21.01.2022г.
Тема: «Предложени а ,дош а»
1алашо: берашна 1-чу
классехь 1амийнарг карладаккхар, предложенех, дешах нийса кхетам балар.
Къамелехь предложени схьакъасто хаар, йозанехь предложени билгалъяккха
1амор.Предложени доккхачу элпаца яздар д1акхачор.Ойлане, тидаме хила 1амор
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна
хаьар ду предложени и кхочушхилла яьлла ойла гойту дешнаш дуй, берашна
хуур ду суьртийн г1оьнца, шайна гинчух пайда а оьцуш предложениш х1итто;
берашна 1емар ду предложени дешнашка екъа.Берашна хуур ду предложени
доккхачу ялпаца йоло езар. Берашна хуур ду шайн белхан план х1отто, цу
планан рог1аллица болх бан.Берашна евзар ю гур ю нохчийн меттан
хазалла..
Урок
д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Шардар №4, аг1о 4.
-Д1аеша хьалхара предложени?
(Т1екхечи дашо гуьйре)
Стенах лаьцна дуьйцу
предложенахь?(Гуьйренах)
-Х1ун гойту предложенино?
(Кхочушхилла яьлла ойла)
-Маса дашах лаьтта и предложени?
(Кхаа)
-Муьлханиг ду хьалхара
дош?Шолг1а?Кхоалг1а?
-Х1ун гойту т1екхечи дашо? (Дар
билгалйо )
--Х1ун гойту дашо дашо? (билгало
билгалйо)
-Х1ун гойту гуьйре дашо? (х1ума
билгалйо)
2.1алашо йовзийтар.
Уьн т1е д1аяздо.
Ко…аста, са…ра, …хк, май…да, ма…х,
мал…, …1аьла, л…рг, …алха, …ту.
-Д1адеша дешнаш.Муьлха элпаш ца
яздина дешнашкахь? (п,р,е,д,л,о,ж,е,н,и)
-Муьлха дош ду иза?(Предложени)
-Х1ун 1амор ду вай тахана
урокехь? (Предложени)
3.Ц1ена язъяр.
Д1аеша байт.
Абат йовза хьайна лаахь,
Айхьа де:ва 1амалахь:
Азман урчакх хьи.йзош
ю,
Ама тайниг ловзош ю.
Ага техкош Абу цу.
Ала л, хьалха х!ун аз
ду!
-Муьлха аз ду
сих-сиха хезаш? (а)
-Муьлха элп яздийр
ду вай ?(а)
Аа Аа Аа Аа Аа Аа Аа Аа
Аа Аа Аа Аа Аа Аа Аа
4.Керла тема хьехар.
а)Шардар №5, аг1о4.
-Д1аеша шардаран бакъо.Муха
кхочушян еза вай иза?
-Д1аеша хьалхара
предложени.Мичах чакхйолу кхочуш хилла яьлла ойла?Вай машарах х1ун до?
-Вайна машар беза.
Х1ун юьллу предложенин чаккхенга?
(т1адам)
-Муьлхачу элпаца йоло мегар ду
предложени? (Доккхача)
-Д1адоьша хьалхара ши дош.Царех
хир юй предложени? (ЯЦ)
-Х1унда? (цара кхочушхилла яьлла
ойла ца гойту)
-Д1аеша шолг1а предложени.Мичахь
чакхдолу предложенин маь1на?(Вайна т1ом ца беза)
--Муьлхачу элпаца йоло мегар ду
предложени? (Доккхача)
Х1ун юьллу предложенин чаккхенга?
(т1адам)
-Цхьа дош 1аддитий д1аеша
предложени.Цунах предложенихуьлий? (ца хуьлу)
-Х1унда?(маь1на дуьззина ца
хуьлу)
-Д1аязде шардар.
аь)Т1еч1аг1дар.
-Д1аеша 4-чу аг1онна т1ера бакъо.
-Муьлхачу элпаца йолайо
предложени?
-Муьлха хьаьркаш дохку чаккхенга?
5.Сада1аран миноташ.
Маьлхан
серло яржале
Цхьаъ
шиъ кхоъ
Г1енаш
лахка , човхаде
Цхьаъ
шиъ, кхоъ
Йиша
, ваша г1аттаде,
Цхьаъ
шиъ, кхоъ
Физзарядка
йолае
Цхьаъ,
шиъ, кхоъ.
6.Берашка шаьш болх байтар.
а)Шардар №7, аг1о 5.
аь)Таллам бар.
-Д1аеша хьалхара
предложени?(Де хаза дара)
-Шолг1а? (Супьян ч1ерий леца
вахара)
7.Рефлекси.
-Х1ун ю предложени?
-Стенах лаьтта предложени?
-Муьлхачу элпаца йолайо
предложени?Чаккхенгахь?
8.Жам1 дар.
-Х1ун керланиг хиира шуна
урокехь?
9.Ц1ахь бан болх балар.
Шардар №6, аг1о 5, бакъо аг1о 5
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.