Инфоурок Родная литература КонспектыКонспект урока по чеченской литературе на тему"Кагерманов Д."Доттаг1алла" (5 класс)

Конспект урока по чеченской литературе на тему"Кагерманов Д."Доттаг1алла" (5 класс)

Скачать материал

5 класс

Урокан ц1е: Кагерманов Докка Денисултанович  « Доттаг1алла»

1алашонаш: яздархочух лаьцна боцца хаамаш балар; дийцарехь  х1оттийна проблема маь1не а, мехала а хилар гайтар; дайн оьзда г1иллакхаш лардан дезаш хилар ч1аг1дар.

    Урокана эпиграф: «Дикачу к1антана доттаг1ий ца эшна».\Кица\

                            Урок д1аяхьар

I.Урокана кечамбар.

Маршалла  хаттар, урокана  оьшу  г1ирс  кечбар, класса чохь  верг-воцург билгал воккхуш, журнал т1ехь болх бар.

II.Ойла т1еерзор.

Эпиграфна далийнчу кицанан маь1на дастийтарца проблемни хьал х1оттош, берийн ойла дешарна т1еерзайо.

- Муьлха  кица  ду  вай  тахана  далийна?

- Цуьнан маь1на хьан достур дара  аша ?

- Муьлха дийцар  ду вай х1инца 1амо билгалдаьккхинарг?

- Вай далийначу кицанан маь1ница дуьстича стенах лаьцна хир ду аьлла хета шуна иза?

-Вай бан безачу белхан 1алашо х1оттае вай? Х1ун дийр ду вай тахана урокехь?

- Хьовса вай «Доттаг1алла » дийцаран чулацамца дог1уш дуй вай лакхахь далийна  кица?

 (Урокан 1алашонаш а, декхарш а дешархошка шайга билгалдохуьйту)

 

IIIДешархойн  хаарш  жигардахар.

Хьехархочун  дош.

-Стенах  лаьцна дийцира вай д1аяханчу урокехь?

-  Х1ун ду Ш.Арсанукаевн «Баьпкан юьхк «стихотворени т1ехь дуьйцург? (Когаш к1ел, ченала д1акхоьссина баьпкан юьхк ю юьйцург, цунна т1ехбуьйлу нах, иза шайна ца гуш санна.)

-       Х1ун ойла кхоллаялийти шун дегнашкахь стихотворенин мог1а-

наша?

-       Х1ун ду шун дагах хьакхаделларг?

-       Х1ун кеп ю стихотворенин? (Монолог-кхайкхам.)

-       Хьенан ц1арх д1ахьош бу хаамаш? Х1ун гойту цо?

-  Шун хьесапехь, муха юьхь-сибат долуш стаг ву лирически турпалхо?

-  Муха ду стихотворении коьрта маь1на? (Баьпкаца кхоаме хила везар, цуьнан пусар дан дезар.)

 

IV. Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.

Хьехархочун дош

 

 

-Х1окху урокехь вай дуьйцур ду  Кагерманов  Доккин дахарх а , кхоллараллах а лаьцна. Къамел дийр ду «Доттаг1алла » дийцаран  чулацаман хьокъехь.

    Кагерманов Докка вина 1933-чу шарахь Хьалха-Мартан к1оштарчу Г1ойт1ахь, г1уллакххочун доьзалехь.

    Поэзехь а, прозехь а яздан волавелла 1957-чу шарахь  дуьйна.

Цуьнан стихаш, баснеш, дийцарш зорба тоьхна республикин газеташкахь, «Орга» альманахехь.

     Нохч-Г1алг1айн книжни издательствехь 1958-чуй, 1962-чуй шерашкахь арахецначу цхьаьнатоьхначу гуларшна юкъа яхна цуьнан цхьайолу стихаш, 1979-чу шарахь араяьллачу поэзин антологина – цуьнан берашна лерина стихаш. Уьш а, кхийолу а цуьнан стихаш оьрсийн маттахь арахецначу цхьаьнатоьхначу гуларшкахь арайийлина.

    Масех книгин автор а ву Кагерманов Докка. Нохч-Г1алг1айн книжни издательствехь арахецначу цуьнан стихаш а, дийцарш а т1ехь долу гуларш: 1970-чу шарахь – «Лаьмнашкахь б1аьсте», 1976-чу шарахь – «Б1аьстенан беш», 1985-чу шарахь – «1имран а, цуьнан доттаг1ий а».

     Шовзткъа шарахь болх бина цо «Даймохк» газетехь.

    «Нохч-Г1алг1айн АССР-н культурин белхалочун» хьакъйолу ц1е тиллина а ву Кагерманов Докка.

 

     Яздархочо  шен «Доттаг1алла» дийцар т1ехь вайзаман дахаран къеггина долу сурт х1оттийна. Дийцар т1ехь билгалйолу персонажаш ю: воккха стаг (ц1арца вийцина вацахь а ), Хьамзат, Халид, Новраз. Бакъду, уьш шайн юьхь-сибатца, духарца гайтина бац, амма амалшца, къамелашца билгалбовлуш бу. Церан вовшашца йолчу юкъаметтигех, цара кхочушдечу г1уллакхех лаьтташ ю дийцаран сюжет.

   Бовхачу безамца кхоьллина авторо воккхачу стеган а, шина к1ентан – Хьамзатан, Халидан – васташ. Нохчийн оьздангалла, г1иллакх, ц1ена дог-

ойла, воккхачун г1о лаца кийча хилар гайтина цаьргахь. Ханна жима велахь а, халкъан г1иллакхаш лардеш, халкъан ламасташца вехаш ву, ала мегар ду, Хьамзат. Адамех йоьттина йолчу вагон чу воккха стаг ваьлча, цуьнан кхетамо т1е ца дуьгу кхид1а хиъна 1ер. Г1ийлачунна г1одар, воккханиг ларар цуьнан дагца ду.

 

   Цундела, хьала а г1оттий, шеен метта охьахааво цо воккха стаг. Цул сов, билеташ эца ахча д1адала воккха стаг кисна кхевдича, иза хьала ца г1оттуьйтуш, Хьамзата сихха билеташ оьцу цунна.

      Кхузахь яздархочо, дуьхь-дуьхьал х1оттош, говза гайтина Новразан г1иллакх дацар а, Хьамзатан оьздангалла а.

Хьамзатин накъост Новраз, трамвайна чоьхьавалла воккха стаг шена массарначул а юххехь воллушехь, иза ца гучуха хиъна 1а, корах ара а хьоьжуш. Иштта меттигаш дукха нисло вайн дахарехь х1окху т1аьхьарчу хенахь. Цунна т1ех ца валало яздархо. Новразан вастаца яздархочо 1орабоху и тайпа осала накъостий.

     Дуьххьар г1ала нисвелла воккха стаг и ваха веззачу метте д1акхетаво Хьамзата а, Халида а. Иза ваха веззачу д1акхетийний бен, д1аваха ца лаьа шина к1антана. Иза цушиммо шайн накъостана Новразна т1ехь баьккхина толам бу. Цуьнгар яьлла ледарло Хьамзатан, Халидан синъоьздангаллица юстуш санна гайтина дийцарехь.

 

         Дийцаран чаккхенгахь гучудолу Новраз ша динчух кхетта хилар  и тайпа ледарло цо шегара кхин йолуьйтур  цахилар .

Кхин цхьаъ ду дийцар т1ехь шена т1е тидам бохуьйтуш.Шеца цу тайпана г1иллакх лаьцна к1ентий шеен к1ента к1ентан Хьамидан доттаг1ий хила д1ах1иттар деза ду цунна.Уьш вовшашца хьанал а ,тешаме хила лаьа цунна.

Оьздангалла а,г1иллакх а жимчохь дуьйна дилла деза беран даг чу.

 

Дешнаш т1ехь болх .

 

Г1овтал- божарийн т1ехулара духар. Х1инца баккхийчу нахана а , артисташна а т1ехь ган йиш ю и тайпа бедар.

Т1екере яр –вовшашка хьал-де  хоттуш  вистхилар.

 

Урокан жам1 дар.

Ешначух лаций ойла е вай.

1.    Нохчийн къоман муьлха г1иллакх девзира шуна xlapa дийцар дешча? Воккханиг чуваьлча жиманиг хьалаг1атта х1унда веза? Х1ун ду оцу г1иллакхан орамехь?

2.     Воккхачу стагана Хьамзата шен меттиг ца еллехь х1ун хир дара?

3.    Воккхачу стага х1ун г1иллакх лецира шена охьахаа меттиг еллачу Хьамзатаца?

4.   Воккха стаг микрорайоне д1а х1унда кхетийра шина к1анта, цига муха ваха веза дийцичхьана а ма волура и шиъ?Шайн накъоста диначух эхь х1унда хийтира Хьамзатна а, Ха- лидна а?

 

VII. Рефлекси.

Дийца  шайн  кхиамех  лаций.

Суна  1еми..

Суна хии..

Суна  хазахийти..

                Со ца  кхийти…                                                                                                VIII.Хаарийн мах хадор.

(Урокехь бинчу балхе хьаьжжина дешархочо  ша  я  шаьш  вовшен  хадабо шайн хаарийн мах, билгалбоху шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а).

 

Ц1ахь бан болх.

1.Хаттаршна жоьпаш дала хаар .(аг1о 218)

2.Дийцаран чулацамна дог1у суьрташ дахка.

3.Хьайн доттаг1чух лаьцна жима дийцар кечде

 

Урокана тесташ.

1.Кагерманов Докка маца вина ?

1.1933 ш.           2.1930ш.     3.1910ш.            4.1949ш.

 

2.Кагерманов Докка яздан волавелла:

А)1970 ш.                     б) 1979ш.          в)1957ш.               г) 1985ш. 

 

3. Муьлхачу книгин автор ву Кагерманов Докка.Цуьнан произведенийн, сборникийн ц1ераш  билгалъяха.

 

А) « Лаьмнашкахь б1аьсте» , « Б1аьстенан беш», « 1имран а,цуьнан доттаг1ий а.»

аь) «Абубешар»,  «ГIирмсолтас яьккхина са», «ДIа – коч, схьа – коч»,  «Бож-Iела».

б) «Гила», «Т1амна дуьхьал», «Безаман эшарш», «Велларг денвар»

в) «Безаммий, шаьлтий», «Дог дохден цIе»,  «Цхьа-ши дош».

 

 

4. «Доттаг1алла» дийцаран коьрта турпалхой муьлш бу?

 

А) Зулай, Узарха

Б) Сулима, Седа, Сода

В) Зайнди, Бикату , Аруха

Г) Хьамзат,Новраз, Халид, воккха стаг.

 

 

5.Новразера х1ун ледарло яьллера?

А) Цо воккхачу стагана меттиг ца белира.

Б) Иза билет доцуш вара.

В)Иза кегийчу берех леттера.

Г)Иза буьрканах ловзуш,охьакхийтира.

 

 

 

 

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока по чеченской литературе на тему"Кагерманов Д."Доттаг1алла" (5 класс)"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Заведующий хозяйством

Получите профессию

Копирайтер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 672 217 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Рабочая программа по родной литературе для 7 класса
  • Учебник: «Татарская литература (Эдэбият): учебник для общеобразовательных организаций с обучением на татарском языке (в 2 частях)», Мотигуллина А.Р., Ханнанов Р.Г., Мулласалихова Г.Г.
  • 07.09.2021
  • 859
  • 4
«Татарская литература (Эдэбият): учебник для общеобразовательных организаций с обучением на татарском языке (в 2 частях)», Мотигуллина А.Р., Ханнанов Р.Г., Мулласалихова Г.Г.

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 07.09.2021 1631
    • DOCX 25.2 кбайт
    • 10 скачиваний
    • Рейтинг: 5 из 5
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Абуева Товман Ильмадиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Абуева Товман Ильмадиевна
    Абуева Товман Ильмадиевна
    • На сайте: 8 лет и 6 месяцев
    • Подписчики: 1
    • Всего просмотров: 1230451
    • Всего материалов: 24

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Няня

Няня

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Особенности подготовки к сдаче ОГЭ по литературе в условиях реализации ФГОС ООО

36 ч. — 180 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 32 человека из 17 регионов
  • Этот курс уже прошли 168 человек

Курс повышения квалификации

Формирование писательского навыка у школьников на уроках литературы в условиях реализации обновленного ФГОС ООО

36 ч. — 180 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 52 человека из 24 регионов
  • Этот курс уже прошли 189 человек

Курс повышения квалификации

Теория и методика преподавания родного (русского) языка и родной литературы

72/144/180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 30 человек из 17 регионов
  • Этот курс уже прошли 200 человек

Мини-курс

Программы лояльности и организационные аспекты

2 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Продуктовый успех: стратегии и инструменты для создания, улучшения и продвижения продуктов на рынке

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Проектный анализ: стратегии и инструменты управления успешными проектами

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе