Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015

Автоматическая выдача свидетельства о публикации в официальном СМИ сразу после добавления материала на сайт - Бесплатно

Добавить свой материал

За каждый опубликованный материал Вы получите бесплатное свидетельство о публикации от проекта «Инфоурок»

(Свидетельство о регистрации СМИ: Эл №ФС77-60625 от 20.01.2015)

Инфоурок / Классному руководителю / Тесты / Викторина ко дню рождения величайшего из людей пророка Муххаммеда (с.а.с)
ВНИМАНИЮ ВСЕХ УЧИТЕЛЕЙ: согласно Федеральному закону № 313-ФЗ все педагоги должны пройти обучение навыкам оказания первой помощи.

Дистанционный курс "Оказание первой помощи детям и взрослым" от проекта "Инфоурок" даёт Вам возможность привести свои знания в соответствие с требованиями закона и получить удостоверение о повышении квалификации установленного образца (180 часов). Начало обучения новой группы: 26 апреля.

Подать заявку на курс
  • Классному руководителю

Викторина ко дню рождения величайшего из людей пророка Муххаммеда (с.а.с)

библиотека
материалов

Вопросы и ответы 
для участников викторины 
«Лучший знаток семейного паспорта 
Пророка Мухаммада 
(да благословит его Аллах и приветствует)» 
среди студентов 

1. Къуръана чохь хьахийначу элчанех, пайхамарех мосалг1а ву вайн Пайхамар (с.1.в.с.)? 
– Къуръана чохь хьахийна болчу элчанех, пайхамарех ткъе пхоьалг1а ву вайн Пайхамар (с.1.в.с.).
2. Йийца Элчанан (с.1.в.с.) ден ц1е, деден ц1е а. 
– Да: 1абдуллах1, ден да: 1абдулмутт1алиб.
3. Элчанан (с.1.в.с.) ненан ц1е х1ун ю? 
– Аминат, Вах1абан йо1.
4. Элчанан (с.1.в.с.) дененан а, ненаненан а ц1ераш йийца. 
– Денана: Фат1имат, 1умар Аль-Махзумиййатан йо1.
– Ненанана: Буррат, 1абдуль 1уззан йо1.
5. Элча (с.1.в.с.) дуьненчу ваьлла а, вина меттиг а, де а муьлхарш ду?
– Сийлахь Макка, Софа гуна гергахь, Абу-Т1алибан х1усамехь (и х1усам тахана а йолуш ю, цуьнан метта д1атарйина «Макка» олуш библиотека ю), раби1уль аввал беттан шийтталг1а де, х1иджрат дале (Маккара Мадинате д1акхалхале) 53 шо хьалха. (571 шеран 20 апрель – христиански календараца).
6. Элчане (с.1.в.с.) пайхамаралла доьссина меттиган ц1е х1ун ю?
– Сийлахь Макка, Хьираъ олу хьех (пещера).
7. Элча (с.1.в.с.) д1акхелхина меттиг, де а муьлха ду? 
– Нуьре Мадинат, бусалба нехан х1иджрин терахьца 11-г1а шо, раби1уль аввал беттан шийтталг1а де (632-чу шеран июнан 8-г1а де).
8. Элча (с.1.в.с.) схьакъастош йолу билгалонаш муьлхарш ю? 
– Шина пхонара юккъехь пайхамараллин мух1ар ду; мичча вахча, 1индаг1 деш, марха ю.
9. Элчанан (с.1.в.с.) куьцаш (юьхьан, шина б1аьрган, месийн беснаш, локхаллин барам) муха хилла? 
– Юьхьан бос – к1айн, ц1ен, шина б1аьрган, месийн бос – 1аьржа, дег1ан локхаллин барам – дукха лекха воцуш я лоха воцуш, юккъерчу барамехь хилла Делан Элчанан (с.1.в.с.).
10. Элча (с.1.в.с.) дуьненчу волучу хенахь лоьраллин г1о динчун (акушеркин) ц1е, терго йинчун ц1е, вакхийначун ц1е а муьлхарш ю?
– Бер дечу хенахь лоьраллин г1о динчун (акушеркин) ц1е: Шифаъ, 1авфанан йо1; терго йиначун ц1е: Умму Айман; вакхийначун ц1е: Сувайбат (Абу Лах1абан г1арбаш), т1аккха Хьалимат, Абу-Зуайбан йо1.
11. Элчанан (с.1.в.с.) шурин вежарий муьлш бу? 
– Цуьнан шурин вежарий: А) Сувайбатах: 1. 1абдуллах1 ибн Джахьш; 
2. Хьамзат ибн 1абдиль Мутт1алиб; 3. Абу Салама ибн 1абдиль Асад; 
4. Масрухь ибн Сувайбат. Б) Хьалиматах: 1. 1абдуллах1; 2. Анисат; 
3. Хьузафат, – Хьарисин к1ентий. 
12. Элчанан (с.1.в.с.) х1усамнанойн ц1ераш йийца.
– Х1усамнаной: 1. Хувайлидан йо1 Хадижат; 2. Зам1атан йо1 Совдат; 
3. Абу Бакаран йо1 1айшат; 4. 1умаран йо1 Хьафсат; 5. Хузайматан йо1 Зайнаб (Умму Салама); 6. Хьузайфатан йо1 Х1инд; 7. Джахьшан йо1 Зайнаб; 8. Хьарисан йо1 Джувайрийат; 9. Хьуйаййин йо1 Сафиййат; 10. Абу Суфйанан йо1 Рамлат; 11. Хьарисан йо1 Маймунат; 
12. Шам1унан йо1 Марийат.
13. Элчанан (с.1.в.с.) берийн ц1ераш х1ун ю? 
– К1ентий: 1. Аль-Къасим; 2. 1абдуллах1 (Т1аййиб я Т1ах1ир); 
3. Ибрах1им.
– Йо1арий: 1. Зайнаб; 2. Рукъаййат; 3. Умму Кулсум; 4. Фат1имат.
14. Элчанан (с.1.в.с.) берийн наной муьлш бу?
– Хувайлидан йо1 Хадижат ю, Ибрах1им воцчун; цуьнан нана Марият ю.
15. Элчанан (с.1.в.с.) берийн бераш муьлш бу? 
– К1ентий: 1. 1алий; 2. 1абдуллах1; 3. Хьасан; 4. Хьусайн; 
5. Мухьсин.
– Йо1арий: 1. Умамат; 2. Умму Кулсум; 3. Зайнаб. 
16. Элчанан (с.1.в.с.) девежарий муьлш бу?
– Девежарий: 1. Зубайр; 2. Абу Т1алиб; 3. 1аббас; 4. Дырар; 
5. Хьамзат; 6. Мукъаввим; 7. Хьаджал; 8. Хьарис; 9. Абу-Лах1аб; 
10. Г1айдакъ; 11. 1абдуль-Ка1аба; 12. Къусм.
17. Элчанан (с.1.в.с.) дейижарий муьлш бу?
– Дейижарий: 1. Умму Хьаким Аль-Байдоъ; 2. 1атикат; 3. Умаймат; 
4. Арва; 5. Буррат; 6. Сафиййат.
18. Элчанан (с.1.в.с.) ненавежарий муьлш бу?
– Ненавежарий: 1. Асвад ибн Яг1ус; 2. 1абдуллах1 ибн Аркъам ибн Яг1ус.
19. Элчано (с.1.в.с.), седарчий – стигларчу ох1ланна тешам бу, аьлла; ткъа лаьттарчу ох1ланна тешам бу аьлла, цо билгалбинарш муьлш бу? 
– Уьш бу Элчанан (с.1.в.с.) доьзал. Цо аьлла: «Седарчий – стигларчу ох1ланна тешам бу, сан доьзал – лаьттарчу ох1ланна тешам бу, лаьтта т1ера сан доьзал д1абаьлча, лаьтта т1ера ох1ла д1адер ду».
20. Шен суннат дендинчун хьокъехь Элчано (с.1.в.с.) х1ун аьлла?
– Цуьнан хьокъехь Элчано (с.1.в.с.) аьлла: «Сан суннат дендинарг – со везна ву цунна, со везнарг соьца цхьаьна хир ву ялсамани чохь».
21. Шега пайхамаралла даллалц х1ун болх бина Элчано (с.1.в.с.)?
– Жа дажийна, цул т1аьхьа йохк-эцар лелийна шен 40 шо кхаччалц, т1аккха – бусалба нахе уггаре диканиг, пайхамаршна т1е мух1ар тухуш т1аьххьара веана Пайхамар (с.1.в.с.) ву иза.
22. Элча (с.1.в.с.) ваийтаран коьрта 1алашо х1ун ю? 
– Массо нахана, массо 1аламна къинхетам.
23. Элча (с.1.в.с.) муьлхачу къомах, тайпанах а ву?
– 1арбийн къомах, къурайшийн тайпанах.
24. Элчанан (с.1.в.с.) йо1ан Фат1иматан х1усамда мила хилла? 
– Абу Т1алибан к1ант 1ела.
25. Фат1иматан воккхах волчу шина доьзалхочун ц1ераш муха хилла? 
– 1. Хьасан; 2. Хьусайн (ялсаманин кегийрхойн ши эла ву и шиъ).
26. Элчанан (с.1.в.с.) х1усамнана Хадижат кхелхина меттиг, терахь муьлха ду? 
– Сийлахь Макка, пайхамаралла доьссинчул т1аьхьа 10 шо даьлча, х1иджрат дале 3 шо хьалха.
27. Хадижатан Элчанах (с.1.в.с.) маса доьзалхо хилла? 
– Ялх доьзалхо хилла: 1. Зайнаб; 2. Къасим; 3. Рукъаййат; 4. Умму Кулсум; 5. Фат1имат; 6. 1абдуллах1.
28. Элчано (с.1.в.с.) ша Хадижат ялош, урдонна х1ун елла? 
– Цуьнан урдо: яхказа йолу 20 эмкал.
29. Зударех уггар хьалха Элчанца (с.1.в.с.) ийман диллинарг мила ю? 
– Хувайлидан йо1 Хадижат ю.
30. Делан Элчано (с.1.в.с.) къонахойх ийман кхочушхилларш дуккха бу, зударех йиъ бен яц, аьлла. И йиъ зуда мила ю? 
– 1. Iимранан йо1 Маръям; 2. Фир1овнан х1усамнана Асият; 
3. Хувайлидан йо1 Хадижат; 4. Мухьаммадан йо1 Фат1имат.
31. Элчанан (с.1.в.с.) х1усамнанна Зайнабна мискачу нехан нана ю аьлла, ц1етиллар бахьана х1ун ду? 
– Диканаш дар а, саг1анаш далар а дукха долуш яра и, мискачу нахана яах1ума яор дезаш яра, цундела – мискачу нехан нана аьлла, шена ц1е тиллина яра.
32. Совдата шега х1ун аьлча велавелла хилла Элча (с.1.в.с.)? 
– Совдата Пайхамаре (с.1.в.с.) элира: «Буьйсана хьуна т1аьхьа ламаз дира аса, соьга руку1 дайтира ахьа, ц1ий дарна кхийрина аса сайн мара схьалаццалц». Пайхамар (с.1.в.с.) велавелира т1аккха.
33. Делан Элчано (с.1.в.с.) 1айшатан хьокъехь х1ун аьлла? 
– Делан Элчано (с.1.в.с.) аьлла: «Зударшна юккъехь 1айшатан дозалла, Сарид олучу дааран кхечу яах1умашна юккъехь долчу дозалле терра ду».
34. Абу Бакаран заманахь гулдина долу Къуръан хьенан х1усамехь лардина? 
– Абу Бакаран заманахь гулдина долу Къуръан Хьафсатан х1усамехь лардина.
35. Элчанан (с.1.в.с.) х1усамнанойх Хьабашат махка уггар хьалха х1иджрат динарг, эмкална т1ехь зударий чуховшош йолчу х1уманчохь дуьххьара Мадинат чу еънарг а мила ю? 
– Х1инд (Умму Салама) ю.
36. Элча (с.1.в.с.) д1аваьллачул т1аьхьа, цуьнан зударех уггар хьалха кхелхинарг мила ю? 
– Пайхамар (с.1.в.с.) д1аваьллачул т1аьхьа цуьнан зударех уггар хьалха кхелхинарг Зайнаб ю.
37. 1айшата, «Шен къомана т1ех беркате зуда ю» аьлла, хьахийнарг мила ю? 
– 1айшата аьлла: «Джувайрийатал шен къомана т1ех беркате зуда ца хаьа суна».
38. 1айшата шен хьокъехь: «Баккъалла, Делах т1ех кхоьруш, гергарло т1ех хуттуш яра иза», аьлларг мила ю? 
– 1айшата аьлла: «Баккъалла а, Маймунат яра тхох Делах т1ех кхоьруш, гергарло т1ех хуттуш».
39. Делан Элчано (с.1.в.с.) шен хьокъехь: «И сан зудаберашлахь уггаре диканиг ю, со бахьнехь шега бала а кхаьчна», аьлларг мила ю? 
– Делан Элчано (с.1.в.с.) шен йо1ан Зайнабан хьокъехь, цо х1иджрат дина, керста наха цунна цатам бинчу хенахь, аьлла: «И сан зудаберашлахь уггаре диканиг ю, со бахьнехь шега бала а кхаьчна».
40. Делан Элчано (с.1.в.с.): «Баккъалла, Дала т1едиллина суна, хьайн сийлахь ерг 1усмане маре ло, аьлла» хьахийнарг мила ю? 
– Элчано (с.1.в.с.) Умму Кулсуман хьокъехь аьлла: «Баккъалла а, Дала т1едиллина суна, хьайн сийлахь ерг 1усмане маре ло, аьлла».
41. Делан Элчано (с.1.в.с.): «Х1ай Везан Дела, цаьршингахь беркат де Ахь, цаьршинна т1ехь беркат де Ахь, цаьршинна шайн доьзалехь беркат де Ахь», – аьлла, до1а динарш муьлш бу? 
– Цуьнан йо1 Фат1имат, Абу Т1алибан к1ант 1ела.
42. «Делан дуьхьа, Мухьаммадан умматан ц1ий лардаран дуьхьа дити аса и паччахьалла», аьлларг мила ву? 
– Делан дуьхьа, Мухьаммадан умматан ц1ий лардаран дуьхьа дити аса и паччахьалла, аьлларг 1елин а, Фат1иматан а к1ант Хьасан ву.
43. Делан Элчано (с.1.в.с.) 1елин к1ентан Хьусайнан хьокъехь х1ун аьлла? 
– Делан Элчано (с.1.в.с.) аьлла: «Хьусайн соьха ву, со Хьусайнах ву», «Далла везна, Хьусайн везнарг», «Ялсаманин ох1ланах волчу стаге хьажа лууш верг, Хьусайне хьожийла». 
44. Элчанашлахь собаран а, къинхьегаман а дай бу аьлла билгалбаьхнарш муьлш бу? 
– Элчанашлахь собаран а, къинхьегаман а дай бу аьлла билгалбаьхнарш бу: 1. Нухь; 2. Ибрах1им; 3. Муса; 4. Iийса; 5. Мухьаммад.
45. Дала Жабраил-малик даийтина, Элчане (с.1.в.с.) юхаялае аьлла х1усамнана муьлха ю? 
– Иза Хьафсат ю. Джабраил деанера и волчу, цо элира: «Юхаялае Хьафсат, и, баккъалла а, дукха марханаш кхобуш ю, буьйсана 1ибадат деш, дукха г1уьттуш ю, и, баккъалла, ялсаманехь хьан х1усамнана ю».
46. Делан Элчано (с.1.в.с.) 1елин к1ентан Хьасанан хьокъехь х1ун аьлла?
– Делан Элчано (с.1.в.с.) Хьасанан хьокъехь аьлла: «Баккъалла а, и Хьасан – дуьненах сан самукъадалар ду, баккъалла а, х1ара сан к1ант эла ву, йоккхачу шина тобанна Дала Хьасанца барт бан тарло».
47. Элчано (с.1.в.с.) шен йо1ан Рукъаййатан, цуьнан х1усамден 1усманан а хьокъехь х1ун аьлла? 
– Элчано (с.1.в.с.) шен йо1ан Рукъаййатан, цуьнан х1усамден 1усманан а хьокъехь аьлла, Хьабашат махка цаьршимма х1иджрат динчул т1аьхьа: «Дела цхьаьна хуьлийла цаьршинца, баккъалла а, 1усман шен доьзалца уггаре хьалха х1иджрат динарг ву, Лут1-пайхамар д1аваьллачул т1аьхьа».

48. Элчано (с.1.в.с.) шен йо1ан Фат1иматан хьокъехь х1ун аьлла? 
– Элчано (с.1.в.с.) шен йо1ан Фат1иматан хьокъехь аьлла: «Фат1имат ялсаманехь эла ю, 1имранан йо1ан Маръяман долу х1ума д1адаьккхича».
49. Элчанан (с.1.в.с.) доьзалех кегий болуш кхелхинарш муьлш бу?
– 1. Iабдуллах1 (Т1аййиб я Т1ах1ир); 2. Ибрах1им; 3. Къасим.
50. Элчано (с.1.в.с.) шен к1ентан Ибрах1иман хьокъехь х1ун аьлла?
– Элчано (с.1.в.с.) аьлла: «Х1окху буьйсана к1ант вина, сайн ден ц1арах Ибрах1им аьлла, ц1е тилли ас цунна».
51. Элчанан (с.1.в.с.) асхьабаша 1айшатан хьокъехь х1ун аьлла? 
– Элчанан (с.1.в.с.) асхьабаша 1айшатан хьокъехь аьлла: «Хьадисех ца кхеташ ма ца дисира тхо, т1аккха царах лаьцна оха 1айшате ца хаьттина, церан маь1на цунна хууш тхуна карийний бен».
52. Элчанах (с.1.в.с.) лаций доца хаза дийцар дийца.

Автор
Дата добавления 13.01.2016
Раздел Классному руководителю
Подраздел Тесты
Просмотров211
Номер материала ДВ-336333
Получить свидетельство о публикации

"Инфоурок" приглашает всех педагогов и детей к участию в самой массовой интернет-олимпиаде «Весна 2017» с рекордно низкой оплатой за одного ученика - всего 45 рублей

В олимпиадах "Инфоурок" лучшие условия для учителей и учеников:

1. невероятно низкий размер орг.взноса — всего 58 рублей, из которых 13 рублей остаётся учителю на компенсацию расходов;
2. подходящие по сложности для большинства учеников задания;
3. призовой фонд 1.000.000 рублей для самых активных учителей;
4. официальные наградные документы для учителей бесплатно(от организатора - ООО "Инфоурок" - имеющего образовательную лицензию и свидетельство СМИ) - при участии от 10 учеников
5. бесплатный доступ ко всем видеоурокам проекта "Инфоурок";
6. легко подать заявку, не нужно отправлять ответы в бумажном виде;
7. родителям всех учеников - благодарственные письма от «Инфоурок».
и многое другое...

Подайте заявку сейчас - https://infourok.ru/konkurs


Выберите специальность, которую Вы хотите получить:

Обучение проходит дистанционно на сайте проекта "Инфоурок".
По итогам обучения слушателям выдаются печатные дипломы установленного образца.

ПЕРЕЙТИ В КАТАЛОГ КУРСОВ


Идёт приём заявок на международный конкурс по математике "Весенний марафон" для учеников 1-11 классов и дошкольников

Уникальность конкурса в преимуществах для учителей и учеников:

1. Задания подходят для учеников с любым уровнем знаний;
2. Бесплатные наградные документы для учителей;
3. Невероятно низкий орг.взнос - всего 38 рублей;
4. Публикация рейтинга классов по итогам конкурса;
и многое другое...

Подайте заявку сейчас - https://urokimatematiki.ru

Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх