана йийцар,ненах довха дош алар.


Хамзатова Хеда эшар «Нана».


-Нана бохург доккха х1ума ду.Нана ю вайна дахар делларг.Нана ю шен сина эшам беш,вай кхетош,вай кхиош,вайх нах деш ерг.


- Таханлерачу урокан тема ю Хьехархочо хаьржинчу произведени т1ехь болх


-Ткъа ас хаьржинарг ю Р.Ахматова, цо язйина стихотворени «Нене».


1.Р.Ахматован дахарх а, кхоллараллех а лаьцна дийцар



2.Раиса Ахматован «Даймахке» стих. ешар

3. Р.Ахматован стих «Нене».

Цхьа сингаттам баьча, хилча хазахетар,

Йог1ур ю хьоцолча-ахь д1акхайкха со.

Со йоьлуш-хьо ела, елхахь сан догъэца,

Ларъе къаьхьчу балех, хьехар суна деш


Дахаран цу ц1ергахь тоъал со а яьгна,

Х1етте а ю дуьне хазахеташ со,

Нислора, т1ам бойна олхазар а санна

Со южуш а, амма г1оттура хьала.


Ахь до суна хьехарш, ларлуш хила бохуш,

Даиман сагатдеш, ларйо хийла со.

Йина мохк, хьо –нана, шу ю-кх сан г1ортораш-

Шуьшиннех а яьлла лелалур юй со?


Ас сайн халчу хенахь лайнарш диц ца делла,

Гина, буьйса къагош, кхетта шовзткъа малх,

Дахар и ду дахар , нисло дагахь доццург ,

Т1екъамаш яц безаш кхаьрда дозаллех.


Лор яц хьо, делахь а-дарба деш ахь хийла

Когаш т1е х1оттий со, дагна г1ора луш

Ахь ницкъ а лой, майра йолий гена ара,

Буьрса дарц а эшош, бора ас сайн некъ.


Б1аьрса хьан артделла, эшна дег1ан г1ора,

Къежъелла месаш го кортали к1елахь

Къинт1ера а ялий, доьху хьоьга, нана,

Дарбане куьйгашна баккхийта цкъа барт!


а) къастош,кхетош стихотворени ешар

б) шуна ца девзаш а,маь1нех шу к1еззиг кхеташ дешнаш дуй текст т1ехь?

в) халчу дешнаш т1ехь болх бар:



Г1ортораш-(подпорка)

ДагадогIий шуна вай дешна Бадуев СаIида яздина дийцар «Iимран». Цо шен цIено чу ца кхетийта хIиттийна хилла гIортораш.

тIекъамаш - (ныть); Iийжамаш яц боху ша безаш.

Артделла – бIаьра са эшна бохург ду.


4. Чулацам тIехь болх.

- ХIун тема ю аьлла хета шуна кху стих –ни?

( Нене болу безам бу.)

- Нена санна безам латто безаш кхин хIун ду вай?

(Даймохк!)


- Нана ца хилча бобер лара мегар ду, ткъа Даймохк ца хилча хIун ала мегар ду вай ?

- Даймохк боцу стаг стенах тера ву ?

(Бух бойначу диттах тера ву )

- Цу дешнийн маь1нех муха кхета шу ?

(Орам ца хилча дитт дакъало)

5. Кхин цкъа а йоьшур ю вай стихотворении.

Дешархоша цхьацца б1ог1ам боьшуш йоьшу стихотворении.

Х1ора б1ог1амерчу дешнийн до маь1на.


- Муьлххачу а стеган дахарехь г1алаташ хуьлу, ткъа нана къинт1ера яккхар иза коьрта декхар ду х1ора а стеган.


- Ненан йозаллех лаьцна вайн пайхамарийн, эвлияийн а, элчанан а ду дешнаш.

Хийла вайна хезна а хир ду уьш.

(Ненан йозаллех лаьцна дийцар)


-Х1ора стага а ша мел деш долу х1ума а ненан пурбанца дан деза, вог1уш, воьдуш хаийтар массо а доьзалхочунна т1ехь ду.


III -Ненах лаьцна цхьана Р. Ахматовас язйина ца 1а.

- Дагайог1ий шуна вай ешна Сайдуллаев Хьасана язйина поэма «Ненан б1архиш»


-Хьан буьйцур бара вайна цуьнан боцца чулацам?




1. Ден а, ненан а цхьаъ бен воцу к1ант кхиъна волу. Иза воккха хиларца цара цунна оцу ломахь г1арбаьлла дика динний, г1ирссий, т1емалочун духаррий.

Кегийрхошца ламанца сакъера ваха лууш хуьлу к1ант, ткъа дас нанас пурба ца ло, пурба ца делча к1ант ца воьду.


2. Амма Даймахкана т1е кхерам беача дуьххьара ден- ненан пурба доцуш араволу к1ант. Мостаг1 юха тухуш цигахь валар нисло цуьнан.

И нене д1ахаийта ца х1утту цхьа а. Дуьххьал д1а ала а ца х1уьттуш мерз- пондарца к1ант валар д1адийцар т1еийцира накъосташа.


3. Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, набарна бер дижош нанас олучу аганан иллех тарлуш бекара пондар.

Пондара дуьйцура, нанас шен цхьаъ бен воцу к1ант мел везаш кхиийна.

Ц1еххьана пондаран мерзаша хазийра ламанан лечан г1ерг1ар, лоьман ц1ийзар, берзан уг1ар.


4.Боьлхура пондар, тийжара пондар. Ладоьг1ура к1ант винчу нанас.

Гора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охкийна лаьттара т1емалой. Кхийтира нана. Бармахь 1уьллург кхуьнан к1ант вара.

Иза майра леттера Даймохк ларбеш мостаг1ех. Шена хилларг хиъначул т1аьхьа кийрахь йоьлхура нана.

( кийсак ешар)


IV.- Иштта вай дешна Саракаев Хьасана яздина дийцар « Ирсе б1аьрхиш».

- Хьан эр дара маца болабелла Сийлахь - боккха Даймехкан т1ом?

( Сийлахь - боккха Даймехкан т1ом болабелла 1941 ш)


- Хьаьнца хилла и т1ом?

( фашистски Германица)

- Вайн нохчийн къомо дакъа лаьцний оцу т1амехь?

( Доккха дакъа лаьцна Сийлахь- боккха Даймехкан т1амехь нохчийн къомо.Иттанаш эзарнаш вайнехан яхь йолу к1ентий майра летта т1еман арахь, дукхах берш цигахь даимна 1ахка а буьсуш.


- 1944 шарахь вайн нохчийн халкъ бехк гуьнахь а доцуш махках доккху. Вайн къомана т1екхаьчнарг йокха киртиг яра

Баккхийчара дуьйцуш хезна, оцу хенахь адаманагшна т1е х1оттийна къизалла муха хилла. Ца лабаллал боккха бала наношкахь хилла. Наношна хьалххахь бераш мацалла а, шелонна а леш хилла. Шайн бер ца далийтархьама, кийрара дог доьлхушшехь ца боьвзачу нахе д1алуш хилла бер.


- Вайн къам д1адохийна чул т1аьхьа вовшех къаьстинчу ненах а, к1антах а лаьцна ду и дийцар.

(боцца чулацам)


- Вайн къам ц1а дирзинчул т1аьхьа, нанна новкъахь шен к1ант дуьхьал кхета. Иза нана ехаш йолчу юьрта лоьран болх бан хьажийна хуьлу.Нохчийн къам вайна ма- хаъара хьаша ч1ог1а т1елоцуш ду.

Иштта зудчо шен хуьсаме кхойкху к1ант. Ц1еххьана нанна, шен коьртехь дукха ойланаш йолчу, цхьацца билгалонаш гучуйовлу и шен к1ант хиларх.


- Х1инца вай д1айоьшур ю и шиъ вовшех кхетарх лаьцна кийсак.

( кийсак ешар)

- Тидаме эцал х1инца вай бийцира шина произведении боцца чулацам

- Хьалхарчу произведенехь нене х1ун деана?

(Нене деана вон, цуьнан цхьаъ бен воцу к1ант велла)



- Шолг1ачу произведенехь авторо х1ун гайтина?

(Нанна хилла хазахетар)


- И бакъду.Нанна шен цхаъ бен ца хилла к1ант схьакараво. Иза нохчийн къам д1адохийначу хенахь ненах къаьстина хилла.



V. – Вайн халкъан ненах а, Даймахках а лаьцна дуккха а кицанаш ду.


- Хьанна хаьа, хьан дуьйцур дара вайна?

1. Шен ненан сий лардечо Даймехкан сий а лардийр ду.

2. Нана д1аяьлча, дех деваша хуьлу.

3. Нана елча, везавер д1адолу, деган зезаг дужу.

4. Нана елча, нана еллачунна велха.

5. Нана йилхича, бер дилхина, бер дилхича, да вилхина.

6. Нана, нана хилаза ца йолу.

7. Нанна шен бер даима жима хета.

8. Нанас берана тохале, шен куьйга к1ела г1айба боьхку.

9. Нанас боьллина сардам ца боьду – цо яийна шура дуьхьал хуьлу.

10.Нанас шена тоьхча а, бер нене кхойкху.



VI- Нана боху дош юккъехь а долуш дешнийн цхьаьнакхетарш хьан кхуллур дара?

( Ирсе нана, дика нана, оьзда нана, комаьрша нана, бусалба нана,дог ц1ена нана, къинхетаме нана, хаза нана, тешаме нана, хьоме нана, сийлахь нана, беркате нана)











VII – Вайн дешархочун Сулейманова Хедин а ю ша кхоьллина байташ ненах лаьцна.


- Дешархочо йоьшу шен байташ:

Нана.

Сан нана, со йина, кхиийна нана!

Хууш дац х1ун хир кху дуьненах кхана.

Яхалахь, елалуш массо а ханна,

Къона а латталахь, хьо тахана санна.

Генахьа хилча а, ненан васт лаьтта.

Б1аьргашна хьалха а, ойланашкахь г1уьтту .

К1астаман къаьхьа кад ас генахь муьйлу.

Хьан деган йовхо дег1ах чекхъюьйлу.

Сан нана, со йина, техкийна нана!

Миччахь со елахь а, дехар ду хьоьга.

Хьайн комаьрша куьйгаш кховдаде соьга.


VIII- Ненах , Даймахках лаьцна вайн поэташа кхоьллина дуккха а байташ ю.


- Х1инца вай ладуг1ур ду цаьрга.

( Дешархоша йоьшу байташ )

« Нана», «Даймехкан косташ», « Даймохк – Нана», « Ненан са», «Сийлахь Нана!Хастам хьуна!»


IX. Урокан жам1 дар.


1- Таханлерачу урокехь хьанах лаьцна дийци вай?

( Ненах лаьцна дийци)


- « Нене» ц1е йолу стихотворении хьан язйина.

( Р.С.Ахматовас)

- Р. С. Ахматован коьрта 1алашо х1ун ю?

(Нене болу безам а, нанна халахетар ца дар а).


2. Урокан мах хадор


3. Ц1ахь бан болх балар


Р.С.Ахматован стих. «Нене» дагахь 1амо


X. Урок ерзор.

- Лаьар- кха, г1айг1а бала бицбина, нанойн дегнаш цхьажимма серладовлийла. Дала лойла, массо а нанна могашалла, ирсе дахар, шайн доьзалех даккхийдер!

Дала декъал йойла, массо а Нана!

Эшар «Нана» Хамзатова Х.



































Подайте заявку сейчас на любой интересующий Вас курс переподготовки, чтобы получить диплом со скидкой 50% уже осенью 2017 года.


Выберите специальность, которую Вы хотите получить:

Обучение проходит дистанционно на сайте проекта "Инфоурок".
По итогам обучения слушателям выдаются печатные дипломы установленного образца.

ПЕРЕЙТИ В КАТАЛОГ КУРСОВ

Автор
Дата добавления 17.10.2016
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров460
Номер материала ДБ-267562
Получить свидетельство о публикации
Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх