Инфоурок Начальные классы Другие методич. материалыВходной контрольный диктант 4 класс

Входной контрольный диктант 4 класс

Скачать материал

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Нохчийн метан талламан болх

4 класс

 

 

п/п

Тема

Дата по плану

Фактич. дата

1

Юьхьанцара хаарш талламан болх «Олхазар»

10.09

 

1

Хьалхарчу чийрикан талламан болх «Хьуьнах дахар»

20.10

 

3

Шолаг1чу чийрикан талламан болх. «1аьнан оьг1азло»

24.12

 

4

Кхоалг1ачу чийрикан талламан болх «1аьнан мох»

18.03

 

5

Шо дерзоран талламан болх «Ши борз»

15.05

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Талламан болх №1

Олхазар.

Цхьадолу олхазарш гурахь бовхачу махка д1адоьлху. Церан д1адахар тайп-тайпана хуьлу. Ч1ег1ардигаш яккхий тобанаш йой доьлху. Г1арг1улеша кхосаберг йо. Г1езаша мог1а бо.

1а д1адаьлча юха а схьакхочу олхазарш. Царна шаьш хьалха хан яьккхин аметтигаш евза. Циггахь совцу уьш шаьш юха кхаьчча. Шайн хила бенаш юха то а до, керланаш а до цара .

Бошмашна зуламе йолу садолу х1уманаш а юу олхазарша. Цундела лору уьш белхалоша бошмийн доттаг1ий.

Грамматически т1едиллар:

1.      Хьалхарчу предложенехь билгалдаха къамелан дакъош. Меженашца тала иза.

2.      Схьаязде кхоъ карарчу хенан хандош, билгалъяха чаккхенаш.

3.      Хоттамца тала дош схьакхочу.



Талламан белхан мах хадор:

«5»- г1алаташ дацахь;

«4»- 1-2 г1алат делахь;

«3»-3-4 г1алат делахь;

«2»- 5, я цул сов г1алат делахь.



Грамматически т1едилларан мах хадор:

«5»- г1алаташ дацахь;

«4»- ¾ т1едиллар кхочушдинехь, я 1-2 г1алат делахь;

«3»-3-4 г1алат делахь;

«2»- т1едиллар кхочушцадинехь, я 5, цул сов г1алат делахь.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Талламан болх №2.

Хьуьнах дахар.

Сарахь оха тхешан т1оьрмигаш кечдира. 1уьйранна тхо новкъа девлира.Тхоьца тхан хьехархо а вара. Сада1а билгалъяьккхинчу меттехь севцира тхо. Амма тхан накъосташна дика некъ карийра. Тхо оцу новкъа д1адахара. Таьххьара а сада1а боккха 1ам болчохь севцира тхо. Ц1еххьана тхуна хезира бер доьлхуш. Тхо девдда цига дахара.Жима ши йо1 тила елла хиллера. Оха и шиъ новкъа яьккхира.

Грамматически т1едиллар:

1.Пхоьалг1а предложении меженашца талла. Дешнийн цхьанакхетарш схьаязде.

2.Шолг1ачу предложенехь къамелан дакъош билгалдаха.

3. Схьаязде мукъаза шалха элпаш цхьана нисделла дешнаш.



Талламан белхан мах хадор:

«5»- г1алаташ дацахь;

«4»- 1-2 г1алат делахь;

«3»-3-4 г1алат делахь;

«2»- 5, я цул сов г1алат делахь.



Грамматически т1едилларан мах хадор:

«5»- г1алаташ дацахь;

«4»- ¾ т1едиллар кхочушдинехь, я 1-2 г1алат делахь;

«3»-3-4 г1алат делахь;

«2»- т1едиллар кхочушцадинехь, я 5, цул сов г1алат делахь.





 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Талламан болх №3.

1аьнан оьг1азло.

Хи чуьрчу ч1ерашна т1едирзира 1а. Ж1ов етташ сана татанаш а деш, йоккха шело д1ах1оттира. Шелоно татолашна, 1аьмнашна т1еш техкира. Татолашна а, 1аьмнашна а шабира . Ч1ерий хи буха дахара. Шабинчу хи к1ел шийла яцара.

1а адамашна т1едирзира. Йоккха шело д1ах1оьттира, не1арша а ,пенаша а татанаш а деш. Адамаша пешаш латийра, довхачу ц1еношкахь 1аш бу уьш 1аьнах бийла а буьйлуш. Кегий бераш а цакхоьру 1аьнах. Конькеш а ,салазаш а хоьхку, лайн мижаргех а ловзу, лайн баба а йо, лайн баьрзнаш а до, хи а туху, шелоне а кхойкху:

-Г1о дан йола, шело !- бохуш.

(Халкъан барта кхолларалла).

Грамматически т1едиллар.

1.      Хьалхара предложении меженашца талла.

2.      Йоьалг1ачу предложенехь долчу ц1ердешнийн дожар ,легар, терахь къастаде.

3.      Шайца долчу ц1ердешнашца схьаязъе кхоъ дешт1аьхье.

4.      Фонетически талладош шело.



Талламан белхан мах хадор:

«5»- г1алаташ дацахь;

«4»- 1-2 г1алат делахь;

«3»-3-4 г1алат делахь;

«2»- 5, я цул сов г1алат делахь.



Грамматически т1едилларан мах хадор:

«5»- г1алаташ дацахь;

«4»- ¾ т1едиллар кхочуш динехь, я 1-2 г1алат делахь;

«3»-3-4 г1алат делахь;

«2»- т1едиллар кхочуш ца динехь, я 5, цул сов г1алат делахь.





 

 

 

 

 

Талламан болх №4.

1аьнан мох.

Шийлачу мохо диттийн баххьаш лестадо. 1ай шийлачу механ хьекхар сих-сихахуьлу. Бераш шийлачу махана дуьхьалдирзина лаьтташ дара. Со корехула шийлачу махе хьоьжуш лаьттира. Арахь хоькхуш шийла мох бара. Суна т1ехь йовха бедарш ю. Цундела со шийлачу махах цакхоьру. 1ай хьоькхучу шийлачу махал новкъа х1ума цахуьлу. Шийлачу махаца къийсалуш сана лаьттара акхтаргаш.

Грамматически т1едиллар.

1.      Схьаязде массо а предложенера шийла боху билгалдош, цуьнца уьйр лелош долу ц1ердош. Билгалдаха дожарш, чаккхенаш.

2.      Хьалхара предложении меженашца талла.







Талламан белхан мах хадор:

«5»- г1алаташ дацахь;

«4»- 1-2 г1алат делахь;

«3»-3-4 г1алат делахь;

«2»- 5, я цул сов г1алат делахь.



Грамматически т1едилларан мах хадор:

«5»- г1алаташ дацахь;

«4»- ¾ т1едиллар кхочушдинехь, я 1-2 г1алат делахь;

«3»-3-4 г1алат делахь;

«2»- т1едиллар кхочушцадинехь, я 5, цул сов г1алат делахь.











 

 

 

 

Талламан болх №5.

Ши борз.

Со вара новкъа вог1уш. Т1ехьа цхьа г1овг1а хезира сунна. Мохь хьоькхуш верг жа дажош волу цхьа жима к1ант вара. Иза вара, цхьанхьа д1ахьежош п1елг а болуш, арахула ведда воьдуш.

Д1ахьаьжначу суна гира:арахула едда йоьдура ши борз: цхьаъ-йоккхий, важа-жимий.

Цергашца схьалаьцна ког а болуш ,жимачо букъа т1ехь хьош 1ахар бара. Йоккханиг яра т1аьхьа х1оьттина йоьдуш.

Суна берзалойма-гиннехь, со а жа1уьнца царна т1аьхьа ведира.Охашиммо а мохь бетта болийра. Оха хьоькху мохь а хезна, шайца ж1аьлеш а долуш, нах баьхкира.

Л. Толстой.

Грамматически т1едиллар.

1.      Шолг1а предложении меженашца талла.

2.      Х1оттамца талладош : жа1уьнца.

3.      Схьаязде терахь дешнаш.

4.      Хьалхарчу предложенехь билгалдаха къамелан дакъош.





Талламан белхан мах хадор:

«5»- г1алаташ дацахь;

«4»- 1-2 г1алат делахь;

«3»-3-4 г1алат делахь;

«2»- 5, я цул сов г1алат делахь.



Грамматически т1едилларан мах хадор:

«5»- г1алаташ дацахь;

«4»- ¾ т1едиллар кхочуш динехь, я 1-2 г1алат делахь;

«3»-3-4 г1алат делахь;

«2»- т1едиллар кхочуш ца динехь, я 5, цул сов г1алат делахь.



 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Входной контрольный диктант 4 класс"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Системный администратор

Получите профессию

HR-менеджер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 662 926 материалов в базе

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 06.10.2020 5152
    • DOCX 25.2 кбайт
    • 183 скачивания
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Ибрагимова Селима Ризвановна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Ибрагимова Селима Ризвановна
    Ибрагимова Селима Ризвановна
    • На сайте: 6 лет и 1 месяц
    • Подписчики: 0
    • Всего просмотров: 44052
    • Всего материалов: 29

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Технолог-калькулятор общественного питания

Технолог-калькулятор общественного питания

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Организация краеведческой деятельности детей в учебно-воспитательном процессе начальной школы

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 248 человек

Курс повышения квалификации

Новые методы и технологии преподавания в начальной школе по ФГОС

36 ч. — 180 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 958 человек из 81 региона
  • Этот курс уже прошли 7 689 человек

Курс повышения квалификации

Развитие критического мышления у младших школьников в условиях обновленного ФГОС НОО

36/72 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 73 человека из 27 регионов
  • Этот курс уже прошли 719 человек

Мини-курс

Эволюция классической музыки до романтизма

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Влияние внешних факторов на психологическое развитие личности

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Продвижение экспертной деятельности: от личного сайта до личного помощника

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе