Инфоурок География КонспектыКонспект урока на тему "Элпаш Кх,кх яздар", (1-ра класс).

Конспект урока на тему "Элпаш Кх,кх яздар", (1-ра класс).

Скачать материал

51-г1а  урок.

Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха  а элпаш  кх , Кх».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а элпаш  кх , Кх  довзийтар.  Элпаш кх , Кх  дешдакъошкахь а ,дешнашкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элпаш кх , Кх.  1емар ду элпаш кх , Кх  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду шайн белхан план х1отто. Оцу планан рог1алла а ларъеш  йозанан  говзалла караерзо. Берашна  хуур ду  шайн  кхиамаш  бовза , царех пайдаэца. Шайн болх йоза дика 1емачу кепара  д1абахьа а хуур  ду берашна. 

·      Коммуникативни: берашна  1емар ду  хьехархочун хаттаршна  дуьззина  я доца жоьпаш дала. Хуур ду  шайн накъосташца къамел д1адахьа , воккхачуьнца г1иллакхехь бистхила.

·      Познавательни: берашна  девзар ду  шалха элпаш , хуур ду  уьш  яздеш  шина хьаьрках  пайдаэцна хилар. Берийн ойлаяр , тидам бар , метан говзалла, орфографически говзалла а  кхуьур ю берийн. Ойлаяр , тидам бар алсамдер ду берийн.

3. Личностни: берашна 1емар ду дешаран к1оргера чулацам , цуьнан мехаллах кхета. 1емар ду шайн амалехь дешар коьртачу г1уллаккхех цхьаъ дина  д1адахьа.

 Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Х1етал-метал.

-Бераш , вай долчу хьошалг1а деана  цхьа элп , шуна ша довзийта и д1алечкъина  х1етал-металехь. Муьлханиг ду хуур ду дика ладоьг1ча.

Ду со хьоме , ду со эсал,

Доьзалехь со оьшуш ду.

Нохчийн дешнаш

Кхокха , кхакха

Таллахь шуна а со карор ду.

Ала  бераш , дийца соьга

Муьлха элп ду схьадуьйцуш?

-Муьлха аз   ду КХОКХА , КХАКХА  аьлча хезаш дерг? (КХ),

-Муьлхачу элпашца билгалдо  аз (КХ) йозанехь? (Кх , кх элпашца).

-Даладе масалаш аз (КХ)  дешан юьххьехь долуш. (Кхор, кхаба, кхаллар).

-Даладе масалаш аз (КХ)  дешан юккъехь долуш. (Мекха , кхайкхам).

-Даладе масалаш аз (КХ)  дешан чаккхенгахь долуш. (Мекх , мукх , текх).

-Х1ун 1амор  ду   вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш ,х1ара х1ун ю? (Кхор).

-Таханалера  вайн т1едилларш ду  кхорашна  т1е яздина. Х1унда яздина  уьш кхорашна т1е? (Кхор аьлча хьалхахь хеза  аз (КХ). Х1ораммо шена баалур болччулла схьаэца кхораш. Билгалбаккха шаьш тахана бийр болу болх. Х1ун кхиамаш бохур бу  аша тахана?

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш кх , Кх. Шуна 1емар ду  и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина  яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш кх , Кх   довзийтар , яздар.

·        Йозанан жима а , доккха а элпаш кх , Кх кх  довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу  урокехь? (Кх ,кх).

-Схьагайта  шайгарчу элпаш юккъехь  зорбанан  жима элп кх, доккха  элп  Кх.

-Хьанна девза  йозанан жима элп  кх? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Кх? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду  я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду)

-Элп Кх  яздеш  масса хьаьрках пайдаэцна? (Шина хьаьрках К, Х).

-Элп КХ   цхьалха ду  я шалха ду? (Шалха).

·        Фонетически зарядка.

-Могаш доцуш хилча, эсано йовхарш муха етта («Кхахь-кхахь-кхахь»)

-Муьлха аз хеза ? (Кх).

-Аз (Кх) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

·        Йозанан  жима элп кх  яздар.

(Хьехархочо  тептарш  т1ехь яздина хила деза элп кх. Уьн т1ехь а гойту элп  кх  муха яздан  деза).

кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх

-Д1аязде  и элпаш  .

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Дешдакъохкахь  элп кх яздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешдакъошкахь  элп кх, кхечу элпех муха хотта деза.

кха  кхо кху кхи кхе

-Д1адеша  дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Тидам бе , уггаре хаза  яздинчу  дешдакъошна  буха  сиз хьакха. 

5. Сада1аран миноташ.

Бакъи озавели - цхьаъ,

 Охьатаь1и - ду и шиъ,

Хьалатаь1и - ду и кхоъ,

Д1анисвели - ду и диъ.

Куьйгаш   д1асадахийти - пхиъ,

Вовшахтуьйхи - ялх.

 Буьхьигаш т1е и х1оьтти - ворх1,

Дег1 нисдеш   д1ах1оьтти - барх1.

(Т1аьхьара а олуш, бераша  Бакъис дийриг до.)

6. Дешдакъошкахь  а , дешнашкахь  а  йозанан жима элп кх яздар.

·        Дешдакъойх дешнаш   х1иттор.

 (Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешдакъошкахь элп кх кхечу элпех муха хотта   деза)

кха кхо кху кхи кхе

-Д1адеша  дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Бераш, хьанна карор дара КХА дешдакъа хьалха долуш дош? (Кхаба).

-Дешдакъа КХО хьалхахь долу дош хьанна карор дара? (Кхор).

-Дешдакха КХУ хьалхахь долу дошхьанна карор дара? (Локхура).

-Дешдакъа  КХЕ  хьалхахь долу дош хьанна карор дара? (Кхес).

                                                           

·        Йозанан жима элп  кх  дешнашкахь яздар.

 

-Муьлха дешнаш дара вай  дийцинарш. Хьанна  хуур дара  уьн т1ехь д1аяздан дош КХАБА? КХОР ? ЛОКХУРА? КХЕС?

 Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Кхаба , кхор , локхура, кхес.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха дош ду совнаха? (Берийн жоьпаш).

-Схьагайта суьрташна  юкъара кхор. Схьагайта кхаба,кхес . Х1ун ю уьш ? (Х1умнаш ю).

-Локхура  бохучу дашах муха кхета шу? Х1ун гойту  цу дашо? (Дар гойту).

-Х1унда ду ЛОКХУРА дош совнаха? (Цо дар билгалдо, дисинчу дешнаша х1уманаш билгалйо).

-Д1аязде  и дешнаш тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бехи  кхораш.

·        Ловзар: «Дог1у дош ала!».

-Аса д1айоьшу кегий байташ , аша т1етоха маь1ница дог1у дош.

Эрна дац сан болх беш валлар:

Ду сан стоьл т1ехь даа... .  (Кхаллар)

 

       Нанна гlo деш лела Седа:

И йо1 суна дика хета.

          Г1ерта массо метте кхача, -

             Мерза бу цо бина... .  (Кхача)

 

Хууш хилча даьхни кхаба,

Шурех юьзна хир ю ....  (Кхаба)

 

Керта вог1уш гича цхьаъ

        Мусас водий боккху....  (Кхаъ)

 

Шуьйрра доьллий ц1ийнан кор,

Гаьн т1ера ас боккху.... (Кхор).

 -Муьлха дешнаш карий вайна? Хьовса  аса уьш д1аяздина. Нийса  яздиний аса уьш ? Нисде г1алаташ.

 

(Хьехархочо карточка шло берашна).

Нис-де   г1а-ла –таш.

 К…аъ, к…ор, к…аба ,

к…ача , к…аллар.

·        КХОР дешан схема х1оттор.

-Х1ун яра аша  тахана гулъеш ерг? (Кхораш).

-Маса дешдакъа ду КХОР дешан? (Цхьаъ).

-Муьлханиг ду хьалхара аз? (Кх).

-Аз (Кх) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а аз? (О).

-Аз (О) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъа ду).

-Муьлханиг ду кхолг1а  аз? (Р).

-Аз (Р) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса элп ду КХОР дашехь? Маса аз ду? Маса еък1ов хила еза  схемин?

-Йилла и схема.

         Ц1

С

 

С

-Лаха  оцу схемина кхин дешнаш. (Мор, текх , мекх).

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Муьлха элпаш девзира шуна? (Йозанан жима а , доккха а элпаш кх, Кх).

-Кх элпо муьлха аз билгалдо? (Аз (Кх) билгалдо).

-Аз  (Кх)  мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Муьлханаш бу уггара  ч1ог1а шу даккхийдеш берш? 

52-г1а  урок.

Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха  а элпаш  кх , Кх».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а элпаш  кх , Кх кхин д1а а  довзийтар.  Элпаш кх , Кх  дешдакъошкахь а ,дешнашкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан  жима а , доккха а элпаш кх , Кх.  1емар ду элпаш кх , Кх  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду шайн белхан план х1отто. Оцу планан рог1алла а ларъеш  йозанан  говзалла караерзо. Берашна  хуур ду  шайн  кхиамаш  бовза , царех пайдаэца. Шайн болх йоза дика 1емачу кепара  д1абахьа а хуур  ду берашна. 

·      Коммуникативни: берашна  1емар ду  хьехархочун хаттаршна  дуьззина  я доца жоьпаш дала. Хуур ду  шайн накъосташца къамел д1адахьа , воккхачуьнца г1иллакхехь бистхила.

·      Познавательни: берашна  девзар ду  шалха элпаш , хуур ду  уьш  яздеш  шина хьаьрках  пайдаэцна хилар. Берийн ойлаяр , тидам бар , метан говзалла, орфографически говзалла а  кхуьур ю берийн. Ойлаяр , тидам бар алсамдер ду берийн. Берашна хуур ду  цхьа х1ума тайп-тайпанчу дешнашца ала (Синонимаш).

3. Личностни: берашна 1емар ду дешаран к1оргера чулацам , цуьнан мехаллах кхета. 1емар ду шайн амалехь дешар коьртачу г1уллаккхех цхьаъ дина  д1адахьа.

 Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар: «Х1ума довзар!»

-Бераш , мила ву шух , дуккха а х1ума довза лууш?

1. Ялта, кхийолу х1ума юьйш- лелош долу латта?  (Кха)

2. К1ранан кхоалг1а де?  (Кхаара)

3. Уьстаг1ан ц1ока?  (Кхакха)

4. Юург кхечу кепара?  (Кхача)

5. Кхо га долу шада?  (Кхолго)

6. Шура, цуьнан сурсаташ чохь   лелон кхийра  пхьег1а?  (Кхаба)

7. Президент я депутат хоржуш   харжаман яьшки чу тосу кехат?  (Кхаж)

8. Говран «месаш»?  (Кхес)

-Муьлха х1уманаш евзи шуна? КХАЧА  дош кхечу кепара муха эр дара? (Юург).

-Х1ун ду вайна карийначу х1уманийн  юкъара? (Царна юьххьехь ду  аз (Кх).

-Аз (КХ)  йозанехь муьлхачу элпаца билгалдо? (Кх).

3. 1алашойо  взийтар.

-Бераш ,х1ара х1ун ю? (Кхаба).

-Таханалера  вайн т1едилларш ду  кхабанаш  т1е яздина. Х1унда яздина  уьш кхабанашна т1е? (Кхаба  аьлча хьалхахь хеза  аз (КХ). Х1ораммо шена схьаэцакхабанаш. Билгалбаккха шаьш тахана бийр болу болх. Х1ун кхиамаш бохур бу  аша тахана?

-Вайна тахана  кхина д1а а  ду йозанан жима а , доккха а элпаш кх , Кх. Шуна 1емар ду  и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина  яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш кх , Кх яздар.

·        Йозанан жима элп кх  яздо тептарш т1е.

·        Йозанан доккха элп Кх яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту йозанан доккха элп  Кх  муха яздан деза).

Кх Кх Кх Кх Кх Кх Кх Кх Кх Кх Кх Кх Кх Кх Кх Кх

-Д1аязде элпаш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Дешдакъошкахь йозанан доккха  элп Кх яздар.

(Т1ехь гойту хьехархочо йозанан доккха элп Кх дешдакъошкахь кхечу дешнах  муха хотта  деза).

Кха  Кхо Кху Кхи Кхе

-Д1аязде  дешдакъош шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        КХАЛЛАР дешан схема х1оттор.

-Бераш  вай уьн т1е яздина дош кагделла. Деша иза.

ЛАРКХАЛЛ.

-Хьанна хуур дара иза нисдан? (Кхаллар).

-Кхаллар кхечу дашца  муха эр дара? (Бепиг).

-Маса дешдакъа ду кхаллар дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (Кхал).

-Шолг1а? (Лар).

-КХАЛЛАР дашехь муьлханиг ду хьалхара  аз ? (КХ).

-Аз (КХ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а  аз? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду  кхоалг1а  аз? (Л).

-Аз (Л) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду  доьалг1а  аз? (Л).

-Аз (Л) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду  пхоьалг1а  аз? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду йолхалг1а  аз? (Р).

-Аз (Р) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса аз ду КХАЛЛАР дашехь? (Ялх).

-Маса элп ду? (Ялх).

-Маса еък1ов хила еха  вайн схемин (Ялх).

-Муьлхачу дешдакъошкахь ду аьзнийн цхьанаэдалар? (Хьалхарчу- КХА , шолг1ачу- ЛА).

-Муха билгалдоху уьш  схеми т1ехь? (Ши бос болуш хуьлу царна йог1уш  йолу еък1овш).

-Йилла схема. (Уьн т1ехь юьллу , тептарш т1ехь а юьллу схема).

      Ц1

С

 

С

      Ц1

С

 

С

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

6. 1амийнарг  т1еч1аг1дар.

·        Дешнашкахь йозанан  жима а, доккха а элпаш кх, Кх яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту  дешнашкахь йозанан доккха элп кхечу элпех муха хотта  деза).

Кхокха  , Ахьмад , Хьасан , мокха , мекха, текх.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? Х1унда?

-Д1аязде и дешнаш тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Предложенеш язъяр. Мотт шарбар.

Уьн т1е д1аяздо чехкаалар. Берашка кхузза доьшуьйту. Къовсу , хьан нийса а , чехка а олу иза.

Ши-кхоъ кепек, кхо-шиъ кепек.

-Д1аязде чехкаалар тептарш т1е. Хьан эр дара иза нийса ? (Бераша олу).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Чакхъяккха  сан ойла:

КХОР , КХАБА-дешнашна хьахахь хеза  аз … (Кх).

-Аз (КХ)  ца лакхало , цундела из аду … (Мукъаза).

-Аз (Кх) йозанехь билгалдо элпаца… (Кх).

 8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бира уггар дика болх? Цхьа а вуй х1умма т1етоха лаьаш?

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока на тему "Элпаш Кх,кх яздар", (1-ра класс)."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Патентовед

Получите профессию

Технолог-калькулятор общественного питания

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 664 139 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Презентация по географии на тему: " Практическая работа №3 Определение типов климата по предложенным климатограмм. 7 класс.
  • Учебник: «География в 2-х частях (изд. "Русское слово")», Домогацких Е.М., Алексеевский Н.И.
  • Тема: § 9. Климатообразующие факторы
  • 01.10.2020
  • 1732
  • 10
«География в 2-х частях (изд.

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 2371
    • DOCX 28.1 кбайт
    • 221 скачивание
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 7 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 663216
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Интернет-маркетолог

Интернет-маркетолог

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс профессиональной переподготовки

География: теория и методика преподавания в образовательной организации

Учитель географии

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 981 человек из 81 региона
  • Этот курс уже прошли 3 380 человек

Курс повышения квалификации

Организация проектно-исследовательской деятельности в ходе изучения географии в условиях реализации ФГОС

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 39 человек из 24 регионов
  • Этот курс уже прошли 431 человек

Курс профессиональной переподготовки

Технологии географического образования

Педагог в сфере географического образования (учитель географии)

300 ч. — 1200 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Эффективная самопрезентация

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 55 человек из 31 региона
  • Этот курс уже прошли 33 человека

Мини-курс

Социальные и правовые аспекты эпохи Просвещения: влияние на образование сегодня

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Стратегии успешного B2C маркетинга: от MoSCoW до JTBD

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе