
Понедельник-Оршот☼ Схьаязде, мукъачу
элпашна к1елахь сиз хьакха.
1.Машар бохург дика дош ду. Вайна
машар беза. Машарехь адамаша болх бо, уьш дика деха.

2.Диттийн
г1аш мажделла. Денош дацлуш ду. Олхазарш бовхачу махка д1аоьху. Арара ялташ
чудерзийна.

3.Со дешархо ву. Ас дика доьшу.
Ас нанна г1о до. Нанас суна, дика к1ант ву олу. Со школе т1аьхьа ца вуьсу.
Вспомни состав чисел 6, 7 и 8.
Заполни пустые ячейки. Реши примеры.

Вторник-Шинара☼ Схьаязде, мукъачу
элпашна к1елахь сиз хьакха.
1.Тхан школа хазачу меттехь ю.
Школан кораш даккхий ду. Корашна т1ехь зезагаш лаьтта.

2.Сан да-нана госхозехь болх беш
ду. Да тракторист ву. Нана фермехь ю. Цо бежанаш дика кхобу.

3.Тахана бераш беша дахара.
Цаьрца хьехархо а ю. Бешана юьххехь ду бешахочун ц1а. Бешахочун ц1енна юххехь
кхор бу.

Среда-Кхаара☼ Схьаязде, мукъачу
элпашна к1елахь сиз хьакха.
1.Тхан юьртахула доккха хи
дог1у.Цунна тиллина шуьйра т1ай ду.Иза, тай тоьхча санна, нийса ду.

2.Ловза ваханера Ваха. Дог1а
туьйхира. Ваха ц1а ведира. Не1арна дог1а тоьхна карийра цунна.

3.Тхан эвлахь завод ю. Заводехь консерваш йо. Сан да заводе
балха воьду. Со а вигира цо шеца.
Четверг-Еара☼ Схьаязде, мукъачу
элпашна к1елахь сиз хьакха.
1.Школан йоккха беш ю.Дукха дитташ ду
бешахь.Дешархоша белхаш бо бешахь.Цара дика 1алашйо иза.

2.Тхан цициган ц1е Пису ю. Писус
дехкий лоьцу. Ша дуьзча, малхехь дижина 1а пису.Д1адижча хур до Писус.

3.Тхан юьртана гена яц хьун.
Баккхийчаьрца воьду со хьуьнха. Хаза хуьлу хьуьнхахь. Дукха башха эшарш лоькху
олхазарша.

Пятница-П1ераска☼ Схьаязде, мукъачу
элпашна к1елахь сиз хьакха.
1.Тхан кертахь кест-кеста жима хьоза го. Иза тхан кора юххе охьахуу. Цо
хаза эшарш лоькху. Ас цуьнга ладоьг1у.
2.Суна йишас хьехамаш бо. Ас
цуьнга ладуг1у. Тетрадаш, книжкаш ц1ена 1алашъян еза, боху цо. Ас уьш ц1ена
лелайо.

3.Со юьртахь 1аш ву. Тхуна юххехь
шовда ду. Шовданан хи шийла ду. Шовданан хи ц1ена, сирла ду. Оха шовданан хи
молу.

Суббота-Шот☼ Реши примеры.

Воскресенье-К1иранде☼Прочитай и спиши
тексты разделяя на слоги.

Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.