Муха
хила веза бакъволу нохчо?
Нохчо ву со, маршо къуьйсуш,
Даймахкаца тоба дина,
Цунна ямарт,осал хетарг,
Къа ца хеташ сайх хервина,
Сайн ден дакъа, ц1е-к1ур доцуш
Ца даийта юкъ йихкина
1азап хьоьгу лай хуьлучул,
Летта,вала резахилла.
М.Дикаев
Ахьмад Сулеймановича аьлла дешнаш дагадаьхкира
суна, муха хила веза бакъволу нохчо, аьлла хаттар сайна хьалха х1оьттича.
«Уггаре а хала нохчо хила ду, цул а хала нохчо
хилла вахар а,чекхвалар а ду,»-аьлла оцу хьекъалечу поэта. Цо санна нохчочун
амалш теллина, цунна санна бакъволу нохчо муха хила веза хууш, цхьа а нохчо а
хиллий техьа аьлла хета суна «Дахаран генаш» ц1е йолу цхьа поэма хилча а
тоьур ду бакъволу нохчо муха хила веза хаа. Нохчочуьнгахь хила еза массо амаал
юьйцу цо шен поэмехь: г1иллакх, оьздангалла, тешаме доттаг1алла, эхь, иманехь
хила везар , да-нана ларар , ойланца ц1ена хилар, хьарамечу рицкъанах ларвалар
. къонахалла долуш хилар , хьаша-да т1еоьцуш, комаьрша хила везар и.д1.кх. Цу
х1уманна ойла йича , ма бакъ хилла-кх поэт олий хета .Дан а ма ду нохчо хилла ваха
хала.Амма вайна хаа , нохчо хилалур вац кхечу аг1ор , х1унда аьлча иза Дала
дуьненчу кхуллушехь, цунан ц1ийца елла цунна и амалш, цундела цунна хала дац и
дерриг дукъ д1акхехьа.
Нагахь ницкъ я доьналла ца тоьъна а , ледарло
яьлча , шегара валар доьлча санна эхь хета нохчочун . Масала : вайн х1окху
текстан турпалхо волу Абу ледара къонаха гайтина кху т1ехь.Иза болх бан лууш
вац , ша нуй схьаэцча шена т1е эхь дог1у моьтту цунна . Амма цхьана х1уманна
т1ехь ледарло ялийтина волчу Абун, майралла ца тоьу , хино д1ахьош волчу
Лоьмина орцахвала . Сулимас иза к1елхьараваьккхича , юьстах лаьтташ волчу Абун
ойланаш йовзуьйту вайна авторо . Иза эхьах вуьзна, шегара и ледарло муха яьлла
ца хууш , г1айг1ане ойланаш еш ву .Цу суьрто гойту вайна Абу холчу хоттинарг ,
Дала иза кхуллушехь цунна делла эхь а , яхь а хилар .Кху т1ехь ас йийцина
ерриге а ойланаш шеца йолуш хила веза аьлла хета суна бакъволу нохчо.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.