Хьуьнаре
кIант
Хьажмурд
шен шийтта шо кхочучу хенахь дегIана эгIаза, амма вуно
тIахъаьлла
а, хьуьнар долуш а кIант вара. Жима
велахь а, чохь а, кертахь а, ишколехь а дечу гIуллакхана тIера вара
иза. Шен хене а, дегIан ницкъе
а хьаьжжина, тIедиллина гIуллакх, мало
а ца еш, дика кхочушдора цо. Цуьнга балун болчу балха тIера
юхаийзош, кхоа ца вора иза дас, хIунда аьлча цунна хаьара жим-жима
вулуш балхах волар, болх бар пайдехь дуйла а, цо могашалла чIагIйойла а,
дегIера ницкъ
алсамбоккхийла а.
Ишколехь
къинхьегаман урокаш доккхачу хьуьнарца, кхиамца кхочушйора Хьажмурда. Ишколан куьйгалхоша
Сийлаллин грамота а луш, къастош билгалваьккхира иза. КIант дика
кхиорна, баркалла элира цуьнан дена-нанна а. Нахана юккъехь кIант хасторна
а, шайна баркалла аларна а, юьхькIайчу х1оьттинера Шахьби а, Маликат
а.
Урокашкахь
дика ладугIуш а,
кхета гIерташ а
хиларе терра, дешар дика хаьара Хьажмурдана. Девне, чIиркъе
воцуш а, шайца уьйр йолуш а хиларна, берашна дукхавезара иза. Даима цуьнан векхавелла
хиларо а гойтура, даг тIехь мекха
йоцуш, догцIена иза
хилар.
(147
дош)
(Берсанов
Х.-А.)
Хаттарш:
1. Шен шийтта шо
кхочуш, муха кIант вара
Хьажмурд?
2. Хьажмурда
муха кхочушдора шена тIедиллина гIуллакх?
3. Муха
кхочушйора Хьажмурда ишколехь къинхьегаман урокаш?
4. Ишколан
куьйгалхоша муха билгалваьккхира Хьажмурд?
5. ХIун бахьана
дара берашна Хьажмурд дукхавезаран?
Жоьпаш:
1. Шен шийтта шо
кхочуш, Хьажмурд дегIана эгIаза, амма
хьуьнар долуш кIант вара.
2. Шена тIедиллина гIуллакх,
мало ца еш, дика кхочушдора цо.
3. Ишколехь
къинхьегаман урокаш доккхачу хьуьнарца, кхиамца кхочушйора Хьажмурда.
4. Ишколан
куьйгалхоша Сийлаллин грамота яларца билгалваьккхира Хьажмурд, ткъа цуьнан
дений, нанний баркалла а элира.
5. Девне а, чIиркъе а
воцуш хиларна, берашна дукхавезара иза.
(52
дош)
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.