Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Другое / Конспекты / Урок по чеченской литертуре 6 класс. "Некълацар" (Бексултанов М.Э.)

Урок по чеченской литертуре 6 класс. "Некълацар" (Бексултанов М.Э.)


  • Другое

Поделитесь материалом с коллегами:


Нохчийн литературин

Йиллина урок.

Урокан ц1е:



М.Э.Бексултанов

«Некълацар»

6 кл.

Х1оттийнарг-

хьехархо:Мучураева Р.Т.





14.04.2015 шо.







Урокан чулацам: М.Э.Бексултанов «Некълацар.»

Урокан ц1е: «Г1иллакхийн хазна».

Урокан тайпа: керланиг довзийтар

Урокан кеп: тобанашкахь болх бар.

1алашо:

1)1аморан: идейно-тематически чулацам бовзийтар.

2)Кхиоран: дийцар нийса, эстетически т1еэца г1о дар,къамелан тассаман къастош ешаран аг1онаш ч1аг1ъяр,барта къамел кхиор.

3)Кхетош-кхиоран:Г1иллакх-оьздаргаллин хьостанаш довзийтар; адамийн 1ер-дахарца г1иллакхан йолу з1е йийцаре яр;

Г1иллакх лардар-къам лардар,х1ора адамах доьзна хилар,декхар хилар.



Урок д1аяхьар:

1.Орг.мотивационни мур.

Де дика дойла шу бераш! Тахана вай дуьххьара гуш делахь а,ас сайн доккха ирс лору сайна шу гар а, довзар а. Х1унда аьлча,шух х1раннан хазачу яххьаш т1ехь,б1аьргаш чохь яздина ду-«оха хьоьга дика ладуг1ур ду, вай вовшех дика кхетар ду, керлачу хааршка кхача а хьовсур ду. Болх тобанашкахь д1ахьур бу вай.

Урок х1окху байтаца йоло лаьа суна…

Стих-ни «Г1иллакхе стаг гича»


Г1иллакхе стаг гича,бала а байлой, Цамгарш а яйелла х1уьтту вай д1а. Сингаттам д1аболий,юьхь нуьре к1айло, Сихонца беша вайн кийрара ша.

Г1иллакхо дох а до,бузабо кийра, Серло а туху вайн кортошна чу, Г1иллакхе воцучуьн дош а ду шийла, Декъазачарел а и декъаза ву.

Г1иллакхе волчунна кховдайо, боху, Барх1е а не1 йоьллий ялсамане. Ткъа массо не1арна д1атухий дог1а, И шегахь йоцчунна –жоьжахате.

Дехийла заманахь сингаттам боцуш, Халкъана йовхо луш ирсе некъ беш, Куралла,харцо а дег1аца йоцуш, Махкана кхиаеш стом лата беш.



2.Хаарийн актуализаци.

1) –Г1иллакхах мичара схьадаьлла дуьйцу хезний шуна? Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна?

Г1иллакх Ялсамани чуьра арадаьлла ду, Ялсамани чу духадерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца.

Мел доккха маь1на гуш хилла нохчашна г1иллакх–оьздангаллехь.

3.Урокан ц1е тиллар

2) Цхьа шира дийцар дуьйцур ду аса шуна. Цхьане, цу дийцаран духе а кхуьур ду вай, жам1 а дийр ду вай.



Зуда яло тохавелла мацах цхьа жима стаг.

Ахь бохху там а лур бу ала,– хабар дахьийтина к1анта шен езачу йоь1ан дега.

Дуьненан даьхни шен шортта ду, йо1 езаелла шена, рицкъа кхоор долуш вац ша. Вахана геланча хабар эцна.Тамашена жоп деана геланчас:

Эшахь томана а хир и, эшахь т1аьхьарчу т1аьхьенна хир и, цхьа х1ума ян бах къеначу стундас.

Х1ун ю техьа и дакъаза ма яларг?– аьлла к1анта.

«Лело хала яц бах, 1ай а, аьхка а лело мегаш ю, ширлуш а яц бах мел лелорах. Зудчо а, стага а, жимачо а, воккхачо а лелош товш ю бах, чохь а, арахь а лелайо бах. Ворх1 стигланий, ворх1 латтаний юккъехь ворх1 лам бу. И ворх1 лам баьккхина хьо велахь, оьшуш дац х1умма а, оьшуш дац дуьненан рицкъа а, оьшуш бац там–товр а бах хьоьга.И лаьмнаш х1окху бустамашкахь ду – аьлла, бустамаш т1ехь долу тептар д1акховдийна геланчас.



Цхьане дахий вай и лаьмнаш? Нийса жоп цхьане лахий вай? Г1о де вай оцу к1антана?

Т1едиллар № 1 (слайд)

1–ра лам бу хьуна диканехь а, вонехь а уллехь волу тешаме…(доттаг1).

2–г1а лам бу хьуна адмаша вовше деш долу …(дика).

3–г1а лам бу хьуна адаман адаме болу…(лерам).

4–г1а лам бу хьуна дуьненан маь1на толлуш долу …(1илма).

5–г1а лам бу хьуна сих ца веллачо баьккхина лам…(собар).

6–г1а лам бу хьуна хьалхара пхи лам баьккхича дагна хуьлу…(кхаъ).

7–г1а лам бу хьуна уггаре лекха лам…(г1иллакх).

Ворх1алг1ачу лам т1ера охьахьаьжчи, хьайна гинарг хьоьца хилахь, со реза ву хьоьца гергарло таса.

Ялх элпах лаьтташ ду и дош. Х1ун ян аьлла стундас?

(Г1иллакх).

-Тахана стенах лаьцна дуьйцур ду аьлла хета шуна?

-Х1ун ц1е туьллур яра вай вешан урокана?(Г1иллакхийн хазна)

Стаг мел говза велахь а, цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна т1ехь муьлххачу а кхечу стагана т1ехь доллу декхарш, оьздангаллин бехкамаш хилла. Халкъалахь ц1е д1аяханчу стага кхечарачул а ч1ог1а ларбан безаш хилла уьш, х1унда аьлча, адам цуьнга хьаьжна ду, цуьнгара масал эца, я цхьа осалниг далахь кхарда кийча. Г1иллакхашка хьаьжжина стеган мах хадорехь «къиза» а, дуьххьал д1а а хилла вайнах.

4.Керла коьчал.

Дайн оьзда г1иллакхаш юкъара д1адовла, ширдала йиш юй те? Х1оккху урокан йохаллехь Бексултанов Мусан «Некълацар»дийцарехула оцу хаттарна жоп дала хьовсур ду вай.

Бексултанов Муса Эльмурзаевич вина 1954-чу шарахь ахархочун доьзалехь.Олхазар-к1отарахь ишколехь дешначул т1аьхьа Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университете деша воьду.Школехь волуш дуьйна хуьлу Мусан исбаьхьаллин литературица гергарло.

1980ш. «Орга» альманаха т1ехь дуьххьара зорба тоьхна Мусан дийцарна , 1985-чу шарахь араяьлла «Мархийн к1айн г1арг1улеш» ц1е йолу дийцаран книга.Х1етахь дуьйна исбаьхьаллин литературехь шен ницкъаш зуьйш схьавог1у къона яздархо.Нохчийн Республикан яздархо Муса Эльмурзаевич «Дийцаран говзанча» аьлла ц1еяхана ву. Уггар хьалха цуьнан турпалхо оьздангаллех, нийсонах вуьззина стаг ву.

Некълацар х1ун ду?Аш лаьцний цкъа а некъ?

Текст йоьшуш вайна ца девза дешнаш д1аязде шайн таьптарш т1е.



1)Дешнаш т1ехь болх.

шамар ихна-хебаршка ихна долу.

Аьнгал-Олхазар –к1отархула охьадог1у хи.

шагар- чекх са гун к1айн т1улг.

г1ушлакхе-малх лаккха хьалабаьлла хан.

варо-дег1ан меже.



2)Текста т1ехь болх.

-Хьехархочо текст еша йолор.

-Дешархошка коьрта кийсакаш ешийтар.

Физминот.



Шина а тобано ойла е х1окху сурте а хьовсий, дийциша х1ун ойла кхоллало шу дегнашкахь х1ара 1аса гича?



5.Хьалхара жам1.

(т1едиллар № 2)

- Чекхъяха предложенеш:

«Хьаша ца вог1учу керта ирс …..(дог1ур дац)».

«Хьайгара г1иллакх ма даккхийта, нахера….(айхьа а ма даккха)».

«Г1иллакх дезачунна генахь…(леха ца деза)».

«Дикачу г1иллаккхо лайх эла вина, вочу… (амало элах лай вана)



(т1едиллар № 3)

Тахана «г1иллакх» вайн коьчал хилар бахьана долуш вай цунна синквейн х1оттор ю. И х1ун ю довзуьйтур ду ас шуна. Синквейн – йоца литературни говзар, коьчалан башхаллаш билгалйохуш, пхеа мог1анах лаьтташ йолуш, шен къастийначу планаца язъеш а йолуш.



Стенна пайденна ю синквейн?

1) Дешнийн т1аьхьало (запас) хьалдолуш хуьлуьйту. (обогошает словарный запас).

2) Кечам бо йоццачу т1аьхьалонна (запас).3.1амадо ойла кепе яло.4.Таро хуьлуьйту цхьана минотана (ханна) кхоьллинарг шех хаавалийта.5.Массеран а нислуш ду.



Синквейн пхеа мог1анах лаьтташ ю.

1-ра мог1а –ц1ердош.

2-г1а мог1а –билгалдош

3-г1а мог1а–хандош.

4-г1а мог1а–предложени ялор.

5-г1а мог1а – ассоциаци ялор (цхьанакхетар), цхьа дош даладо.

(Ассоциаци–коьчалан дух тераллица юха карладаккхар. (Повторяет суть темы).

1-ра тоба 2-г1а тоба

1. Г1иллакх 1. Хазна

2. (билгалдош 2) 2.(билгалдош 2)

3. (хандош 3) 3. (хандош 3)

4. (предложени ялор) 4. (предложени ялор)



Масала:

1.Г1иллакх. 1. хазна

2.Оьзда, хаза. 2. Хьаште, тамашена

3.Воккхавево, хазахоьтуьйту, цецвоху. 3. Воккхавево, хазахоьтуьйту, цецвоху

4.Г1иллакх ялсаманера схьадаьлла ду. 4. Ненан мотт дахаран хазна

5.Бахам. 5. Беркат



(т1едиллар № 4) 1аса бохучу дашна кластер х1оттор.

5.Урокан жам 1.

Сайн урок ерзош эра дара аса.

Нохчийн г1иллакх–оьздангалла, васт далош аьлча, цхьа лекха б1ов ю. Вайн къоман х1ора а чкъуро цхьацца кхериг буьллуш йоьттина, лакхаяьккхина.Цундела, х1ора нохчочун декхар ду и б1ов 1алашъяр, иза кхин а лакхаяккхарехь дакъалацар.Нохчийн г1иллакх–оьздангаллин г1ала замано а йохор яц, нагахь вайх х1орамма а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу г1уллакхца.Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.



Цу хьокъехь Делан Элчас Делера салам-маршалла хуьлда цунна аьлла:

Делан Элчас - Делера салам-маршалла хуьлда цунна - аьлла: «ГIиллакх - динан ах ду».

Ткъа цхьана назманчас хьекъална а, гIиллакхна а юкъара зIе иштта йийцина:

Iаж Iожана буха божар хууш ду,

Ткъа хир барий Iаж, ца хилча Iожан дитт?

ГIиллакх дитт ду, ткъа хьекъал - цу диттан стом,

ГIиллакх доцчохь Iилма хила тарлуш дуй?

6.Рефлекси.

- Хаза хеттий шуна вайн урок?

- Стенах кхийти шу?

- Муьлха хаттар кхолладели?

7.Вовшийн мах хадор.

8.Ц1ера болх.Дийцар чекхдаккха.





Автор
Дата добавления 17.05.2016
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров181
Номер материала ДБ-085263
Получить свидетельство о публикации

Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх