Урок № 5,6
Хьехархо: Дончарова Ремиса Андиевна
Терахь _________
нохчийн
литература 5- г1а
класс.
Хьехарсахьтан ц1е:
Урокан ц1е: Исмаилов А. «Бирдолаг».
Хьехарсахьтан
1алашо:
1) 1аморан
(обуч.)Дешархойн
хаарш зер. 1амийнарг
карладаккхар.
2) Кхиоран (развив.
«Бирдолаг» - философски жанрехь долу туьйра довзийтар. Лоьман пачхьалкх,
оцу пачхьалкхехь долу г1иллакхаш, акхарошна а, олхазаршна а, юкъахь йолу
къизалла гайтар. Г1ийланиг, ка-м1ара а, ира церг а йоцург ницкъ болчо
х1аллакъеш хилар, цаьргахь г1ело латтор. Лоьман олалла дожоран маь1на гайтар.
3) Кхетам-кхиоран
(воспит.)Халкъан барта
кхолларалла еза а, 1алашъян а 1амор.
Хьехарсахьтан
г1ирс: компьютер,
учебник, сурташ.
Урок д1аяхьар.
Ι.Догдаийтаран
мур (Х1етал-металш)
2 .Дешархойн
долчу хаарийн актуализации яран
1амийнарг карладаккхар.
1.
Стенна т1ехула ийг1ина хилла цхьогаллий,
борззий?
2.Цхьогало шена
динарг муха декха г1ерташ хилла
борз?
3.Х1ун 1алашо йолуш т1екхайкхина хилла лоьмо шена гонах мел долу акхарой?
4.Корта лозуш долчу лоьмана х1ун хьехар дира барзо? Х1ун дара цо
дагалаьцнарг? 5. Барзо
цхьогалца динчу къамелехь х1ун гучудолу вайна? 6.Корта
лаза а баьлла, карзахдаьлла хьийзачу лоьмана х1ун дарба хьийхира мекарчу
цхьогало?
7. «Ц1ен маьхьси» аьлла ц1е х1унда
тиллина х1окху туьйранна? Х1ун маь1на ду цуьнан?
8.Цхьогална
тешнабехк бан леринчу барзана хилларг муха лору аш?
3.Керла
тема йовзийтар:
1.Яздархочух
лаьцна боцца хаамаш.
2.«Бирдолаг»
- философски жанрехь долу туьйра.
3.Лоьман
пачхьалкх, оцу пачхьалкхехь долу г1иллакхаш, акхарошна а, олхазаршна а, юкъахь
йолу къизалла гайтар. Г1ийланиг, ка-м1ара а, ира церг а йоцург ницкъ болчо
х1аллакъеш хилар, цаьргахь г1ело латтор. Туьйранахь долу дийнатийн, акхаройн
васташ: акхаройн паччахь Лом, олхазарийн паччахь Аьрзу, х1иллане Цхьогал,
аьрха Берзалой, ямарта Чаг1алкхаш, тешам боцу Бирдолагаш. Лоьман олалла дожоран
маь1на. Барт а, цхьаалла а акхараллел, сонтачу кураллел, ницкъал тоьлуш хилар
ч1аг1дар. Деган дикаллий, оьздангаллий, къинхетаме, тешаме, накъосталла дан
кийча хиларрий хастор, стешхалла, ямартло емалъяр. Акхаройн дахар адамийн
дахарца дустар а, цуьнан к1орггера маь1на а. 4.Туьйранан х1оттам а, меттан
исбаьхьаллин билгалонаш а
4. Дешархошка хаттарш тобанашца болх беш
1.Г1айри
т1ехь кхоьллина йолу Лоьман пачхьалкх муха хилла?
2.Къона
сеша шайн тхьамда Кура Сай харжаран х1ун бахьана ду?
3.Лом-паччахьо
шен пачхьалкхехь д1ах1оттийна къепе муха хилла? Муьлш хилла цуьнан хьадалчаш?
4.Лоьман
олалла дожо дагахь х1ун сацам бира ирзу т1ехь гулъеллачу акхароша?
5.Муха
го вайна Лом а, Кура Сай а? Цаьршиннан муьлха амалш билгалйовлу вайна?
6.
Г1аьттинчу б1оно Лоьман олалла дожорах лаций дийца.
7.Х1ун
маь1на ду х1окху туьйранан?
8.
Дешархоша шаьш бинчу белхан мах хадор
5. Сада1аран миноташ
СИНКВЕЙН КХОЧУШЪЯР
1. К1ант
2. Оьзда,
г1айг1ане
3. Доьшу,
ладуг1у, воьлху
4. К1анта
шена т1едиллина г1уллакх кхочушдо.
5. Къонах
7. Рефлекси
-1
Суна атта хеттарг…..
-2
Суна хала хеттарг….
-3
Суна хиира …….
8. Ц1ахь болх аг1о 106-117
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.