Урокан ц1е: «Нохчийн
алфавитехра шалха элпаш.».
1алашо: шалхачу элпех болу хаамаш
шорбар. Муъаза шалха элпаш дашехь т1аьхье-хьалхе нисделча уьш яздаран бакъонаш
йовзийтар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна
1емар ду шалха элпаш йозанехь билгалдаха. Хуур ду мукъаза шиъ шалха элп дашехь
т1аьхье-хьалхе нисделча уьш муха яздан деза.
2. Метапредметни:
·
Регулятивни: берашна
1емар ду цхьаъ ша ,шеен корматтале хьажжина болх бан. Цхьатера лаам болу
берашна хуур ду шайн тоба а йиллина цхьана болх бан. Берашна 1емар ду шайн
балхана кхиамаш хир болу г1ирсаш лаха. Царех пайдаэца.
·
Коммуникативни: берашна
1емар ду шайна хеташ долу х1ума кхечарна уьш кхетар болчу кепара дийца ,
д1акхачо. Берашна хуур ду шаьш ца кхетарг хата, шайга дуьйцучух кхета.
·
Познавательни: берашна
1емар ду т1адамийн метана оьшу элпаш дохкуш дешнаш яздан. Берийн алсам дер ду
ойлаяр , тидам бар,х1ума довза лаам.
3.
Личностни: берийн лаам хир бу шена хуучуьнца накъостана г1о
дан , берашца уьйр лело тарвала , вазавала 1емар ду. Дешар шайн дуьхьа хилар
хуур ду берашна.
Урок
д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Бераш ,
де дика хуьлда шун!
-Диканца
дукха ехийла !
2. Ц1ера болх таллар.
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш д1аелла книгин аг1онаш. Х1ун 1амор ду вай
тахана? Х1ун кхиамаш бохур бу аша? Мила ву цхьаъ ша болх бан лууш? Мила ву шеен
тобанца болх бан лууш?
-Бераш, вай тахана карлабохур бу шалхачу элпех
лаьцна болу хаамаш. Вай 1амор ду нохчийн алфавитехь шалха элпаш.Уьш мукъа хилар
,мукъаза хилар тидам беш.
4. Керла тема хьехар.
·
Мукъаза шалха элпийн тидам бар.
Уьн т1е
д1аяздо дешнаш.
Оь,уь,къ,кх,ч1,г1,т1,аь,яь,юь,к1
Бераш
х1ара элпаш шина тобане декъа.Мукъа элпаш цхьана тобане,мукъаз элпаш вукху
тобане.
·
Бакъо таллар.
-Д1абеша дагалацам.Масса элп ду мукъа,мукъаза…
·
Берашка шайга болх байтар.
Шардар №
22, аг1о 14.
-Д1адеша т1едиллар. Муха
кхочушдан деза шардар?
Мукъачу элпашна цхьа сиз
хьакха,мукъаз чарна ши сиз хьакха.
5. Сада1аран миноташ.
Поезд
Хьехархо
берашна хьалха д1ах1утту. Бераш вагонаш ю.
- Ма беха а бу вайн
поезд!
Гайтал
чкъургаш муха юьйлало
(бераш куьйгаш голашкахь
сатта а дой,
хьалха-т1аьхьа доьлхуш лела).
Вайн поезд д1абоьду,
Чкъургаш керчайо.
Поезд чохь д1адоьлхуш
Кегий бераш го.
Генна шаьш д1адоьлхуш
Дегнаш ийало.
- Сацийта! Соцунг1а ю!
Мила
ву ловза лууш?Сихха арадовла (бераш поезд чуьра
ара а довлий,
хьуьнан
ц1азамаш лехьо х1уьтту).Поездан шок хеза. Бераша, юха а мог1а бой д1а а х1уьттий,
поезд бола болуьйту.
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
·
Мукъаза шалха элпаш дешнашкахь билгалдахар.
Шардар № 23 , аг1о15
Мукъа шалха элпаш аь,оь,уь,яь,юь дашна
юьххехь а,юккъехь а долуш,кхоккха дош д1аязде.
Чакхъяккха предложении.
Нохчийн
алфавитехь шалха элп ………………….
|
·
Карточкашца болх бар.
Т1адамийн
меттана оьшу элпаш а дохкуш д1аязъе предложенеш.
Че…….ъелира
йовха аьхке.Т1екхечи беркате г…..йре.Б…..йсанаш яхъелира
|
7. Жам1 дар.
-Маса мукъа элп ду нохчийн алфавитехь,масса
мукъаза ду.
-Х1ун керланиг хии шуна?.
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи тобанашкахь болх бинчара? Х1ун
кхиамаш бехи цхьаъ ша болх бинчо? Х1ун кхиамаш бехи дисинчу бераша?Хьан бина
дукха болх?
9. Ц1ахь бан болх балар.
бакъо –аг1о 14.ши аз билгалдеш элпаш долуш 3дош
язде
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.