Нохчийн
мотт
Урокан ц1е: Цхьана
маь1нийн а,дукха маь1 нийн а дешнаш.
1алашонаш:
1аморан: Цхьана
маь1 нийн а,дукха маь1 нийн а дешнаш довзийтар.
кхиоран: дешнийн
маь1 на цхаь а, масех а хила йиш йуй хаийтар; тардина (тедеана) маь 1 на
нийсачух къасто хаар; омонимийн башхаллаш йовзийтар;
кхетам - кхиоран:
нохчийн матте болу безам к1аргбар.
Урокан
д1айахьар
Догдаийтаран мур.
Кицанаш:
Ч1ерана нека 1амо
ма герта.
Тешаме воцург
кхераме ву.
Топо цхаь бен ца
вийна, матто эзар вийна.
Дешархойн долчу
хаарийн актуализаци йаран мур.
1. Ц1ера болх
тобанашкахь вовшийн таллар.
2. Лексика стенах
олу?
3. Лексически а,
грамматически а маь 1 на билгалдаккха дешнийн:
дитт, синтар,
пондар, бер, х1орд.
Гайтаран диктант.
Tapx.
Дашо марха йара
буйса йоккхуш,
Тархан некьахь д1атевжина
йовха...
Дайахара 1уьйррехь
и шен новкьа,
Стиглахула
синкьераме ловзуш.
Амма т1уьна лар
йисира хоршахь,
Къеначу цу тархан,
иза г1ийла
Лаьтта х1инца,
ойланаш йеш шийла,
Тийна тийжаш
йесачу цу арахь.
(Гочйинарг -
Сулаев М.)
Т1едиллар.
1. - Интонацица
д1айеша байт.
- Муха бу оцу
байтан чулацам?
- Х1унда кхета
цунах дика?
- Муьлхачу
исбаьхьаллин г1ирсаша г1о до байта т1ехь
дуыйцург
гуш санна
хилийтархьама?
Tapx дешан
лексически маь1на муха ду?
Х1оттайе цунна
дошаман статья.
Тарх - тархан,
тархана, тархо, тархе, й; д. тархаш, й; 1) скала;
2) льдина.
Дешархошка шайга
болх байтар.
Ши - кхо
предложени х1оттайе тарх бохучу дашца.
Цул т1аьхьа бина
болх толлу.
Тархаша тера
чухьоьжура кегий нах.
Йоккха тарх йара
х1ордан кеманна дуьхьалнисйелларг.
Хаттарш.
- Маса лексически
маь1 на ду тарх дешан?
(Macex маь1на ду).
- Х1иттайе шайн
предложенеш, д1айазйе.
Керла коьчал
хьехар.
Дешан кортачу
декьана йукьара маь1на хулу, масала: гала,
хи аьлча,
вайна дагахь
мулхха а гала, хи хила тарло.
Дешан ши маь1на
хуьлу: нийса а, т1едеана (тардина) а.
Дешан т1едеана
маь1на цуьнан кортачу маь1 нех схьадолуш
а, цунах кхуьуш а
ду, масала: корта (стеган, тхамда, хин корта, книжкин корта),
масала: м1ара
(п1елган, ч1ерий лоьцу, х1ума йуу).
Дешнийн т1едеанчу
маь1 нийн корта тайпанаш къастор
вай. Дешнийн
ТЛедеана (тардина) маь1 на кортачу декьана шина кепара
ду:
1) билгалонаш
цхьатерра хиларна, цхьана х1уманан ц1е
кхечу х1уманан
ц1е хуьлий, лелаш
ду дешнийн т1едеанчу маь1 нийн цхьа тайпа,
масала: нийсачу
маь1нехь: к1оран ц1е, дечиган ц1е, т1едеанчу
маь1нехь: т1еман
ц1е; нийсачу маь1нехь: адаман мара, т1едеанчу маь1нехь: кеманан мара; нийсачу
маь1нежь: регтан дукь, тТедеанчу маь1нехь: ворданан дукь, меран дукь, халонан
дукь;
нийсачу маь1нехь:
стеган ког, тедеанчу манехь: жечин ког, гантан ког.
2) х1уманийн
вовшашца маь1 нийн уьйр хилар бахьана долуш, цхьа х1ума дагалацарца, цунан
гонца кхин маь1 на билгалдеш а нисло дешан тедеанчу маь1 нийн шолг1а тайпа,
масала:
деши (золото),
т1едеанчу маь1 нехь: стеган дика амалш, оьзда гиллакхаш, ц1ена дог хилар
билгалдеш олу: ц1ена деши ду и к1ант, - олий; нийсачу маь1 нехь: дашо сахьт,
т1едеанчу маь1 нехь: дашо куйгаш.
Пхьег1ийн а, царах
тера йолчу кхечу ×1уманийн а ц1ерш йаха тарло, царна чохь йолчу х1уманийн а,
церан масаллин а маь1 на билгалдеш, масала: ши хедар диира, тас д1акхосса
йахара
§
1амийнарг
т1еч1аг1дар.
Берашка шайга болх
байтар.
Сада1аран мур.
Оха йазди, дукха
йазди,
Йозано тхан пелгаш
к1адди.
Хьалхий - т1аьхьий
идалаш.
Кхийса - кхийса -
кхийсалуш,
Ида, ида, кЛад ца
луш.
1амийнарг
т1еч1аг1дар, карладаккхар.
ДЛадеша дешнаш.
Кастаде цхьа маь1на долу а, дукха
маь1наш долу а
дешнаш.
Моз, мохь, ботт,
мотт, кор, дуга, йуьхь, шура, к1алд, лерг.
Билгалдаха цхьа
сиз хьакхий нийсачу маь1нехь долу
дешнаш, ши сиз
хьаккхий тардинчу маь1 нехь долу
дешнаш.
а) Декъана гонах
т1улган керт йинера.
6) Иза т1улган дог
долуш вара. в) Шийла кхаъ кхечира нене.
г) Шийла хи
малийра аса некъахочунна.
Жам1 дар.
Х1ора дешан
лексически маь1 на ду. Дешнаш цха маь1г
долуш а, дукха
маь1 наш долуш а хуьлу. Дешнаш нийсач
маь1нехь а,
тардинчу маь1 нежь а лела.
Алар а, йаздар а
цхьатерра долчу дешнех х1ун олу, хьа
эр дара?
Рефлекси йар:
Суна хии...
Суна хазахийти...
Со ца кхийти....
Ц1ахь бан болх.
Хьоме бераш,
даггара баркалла хуьлда шуна!
Беркате хуьлда шун
хаарш а!!!
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.