Эссе "Со-хьехархо ю"
Дика хьехархо хила, уггара хьалха довза
деза хьоьхуш долу 1илма а, ткъа и хьоьхурш.
Х1унда аьлча дешархой карахь ю сирла кхане.
(В. Ключевский)
Дуьххьара школа яьккхича ца нисделира хьехархо хила, делахь а массо хенахь оцу 1алашоне кхача лаам бара, х1унда аьлча даго къобал бина болх бара иза. Тхан доьзалехь воккхах волу ваша а, йоккхах йолу а, жимах болу йижарий хьехархой бара массийтта шо беттан стаж йолуш. Цу белхан коьрта декъана 1алашо воккхах волу ваша а, ткъа йоккхах йолу йиша яра. Суна дахарехь исбаьхьа дара церан васташ а, цара 1амийра 1илма довза а, дахар некъаш талла а, цу некъа т1ехь нийса чекхъяла. Генара дуьйна тидам бича, суна гора башха суьрташ, мел ч1ог1а лерина а мехала бу Хьехархочуьн болх. Церан ц1ераш доккхачу элпаца хьахо мегара долуш, болх дика бойзуш бара. Цу хенахь дуьйна хаьржина некъ бара иза дахарехь. Со ч1ог1а яккхий йина а ца йолу оцу балхах. Воккхах волу вешийна а, хьомсарчу йишийна а баркалла ду ц1енчу даггара. Ткъе шиъ шо хан ю школехь Нохчий Мотт а, Литература а хьоьхуш йолу дешархошна.
Дешархошна юккъехь пох1ма долу бераш хааделча цунах кхаъ хуьлу суна ч1ог1а. Дешархоша а т1елоцу сан цхьацца кхиамаш. Доьшуш долу берий дай-наношца цхьана бертахь 1амо г1ерта кхуьуш долу чкъор Махкана пайде. Жимчохь дуьйна ларош а кхетош а кхио деза кегий чкъор.
Хьехархо - иза чолхе а хала а некъ бу, даимма оьшуш адамалла шеца йолу аг1онаш а г1иллакх лардеш йолу кепаш. Суна ч1ог1а дукха беза Дешархой. И х1ун ду аьлча? Юккъехь хержам боцуш, цхьаттера и бераш долу дера. Бер дукха дезар, оцу х1оран беран исбаьхьа сибаташ а, церан къона лаамаш а, оцу берашца сирла кхане лахар бу Хьехархочуьн коьрта некъ. Ас хийла ойла йо, х1окху дахар чолхе некъа т1ехь царна гур долчу халонах лаьцна а, ткъа лалур юй-те Дуьнено лелош йолу галморзахалла?
Хьехархочунна дукха хьолахь кхочу тергаме Ненан бакъонаш.
Селхана оцу берашна 1уналла деш, массо а х1умана тидам беш, лелийна. Хьехархочуьн болх бер 1амийна ца 1аш, къахьега дезаш оцу 1илмана лакхе йовза езаш хала дукъ ду белш т1ехь диснарг. Х1оран де билгалдеш, урокан план кечъеш, дешархошца болх бан безаш. Тахана керла технологий бахьнехь дешарца долу гергарло хиэра долуш лаьтта. Цу т1ехь къахьега деза б1аьрган 1уналла а деш.
Со даимма ларло олу даш т1ехь цу берана вас хир йоцчу кепара и кхето 1алашо йолуш. Х1унда аьлча цуьнан дага т1ехь чов ца йисийта. Со реза ю дахарна, цо и дарж сайга кховдорна. Суна и болх беза, цу берашка кховдош болу ненан ховха куьг санна болу безам цо Дешархой дагчохь бисийта лууш.
Со дуьххьара Хьехархо болх бан йолалуш, хьалха лаьтташ йолу 1алашо а ойла кхиош болу синкхетам, оцу дешархошна пайденна хир долу дахар некъаш довзийтар дуьхьа дара. Адамаш цхьа шен кхетаме хьаьжжина гойту Хьехархочуьн васт. Х1ораммо а шен хьекъале хьожжий хадабо цуьнан мах. Сан хьекъале диллича Хьехархо дешна стаг хилла ца 1аш, бер кхетош кхиорехь цунна накъост а, воккха г1оьнча ву аьлла хета суна. Сайн урокашкахь уггара ойла т1ейог1уьйту дешархошна пайдехь хир долчу х1уманашна. Кхоллараллий аг1онаш толлуш, бес-бесара ловзар барамехь. Со йоккхае хьехархо болх айса хаьржина.