Урок №
Хьехархо: Дончарова Ремиса Андиевна
Терахь _________
нохчийн
литература 5- г1а
класс.
Хьехарсахьтан ц1е: Сулаев М. « Ламана хи»
Хьехарсахьтан
1алашо:
1) 1аморан (обуч.)Дешархойн хаарш зер.
1амийнарг карладаккхар.
2) Кхиоран (развив. Яздархочун дахарх лаьцна
боцца хаамаш. Ламанан охьадог1у хи автора исбаьхьаллица гайтар. Поэта шен ирс
Даймахках д1аийна ларар а, Даймохк х1ордах тарбеш гайтар а.
3) Кхетам-кхиоран
(воспит.) Поэтан дог–ойла а, 1аламе болу безам а
Хьехарсахьтан
г1ирс: компьютер,
учебник, сурташ.
Урок
д1аяхьар.
Ι.Догдаийтаран
мур (Х1етал-металш)
2
.Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран
Ц1ахь
1амийнарг хотту.
1.
Сатосучу хенан, самадолучу 1аламан васт муха х1оттийна поэта?
2. Дуьне
набарха долу хан, 1уьйре сел исбаьхьа хиларан х1ун бахьана
ду? Х1унда ю иза дагна аьхна, эсала,
к1еда?
3. И тайпа
аьхна, маьрша 1уьйренаш йолу стаг ирс долуш ву х1унда боху поэто?
4.
Сатоссуш хьала а г1евттина, йолучу 1уьйренан терго йиний аш?
5. Х1ун
ойла кхоллайолуьйту шун дегнашкахь х1окху стиотворенин мог1анаша?
3. Керла
коьчал йовзийтар.
Яздархочун
дахарх лаьцна боцца хаамаш.
Ламанан охьадог1у хи автора исбаьхьаллица
гайтар. Поэта шен ирс Даймахках д1аийна ларар а, Даймохк х1ордах тарбеш
гайтар а.
Меттан
поэтически хазалла, васташ, дустарш. Яздархочун сирла, синхааме ойланаш а,
Даймахке болу безам а.
Литературан теори. Строфах юьхьанцара кхетам балар.
4.
Дешархошка хаттарш.
1. Муха
х1оттийна поэта хин васт? Хи дийна долуш санна хетий шуна?
2. х1унда
хета поэтана шен дахар ирсе, стенца дусту цо шен ирс?
3. Стенах
тарбо поэта ша вина мохк а, берриге Даймохк а?
4. Шен
Даймахке болу безам 1аламан вастаца муха гойту поэта?
5. Муха
хийцало хин д1адахар кхечу хих кхетча а, цунах д1акъаьсташ а? Х!ун маь1на ду
цуьнан?
6. Х1унда
лору поэта х1ордах д1акхетча хи ирс долуш? Муьлха хи ду вайн республикехь
х1ордах д1акхеташ?
7. Шу
дехаш долчохь дуй хиш? Барта дуста уьш стихотворени т1ехь гайтинчу ламанан
хица.
4.
Т1едиллар.
Х1ара
стихотворени дагахь 1амае.
5. Урокан жам1 дар.
6. Сада1аран миноташ
СИНКВЕЙН КХОЧУШЪЯР
7. Рефлекси
-1 Суна атта хеттарг…..
-2 Суна хала хеттарг….
-3 Суна хиира …….
1. Ц1ахь
болх аг1о 159 –г1а хаттаршна жоьпаш
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.