Исакова Бирлант Наврдиновна
4 года назад

"НАНА" (Мамакаев Мохьмад)

Сан нана, хьо хасто дош суна дисна дац; Лерина уьш лахьош, хьо хесто поэт ву. Хьан т1ома к1елхьара хеназа яьккхина, Орцаха хьо йоьхуш, хийла йо1 йоьлхуш ю. Ц1еххьана хьох ваьлла, хьо гаре сатуьйсуш, Хьомсарчу хьан к1анта хьо хестош къурдаш бо. Меженаш шелъелла, т1аьххьар а сатуьйсуш, Биллинчохь сецна б1аьрг хьан сибте хьаьжна бу… Дагна вас оьккхуьйтуш, баьккхинчу когана Ма билла суна бехк, со тахна къера ву… Хьомсара сан нана, бовхачу хьан некхехь Стигларчу седане дуьххьара хьаьжна со. Пхьор доцуш хьуо тийжаш, кортали бовха т1ам Сан дег1ах хьерчабеш, ахь хала кхии со. К1ант кхиъна айелла, дог дуьзна йоккхаеш, Ирс кхаьчна, къуонъелла, ахь новкъа ваьккхи со. Суьйранна малх бузуш, со гаре сатуьйсуш, Рег1аца б1аьрг бетташ, г1айг1ано къежйи хьо. Ас халахиэтийтарх сан дагна вас ца еш, Ахь, нана, собарца бохамах ларви со. Дош говза дерина, лерина со хьовзарх, Гой хьуна, сан нана,- ас ала дисна дац. Г1ел ца луш, хьан сий деш, сайн дагца хьо кхобуш, Къежвалар бн доцург сан дисна рицкъа дац. Ас тахна ойланца к1инт1ера хьо яллал Сайе дагна ницкъ бинехь, сол ирсе дерг кхиъна вац. (1940 ш)

Поделиться:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.