Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Свидетельство о публикации

Автоматическая выдача свидетельства о публикации в официальном СМИ сразу после добавления материала на сайт - Бесплатно

Добавить свой материал

За каждый опубликованный материал Вы получите бесплатное свидетельство о публикации от проекта «Инфоурок»

(Свидетельство о регистрации СМИ: Эл №ФС77-60625 от 20.01.2015)

Инфоурок / Другое / Другие методич. материалы / Доклад на тему: «Къона т1аьхье синоьздангаллехь кхетош-кхиор».
ВНИМАНИЮ ВСЕХ УЧИТЕЛЕЙ: согласно Федеральному закону № 313-ФЗ все педагоги должны пройти обучение навыкам оказания первой помощи.

Дистанционный курс "Оказание первой помощи детям и взрослым" от проекта "Инфоурок" даёт Вам возможность привести свои знания в соответствие с требованиями закона и получить удостоверение о повышении квалификации установленного образца (180 часов). Начало обучения новой группы: 28 июня.

Подать заявку на курс
  • Другое

Доклад на тему: «Къона т1аьхье синоьздангаллехь кхетош-кхиор».

библиотека
материалов

Раг1 хьоьгахь ю тахана,

Вас ца еш дена,

Д1аэца цуьнгара

Дайн оьзда г1иллакх…

(Ш.Арсанукаев)




Де дика хуьлда шун массеран а, махкахой! Дала могаш а, маьрша а лелуьйтийла шу т1ейог1учу хенахь: балха т1ехь кхиамаш болуш, доьзалшкахь эхь-иман а, ирс-аьтто а лаьтташ. Со йоккхае, вайн къизачу историн яхаллехь вайн къомана хиллачу синъэшамашна а, зенашна а т1е тидам а берзийна, вайн республикан 1едалан коьртера дуьйна дайшкарчу г1иллакх-оьздангаллин а, ламастийн а дозанаш чудерзо 1алашо йолуш, х1ара мехала болх д1аболалучу замане со яьлла.

Адаман зуьрет кху лаьтта т1ехь даха даьржичхьана, д1аяханчу историс вайна хьоьхуш ду, массо а къоман коьрта лазам, г1айг1а а хилла шел т1аьхьа дуьненчохь хьекъал, кхетам, доьналла а долуш, дайша шена битина мотт, мохк, г1иллакх-оьздангалла, дин а дозаллица, йоь1аб1аьрг сана, лардеш, гонахарчу къаьмнашца яза а, таръяла а хууш еха йолу т1аьхье кхиор.

Оцу декхарца лара ца делла къам даккхийчу къаьмнашлахь даьржина а, иэделла а довш, схьайог1уш ю зама. Дуьненчуьра дайна д1адовллал хала, къиза а, кхераме а киртигаш вайн къомана а т1ех1уьттуш лаьтташ ю. Амма вайн къоман синч1аг1о Везчу Дала башха кхолларна а, цо шен къинхетамах вай ца хадорна а, вайн къам тахана а тийсалуш ду кху маьлхан дуьненах, вешан нохчийн кхерч а, доь а ца дайта г1ерташ. Вайна ца хуийла яц т1екхуьучу т1аьхьенийн хьекъал, кхетам, оьзда хилар а уггар хьалха доьзна ду доьзалх а. цу доьзалерчу баккхийчех а; шозлаг1а, дешаран хьукматийн балхах; кхозлаг1а, юкъараллин низаман ч1аг1онах.

Аса школехь болх бен ткъе итт шо сов хан ю. Д1аяханчу хено вайн оьздангаллина дина зенаш вайн массарна а б1аьрхьалха ду дахаран массо а аг1онашкахь. Дайшкарчу оьздангаллех вай херадовлар гуш ду. Цундела вайн таханлера 1алашо ваьш а вешан т1аьхьенаш а дайшкарчу г1иллакх-оьздангаллин мехаллаш т1аьхь юх денъяр елахь и г1уллакх уггаре а хьалха д1адоло деза доьзалехь дас-нанас аганан иллица, ненан маттаца. Аганан иллица , ненан маттаца ду нохчийн г1иллакхаш, оьздангалла, ламасташ.

Ага – къоман кхиаран, г1иллакхан бух кхерчан ладаме цхьа дакъа ду. Кхетош- кхиорехь хьалхара терхи я къоман школа аьлча, нийса хир ду цуьнах. Оцу аганахь д1аболало беран ненан матте, цул т1аьхьа шен халкъе, махке а безам. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш буьйцу мотт а. Дуьххьарлерниг, хаза аьллехь муххале а, дагахь лаьтта цунна, иэсехь, кхетамехь д1аязло гуттаренна а.

Ага нохчийн цхьайолчу х1усамашкара д1адаккхарца, д1адаларца д1адевлла дуккха а хаза г1иллакхаш, б1еннаш, эзарнаш иллеш, эшарш, мукъамаш. Х1ора ненан а шен илли, эшар, мукъам ма бу цо бен ца локхуш, цуьнан сино бен ца кхуллуш. Тахана наггахь а хезаш бац и мукъам, аганан, гаьнгалин а техкарца хезаш Хилла болу. Кхечарех тардала г1ертачу я цхьаннех тера ца хила г1ертачу къоман оьмар йоца хуьлу. Массо а х1ума цхьана барамехь, низамехь а хилча ларло къам, цуьнан мотт, г1иллакхаш, ламасташ.

Дег1ан муьлхха а цхьа меже ца хилча, сакхте лору вай и дег1. Халкъо иттаннаш шерашкахь шен дахарх чекхдаьккхина муьлхха а х1ума вай д1атасахь, халкъ а хуьлу шен цхьана декъехь, шен сица сакхте. Делахь –х1ета, шен олуш аганан илли доцу халкъ сакхте лерина а ца 1аш, заь1ап лара мегар ду. Бух ца хилча, бохь хила йиш яц.

Серах ца бина х1оз хьокханах балац-олуш ду вайн. Бераллехь дуьйна ц1ена, боьха, хьанал-хьарам, къизалла, къинхетам х1ун ю хоуьйтуш кхио дезара бераш. Т1аккха хир яцара, я къезиг хир яра къизалла.

Мотт, г1иллакх д1адаьлла халкъ, синош бен ца дуьсуш д1адов, доь доцуш. Оцу аг1ор хьаьжча, школа тахана халкъан меттан, г1иллакх-оьздангаллин пхьалг1а орам, лард хилла д1ах1отта еза. Хьехархой юкъ йихкина кийча хила беза халкъан и сийлахь г1уллакх д1акхехьа а, даржо а, ч1аг1дан а. Даймахке болчу безаман йовхо кхиоран кхерч школа хиларе терра, кхерчан йовхо латториг, ларйийриг хьехархо ву. Цо олучу дашах, буьйцучу маттах, цуьнан г1иллакхех, 1илманах доьзна ду къоначу чкъуран

хиндерг.

Цундела оцу кхетамна т1е а доьг1на, ас сайн х1ора урокехь, дешархойн кхарда дог а доцуш, нохчийн оьздангаллех уьш кхетош кхиоран болх денна схьабохьуш бу дешнашца болх беш, изложени ,сочинени язйойтуш, ишарш кечъеш.

Классал арахьарчу балхахь нохчийн мотт а, г1иллакх-оьздангалла йовза а, марзъян а д1акхоьхьуш ду «Нохчийн меттан Дезденна» лерина нохчийн маттах, нохчийн халкъах, нохчийн хазчу г1иллакхех лаьцна дешархойн вовшахкхетарш. Иштта вовшахкхетарийн суьйренаш д1ахьо

«Зударийн Денна», «Ненан Денна», «Нохчийн къоман 1аьржачу денна» лерина а.

Къаьсттина яккхий таронаш ю вайн къоман оьздангалла, г1иллакхаш, 1адаташ, ламасташ а довзийта нохчийн литературан урокашкахь.

Яздархочун говзарш ешна а, 1амийна а яьллачул т1аьхьа, дешархошка реферат я сочинени язйойтуш, цаьрга шайна хетарг турпалхойн амалех я яздархочун кхиамех, я ледарлонех дуьйцуьйтуш. Бакъду, цу балхана ларалуш дукха ца хуьлу дешархой, амма ларалучеран резабацарш, шеконаш йолуш меттигаш нисло. Хуьлда уьш халкъан барта кхоллараллехь (туьйранийн, иллийн) я яздархойн говзарчийн турпалхойх: Аслаг1ий, Селехьат а Мамакаев 1аьрбин; Товсолтий, цуьнан доьзал а Сулаев Мохьмадан; Зеламха, цуьнан накъостий, мостаг1ий а Мамакаев Мохьмадан; Олдам, Элашби, Сапият Бадуев Саь1ид-Селихьан. Оцу массо а турпалхойн йолуш ю дика а,ледара а амалш. Авторша церан васташ кхуллуш йийлийтина ледарлонаш а. Масала, «Олдам» дийцаран турпалхойн ледарлонаш а, кхачамбацарш а бехке хетта дешархошна дийцарехь хиллачу бохамна, автора 1адат бехке динехь а.

Дешархоша боху Элашбис шен цхьаъ бен воцчу доьзалхочунна ехна зуда (Сапият) ялаяле хьалха, оцу доьзалхочунна (Олдамна) шех къастийна, шена чу-ара волуш не1 а йолуш, х1усам нисъян езаш хиллера.

Вайн нохчийн 1адат ду керла далочу нускална шена чоь кечъеш, ткъа дийцарехь марда (Элашби) нускална (Сапиятан) чухула волий воьдуш ву ша вуьжучу оти чу. Иштта х1ума нохчашлахь хуьлуш дац, боху дешархоша.

Элашби нохчалла дохийна турпалхо лору цара. Сапият а я Олдам а бехказа ца дуьту цара хиллачунна.

Дешархоша, «Олдам» дийцарехь хиллачу бохамна бехке 1адат ца до. Цара бехке лору оцу дийцаран турпалхой, цара шайн декхарш кхочуш ца дар, шайгара ледарлонаш йийлийтар. Цхьа бер деллера аьлла, ша-шен оццул г1айг1ане дакъазваьлла Олдам нохчаллех воьхна хетта дешархошна.

Нохчо, церан кхетамехь мел доьхна де т1ех1оттарх собаре а, доьналлехь а Делан кхоьлана реза волуш чекхвала веза дахарехь.

Аса дешархошца ца къуьйсу, цара талам нийса беш хиларна.

Иштта дешархойн кхоьле литературан а, фольклоран а турпалхой бехкича къеггина гучуйолу нохчийн 1адатийн, г1иллакхийн, оьздангаллин а мехалла. Уьш кхета, вайн 1адаташ, г1иллакхаш (цхьаболчара мел къиза дийцахь а) б1ешерийн йохаллехь, эвхьазлонашна, осалаллина, ц1арматлонашна, массо а син ледарлонашна дуьхьал ч1аг1онан пен, б1ов хилла лаьттина хиларх, вайн къам даима доьналлехь дахча а деш.

Эзарнаш халкъаш ду х1окху малх кхетачу дуьненахь, эзарнаш г1иллакхаш ду. Х1ора халкъан шен амал, кхетам а бу. Буьйцучу маттаца, лелочу г1иллакхашца схьакхачийна вайн халкъе и амал. Шен халкъан мотт цахуург гена ву шен халкъан диканна, вонна а. Цунна велха а, вела а ца хаьа шен халкъ доьлуш, доьлхуш. Дешнаш а, предложенеш а 1амийна ца 1аш, дешархойн сих бозабалийта беза халкъан мотт. Ша лазаро хьовзийча беш болу узам, узар, доьху орца, г1енаш хир ду т1аккха халкъан к1ентийн а, мехкарийн а шайн ненан маттахь.Дика к1ант кхиъча мехкан дозалла а хеташ, оьзда йо1 кхиъча даима синкъерам хуьлуш, баьхна вайн дай.

Вайн ночийн мотт, яхь , г1иллакх, оьздангалла юхаденъярехь, вайн къам ч1аг1дарехь къахьоьгуш ву нохчийн республикан Президент Кадыров Рамзан. Цунна а, нохчийн меттан сий-пусар деш, и мотт безаш, шен ницкъ ца кхоош иза берашна хьоьхуш волчу массо а хьехархочунна даггара баркалла ала лаьа суна тахана.

Дала аьтто бойла вайн къоман дайшкахь хиллачу оьздангаллин гура чу дерза а, барт ч1аг1луш, вовший лоруш, дезаш, х1ара Даймохк хазбеш, ирсе боьду дахаран некъ д1акхехьа а, могаш, кхеташ, оьзда т1аьхье кхио а.

Баркалла ладог1арна!








hello_html_7b168d57.gif




Тема: «Къона т1аьхье синоьздангаллехь кхетош-кхиор».







Грозный-г1аларчу №35 йолчу

юккъерчу школан хьехархо

Чемирзаева Я.С.




2009-2010 дешаран шо.

















Подайте заявку сейчас на любой интересующий Вас курс переподготовки, чтобы получить диплом со скидкой 50% уже осенью 2017 года.


Выберите специальность, которую Вы хотите получить:

Обучение проходит дистанционно на сайте проекта "Инфоурок".
По итогам обучения слушателям выдаются печатные дипломы установленного образца.

ПЕРЕЙТИ В КАТАЛОГ КУРСОВ

Краткое описание документа:

Де дика хуьлда шун массеран а, махкахой! Дала могаш а, маьрша а лелуьйтийла шу т1ейог1учу хенахь: балха т1ехь кхиамаш болуш, доьзалшкахь эхь-иман а, ирс-аьтто а лаьтташ. Со йоккхае, вайн къизачу историн яхаллехь вайн къомана хиллачу синъэшамашна а, зенашна а т1е тидам а берзийна, вайн республикан 1едалан коьртера дуьйна дайшкарчу г1иллакх-оьздангаллин а, ламастийн а дозанаш чудерзо 1алашо йолуш, х1ара мехала болх д1аболалучу замане со яьлла.

      Адаман зуьрет кху лаьтта т1ехь даха даьржичхьана, д1аяханчу историс вайна хьоьхуш ду, массо а къоман  коьрта лазам, г1айг1а а хилла шел т1аьхьа дуьненчохь хьекъал, кхетам, доьналла а долуш, дайша шена битина мотт, мохк, г1иллакх-оьздангалла, дин а дозаллица, йоь1аб1аьрг  сана, лардеш, гонахарчу къаьмнашца яза а, таръяла а хууш еха йолу т1аьхье кхиор.

      Оцу декхарца лара ца делла къам даккхийчу къаьмнашлахь даьржина  а, иэделла а довш, схьайог1уш ю зама. Дуьненчуьра дайна д1адовллал хала, къиза а, кхераме а киртигаш вайн къомана а т1ех1уьттуш лаьтташ ю. Амма вайн къоман синч1аг1о Везчу Дала башха кхолларна а, цо шен къинхетамах вай ца хадорна а, вайн къам тахана  а тийсалуш ду кху  маьлхан дуьненах, вешан нохчийн кхерч а, доь а ца  дайта г1ерташ. Вайна ца хуийла яц т1екхуьучу т1аьхьенийн хьекъал, кхетам, оьзда хилар а уггар хьалха доьзна ду доьзалх а. цу доьзалерчу баккхийчех а; шозлаг1а, дешаран хьукматийн балхах; кхозлаг1а, юкъараллин низаман ч1аг1онах.

Аса школехь болх бен ткъе итт шо сов хан ю. Д1аяханчу хено вайн оьздангаллина дина зенаш  вайн массарна а б1аьрхьалха ду дахаран массо а аг1онашкахь. Дайшкарчу оьздангаллех вай херадовлар гуш ду. Цундела вайн таханлера 1алашо ваьш а вешан т1аьхьенаш а дайшкарчу г1иллакх-оьздангаллин мехаллаш т1аьхь юх денъяр елахь и г1уллакх уггаре а хьалха д1адоло деза доьзалехь дас-нанас аганан иллица, ненан маттаца. Аганан иллица , ненан маттаца ду нохчийн г1иллакхаш, оьздангалла, ламасташ.

      Ага – къоман кхиаран, г1иллакхан бух кхерчан ладаме цхьа дакъа ду. Кхетош- кхиорехь хьалхара терхи я къоман школа аьлча, нийса хир ду цуьнах. Оцу аганахь д1аболало беран ненан матте, цул т1аьхьа шен халкъе, махке а безам. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш буьйцу мотт а. Дуьххьарлерниг, хаза аьллехь муххале а, дагахь лаьтта цунна, иэсехь, кхетамехь д1аязло гуттаренна а.

 

Ага нохчийн цхьайолчу х1усамашкара д1адаккхарца, д1адаларца д1адевлла дуккха а хаза г1иллакхаш, б1еннаш, эзарнаш  иллеш, эшарш, мукъамаш. Х1ора ненан а шен илли, эшар, мукъам ма бу цо бен  ца  локхуш, цуьнан сино бен ца кхуллуш. Тахана наггахь а хезаш бац и мукъам, аганан, гаьнгалин а техкарца хезаш Хилла болу. Кхечарех тардала г1ертачу я цхьаннех тера ца хила г1ертачу къоман оьмар йоца хуьлу. Массо а х1ума цхьана барамехь, низамехь а хилча ларло къам, цуьнан мотт, г1иллакхаш, ламасташ.

Автор
Дата добавления 06.04.2015
Раздел Другое
Подраздел Другие методич. материалы
Просмотров1189
Номер материала 475833
Получить свидетельство о публикации
Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх