Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Другое / Другие методич. материалы / Встреча с писателями ЧР "Ненан мотт- къоман юьхь,халкъан орам!"
ВНИМАНИЮ ВСЕХ УЧИТЕЛЕЙ: согласно Федеральному закону № 313-ФЗ все педагоги должны пройти обучение навыкам оказания первой помощи.

Дистанционный курс "Оказание первой помощи детям и взрослым" от проекта "Инфоурок" даёт Вам возможность привести свои знания в соответствие с требованиями закона и получить удостоверение о повышении квалификации установленного образца (180 часов). Начало обучения новой группы: 26 апреля.

Подать заявку на курс
  • Другое

Встреча с писателями ЧР "Ненан мотт- къоман юьхь,халкъан орам!"

библиотека
материалов


hello_html_m503b5abd.jpg

«Ненан мотт-къоман юьхь,

халкъан орам.»

(А. Айдамиров)





Х1оттийнарг,д1аяьхьнарг:

Наурски к1оштан

МБОУ «Николаевски СОШ»

«ТОЬЛЛА ХЬЕХАРХО-2015»

Мучураева Раиса Татаевна. (19.04.16)



hello_html_60dbb18.jpg

hello_html_610b8a11.jpg

hello_html_m35a91f30.jpg





Нохчийн меттан Де даздарна лерина цхьаьнакхетар:

«Ненан мотт – къоман юьхь, халкъан орам» (Абузар Айдамиров).

  1. Салам-маршалла ду шуьга лераме хьеший, хьомсара накъостий!

Вай тахана д1ахьур ду Нохчийн меттан Де даздарна лерина «Ненан мотт-къоман юьхь, халкъан орам» ц1е йолу цхьаьнакхетар.

Дала беркате дойла вайна, 25-г1а апрель Нохчийн меттан Де лоруш, вайн Президента Кадыров Р. А. даьккхина долу 2007-чу шеран №207 Указ.

Указ:

11. 05. 2007 шо Соьлжа-Г1ала № 207

Нохчийн мотт 1алашбан, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларьярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца:

«Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъех» долчу законна куьг яздина апрелан 25-г1а де-Нохчийн меттан Де д1акхайкхорца…

Нохчийн Республикин

Президент Р. А. Кадыров.

  1. Тахана вайга баьхкина лераме хьеший бовзийта луур ду суна:

  1. Айдамирова М.

  2. Мамакаев Э.

  3. Исмаилов А.

  4. Вагапова А.

  5. Бурчаев Хь.

  6. Эльдерханова Зайнап.

  7. Ахматукаев А.

  8. Сейлмуханов М.

  9. Исраилова Я.

Ролик- «Чеченский язык самый древний»

  1. Нохчийн меттан дагардийцар. (проза)

Х1ай, сан къам, ма ч1ог1а херделикха хьо сох. Вала да воцуш, йийца нана йоцуш, вовшашка бийца юьхь-к1ам боцуш бара техьа со? Ма ч1ог1а дезаш т1еийцира ас шу, Дала сайна къаста а дина, нохчийн ду аьлла, ц1е а тиллина, шух къам дина, со шуна д1абелча. Ма деза-доккха хийтира-кх суна и де. Со-м 1еха-ма белира, цхьа шатайпа оьзда, хаза долчу къоме со кховдийча. Суна-м ца хаьара, сайн кхане муха хир ю. Ца хаьара суна со безаш верг, заманца ца вог1уш, т1аьхьа йисина г1улч йоккхуш болчу нехан мог1арера вуйла.

Нохчийн къам! Со-м хьан бух бай, со-м хьан сий дай. Ларахьа со. Ас тоьшалла до хьуна: ас эзарза лорур ма ду хьо.

Х1ай, нана! Нохчийн к1ентан, йоь1ан нана. Со х1унда иэби ахь кхидолчу къаьмнийн меттанех, амалех, ойланех. Суна а ма-лаьара, со иэбина боцуш, хьаьъна шовда санна, ц1ена хила.

Бийцахь со доьзале. Берийн, аганан г1овла лаций, йовзийтахь сан к1орге. Бийцахь со, бовха кхача а кечбина, шуьна го бина, хьайн доьзал охьахаийча. Ахь-м эр ду, кхиболу мотт 1амийта ма лаьа суна, уьш хьекъале, ирсе хилийта. Т1аккха ас боху хьоьга:

«Кхуьур бу хьуна уьш кхидолу меттанаш довза. Амма бераллехь сох марзо ца оьцуш, цхьа зама д1а а яьлла, со шайх хербелча, хир буй те сох шуна, ва нохчий, Ненан мотт!?».


Хьехархочун дош:
Эзарнаш шерийн истори йолуш къам ду нохчий. 1илманчаша ч1аг1дарехь, Йеменера дуьйна Шумерехула, Митани, Урарту пачхьалкхашкахула схьаеана ширачех долчу вайн къоман лар Кавказе. Шайл хьалха кху махкахь цхьа а къам даьхна доцуш, Къилбаседа Кавказан орамера, бухера къам ду нохчий. Коьртачу декъана, вешан матте, махке болу безам, уьш ларбан болу лаам сов хиларца даима а къаьсташ хилла вай къам. Шен исторехь дуккха халонаш лайна вайн къомо. Хийла чолхе мур беана, къам дерриг х1аллакхилла герга а хуьлуш.
Цу хьокъехь аьлла-кх 1963-чу шарахь Москвахь д1аяьхьначу ерригсоюзни 1илманан-практически конференцехь вайн г1араваьллачу поэта а, хьехархочо а Сулейманов Ахьмада : «Х1ора стагана сийлахь долу кхо х1ума ду дуьненчохь вовшахдаккха йиш йоцуш, даима а цхьаьна хила дезаш. И кхо х1ума – мотт а, халкъ а, Даймохк а ду. Оцу кхаа декъах муьлха а цхьаъ д1акъаьстича, дисина ши дакъа дахалуш дац.
Дуьненан мехала долу кхо х1ума вовшахтоха аьтто хиллехь а, уьш кхоччуш вовшех доза а, кхио а ца д у ь туш,г1одар меттана , дестечо бер санна, Советан 1едало чехош таханлерачу дийне девлла вай вешан Даймахкахь нохчийн мотт а буьйцуш.
- Дедех лелош йисина, я ворх1е а дегара дуьйна безам хеташ ларъеш схьаеана цхьацца х1ума хуьлу-кх нохчийн доьзалехь, шаьлта хилла а, тур хилла а, я суьлхьанаш, я п1елгах дуьллу мухар хилла а. Иштта вайн ворх1е а, барх1е а, иссе а дех вайна ирсъэца дисина дика ду нохчийн мотт. Оцу маттал деза дац царех дисина долу тур а, шаьлта а, мухар а, я цхьа а х1ума а. Я б1аьвнаш а яц цул еза, меттах ца хьуьйш, шаьш шайх цецюьйлуш, б1ешерашкахь, аьрцанийн баккъаш т1ехь а, вортош т1ехь а, бердашца нийсса хьала х1иттина йолу. Беза мотт бу, царех буьйцуш бисина болу! Вайн къоман кхетам кхио аьтто беш, цуьнан тешаме г1оьнча хилла схьабеана нохчийн мотт. Оцу хьокъехь гоьваьллачу нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара, аш массара а тидам бина хир бу таханлера цхьанакхетаран кхайкхам, аьлла ду:

«Ненан мотт-иза халкъан юьхь ю, халкъан орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. Х1ора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт 1амош а, хууш а хила веза. 1амадейша дуьненан дерриге меттанаш, амма цкъа шайн ненан мотт а 1амабай, оцу маттахь яздан а, деша а 1амадай…».

( Презентаци )Абузар.

Касумов С-М. (Айдамиров А. сийна лерина) стихотворени «Хьан синан мерзаш»

Дешархо: Хасалиева Седа.

Зуламо харцонан орам

Даймахкахь кест-кеста хоьцуш,

Сан къоман ирс дайна кхоллам

Бакъоне кхача некъ лоьхуш

Ахь «Еха буьйсанаш зийна»,

Лаьмнашкахь ткъес детташ хийла,

Наб йоцуш «Дарц» лайна шийла,

Д1адаккха зулам вайх ийна,

Баркалла хьо винчу нанна,

Беркате еанчу ханна,

Ца воккхуш доьналлех гал а,

Къинхетам хьох бинчу Далла.

Эшаеш Даймахкахь чилла,

Ненан мотт ларбеш сий айа,

Хьан синан мерзаш а хилла

Кхуьийла йозанан дай а.

Хьехархо:

Абузара син мерз хилла кхиийна, шен ден говзалла д1акхехьа хьакъ йолу йо1а -Айдамирова Машара, башхачу маттахь а,ешархочун кхета атта а язйо муьлхха а проза: «ХIокху доккхачу дуьненан ширалле дирзина ши хIума ду – безам, ненан дог. Дийца Iаламат дукха дуьйцу, амма цкъа а, цхьана а заманахь царах билггала бакъдерг аладелла цхьа а вац – дукха мел дийци тилало шен ойланийн лехамашкахь. ХIора адамо ша велла дIаваллалца ша-шега – со хIокху дуьненчу хIунда веана? – бохучу хаттарна ца карон жоп санна буьсу и ши синхаам а.

Безаман куц-кеп хIоттош, ца далош хIун васт дисина, амма иза хIинца а бу бIаьрзечу адамах боьлуш лелаш. Мерза я кхаьхьа ца хьехош, безаман кад дIамала кийча ву ша верриг а.

Ткъа ненан дог?

И кад нанна бен кхочуш бац. Хьаъа мел хIуъу дийцарх а ненан дагах кхеташ еккъа цхьа нана бен яц. Оцу деган беза мохь, лазам шега иэцалур болуш я лаам болуш цхьа а вац.»



Дош, Машар, хьоьга ду-кх. Хала дуй Абузаран йо1 хила?



Хьехархо:

Оьзда гIиллакхаш, дог цIена безам, тешаме доттагIалла, халкъан беркате ламасташ, хаза мотт бу Мамакаев 1аьрбин лирикехь. Россин яздархойн Союзан секретарь волчу Иван Голубничис,1арбин масех стихийн гочдархочо,цуьнан «Нохчийн лаьмнашкахь» ц1е йолу поэма шен композиционни д1ах1оттаме хьаьжча Пушкинан " «Евгений Онегинца » йог1уш ю , аьлла шен хенахь. Цхьа бакъду, «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма язъеш волу 1аьрбин а, «Евгений Онегин» язъеш волчу Пушкинан а 21 шо долуш хилла.

Вайн ерриге а кхолараллин интеллигенцино ларамза ца тиллинера цунна «Нохчийн Есенин» аьлла ц1е а. 1аьрбин дахар хала а, доца а хиллехь а шен т1аьхьа сийлахь йоккха лар йитина цо.

1аьрби сина хазахета хир ду ша долийна г1уллакх д1акхехьа, алаза дисина дош халкъе д1акхачо, халкъана, махкана вевзаш а, везаш а Эдуард шен кхиарна.

Мамакаев 1аьрбин ц1арах йолчу музейн директор, шен ден а, къоман а яьхь йолчу к1анте дош ду.

Хьехархо:

Стагана уггар хьоме ерг Нана ю, нене болу сийлахь безам бу. Иштта хьоме бу стагана ша вина, кхиийна, шен дайша хазбина, ларбина, х1инца 1алашбар шена т1ехь долу мохк-Даймохк. Нана, Даймохк – адаман дахарехь царал деза, царал лакхара, цаьрца цхьаьна дало, дуста кхин х1умма а дан а дуй техьа? Ма дукха х1ума доьду цу юккъе: къоман г1иллакх – оьздангалла, ламасташ, мотт, иштта ойла йойтуш ю поэтан стихотворени «Даймохк- Нана».

Умарова Зулай: «Даймохк-Нана» (йиш д1алокху).

Хьехархо:Бухадиев Мусас шен аьхначу маттахь яздо:

-Даймахках къаьстина,хадийна орам,

Ненан мотт байина,талхийна ц1ий,

Ден-ненан са дууш,беш царна хуорам,

Мел ваха воллу хьо,хьенан дан сий?

Къаьсттина мехкан а,меттан а хама бо,цхьа Делан йоза-рицкъа а хилла геннара Даймахке сатуьйсучара.Дозанал дехьа,францехь 1аш болчу нохчаша яьккхина ролик,шен грам-ки г1алаташцана шун тидаме юьллу-кх ас.

Хьехархо:

«Суна мотт оьшу, олуш тамашена хетар делахь а, махкал а ч1ог1а. Ненан маттана аьхна боцу мохк – иза мохк хилар а ца хета. Кхерчан йовхо г1ийла хаало ишттачу махкахь. Къоман бен хуьлуш бац мохк, ткъа мотт – иза халкъ латтош болу синпха бу. » аьлла ду бевзаш болчу 1илманчаша. Хууш ма хиллара, Матто вага а во, хьаста а хьосту.Ма боккха ницкъ болуш ду, мотт керчина багара долу дош. «Дош» ц1е йолчу дошаман авторо Исмаилов Абус аьлла:

Сан дош, хьо хилалахь.
Багара дIадаьлча,
Безаман йовхо луш,
Дегнашка дижалахь.

Мичча а хьо кхачахь,
Оьзда а, комаьрша,
ГIиллакхе лелалахь.
Мецачунна – кхача,
Цомгашчунна – маршо
Хуьлуйтуш декалахь.



Дешархо: Ахметова Я.

Нохчийн мотт (Абу Исмаилов)

Хьох лаьцна суна а дуьйцуш,
Башломах лешара хиш.
Зарзарша вовшашка буьйцуш,
Со кхетош лоькхура йиш.

Г1а-патаро шабарш дора.
Д1аихначу шерийн лар
Суна вайн тархаш т1ехь гора,
Озийча набаран тар.

Хуьлура наб санна ховха,
Да1 санна хуьлура хьо.
Сан лазам, сан дегайовхо,
Сан иэшам, сан толам – хьо.

Хийла къам дехачу меттехь,
Буьйцучохь юкъара мотт,
Сан дагна хьо хийра хеттехь,
Бицбелла хир бара хьо.

Кхин стаг ца хилча, хьо бийца,
Ас сайга къамелаш деш,
Хийлаза хьан марзо ийци.
Дела ву оцунна теш.





Хьехархо: П. К. Услара, Кавказан этнограф, 1илманчас аьлла:

«Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре а к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу».

Нохчийн мотт хьалдолуш хилар ч1аг1до вайн гочдархоша а, царех цхьаъ ву Бурчаев Хьаьлим а.

Сценка: «Говран фамили» (Бурчаев Хь.)



Хьехархо:

Ас лору дуьнен чохь мел долу меттанаш,
Нохчийн мотт – гуттар а сан оьзда дозалла,
Iожаллин цамгаро дIалаьцна, меттахь Iаш,
 
Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале.

Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина,
Цу маттахь некъан дош дадас а кхайкхийна.
Цу матто, – уггаре гергарчу сан сина –
Сан, генахь цхьа висча, дог-ойла айина.(Ш.Цуруев).

Х1инца вайн ладог1а таро хир ю Шерип Цуруевн дешнаш т1ехь даьккхина иллига «Нана».Д1алокху Дзубайраева Иманис.



Хьехархо:

«Маршалла ду шуьга, махкахой!» Эфирехь ю: «Мотт халкъан хазна»:- аьлла йолу передача.

Оцу дешнашца д1а а йолалуш, нохчийн маттахь вайн меттан башхаллех, хазаллех, къоман литературах, оьздачу г1иллакхех лаьцна дуьйцуш советан заманахь дуьйна схьайог1у, евзаш йолу журналист Исраилова Яха.Маттах лаьцна ахь ч1ог1а хаза а дуьйцу.

-Яха, дош хьоьга ду-кх.

Хьехархо:Цкъа цхьана передачехь, «Кху заманан турпалхо» мила хета хьуна,аьлла шега хаьттича Адама элира:

- «Кху заманан турпалхо нохчо ву.Нохчалла –иза вайн еш йолу ойланаш ,буьйцу мотт,гергарлонаш,амалш,ларам,вайн 1ер-дахарехь сийлахь деза лелийна долу г1иллакхаш,бахаман суьрташ: кир тоьхна ц1енош а,з1арех йина керт а ю нохчалла» .

Кху заманан бакъ турпалхочо Ахматукаев Адама язйина байт йоьшу 8кл. дешархочо Баймурзаев 1ийсас.

Дешархо:

Адам Ахматукаев «Ас юха а сайн къамел дIадийр ду…».

Ас юха а сайн къамел дIадийр ду,
Къайлакхоьхьуш логах дуьйлу къурдаш.
Ас доIа а ненан маттахь дийр ду, 
ТIегулбина нохчийн меттан мурдаш.

Iехош Дала хьаналдинчу декъах
Тхайн синошна чукIаргделла даьIнаш,
Токхур оха къоман сийлахь декхар,
ЮьхькIайн лоьхуш нохчийн меттан маьIна.

Кхеташ дуй тхо-м: тIера чан дIаэцна,
Тептар санна, юхакего боло
ТIаьхьалонна дIабиллалуш бац и,
Буьйцуш хилар – и бу цуьнан толам.

Къилба тило хьийза бода хьаьъча,
Гур ду вайна, некъ вайн нийса хиллий.
Маьршадохуш даг чу хьийза кхаьънаш,
Аьр вай тIаккха нохчийн коьрта илли!

Хьехархо: Шен кхоллараллин хат1 а,исбаьхьа идея а,чулацам а болуш ю Цуцаев 1алавдин муьлхха а байт,царех цхьаъ ешахь вайна.1алавди дош хьоьга ду.


Хьехархо:

«Шу ма дIахедаш лаьтта, дай-наной»...


Котамийн бун дIа а къовла, бежанаша хи молий а хьовса, тIаккха шайн хIума кхалла чехка чу а дерзал! Садовш ду вайна. Буьйса Дала садаI а елла. Хьалххе дIа а дийшина, Iуьйрре гIовттуш хилча бакъахьа ду..., - буйна лаьцна laca а йолуш, paгly кIелахь лохачу гIантахь хиина Iачу нанас тхо, шен доьзал, иштта тIегулбеш йогIура суьйренаш. Iуьйре а, суьйре а токхе яра, керт юьззина, дог дуьззина яра цхьа зама... ХIетахь, малх дIабуьзча а, къегина, сирла дара даг чохь. «Тахана-м хоттур ду, таханам эр ду», - олий, масане хуьлура, хан мел ели а ненах дагайийла тIехIуьтту меттигаш. Хаттаза а дуьсу шуна, алаза а дуьсу шуна... зама, даг тIера чиркх охьа а тухуш, дIаяхача...


Ненан марзо - хьуна цкъа гича, юха кхин шолгIа ган йиш йоцу туьйра хиллера. Хазахетаран дакъа а ах бен дац хIинца, халахетар а ца догIу вайх цхьа а къонвеш.


Жимчохь, эцца, кховдош болу и хударан кад хьаъа белча а хIун башхалла яра?.. ХIинца оьшура-кх нана.(журналист-яздархо Эльдарханова Зайнап)



Зайнап, дахарехь зеделлачух бен иштта даггар язлур а дацар аьлла хета суна, дош хьоьга дукх.

Ролик: (берашкара интервью)

Хьехархо:

Хьехархо…

Цунах дозаделла ду т1екхуьучу берийн хиндерг. Уьш нийса кхетош-кхиоре хьаьжжина хир ю вайн кхане а, юкъаралла а.

Калинина М. И. аьлла ду: «Хьехархочо кхочуш бо уггар хала болх- юкъараллина цо кечво керла стаг»

Цундела хьехархочун балхахь даима а коьрта хилла дуьсуш ду берашна лаккхара хаарш даларан сов, берашкахь дика а, тоьллачех лара хьакъ йолу амалш кхиор. Цу хьокъехь 35 шарахь къахьегна тхан школехь а, Наурски к1оштехь а нохчийн мотт хьехаран бухбиллархочо Бакашев С-Э. М. Сайдами – доккхачу элпаца хьехархо а, дешан говзанча а, къамелан культура лаккхара йолуш а стаг ву. Даггара баркалла а, Дела реза а хуьлийла хьуна!



Илли «Безаман дитташ» (аудио)



Х1окху иллин дешнийн дега, тахана вай цхьа хаза вовшахкхетаран куьйган бехкечуьнга, Сейлмуханов Мусага дош ду.

Хьехархо: вайн халкъан иэсехь бисинчу хиламех цхьа башха хилам бу ч1ир йитар. Хийла нохчийн 1елам нах хилла дов дерзо дехарца буьгуш. Хазачу г1иллакхо, исбаьхьчу матто ерзош хилла-кх муьлхха а луьра ч1ир. И бу-кх нохчийн мотт, шен дашо ц1окъболатал ч1аг1делла дегнаш даьстина болу.



Дешархой: сценка «Г1иллакхан сийлалла».

Хьехархо:

Забар – иза а юкх меттан искусство, забаро дог-ойла аййо. Самукъа доккху, хиндолчу дикачух тешам алсам боккху. Забарца адамийн кхачамбацарш гайта а йиш ю. Амма, коьрта ду и хала ца хоьтуьйтуш яр. Хьекъалца ен забар доккха пох1ма ду.

Дешархой:

  1. Сценка «Берийн ц1а».

  2. Сценка «Забила» (Ш. Макалов).



Хьехархо: Нохчийн хелхаро а буьйцу шатайпа мотт.Х1ора шаршочу когаца,хьовзочу куьйгаца,доь1учу сица,д1асахьежочу б1аьргашца дийцало дагахь мел дерг.

Дешархой: «Нохчийн хелхар».

Хьехархо:

Вайн мотт оьзда а, чомехь а бийцар, хьехар а хьахаделлачохь масална вало мегар ду вайн къоман халкъан хьехархо а, поэт а, декъалахилла волу Джамалди Махмаев

(фото Джамалди Махмаева).

«Нохчийн мотт» дешнаш: Махмаев Д., Мукъам: Димаев 1. Д1алокху дешархоша.

Хьехархо:

Г1ийла ву-кх шен къоман маттаца йолу з1е хаьдда я уьйр малъелла стаг! Нохчийн мотт нохчаша бийцина бу, нохчаша кхид1а д1ахьур болуш а бу, кешнийн хьаьрма, эхарта кхаччалц. Нохчий болчу нохчаша! Нохчийн мотт д1а а бер бац! Цунах тешаш мел ду нохчий а хир ду – кх вай, Дала мукълахь!

Кхоллараллин балхахь кхин а лакхарчу кхиамашка кхочуш, вайн меттан исбаьхьалла, мутта- марзо йовзийтарехь, къоман мотт ларбарехь, кхиорехь аьтто беш, ирсе долуш, Дала дуккха а шерашкахь могаш – маьрша дахадойла шу, лераме хьеший!

Лераме хьеший, хьехархой., бераш, вайн таханлера нохчийн меттан Де даздаран лерина «Ненан мотт – къоман юьхь, халкъан орам» ц1е йолу цхьанакхетар чекхдолу.

Дийнахь малх къегаш,буьйсанна бутт лепаш,

Дахарехь ирс долуш,доьзалехь барт болуш,

Ийман,беркат х1усамехь совдолуш,

Ирсе дахар хуьлийла шун массеран а!

Ладог1арна баркалла,Дела реза хуьлийла!





Баркалла!!!








Автор
Дата добавления 17.05.2016
Раздел Другое
Подраздел Другие методич. материалы
Просмотров178
Номер материала ДБ-085245
Получить свидетельство о публикации

"Инфоурок" приглашает всех педагогов и детей к участию в самой массовой интернет-олимпиаде «Весна 2017» с рекордно низкой оплатой за одного ученика - всего 45 рублей

В олимпиадах "Инфоурок" лучшие условия для учителей и учеников:

1. невероятно низкий размер орг.взноса — всего 58 рублей, из которых 13 рублей остаётся учителю на компенсацию расходов;
2. подходящие по сложности для большинства учеников задания;
3. призовой фонд 1.000.000 рублей для самых активных учителей;
4. официальные наградные документы для учителей бесплатно(от организатора - ООО "Инфоурок" - имеющего образовательную лицензию и свидетельство СМИ) - при участии от 10 учеников
5. бесплатный доступ ко всем видеоурокам проекта "Инфоурок";
6. легко подать заявку, не нужно отправлять ответы в бумажном виде;
7. родителям всех учеников - благодарственные письма от «Инфоурок».
и многое другое...

Подайте заявку сейчас - https://infourok.ru/konkurs


Выберите специальность, которую Вы хотите получить:

Обучение проходит дистанционно на сайте проекта "Инфоурок".
По итогам обучения слушателям выдаются печатные дипломы установленного образца.

ПЕРЕЙТИ В КАТАЛОГ КУРСОВ


Идёт приём заявок на международный конкурс по математике "Весенний марафон" для учеников 1-11 классов и дошкольников

Уникальность конкурса в преимуществах для учителей и учеников:

1. Задания подходят для учеников с любым уровнем знаний;
2. Бесплатные наградные документы для учителей;
3. Невероятно низкий орг.взнос - всего 38 рублей;
4. Публикация рейтинга классов по итогам конкурса;
и многое другое...

Подайте заявку сейчас - https://urokimatematiki.ru

Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх