Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Классному руководителю / Другие методич. материалы / Внеклассное мероприятие .Сценарий мероприятия к дню чеченской женщины

Внеклассное мероприятие .Сценарий мероприятия к дню чеченской женщины

Самые низкие цены на курсы профессиональной переподготовки и повышения квалификации!

Предлагаем учителям воспользоваться 50% скидкой при обучении по программам профессиональной переподготовки.

После окончания обучения выдаётся диплом о профессиональной переподготовке установленного образца (признаётся при прохождении аттестации по всей России).

Обучение проходит заочно прямо на сайте проекта "Инфоурок".

Начало обучения ближайших групп: 18 января и 25 января. Оплата возможна в беспроцентную рассрочку (20% в начале обучения и 80% в конце обучения)!

Подайте заявку на интересующий Вас курс сейчас: https://infourok.ru/kursy


СВИДЕТЕЛЬСТВО СРАЗУ ПОСЛЕ ПРОСМОТРА ВЕБИНАРА

Вебинар «Подростковая лень: причины, способы борьбы»

Просмотр и заказ свидетельств доступен только до 22 января! На свидетельстве будет указано 2 академических часа и данные о наличии образовательной лицензии у организатора, что поможет Вам качественно пополнить собственное портфолио для аттестации.

Получить свидетельство за вебинар - https://infourok.ru/webinar/65.html

  • Классному руководителю

Поделитесь материалом с коллегами:

Классал арахьара болх


«Сийлахь Нохчийн Нана!»


1алашо:Дахар деллачу, нохчийн мотт 1амийначу,г1иллакхаш хьоьхучу Нанна хьалха массо а декхарийлахь хилар хаийтар. Хеназа бохамаш къежйинчу, къанйинчу Ненан сий дар, ларар,э шар.


Эпиграфаш. Ненан сурт.


« Доьзалан хьашташа

хеназа къежйина

Хьомсара шайн нана

йиц ма е боху цо...» /М.Мамакаев./


«...Сийлахь Нана! Хастам хьуна!

Берийн дуьхьа яьхна хьо!

Генахь хиларх,тхаьш мацделча

Хьан комаьрша куьйгаш го...» /А.Сулейманов./

 Хьехархо: Марша дог1ийла шу, хьоме хьеший, дай, наной, бераш! Ненан де даздан вовшахкхетта вай кху зала чохь.

 Дуьххьара вай долчу баьхкина хьеший бовзийта лаьа суна …..

 Нана — цул мерза а, хаза а дош дац кху дуьненахь. Дуьнен т1ехь уггаре исбаьхьа дош ду и, дуьххьара дуьненчу даьллачу беро олу дош ду и. Массо а маттахь цхьабосса к1еда-мерза дека и дош.

Кху дуьненчохь мел долчу х1уманал а сийлахь — Доккхачу дарже лерина бу ненан мерза безам, къинхетаме дог, ховха куьйгаш, хастаме б1аьрхиш. Шен берийн аьрха амалш хьесапе ца оьцуш, уьш мелхо а хьоьстуш, цара д1а мел боккхучу когаца уьш юьхь1аьржонах, тешнабехках ларделахь бохуш, Везчу Деле доьхуш йоккху нанас ша дуьненчохь йоккху хан. Азаллехь синош кхуллуш, уггаре хьалха, нана хилла хьакъ йина, Хьава аьлла ц1е а тиллина, кхоьллина зуда Веза Хинволчу Дала. Сийлахь Пайхамарш, Элчанаш, Эвлаяаш дуьненчу баха хьакъ йина нана-зуда. И деза сийлахь дукъ д1акхоьхьуш зударий, наной бу вайна юккъехь а. Къаьсттина х1окху центран дешархойн наной. Церан суьрташ гойтуш д1адоло лаьа суна вайн таханлера цхьаьнакхетар.

 

Гойту «Вайн наной» слайд.

 

Хьехархо

Син оьздангалла йолчу йо1арех хиллачу х1усамнаноша лардина вайн кхерчан сий, кхиийна яхь йолу къонахий , Кадырова Айманис кхиийна вайн къоман президент Рамзан санна.

Мел яккхий халонаш т1ех1иттарх , шен кхаьчна деза дахаран дукъ д1ахьош го вайна и доккха доьналла долу зуда. Паччахьан х1усамнана , цул т1аьхьа паччахьан нана. Амма цу зудчун вастаца вайна ца хаало еса куралла. Аймани коьрта вайна гуш долу амат-доккха иман, оьздангалла, адамалла ю.

Иштта сий долу наной хилла вайн махкана Таймин Биболат, Адин Сурхо, Шейх-Мансур, иштта дуккха а дика к1ентий кхиийна наной.

 

Дешархочо д1аолу «НАНА» илли.


 Хьехархо

 Доьзалан корта да белахь а, оцу доьзалх жоп дала а, доьзал кхаба а, и доьзал кхион а, иза меца ца бита а, цу доьзалехь волуш волчу х1ора стагах стаг ван а, йо1ах йо1 ян а, шен доьзалан сий лардан а, яхь, сий, эхь-бехк, доьналла а х1ун ду кхето а, иза шен меттахь латто а, оцу долчу х1уманан дог нана ю.Ненан хьекъале хьаьжжина хуьлу оцу доьзалан хьекъал а , кхетам а.

Цундела , вуно деза а, сийлахь а ду доьзална нана бохург.

 

 Дешархоша нанна лерина стихаш юьйцу.

Дешархо .

 Шен сил а мерзаниг,

Малхал а хазаниг,
Х1ун хир ду дуьненчохь,

Хьол хьоме, нана ?!

Са чохь мел долчунна

Ц1ий , дог , 1аь ю нана.

Лаьтта т1ехь х1умма а дац,

Я цкъа а хир дац ,

Хьол деза лара .


 Дешархо .

 Цхьа башха бу ненан доьзале къинхетам ,

Цунах цкъа къурд бинарг ирс долуш ву .

Буса наб ца ярах , ца хуьлуш дера ,

Кхуьучу доьзалах хьо йоккхайора ,

Хьайн лазам доьзалах ахь лечкъабора .

Аллах1ан кхолламна яра хьо къера.

Сан самуо йоцчуьнан тидам ахь бора

Дахарехь оьшучохь со кхетайора

Кхолламо човхийна , со йоьхна хилча

 Эсалчу хьехаршца цатам байбора .

 Хьан елакъажаро хаздора дуьне.

Эсала хьежаро дохдора сан дахар.

Ховхачу куьйгашца човхадой лазар,

Со хьуна уллехь бен хиллий-те ирсе ?!

 Мерза бу ден - ненан доьзале безам

Цунах цкъа къурд бинарг ирс долуш ву .

 

Дешархо.

 Дахарехь безам хьайн тхуна ца кхоийна ,

Сирла хьайн г1айг1а тхох даима йина,

Халонаш , баланаш тхох ч1ог1а лачкъийна ,

Дагайовхо , могашалла хьайн тхуна а лерина ,

Хилла хьо Аллах1о векал а йина .

Яхалахь сий долу тхан хьоме Нана ,

Хьайн хаза елар денна а тхуна луш ,

Нур долу баьргаш хьайн тхоьга а хьежадеш

Ло санна к1айн долу оьзда хьайн куьйгашца ,

Бераллехь санна тхо мара а къуьйлуш !

Мехкан а сий ду хьо ,

Доьзалан ирс ду хьо

Тхан дегнийн той ду хьо

Хьомсара Нана!

 

Дешархо.

Сан нана , х1ун ду кху дуьненчохь хьол деза тхуна ,

Аллах1о совг1атна хьо елла тхуна ,

Ховха хьан куьйгаш,

Оьзда ахь буьйцу мотт ,

Г1иллакхах дуьзна ду кийрара жима дог,

Масаммо маьлхан дуьненахь хьо лехна ,

Дуккха ду мукъамаш хьо хасто яздина ,

Говзачу дешнаша хьан кхоллам базбина,

Амма и ницкъ болу нохчийн мотт тоьар бац,

Берриге безам хьоь д1абийца , Нана !

 

Дешархо.

Суьйре, аьхна суьйре,

Хаза, маьрша йог1у.

Нана, дийцахь туьйра,

Со хьо йолчу вог1у.

 

Стигла оьху 1ана

Эзар ц1арах тховса.

Хьаьгна ву со, нана,

 

Цкъа хьан марахь тхьовса.

К1адвелла со ч1ог1а,

Хьоь сатуьйсуш лела.

Хийла дог ца дог1уш,

Хьо ца гучохь вела.

 

Амма и хьан йовхо

Даим даг чохь къуьйлуш,

Веъна со сайн новкъа,

Ирхонашца къуьйсуш.

 

Эт1аш когийн айра,

Гуш сайн ирсан кхане,

Со чекхвийлла, майрра,

Хьох дуй бууш, нана.

 

Шир ца елла хьуна

Сан кху кхерчан уьйраш.

Нана, дийцахь суна,

Хьайн къоьжаллин туьйра.

 Дешархо.

Хьан довха б1аьрхиш сан даг т1е 1ена,

1ийжадеш морцу сан кийрара дог.
Ма елха , нана, сан хьоме Нана,

Ма елха г1ийла деш суна дов.


Х1унда яц , Нана , хьо к1антана реза?
Х1унда ахь, Нана , со чехаво?
Кийрарчу сил дукха суна хьо еза,
Сан дагна уллера йовхо ю хьо.


Балано хьовзийна, со холчохь висча,
 
Сан ойла хьостуш синтем бу хьо.
Мацалло хьовзийна, со меца висча,
 
Сан кийра бузош кхача бу хьо.

Довхачу дийнахь хьогалло хьийзош,
 
Ша санна шийла шовда ду хьо.
Шийлачу дийнахь , шелоно хьийзош,
 
Сан дег1ах хьаьрчаш йовхо ю хьо.

Хьо йоцуш цхьа де-буьйса даьлча,
 
Балано хьовзадо кийрара дог,
Амма цхьа ц1еххьана хьо йог1уш яйча.
Самукъне ловзабо ас дуьхьала ког.

Ма мерза хета сан дагна нана
Ма дукха еза хьо кху сан дагна.
Хьо йолуш ловр бу ас муьлхха а бала,
 
Хьо йоцуш хала ду и суна лан.

Ма елха, нана, хьайн б1аьрхиш 1енош,
 
Ма елха , нана, со чехавеш.
Елало, нана, хьайн к1ентан дог делош,
 
Елало , нана, бала айбеш.

 

Дешархо .

Набарна д1атовжар доцуш, 
Ахь ойла стенна йо техьа?
Сан нана хьо дагалоций,
 
Ас хьосту мел дог1у де.

Г1айг1ане ма 1ехьа г1ийла,
 
1енадеш хьайн б1аьрхиш!
Ахь лайна баланаш хийла.
Йина хьо-м хийлаза тиш.

Схьалохьа хьайгара бала,
 
Базбелла хьуна и сов
Хьо ирсе яхийта нана,
 
Хьан метта лийр яра со.

Нагахь ас вас йинехь хьайна
Ялалахь къинт1ера хьо.
Хьох хаьдда ма гойла зама,
 
Хьо йоцург ирс дайна го.

Х1инццалца моьттура-
Малхо латтайо лаьтта т1ехь йовхо,
 
Дахаран бух хилла, дог1уш,
 
Ненан дог хиллера догуш.!

Тхан наной! Х1ара дуьне-латта,
 
Паналлехь хьийзаш мел лаьтта, -

Шун декхар д1аделла цкъа а, 
Вера вац, вера вац цхьа а!


 Дешархочо д1алокху эшар «Хаза ду мамица».


 Дуьненчу долу бер. Шен сил а дукха дезаш кхобу и нанас. Хийла наб йоцуш буьйса йоккху цо, хийла ага техкош, бераца цхьаьна наб кхетта, аганан г1аж буйнахь 1а иза.

Муьлхха а цамгар хьакхаелла берана сингаттам баьллехь, синтем бов ненан.

Кийра, беана бала сов баларна, батталуш хуьлу цуьнан. Тайп-тайпана ойланаш коьрте хьийзаш, г1айг1ане хуьлу нана ишттачохь .

Бер тоделча, дерриг дуьне шен долуш санна, екхаелла, елаелла хуьлу нана. Ма боккха бу-кх ненан шен бере болу безам! Делан лаам бу иза. Беран багах дуьххьара дош даьлча, дуьххьарлера ког цо баьккхича, багахь церг гучуяьлча, доккхачу дикане ша кхачарх тешна хуьлу иза.

Къа дац т1аккха ненан, бер доккха хилча , ненан ян ма-еззара цо терго еш ца хилча?


 Х1инца оха шуна цхьадолчу бераша шайн наношна х1оттош долу сурт гойтур ду.


 Дешархоша х1оттайо сценка «Дохкобовлар».

 «Дохкобовлар»

 -Салман,бепиг,шура эца г1охьа,-элира к1анте нанас.

-Уггар хазачу метте со кхоччушшехь олу-кх ахьа соьга цхьаъ де,-везверца вистхилира

к1ант,ша йоьшуш йолчу книгин цхьа аг1о схьа а карчош.

-Д1о ловзуш йолчу Саците алахьа,мама,-п1елг хьажийра цо йишина т1е.

Йо1е мохь туьйзира нанас:

-Сацита,бепиг,шура эца г1охьа.

-Цхьажимма ловзийтахьа со,мама!-дийхира Сацитас.

Нана х1умнаш йиттина а яьлла,берийн цхьацца т1еюхург тега чорхана хьалха хиънера.

Хаза г1ан а гина самаваьлча санна,хьалаиккхира Салман,ша ешна ваьлла книжка карара

охьа а юьллуш.

Ловзуш шен даьллачу самукъанан хазахетар юьхь т1ехь а долуш,чуеара Сацита а.

-Мама,вайна юург ца йо ахь?-са ца тохалуш, хаттар дира йо1а.Салманан б1аьргаш чохь изза

хаттар дара.

-Ой,- тамаш баран сурт х1оттийра нанас,ша хьийзош йолчу чорхан болар кхин а сих а деш.-

Уггаре сан йиш йоцчу хенахь ма олу аша соьга,шаьш меца ду?

Шаьшшиъ бехке дуйла хиира цу шинна.Иза къинт1ера муха йоккхур яра техьа бохуш йолу

ойла яра эхьо охьадахийтинчу кортошкахь хьийзаш.

Ц1еххьана д1алилхинчу бераша схьаийцира стоьлан йисттехь йолу к1айн сирдиллина

кхабий,цунна уллохь 1уьллу ахчий,т1оьрмиггий.

 

Хьехархо.

 Делан Элчас-Делера салам маршалла хуьлда цунна-шозза хьахийна нана, ненаца дика хила олуш хьехар деш, кхозлаг1а деца а, ненаца а дика хила аьлла. Цо иштта аьлла: «Ялсамане ненан когаш к1елахь ю». Оцу хьадисаша гойту, доьзалхочун мел ч1ог1а хила беза ненаца болу лерам.


 Абдулаев Асланан. «Хьехам» хозуьйту.

 Хьехархо:

 Нана дуьненчохь йолчу хенахь вайна ца хаьа цуьнан мах. И д1аяьлча, шен догъэца нана йоцуш ша висча, хаьа стагана цуьнан хьал, т1аккха самаволу ишттаниг, т1аьхьа делахь а.

 Гойту И. Хабаевн «Нана» видео.

Видео «Вигахьа, нана, со».

 Х1инца дош берашка лур ду вай. Бераш наной декъалбан лууш ду.

Гойту видео-роликаш.

 Чаккхе. А. Димаевн «Гой шуна, доттаг1ий» илли дека.

Хьехархо.

Вайн таханлера цхьаьнакхетар чекхдала гергадахана. Суна т1аьххьара ала луур дара, тхан хьоме наной, оха шу ц1енчу даггара декъалдо кху дезчу денца.

Дуьненахь шайн доьзалан вон а ца гуш, ирсе, беркате дехийла шу!

Бераш, шуьга ала дара сан х1ума, шайн наноша аьлларг делаш, терго елаш шайн нанойн. Шайн наной х1ора дийнахь хьасталаш, хазчу хабарца церан догэцалаш.

Школехь дика дешалаш.

Иштта суна баркалла ала луур дара вай долчу хьошалг1а баьхкинчу хьешашна. Дела реза хуьлда шуна тхо долчу дахкарна. Дахарехь ирс, аьтту, могашалла, балха т1ехь кхиамашт а хуьлийла шун!


Идёт приём заявок на самые массовые международные олимпиады проекта "Инфоурок"

Для учителей мы подготовили самые привлекательные условия в русскоязычном интернете:

1. Бесплатные наградные документы с указанием данных образовательной Лицензии и Свидeтельства СМИ;
2. Призовой фонд 1.500.000 рублей для самых активных учителей;
3. До 100 рублей за одного ученика остаётся у учителя (при орг.взносе 150 рублей);
4. Бесплатные путёвки в Турцию (на двоих, всё включено) - розыгрыш среди активных учителей;
5. Бесплатная подписка на месяц на видеоуроки от "Инфоурок" - активным учителям;
6. Благодарность учителю будет выслана на адрес руководителя школы.

Подайте заявку на олимпиаду сейчас - https://infourok.ru/konkurs

Автор
Дата добавления 03.11.2015
Раздел Классному руководителю
Подраздел Другие методич. материалы
Просмотров800
Номер материала ДВ-119803
Получить свидетельство о публикации

УЖЕ ЧЕРЕЗ 10 МИНУТ ВЫ МОЖЕТЕ ПОЛУЧИТЬ ДИПЛОМ

от проекта "Инфоурок" с указанием данных образовательной лицензии, что важно при прохождении аттестации.

Если Вы учитель или воспитатель, то можете прямо сейчас получить документ, подтверждающий Ваши профессиональные компетенции. Выдаваемые дипломы и сертификаты помогут Вам наполнить собственное портфолио и успешно пройти аттестацию.

Список всех тестов можно посмотреть тут - https://infourok.ru/tests


Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх