Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
1 слайд
1. Гайсултанов «Уггар мехалниг».
Хьехархо Бекаева З.С.
2 слайд
1алашо:
1.Гайсултановн «Уггар мехалниг» лийцар довзийтар; нийса а, кхеташ а,шера а дийцаран тексташ еша 1амор; нийсдерг дийца лаам кхиор; 1. Гайсултановн кхолларалле безам кхоллар.
Кхочушдан лерина жам1аш
1.Предметни: 1емар ду шайн дагахь а,хезаш а дийцаран текст еша, юхаешарца шайн девлла г1алаташ нисдан; дийцар дакъошка декха, план х1отто, чулацам схьабийца 1емар ду; 1емар ду дийцаран коьрта ойла къасто,хоржуш еша.
2. Метапредметни
Регулятивни: 1емар ду хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашо билгалъяккха, и кхочушъян некъаш къасто; 1емар ду шаьш-шайн кхиамаш т1ехь тергонехь латто, шайн белхан нийса мах хадо.
Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала; берийн ледара а ,дика аг1онех лаьцна дийца хуур ду.
Х1ума довзаран: 1емар ду текстаца болх бан,цхьацца аларш,дешнаш талла; алсамдер ду ойлаяр, тидамбар, кхетам кхуьур бу.
3. Личностни: шайн даьллачух жоьпалла далар кхиор.
3 слайд
Де дика хуьлда шун, бераш!
Вайна гаргол бекаш бу,
урок вай д1айолор ю!
4 слайд
Мотт шарбар.
-Д1адеша кица.
Тахана харцдерг ахь дийцахь, кхана хьох тешар бац.
-Д1адеша дешдакъошца кица.
-Д1адеша дешнашца. Схьадийца,дагахьа а 1амадей.
-Муха кхета шу цунах?
-Стенах лаьцна ду иза? (Тешам хила безарх).
-Хьаьнгахь хир бац боху тешам? (Харцдерг дийцинчунгахь).
-Стенах лаьцна хир ю вайна евзар йолу произведени?
5 слайд
ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980)
Гайсултнов Iумар вина 1920 шарахь Шелахь ахархочун Эдалсолтин доьзалехь. Iумаран денана Себибат нохчийн барта дийцарш, туьйранаш хууш хилла. Шена дукхавезачу кIентан кIантана жимчу Iумарна дуьйцуш хилла цо нохчийн къоман туьйранаш. Денанас дийцинчу туьйранашка чIогIа хазахеташ ладегIна ша, хIетахь нохчийн исбаьхьаллин даше бахана безам бу аьлла хета шена литературе шен шовкъ кхоьллинарг, олура Гайсултанов Iумара.
6 слайд
Д. КагермановДийцар «Уггар мехалниг»
Дийцар дешар
7 слайд
Сада1аран миноташ.
1ам чохь баьццара ши пхьид
Дукха каде хьийзаш яра:
Юьхь-куьг цара дуьлура,
Дег1ах гата хьоькхура.
Когаш бетташ, т1араш детташ,
Аьрру, аьтту д1асасетташ.
Юха хьала а нислуш,
Багахь «къакъи» дора.
Цундела ю уьш могуш
Шу а хила лууш.
(Бераша байташ йоыду дег1ан меженаш хьееш).
8 слайд
Чулацам бийцаре бар.
-Муьлш бу дийцараран коьрта турпалхой? (Дауддий, Вадуддий).
-Хьаьнца вара и шиъ ц1ахь? (Шаьшшиъ).
-Стенгахь дара да , нана ? (Нана туькана яханера, да балхахь вара).
-Муьлханиг вара воккха? (Вадуд).
-Муха 1алашвора Вадуда Дауд? (Цунна товриг дора ).
-Муха к1ант ву иза? (Дика).
-Автора муха яздина цунах лаьцна? (Шел жимчуна 1уналла деш хилча , къонах ву иза).
-Х1ун деш 1ара ши к1ант ? (Ловзуш 1ара ши к1ант).
-Мила веара цаьрга ? (Почтальон).
-Цо х1ун еара ? (Почтальоно кехат деара).
-Кехат хьаьнга делира почтальоно? (Вадуде).
-Х1ун дира Дауда? (Вилхина схьадаьккхира).
-Вадуд реза вуй Дауде и дала? Х1унда? (И церан дас х1ора денна лардеш долу кехат дара. Вадуд реза вацара и Дауде дала).
9 слайд
Дауддий, Вадуддий
10 слайд
Дошам
Ч1ишталг – беснаьш
11 слайд
Дошам
Г1удалкх – ворд
12 слайд
Дошам
Чаччам
13 слайд
Дошам
Ц1енкъа
14 слайд
Жам1 дар.
-Муьлха произведени йолийра вай?
-Мла ву цуьнан автор?
Рефлекси.
-Муьлханиг яра урокан коьрта 1алашо?
-Хьена ницкъ кхечи и кхочушъян?
-Х1ун ю уггара мехалниг?
Ц1ахь бан болх балар.
Гайсултановн «Уггар мехалниг» дийцар схьадийца кечам бар.
Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
6 665 015 материалов в базе
«Дешаран книжка (Литературное чтение) (на чеченском языке)», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э.
Больше материалов по этому УМКНастоящий материал опубликован пользователем Бекаева Зульфия Салмановна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Удалить материалВаша скидка на курсы
40%Курс профессиональной переподготовки
500/1000 ч.
Курс профессиональной переподготовки
300 ч. — 1200 ч.
Курс профессиональной переподготовки
300/600 ч.
Курс профессиональной переподготовки
300/600 ч.
Мини-курс
3 ч.
Мини-курс
6 ч.
Мини-курс
6 ч.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.