Инфоурок Другое КонспектыУрок по чеченскому языку на тему "Предложенин коьртаза меженаш" (5 класс)

Урок по чеченскому языку на тему "Предложенин коьртаза меженаш" (5 класс)

Скачать материал

Нохчийн меттан йозанан урокехь х1инцалера керла технологеш (некъаш ,кепаш юкъаялор).

 

  Тема: Предложенин коьртаза меженаш.

  1алашо: 1амийнарг карла а доккхуш,1амийначун т1едоьзна урокан тема т1еч1аг1ъяр. Предложенин  коьртаза  

   меженаш карлаяхар.  1аламан исбаьхьалла йовзийтар,и лардан дезар хаийтар.                 

                       Урокан некъ:

 

1.    Д1аяханчу урокехь бинчу белхан жам1аш таллар.

  а) Аг1о 38 шардар №62 текст ешар,маь1ница дог1уш долу юкъадилийна дешнаш билгал

а дохуш.

 б) Билгалдешнаш схьакъастор ,барта хеттарш а луш.

 

Текст.  Б1аьстенан довха де суьйренга лестинера.Йилча санна ,ц1ена яра ламанна

т1ехула яьржина сийна стигал.Беша гуонах  йинчу аннийн керта хьалха. Ло г1антахь хиъна  1аш, шовзткъе иттара ваьлла воккха стаг вара. Ирачу уьрсаца дечигах  сих ца луш 1аса еш воллура иза.Новкъа вог1уш воккха стаг а гина, хьалаг1аьттира.

Ширчу юьртахь, Шелахь, малхбалехьа лакха маь11ехь, къилбехьа дерзийна лохо         

ц1енош  а долуш, вехаш-1аш вара Ладин к1ант Шаба.

 

2.    Карладаккхар: предложенин коьрта меженаш-подлежащи,сказуеми.

  а) карладаккхар д1ахьо, уьн т1е хьалххе сацаран хьаьркаш а ца дохкуш,язйину предложенеш т1ехь берашка болх а бойтуш.

                      

                                      Ламанан хи  

                       -Стенна ха деш бу хьо ,лам       ( ? )

                       -Ас ларбеш бу Къоьзан-1ам      ( . )

                       -Х1унда 1алашбо ахь иза          ( ? )

                       -Т1аьхьенна лууш бу и биса     ( . )

                       -Муха ду цу чуьра хи                 ( ? )

                       -Цунах хьоьгуш хиллал тхи     ( ! )

                                                             ( И.Демеев )

  Т1едиллар :- интонацица    д1аеша предложении муьлха сацаран хьаьркаш оьшу церан чаккхенгахь?

 

 б) шолг1ачу предложенина бе синтаксически къастам (таллам)

 

                      Ас ларбеш бу Къоьза-1ам.

 

1.    Стен кхуллу предложенин грамматически бух ?

2.    Х1окху предложенех   грамматически бух  муьлхарг бу ?

3.    Подлежащи муьлхачу дожарехь ду?кхи муьлхачу дожарехь хила тарло подлежащи?

4.    Муьлха къамелан дакъа ду иза ?

      

 в) кхетош кхиоран болх.         1алам. 1аламан исбаьхьалла.

                                                                            1алам адам санна дийна хилар.

                                                                             хи, хи ца хилча а дахар дац.

                                хиш 1алашдан деза!

                                                                             уьш бехдан йиш яц!(уьш Далла 1амал еш ду).

                                            Адаман 1аламца юкъаметтиг дика хила еза,иза цуьнан декхар ду.

      3. Урокан тема йовзитаран (хьехаран) болх. 

                  (презентация нового материала)   

 

а) Хьехархочун довзийтаран къамел (монолог).

б) Хьехархочун  куьйгаллийца модуль х1оттор.

в) Модульца т1еч1аг1дара болх кхочушбар.

 

1.    Подлежаши а, нийса кхачам вовшах муха къастор бара церан хаттар цхьаъ, цхьатерра хилча ? (мила?х1ун?)

2.    Подлежашин а, нийсачу кхачаман а хаттарш цхьатерра хиларо вовшийн новкъарло йой цара?

3.    Къастаман а, латтаман а ду цхьатерра хаттар. муха ? Къастам бу, я латтам бу и муха хуур ду?

4.    Схьадийца схемин т1ехь гайта а гойтуш муха кхета шу цунах? (маса ю предложенин коьртаза меженаш, муьлхарш ю уьш, муха къастайо уьш  предложенех?)

5.    Шина дешархочун диалог. Предложенин коьрта меженаш йовзарехь цхьана дешархочо хеттарш далар, вукхо дуьхьал жоьпаш далар.

                           Предложенин

                       Коьртаза меженаш

                    Кхачам – (дополнени)

Къастам (определени)

Латтам(обстоятельство)

Ц1. мила?х1ун? – нийса дожар

                               нийса кхачам

Дл. хьенан?стенан?

 

Л.   хьанна?стенна?

 

Др. хьан?стен?                   лач дожарш

                                         лач кхачамаш

К.   хьаьнца?стенца?

 

Х.   хьанах?стенах?

 

М.   хьаьнга?стенга?

 

Дс.  хьанал?стенал?

 

 Муха?

 Хьенах?

 Стенах?

 Мичара?

 Мацалера?

 Муханиг?

 

 

 

 

 

            Муха?

                  

къастам          х1ума

 

Муха?

Маца?

Мичахь?

Стенга?

Х1унда?

Мича бахьанина?

Мича 1алашонца?

 

 

 

 

          Муха?

 

 латтам          сказуеми

          

 4. Хьехархочун куьйгалийца практически белхашца модулех пайда а оьцуш болх бар.

 

     1. Предложенин  таллам бар – предложенин меженаш билгалъяхар.  Т1екхечира 1а.

    муха?                                        муха?

     Дашо малх т1ахь-т1аьхьа кхоьлина хьоьжура.

     2. Дешархоша шаьш болх бар.  

   а) классан берашна талла предложени .

Алкханчаш, ч1ег1ардигаш гуьйрана  йовхачу меттигашка д1адоьлху.

         б) Шина дешархочо уьш т1ехь талла  предложении.                                                                           Тхан бешахула чехка доьдура шийла татол. Юьртахь а г1араваьлла дика хелхарча а, пелхьо а вара иза.

3.Дешархоша бинчу белхан жалу дар, маххадор.

       

5. Къамел кхиор (развитие речи)  

    а) Хьехархочо  Айдамиров А.А стих «Гуьйре ешар»

    б) Хенан зама билгалъяккхар, цуьнан аматаш йийцар.

    в) «Гуьйре» - бохучу дешнашца эпитеташ даладар. «Можа гуьйре» ; «Дашо гуьйре» ;    «Исбаьхьа гуьйре» ;

    г) Стих юкъара схьакъастадар дешнаш, церан лексически маь1на дийцар.

                                        Хьарг1а-хьрг1анаш (ворона)

                                        Г1арг1улеш-г1арг1ули (журавль)

                                        Амбараш-амбар (склад) – шира дош- архаизм.  

   д) Олхазарийн дахарх лаьцна боцца хаамбалар, кхетам балар:

            Олхазарша боху пайда, 1а даккха севцинчу олхазарша ловш йолу хало, адамаша 1ай царна г1о дан дезар.   

6. Ц1еран болх къастор.  (определение домашнего задания)

1)   10,11, 12 карлаяха, схемех пайда а оьцуш.

2)   шардар   № 64 аг1о 39 классехь таллар, латтам билгалбахар.

3)   Ц1ахь ш № 64 кхочушъяр, латтамашна буха сиз а хьокхуш.      

7.Урокан жам1 дар. (поведение итогов занятия)

1)   урокан коьрта 1алашо х1ун яра вайн?

2)   муьлха  белхаш кхочушбина вайн? Х1у болх би вай?

8. Лерина долу карладаккхар. (фронтальный опрос)

                                                 масех  урокехь 1амийначунна лерина.

1)   Стенах олу предложени?

2)   Предложенин меженаш муьхачу шина тобане йоькъу?

3)   Предложенин  коьрта меженаш муьлхарш ю?

4)   Нохчийн маттахь подлежащи муьлхачу дожаршкахь хила тарло?(Ц1.Дл.Л.Др.М)

5)   Подлежащи, сказуеми предложенин х1ун лору? (гр.бух)

6)   Стен х1оттош бу предложенин грамматически бух?

7)   Коьртаза меж предложенин   маса ю, муьлхарш ю уьш?

8)   Оьрсийн маттахь ло царах кхетам.

 

9. Дерзор. Дешархоша биначу белхан мах хадор. (дешархоша урокехь болх беш дика дакъа лацарний, къахьегарний, хаарш схьаоьцарний баркалла кхайкхор, оценкаш дахкар).                                                                                                                                                                                                                                                                         

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Урок по чеченскому языку на тему "Предложенин коьртаза меженаш" (5 класс)"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Агроном

Получите профессию

Няня

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Краткое описание документа:

Нохчийн меттан йозанан урокехь х1инцалера керла технологеш (некъаш ,кепаш юкъаялор).

Тема: Предложенин коьртаза меженаш.

1алашо: 1амийнарг карла а доккхуш,1амийначун т1едоьзна урокан тема т1еч1аг1ъяр. Предложенин коьртаза

меженаш карлаяхар. 1аламан исбаьхьалла йовзийтар,и лардан дезар хаийтар.

Урокан некъ:

1.Д1аяханчу урокехь бинчу белхан жам1аш таллар.

а) Аг1о 38 шардар №62 текст ешар,маь1ница дог1уш долу юкъадилийна дешнаш билгал

а дохуш.

б) Билгалдешнаш схьакъастор ,барта хеттарш а луш.

Текст. Б1аьстенан довха де суьйренга лестинера.Йилча санна ,ц1ена яра ламанна

т1ехула яьржина сийна стигал.Беша гуонах йинчу аннийн керта хьалха. Ло г1антахь хиъна 1аш, шовзткъе иттара ваьлла воккха стаг вара. Ирачу уьрсаца дечигах сих ца луш 1аса еш воллура иза.Новкъа вог1уш воккха стаг а гина, хьалаг1аьттира.

Ширчу юьртахь, Шелахь, малхбалехьа лакха маь11ехь, къилбехьа дерзийна лохо

ц1енош а долуш, вехаш-1аш вара Ладин к1ант Шаба.

2.Карладаккхар: предложенин коьрта меженаш-подлежащи,сказуеми.

а) карладаккхар д1ахьо, уьн т1е хьалххе сацаран хьаьркаш а ца дохкуш,язйину предложенеш т1ехь берашка болх а бойтуш.

Ламанан хи

-Стенна ха деш бу хьо ,лам ( ? )

-Ас ларбеш бу Къоьзан-1ам ( . )

-Х1унда 1алашбо ахь иза ( ? )

-Т1аьхьенна лууш бу и биса ( . )

-Муха ду цу чуьра хи ( ? )

-Цунах хьоьгуш хиллал тхи ( ! )

( И.Демеев )

Т1едиллар :- интонацица д1аеша предложении муьлха сацаран хьаьркаш оьшу церан чаккхенгахь?

б) шолг1ачу предложенина бе синтаксически къастам (таллам)

Ас ларбеш бу Къоьза-1ам.

1.Стен кхуллу предложенин грамматически бух ?

2.Х1окху предложенех грамматически бух муьлхарг бу ?

3.Подлежащи муьлхачу дожарехь ду?кхи муьлхачу дожарехь хила тарло подлежащи?

4.Муьлха къамелан дакъа ду иза ?

в) кхетош кхиоран болх. 1алам. 1аламан исбаьхьалла.

1алам адам санна дийна хилар.

хи, хи ца хилча а дахар дац.

хиш 1алашдан деза!

уьш бехдан йиш яц!(уьш Далла 1амал еш ду).

Адаман 1аламца юкъаметтиг дика хила еза,иза цуьнан декхар ду.

3. Урокан тема йовзитаран (хьехаран) болх.

(презентация нового материала)

а) Хьехархочун довзийтаран къамел (монолог).

б) Хьехархочун куьйгаллийца модуль х1оттор.

в) Модульца т1еч1аг1дара болх кхочушбар.

1.Подлежаши а, нийса кхачам вовшах муха къастор бара церан хаттар цхьаъ, цхьатерра хилча ? (мила?х1ун?)

2.Подлежашин а, нийсачу кхачаман а хаттарш цхьатерра хиларо вовшийн новкъарло йой цара?

3.Къастаман а, латтаман а ду цхьатерра хаттар. муха ? Къастам бу, я латтам бу и муха хуур ду?

4.Схьадийца схемин т1ехь гайта а гойтуш муха кхета шу цунах? (маса ю предложенин коьртаза меженаш, муьлхарш ю уьш, муха къастайо уьш предложенех?)

5.Шина дешархочун диалог. Предложенин коьрта меженаш йовзарехь цхьана дешархочо хеттарш далар, вукхо дуьхьал жоьпаш далар.

Предложенин

Коьртаза меженаш

Кхачам – (дополнени)

Къастам (определени)

Латтам(обстоятельство)

Ц1. мила?х1ун? – нийса дожар

нийса кхачам

Дл. хьенан?стенан?

Л. хьанна?стенна?

Др. хьан?стен? лач дожарш

лач кхачамаш

К. хьаьнца?стенца?

Х. хьанах?стенах?

М. хьаьнга?стенга?

Дс. хьанал?стенал?

Муха?

Хьенах?

Стенах?

Мичара?

Мацалера?

Муханиг?

Муха?

къастам х1ума

Муха?

Маца?

Мичахь?

Стенга?

Х1унда?

Мича бахьанина?

Мича 1алашонца?

Муха?

латтам сказуеми

4. Хьехархочун куьйгалийца практически белхашца модулех пайда а оьцуш болх бар.

1. Предложенин таллам бар – предложенин меженаш билгалъяхар. Т1екхечира 1а.

муха? муха?

Дашо малх т1ахь-т1аьхьа кхоьлина хьоьжура.

2. Дешархоша шаьш болх бар.

а) классан берашна талла предложени .

Алкханчаш, ч1ег1ардигаш гуьйрана йовхачу меттигашка д1адоьлху.

б) Шина дешархочо уьш т1ехь талла предложении. Тхан бешахула чехка доьдура шийла татол. Юьртахь а г1араваьлла дика хелхарча а, пелхьо а вара иза.

3.Дешархоша бинчу белхан жалу дар, маххадор.

5. Къамел кхиор (развитие речи)

а) Хьехархочо Айдамиров А.А стих «Гуьйре ешар»

б) Хенан зама билгалъяккхар, цуьнан аматаш йийцар.

в) «Гуьйре» - бохучу дешнашца эпитеташ даладар. «Можа гуьйре» ; «Дашо гуьйре» ; «Исбаьхьа гуьйре» ;

г) Стих юкъара схьакъастадар дешнаш, церан лексически маь1на дийцар.

Хьарг1а-хьрг1анаш (ворона)

Г1арг1улеш-г1арг1ули (журавль)

Амбараш-амбар (склад) – шира дош- архаизм.

д) Олхазарийн дахарх лаьцна боцца хаамбалар, кхетам балар:

Олхазарша боху пайда, 1а даккха севцинчу олхазарша ловш йолу хало, адамаша 1ай царна г1о дан дезар.

6. Ц1еран болх къастор. (определение домашнего задания)

1)№ 10,11, 12 карлаяха, схемех пайда а оьцуш.

2)шардар № 64 аг1о 39 классехь таллар, латтам билгалбахар.

3)Ц1ахь ш № 64 кхочушъяр, латтамашна буха сиз а хьокхуш.

7.Урокан жам1 дар. (поведение итогов занятия)

1)урокан коьрта 1алашо х1ун яра вайн?

2)муьлха белхаш кхочушбина вайн? Х1у болх би вай?

8. Лерина долу карладаккхар. (фронтальный опрос)

масех урокехь 1амийначунна лерина.

1)Стенах олу предложени?

2)Предложенин меженаш муьхачу шина тобане йоькъу?

3)Предложенин коьрта меженаш муьлхарш ю?

4)Нохчийн маттахь подлежащи муьлхачу дожаршкахь хила тарло?(Ц1.Дл.Л.Др.М)

5)Подлежащи, сказуеми предложенин х1ун лору? (гр.бух)

6)Стен х1оттош бу предложенин грамматически бух?

7)Коьртаза меж предложенин маса ю, муьлхарш ю уьш?

8)Оьрсийн маттахь ло царах кхетам.

9. Дерзор. Дешархоша биначу белхан мах хадор. (дешархоша урокехь болх беш дика дакъа лацарний, къахьегарний, хаарш схьаоьцарний баркалла кхайкхор, оценкаш дахкар).

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 663 793 материала в базе

Скачать материал

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 14.08.2015 23513
    • DOCX 27.9 кбайт
    • 76 скачиваний
    • Рейтинг: 5 из 5
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Эскиев Бувайсар Вахаевич. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Эскиев Бувайсар Вахаевич
    Эскиев Бувайсар Вахаевич
    • На сайте: 9 лет
    • Подписчики: 0
    • Всего просмотров: 41880
    • Всего материалов: 7

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Фитнес-тренер

Фитнес-тренер

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс профессиональной переподготовки

Организация деятельности библиотекаря в профессиональном образовании

Библиотекарь

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 284 человека из 66 регионов
  • Этот курс уже прошли 849 человек

Курс профессиональной переподготовки

Библиотечно-библиографические и информационные знания в педагогическом процессе

Педагог-библиотекарь

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 487 человек из 71 региона
  • Этот курс уже прошли 2 326 человек

Курс профессиональной переподготовки

Руководство электронной службой архивов, библиотек и информационно-библиотечных центров

Начальник отдела (заведующий отделом) архива

600 ч.

9840 руб. 5600 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 25 человек

Мини-курс

Стратегия продаж и продуктовая линейка: успех в современном бизнесе

2 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Современные информационные технологии и информационная безопасность

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 25 человек

Мини-курс

Стратегии успешного B2C маркетинга: от MoSCoW до JTBD

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе