Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Свидетельство о публикации

Автоматическая выдача свидетельства о публикации в официальном СМИ сразу после добавления материала на сайт - Бесплатно

Добавить свой материал

За каждый опубликованный материал Вы получите бесплатное свидетельство о публикации от проекта «Инфоурок»

(Свидетельство о регистрации СМИ: Эл №ФС77-60625 от 20.01.2015)

Инфоурок / Другое / Другие методич. материалы / Урок Ненан маттах лаьцна дош.
ВНИМАНИЮ ВСЕХ УЧИТЕЛЕЙ: согласно Федеральному закону № 313-ФЗ все педагоги должны пройти обучение навыкам оказания первой помощи.

Дистанционный курс "Оказание первой помощи детям и взрослым" от проекта "Инфоурок" даёт Вам возможность привести свои знания в соответствие с требованиями закона и получить удостоверение о повышении квалификации установленного образца (180 часов). Начало обучения новой группы: 28 июня.

Подать заявку на курс
  • Другое

Урок Ненан маттах лаьцна дош.

библиотека
материалов

Урокан ц1е: Ненан маттах лаьцна дош.


1алашо: Дешархошна хаа деза, нохчийн мотт гут- тар ширчех цхьаъ хилар а, и муьлхачу бил- галонаша ч1аг1до а. Иштта дешархошна хаа деза, вайн мотт бийца атта а, хьалдолуш а хилар. Х1инцалера нохчийн литературни мотт кхиарх лаьцна кхетам бала беза, ха- ийта деза нохчийн мотт буьйцуш болу нах мичхьа бехаш а, дукхалле диллича мел бу а. Бераш кхето деза, шен ненан мотт доггах безаш воцчунна Даймохк а безарг цахиларх. Х1ун маь1на ду меттан стеган дахарехь?


Урок д1аяхьар.


I.Хьехархочун дош. (Урок д1айолаялале уьн т1ехь язйина йолчу байтех пайда оьцу)

...Дешаран хьалхенаш

Сов чехка яхалаш.

Ненан мотт бийцалаш,

Беран сурт хийцалаш,

Хьанал болх лахалаш,

Жуккар-нах тасалаш.

(/. Дудаев)

-Цхьана дешархочуьнга интонацица йоынуьйту и байташ.

- Ца кхеташ дош дуй кхузахь?

- Х1оттор вай оцу дашна дошаман статья.

Жуккар [жуккаран, жуккарна, жуккаро, жуккаре,

й; дукх. тер. жуккарш, й]. 1) Моз доккхуш боцу на- кхармоза. Жуккар бен чохь бара. 2) Наха бинчу бал- хах пайда оьцу стаг. И жуккар ю нехан къинхьегамах шен г1уллакх деш.

-Кхета хала дуй байтийн чулацамах? Х1ун боху автора маттах лаьцна?

-Муха кхуьуш бу нохчийн литературни мотт? Кер- ла дешнаш кхолладалар стенца доьзна ду?

-Адаман дахарехь муьлха меттиг д1алоцу матто?

- «Матто 1уьргара лаьхьабаьккхина» бохург х1ун ду?

Х1унда аьлла иштта?

- Мотт стенна оыпу? — бохучу хаттарна жоп ло, 4-5 предложени д1а а язъеш.





II.Маттах лаьцна долу хаарш к1аргдар


1.Дешархоша д1адоыну 1-чу аг1он т1ера нохчийн маттах лаьцна яздинарг. Хаттаршна жоьпаш ло. Д1аязйо шайна дагайог1учех цхьа-ши байт, нохчийн маттахь йолчу масех книгийн а, журналийн а, газетийн а ц1ераш. Юьйцу церан нийсаязъяран бакъонаш.

2. Кхочушдо 3-г1а шардар.


III.Дозуш долу къамел кхиор


Сочинени язъярна кечам бар.

1.Учебникан 2-чу аг1он т1ера хаттаршна жоп ло.

2 «Хазчу дашо лам башийна» боху кица корта а болуш, жима дийцар язде. Муха бу оцу кицан чула- цам? Башийна боху дош муьлхачу маь1нехь ду? Даладе

масалш.

3.Дешархоша яздина жима дийцар х1окху кепара хилп тарло:


ХАЗЧУ ДАШО ЛАМ БАШИЙНА


Цхьана дийнахь школера ц1а вог1уш вара со. Хазчу б1аьстенан дийно самукъане ойланаш кхуллура. Ц1еххьана цхьа жима йо1 гира суна, шайн кет1ахь болчу т1улга т1е а хиъна йоьлхуш 1аш. Т1е а вахана, иза хIунда йоьлху, хаьттира ас. Амма белхар кхин а ч1ог1а делира. Иза йистхилий- тархьама, бахьана лехира ас:

- Хьажахь, суна г1о далур дарий хьоьга?

-Далур дацара,- г1ийла элира йо1а.- Ас тахана вон оценка яьккхина, ткъа дадас со кхин школе йохуьйтур яц аьлла.

Даккхий синош дохуш, юха а йилхира йо1.

Со вист хуьлуьйтий ахьа цуьнга? - хаьттира ас.

Йо1 цкъа цецъяьлла соьга схьаьжира,т1аккха корта охьата1ийра.

Тхуна юххерчу кех аравелира цхьа стаг. Иза йоь1ан да вара. Йо1 уьйт1а яхара.

- Суна бехк ма билла, со хьоьга ала г1ертарг хьуна новкъа хетахь,- д1аволавелира со.- Йо1ана вас йинарг атта толур дерг ду. Вон отметка яьккхина долу бер ц1ахь дитахь, дешарна доккха зен хир ду. Суна хета- рехь, кхин ца 1амош 1ийр хир яц и йо1. Хьайн таро елахь, сан дехар дара хьоьга, оьг1азло д1а а яккхий, къинт1ера вала цунна. Ч1ог1а дагах кхетта йо1ана школе йохуьйтур яц алар. Дехьа цунна хазахетар, оьг1азло йиц а яй,- ч1ог1а хьаставаларца доьхура ас.

Дикка ладуьйг1ира йоь1ан дас, нийсса соьга схьа а хьоьжуш.

Т1аккха, соьга куьг а кховдийна, чувахара.

Со ц1ехьа волавелира. Амма гена вала ца ларийра. Йоь1ан аз хезира суна. Едда т1ееара иза.

-Ваша, Дела реза хуьлда хьуна, со кхана школе йохуьйту. Дадас хьо дика стаг ву бахара. Кхин х1ун бахара хаьий хьуна цо? Со-м ца кхийтира цунах. «Хаз- чу дашо лам башийна»,- элира сан дас.

Сан 1одика йина, ц1ехьа хьаьдира жима дешархо.

Цхьа боккха бала д1абаьлча санна, самукъадаьлла, бол ар сихделира сан.


IV.Ц1ахь бан болх


1. Кхочушде 1-ра шардар.

2. Классехь яздан ца ларийнехь, жима дийцар ц1ахь чекхдаккха.




Подайте заявку сейчас на любой интересующий Вас курс переподготовки, чтобы получить диплом со скидкой 50% уже осенью 2017 года.


Выберите специальность, которую Вы хотите получить:

Обучение проходит дистанционно на сайте проекта "Инфоурок".
По итогам обучения слушателям выдаются печатные дипломы установленного образца.

ПЕРЕЙТИ В КАТАЛОГ КУРСОВ

Автор
Дата добавления 20.12.2015
Раздел Другое
Подраздел Другие методич. материалы
Просмотров829
Номер материала ДВ-273520
Получить свидетельство о публикации
Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх