Инфоурок Сайты учителей Исраилова Луиза Абдул-Галимовна Страницы Дешархойн кхоллараллин белхаш (творческие работы учащихся).
Дешархойн кхоллараллин белхаш (творческие работы учащихся).

« …Кхиа, 1ама. Адамашкачул а алсам 1аламе ладог1а. Готуьйсуш лелачу хиэ а, хиэ кхуллучу махо а, махо техкочу г1а-бецо а, г1а-бецо кхобучу дийнато а хьекъале дуьйцур ду хьуна лаамийн х1азарх бихкинчу адаман матточул . Стигланан 1аьршашка а, лаьттан к1оргенашка а, гонахарчу анайистошка а хьежа. Оцу дерригенца а бертахь долу Бакъдерг бен т1е а ма лаца…»

Юсупов 1абдул-Кериман 1усман

« Къоман тептар»

1алам - иза могушаллин хьоста ду вайн х1ораннан а. Цуьнца 1ема адам хазалла йовза а. Вай кхоьллинчу Аллах1-Дала х1ора садолу х1ума а, муьлхха а яр вайна пайда хилийта кхоьллина ю. Ондийчуз1енашца уьйр ю вайний, гонахарчу 1аламний юкъахь. Шен Даймехкан 1алам довза къаьсттинадекхарийлахь ву вайх х1ора а.

Шен « 1аламан совг1аташ» ц1е йолчу жайнехь Абдуразаков Шертбека иштта дуьйцу : « 1алам лардарца цхьаьна вай вешан сицакъинхетам кхиабо, хазаллин мах хадо 1ема, ойланаш а ц1анлуш. Цунна тоьшалла долуш ду вайн халкъан дахарехь. Самукъадаккхархьама талла ваха мегаш ца хилла. Олхазарийн баннаш дохор, хиш бехдар, и.д1.кх. а къилахь лоруш хилла. Вайн дайша лерина лардеш хилла ораматийн дуьне. Къона хьун хьакхар къилахь лоруш хилла, ткъа акха стоьмийн дитташ хадийнастаг- тешам боцуш. Цу стага масех синтар д1аделлалц, цуьнга маршалла хоттуш а, я къамел деш а цахилла. Хьуьнхарчу стоьмийн диттийн адамаша доладеш хилла, шайн ц1ахь долчийн санна».

Ткъа тахана, мел халахеташ делахь а, массо цхьатерра вац 1аламца. Шен доьзалца хуьйла и, я накъосташца хи йисте шен самукъанна ваханчохь, цхьа мор нехаш юьтий бог1урш а нисло. Шен сица оьздангалла йолу стаг, 1аламца а хир ву оьзда…

Кху сайн « Нохчийн поэзехь 1аламах лаьцна» ц1е йолу болх вовшахтухуш, дуккха а вайн нохчийн байташ теллина ас. Ала мегар ду, 1аламца дусту поэташа шайн хазахетар а, халахетар а… Сингаттам, самукъа а… Шен дуьххьарлера безам а, я безамах валар а. Дуьне а,1алам а дезар, адам довзар… Къинхетам, доглазар а… Аьлча а , шен синх1оттам 1аламца суртх1отторца бовзуьйту цара.

Масала, Юсупов 1илманан кху байташа х1ун боху хьовсу вай:

Хала до оьгучу гIаша

дуькъачу дахкарлахь нека,

Дерзана довлучу диттийн

мехаша пусар ца до…

ДогIанан тIадамийн мукъам

хьан коран экъанахь бека,

Шеконийн гIаттаман баьчча

хьан дог ду ца боху цо?

Оцу к1еззигчу мог1анаша авторан дог ма-дарра схьадоьллу вайна. Изахолчохь го шен езар шина дагахь хеташ. «Гуьйрено хала нека дарца, дог1ано г1ийла мукъам барца» сингаттам хааболуьйту вайна.

Стигалан шийлачу некхах

гIаддайна тIамарш а етташ,

Йоьдучу гIаргIулийн жуьто

тийжарца дуьне до къахь…

Г1арг1улеш д1аяхарца юха а дусту цо шен кийрахь долу хьал. Церан тийжарца гайтина цо шен синх1оттам. Юсупов 1илманан х1ора байт а ю иштта бес- бесарчу метафоршца, дустаршца исбаьхьа сарташ х1иттийна.

Ткъа х1инца ялор вай Бисултанов Аптин байташ:

Шовданна 1индаг1 дан ножан дитт оьшу,

Кошанна упха ян ножан дитт оьшу,

Доллучу дуьненна дашо малх оьшу,

Цхьа адам ирсе дан кхин адам оьшу…

Гуш ма- хиллара, адамна а , 1аламна а юккъера з1е къеггина гуш ю кху беа мог1анехь а. Мог1а биъ бен бацахь а, маь1на 1аламат доккха ду.

Дешан ницкъ боккха бу, иза ша-тайпа исбаьхьалла ю. Масала, б1аьсте т1еяр вай иштта ала тарлора: « Дитташ т1е заза латийна, олхазарш а схьаэха доьлла. Аренаш а сенлуш ю». Х1инца хьовсур вай дешан говзанчасРезванова Айзас б1аьстенан сурт муха х1оттийна :

« Малх бу боьлуш»

Б1аьсте еъна, 1алам дендеш,

Шен зезагийн совг1ат даржош.

Зевне эшарш, лоькхуш, уьдуш,

Жовх1арш санна, хиш ду къегаш.

Хьовсал, бераш, малх бу боьлуш,

Сакъералуш, серла буьйлуш.

Бошмаш ю дато заз хоьцуш,

Хьозарчий ду шакарш лоькхуш.

И ю-кх бакъйолу поэзи! Б1аьсте ялар тайп-тайпанчу басаршца говза гайтина поэта.

Ялор вай иштта 1аьнах лаьцна « Даймахка 1а деъна» ц1е йолу Джабраилова Азманан байт:

1аьно даржош шен к1айн бархат,

Кечйи аре, ломан дукъ

Нускалх тарйи Соьлжа- г1ала,

Детех кхели х1ора юрт.

Дато совг1ат хилла 1уьллу

Лаьттахь уьнахц1ена луо.

Схьакъадийча з1аьнарш малхо,

Детех къегаш чимаш го.

Шен исбаьхьа тикма дуцуш,

Чечакх тайпа юьллуш йис,

Буса кечди, мало йоцуш,

Цо леррина массо дитт.

1аьнан сурт , ша говзачу пхьеро санна, нускалх тардина х1оттийна автора. Цунна чу са а кхоьллина, хьийзаш дерг адам долуш санна, х1ора дитт тикманца, чечакхца кечдеш хьийзаш санна гайтина. Шеран муьлххазама а езайолуьйтур йолуш, 1аламан хазалла исбаьхьчу басаршца гайтина Азмана.

«Гуьйренан неIсагIехь» ц1е йолу Юсупов 1илманан байт ерриг бохург санна 1аламан сурт х1оттош ю, амма дерриг а юха а йоь1ан вастаца дустуш. Говзанчо муха гайтина хьовса вай ? Август бутт дIабоьду, текхаеш аьхкенан цIока, Мажъелла боьлак Iа меллаша ша-шега луьйш. Акхачу стоьмашца дог Iехош дIахIоьтти кока, Ма тера-ъ хетало хьан беснийн цIазамех уьш. Зарзарша дIамелла Iуьйренан Iаьнарийн шура-м. Бацалахь лепаш ду бIаьрзечу догIанан хи. Хьан бIаьргийн хIорда чохь техка сан сатийсам-бурам, ТIекIел ма долийла безаман тулгIеш тIехь и. Iилман Юсупов

Ларамза дац кху сайн балхана юкъа Эльдиев Минкаилан байт ялон лаар а.

Серсачу дог1анца дуьненна тийжаш, Патарийн шабаршца лаьмнашна йоьлхуш, Мецачу к1езанах мохца а ц1ийзаш, Шен г1айг1а бух1анан узамца елхош... Сан махкахь со лоьхуш ю боху-кх Гуьйре...

Гуьйренан мох а, дог1а ша махкана гена хиларца дуьстина автора. Оцу к1еззигчу мог1анашкахь поэтан ницкъ кхаьчна ша Даймахкана ч1ог1а саготта вуй гайта…

Ткъа Сулаев Мохьмадан «Мел хаза йина хьо...» ц1е йолчу байташкахь йо1е болубоккха безам а, оцу йоь1ан хазалла а ерриг 1аламца юьстина ю. Мел тайна йина хьо, Мел хаза йина хьо! Кхоьллинарг мила ву, Сел говза ша хилла? Хьарг1анан т1ам санна, Хьан 1аьржа и лепа Ч1абанаш хьарчийнарг Буьйса ю, бохийца. К1айн дарин духаршца Хьо йог1уш ва яйча, Хьуна т1е теснараш Мархаш ю, бохийца. Адман дог кхачаза, Аьрзун т1ам ластаза Долчу башлаьмнийн ло Хьан юьхь т1ехь лепийца. Буьйсанан стиглара Охьабоьжна ши седа, Б1аьргаш чу хьан боьжна, Схьакъеда, бохийца. Бохь лекха акхтаргаш, Хьо ара ва яьлча, Вовшашка кхаъбохуш, Д1астехка, бохийца. И зевне олхазарш, Хьан аз ва хезча, Ц1еххьана, г1ар йойий, Д1атуьй, ма бохийца. Гуьлмаьндин т1ам ловзош Хьо йог1уш ва яйча, Хьоьга д1а хьаьвссинчохь Нах буьсу, бохийца. Мел тайна йина хьо! Мел хаза йина хьо! Хьо йинарг мила ву, Сел говза ша хилла? Хьо ю, ма бохийца, 1аламо адмашна Гайта шен говзалла Кхоьллина хазалла! Сулаев Мохьмад

Теллинчу байтийн жам1 цхьаъ бен хуьлийла дац – поэзи ц1е йолу лаккхара искусство хуьлийла дацара 1аламан басарш дацахьара.Амма юха а суна лаьа айса лакхахь хьахийначу « Муьлхха а декхар ву шен Даймехкан 1аламдовза» бохучунна т1еван. Хаттар кхоллало сан… Вайна мел девза вешан 1алам? Маса диттийн ц1е хаьа? Я маса зезаган ц1е хаьа вайн маттахь? Иштта акхаройн а, олхазарийн а? Цу хьокъехь язйинчу Абубакарова Пет1аматан байташца дерзо лаьа суна сайн къамел.

Довза 1алам! Олхазарш ду,бераш,тахна, Вайна ч1ог1а оьг1аз дахна, Ца хаарна ц1ераш шайн, 1алам д1атасарна вай. Дитий тайнигашца ловзар, Арадовла - 1алам довза, Же ма 1елаш, каде хьовза, Къастор ву шух ,вериг говза. Хьанна девза леча,маккхал, Г1ирг1а,дарта.хенак1ур? Хуучара , кхин ц1е яккхал, 1алам дезарг- вайна гур. Алал ,х1ун ю к1айдарг,баппа, Ц1ен-лерг,алзам,алц1езам, Х1ун ю т1аккха хьайба,шаптал, Динберг,ц1азам,боьразам? Хаьий шуна х1ун ю экха, Салор ,д1ама,бецапхьид? Евзий шуна ту-сай,текхарг, Набард1ама,уьнт1апхьид? Дийцал аша, х1ун ю сосакх, Тарсал,г1ела, ц1оькъалом ? Хезний ц1ераш-тоти,тодакх, Дингад, була,шаткъа,лом? Сан доттаг1ий, хьоме бераш, 1алам дицдай кхин ма 1елаш. Кхин цкъа иза оьг1аз додахь, Цуо т1ехоьцур бу шен бода.

Абубакарова П.

Iилманан болх "Ц1ердешнийн легарш"

Ц1ердешнийн легарш

Кху дуьнен т1ехь мел дукха меттанаш ду: вовше тера дог1урш а, я тера аьттехьа доцурш а, дуьненаюкъара а, къам ша жима делахь а, мотт хьал долуш берг а. Цу дагардинчу масаллех т1аьххьарлерниг вайн къоман маттана дог1уш а ду-кх.

Х1ара 1илманан болх вовшахтухуш, бес-бесарчу къомах болчу адмашца з1ене вийла а дийзира, интернет-ресурсашкахь сайн хаттаршна жоьпаш леха а дийзира сан. Амма бакъду, шен ненан мотт цахуург- кхоччуш личность лара мегар дац бохучунна т1е со а веара.

Масала, ша филолог а волуш, оьрсийн мотт хьоьхучу х1иричунна шен къоман грамматика цахаар гуттар а тамаше дара. Цундела, уггар хьалха кхайкхам иштта хир бара сан х1ора нохчочуьнга а : ХЬАЙН МЕТТАН МАСА ТЕРАХЬ ДУ А, МАСА ДОЖАР ДУ, ЛЕГАР МАСА ДУ, ХАНДЕШНИЙН ХЕНАШ, ЦЕРАН СПРЯЖЕНЕШ МАСА А ЮЦА ХААХЬ, И КХАРДАМЕ ДУ,КХЕЧУ КЪОМАН ВЕКАЛШНА ХЬАЛХА ЮЬХЬ1АЬРЖО Ю. Нагахь оцу юьхь1аьржонах вай шек дацахь, нохчийн мотт вайн а бац. Я вай нохчий дац.

«Нохчийн мотт дозанал арахьа оьшуш бац» бохург а малончийн къамел ду. Дуьненахь а евзаш йолчу вузашкахь нохчийн маттах лаьцна дисертацеш язъеш берш а, дошамаш х1иттош къахьоьгурш а карабо. Дуккха а къаьмнаш ду вайн мотт бовза а, талла а лууш. Къаьсттина вайн маттах долу хаарш довза лууш вайн луларчу къаьмнех болу гуьржий а бу. Царах цхьаъ ву Бакар Цхобехия ц1е йолу цхьа жимстаг. Нохчийн-гуьржийн дошам х1оттош къахьоьгуш ву и карарчу хенахь. « Нохчийн мотт 1амош халонаш стенгахь т1е1иттаелира хьуна, г1о стенаххуьлура хьуна» бохучу хаттарна Бакара иштта делира жоп: «Мотт 1амон цкъа хьалха лаам хила беза, и мотт ч1ог1а безабалабеза.Ткъа нохчийн мотт сунач1ог1а беза. Иза ширачех мотт хиларан шеко яц. Цуьнгахула дукха х1уманашна т1екхуьу со. Абузар Айдамировн массо книгаш йоьшуш, айса дошамашца гочдеш 1емира суна нохчийн мотт. Дагахь латтон халаниг шун классаш ю, х1унда аьлча, дош 1амошшехь дагахь хаьа еза цуьнан класс».

Цо иза нийса боху. Цхьадолу меттанаш схьаэцча, церан класс, аьлча а, род ян а яц. Масала, гуьржийн массо ц1ердош а цхьана классехь лела. Г1умкийн зударийн, божарийн ю. Вай зуда «ю» олучохь, цара «ву» олу, ткъа боьршачу стагана «ю» олу. Суьлийн маттара хьал хатта воьлча, цунна жоп иштта делира суна : « Вовше кхета а ца кхеташ, меттанаш дукха ду тхан. Цундела, хьуна жоп дала хала хир ду». Кавказера меттанаш ца дуьйцуш, дуьненаюкъара меттанийн (ингалсан а, французийн а) хьал муха духьовсур вай. Французийн маттахь класс ( род) шиъ бен яц: божарийн, зударийн. Ингалсан маттахь а иштта.

Ткъа схьаоьцур вай вешан нохчийн мотт. Классан гайтам биъ бу, шаьш классаш ялх ю.

Ц1ердешнийн классаш

Терахь

Божарийн

Зударийн

Кхийолчу х1уманийн классаш

Цхьалл.

ву

ю

ю

ду

бу

бу

Дукхалл.

бу

бу

ю

ду

бу

ду

Дешан маь1на 1амошшехь, цуьнан классан гайтам а 1амон беза вайн маттахь. Оьрсийн маттахь санна ц1ердешан чаккхене а хьаьжна, билгал ца яккхало класс. МасалаДИТТ делахь, классашца хийцалуш билгалдешнаш а, хандешнаш а хиларе терра, и доккха дуй а, и хьаладаьллий я д1адаккха дезий а хаьадеза. Со ала г1ертарг, классийн чолхалла оцу къамелан дакъошкахь а йовза езаш ю. Ткъа гуттар а халаниг, цхьаллин, дукхаллин терахьехь классаш цхьаьна ца йог1у ц1ердешнаш ду. Масала: уьстаг1 БУ- уьстаг1ий ДУ, седа БУ, седарчий ДУ.

Иштта хьовсур вай дожаршка а, иштта легаршка а. Оьрсийн маттахь, хууш ма-хиллара, ялх дожар а, кхоъ легар а (склонение) ду, ийначу легарна чудог1уш 11 ц1ердош а. Чаккхенехь -МЯ долуа ( имя, знамя, тымя…), ПУТЬ боху цердош а.

Ингалсан маттахьшиъ ду дожар. ( Объективный и притяжательный), дукхаллин терахьан цхьа кеп а.

Французийн маттахь диъ ду дожар (родительный, дательный, творительный, предложный). Амма уьш вай санна яц. Чаккхе ма-ярра юьсу, дашна хьалха дешхьалхе х1утту еккъа. Таккха церан легар дан а дац.

Хьовсур вай нохчийн матте. Дожар барх1 ду, меттигниг дожаран кхин барх1 кеп а. Легар диъ ду.

Ц1ердешнийн легар кеп

Кху талламан балхахь къаьсттина тидам т1ебахийта луург а суна легар ду. Гуш ма-хиллара, легар диъ ду, церан чаккхенаш даима а юьсуш а. Цхьаллин терахьан, ц1ерниг дожаран чаккхенашца билгалдоккху легар. Амма, ийначу легаран ц1ердешнаш цхьана а меттехь хьахийна дац. Уьш вайн шеко йоццуш долуш ду. Амма теллина дац, схьах1уьттучу суьртехь. Масала, СА(душа):

Ц1. са

Дл. синан

Л. синна

Др. сино

К. сица

Х. сих

М. сине

Дс. сил

Коьчалниг, хотталург, дустург дожаршкахь бен, 1-чу легаран чаккхенашца йог1уш яц. Шолг1ачу легарна чуйог1учаьрца иэелла ю уьш.

Ц1. ц1ий

Дл. ц1ийн

Л.ц1ийна

Др. ц1ийно

К.ц1ийца

Х.ц1ийх

М.ц1ийне

Дс. ц1ийл

Гуш ма-хиллара, бакъоне диллича. Дош хьалхарчу легарна чудог1уш ду, амма 2-чу легаран чаккхенаш ю юха а иэелла. Иштта легалуш ду СИЙ а.

Амма массо цхьана дешдекъах лаьтта ц1ердешнаш дац иштта чаккхенаш йолуш.

Ц1. г1ан

Дл. г1енан

Л.г1анна

Др. г1ено

К. г1енаца

Х. г1енах

М. г1ене

Дс. генал

Масаллин далийнарш цхьана дешдекъах дерш бен дац.

Ц1. аьрзу

Дл. аьрзунан

Л.аьрзунна

Др. аьрзуно

К.аьрзуца

Х.аьрзунах

М.аьрзуне

Дс. аьрзунал

Дош ша шолг1ачу легаран ду, амма коьчалниг дожарехь АЬРЗУНЦА олийла дуй-те?

Г1абали, илли, лами боху дешнаш схьаоьцур вай. З.Джамалхановн «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам» ц1е йолчу жайнехь уьш кхолг1ачу легарна чудог1у аьлла гайтина ду. Амма, ламил,г1абалил олий-те вай?

Дог1ий-те и дешнаш 3-чу легарна чу? Дешан хийцалуш долу дакъа чаккхе хилча, «И» цигахь хийцалуш а ма дац. Оцу дешнийн нийса легар иштта хета:

Ц1. г1абали

Дл. г1абалин

Л.г1абалина

Др. г1абалино

К. г1абалица

Х. г1абалех

М. г1абале

Дс. г1абалел

Гуш ма-хиллара, хотталург, дустург дожаршкахь юха а галморзахалла.

Ц1. Эса

Дл. эсан

Л. эсана

Др.эсо

К. эсаца

Х. эсах (эсанах)

М. эсе

Дс. эсал (эсанал)

Оцу шина дожарехь а мелла а шеко кхоллало.

Жам1 иштта дан луур дара: уггар халаниг – некъ баккхар ду, баьккхинчу некъа т1ехула д1аваха хала а дац. Дешаран 1аматаш т1ехь хьахийна хилча дика хир дара аьлла хета ийначу легаран ц1ердешнаш. Я 5-чу а, я 10-чу классашкахь а цхьана а кепара яздина билгалдаккхар дац.

Айс-сайна дина жам1 иштта ду сан: нохчийн мотт ширчу меттанех хиларал совнаха, хьашт доцчу куьйгех ларбан санна, шен чух-чухула тухушдог1анаш долуш санна хета. И доггаха безачунний бен, уьш кара а дог1ур доцуш. Мел ч1ог1а хьо бух лаха г1ортарх къайладаькхнехь а, дикка ойла йойтур долуш дешнаш дуккха а ду вайн маттахь.

Де- день

Денна –денно-нощно

К1ур- курить

Ворта- ворот

Гола-голень

Хедориг-хирург

Лазар – лазарет

Лепаш- лепота

Чаг1ар- чихирь

Саьккал –сакля

Мах зийна –магазин

Кад-кадь

Дабаг1а –дубить

Доьнчик- денщик

Борз- борзый

Нохчийн къоман истори а, нохчийн мотт а мелла а талла хьакъ бу. Дала садохийла вай 1илманехь!

Болх кечбинарг: Альвиев Умар,

10 –чу классан дешархо.

Куьйгал хо: Исраилова Луиза А-Г.- нохчийн

меттан,литературин хьехархо.

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.