Инфоурок Другое Научные работыУрок - сценарий: "Ненан мотт - аганан илли".

Урок - сценарий: "Ненан мотт - аганан илли".

Скачать материал

                  

Сценари  «Ненан мотт- аганан илли».

                                                     

 Бекалах ненан мотт тахна,

Дуьнене машаре кхойкхуш,

Лаьтта т1ехь Къинхетам, Нийсо,

Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.

 

Кху суьйрене кхайкхина махкахь бевзаш болу нах,  1илманан, культуран белхахой, яздархой а.

 

Суьйре схьайоьллуш хеза г1ийла бека пондар. Кирхьана техьара схьахеза х1ара дешнаш.

 

Акха яр санна и ца баьлла бацалахь,

Боьжна бац стиглара, я эцна базарахь,

Цхьангера юхалург баьккхина бацара-

Кхоьллина хилла и вайн дайша азаллехь.

 

Ас лору дуьненчохь мел долу меттанаш,

Нохчийн мотт-гуттар а сан оьзда дозалла,

1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш,

Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале.

 

Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина,

Цу маттахь некъан дош дадас  а кхайкхина,

Цу матто,-уггаре гергарчу сан синна-

Сан, генахь цхьа висча, дог-ойла айина.

 

 

К1ант: Суьйре дика хуьлда шун хьоме махкахой!

 

Йо1: Мерза маршалла ду шуьга массаьрга а!

 

К1ант:Вайн мотт уггаре а ширачу меттанех цхьаъ бу ала мегар долуш бу. Делахь а дукха хан яц и  де билгалдина «нохчийн меттан деза де»,-аьлла.

 

И де вайн махкахь, доккха совг1ат а хилла д1ах1оьттина, кьаьсттина вайн мотт лоруш, безаш болчарна,ткъа шен мотт ца безаш цхьа стаг хир вац аьлла тешна ю со.

 

К1ант: Мотт- адамийн дахаран хазна а, уьйран уггаре а мехалла г1ирс а, з1е а ю. Ненан мотт- вайн дайн г1иллакхаш, вайн дайн оьздангалла а ю.Вайга кхин дехьа д1акхехьийта а т1екхуьучу чкъуре д1акховда дайта а т1едихкина.

 

Йо1: Вайн ма хаъара муьлххачу къоман коьртачу билгалонах цхьаъ –цуьнан мотт бу.Цу хьокъехь ч1ог1а дика аьлла Арсанукаев Шайхис:

 

Хазнашлахь хазна ю

Ненан мотт къоман.

Ненан мотт мел беха

Къам дуьсу даха.

Ткъа нагахь мотт шен лахь

Къам лей  д1адолу.

Ненан мотт бицбинарг сийсаз во наха.

 

Йо1: Къоначу 1илманчас Эдилов Салавдис аьлла: «Х1ора къоман синхьолан хазнашлахь уггаре а хьомечарах лору халкъан мотт».

 

К1ант: Вайн дайша эрна ца аьлла: «Мотт бу-къам ду, мотт бац –къам дац».  И доккхачу маь1ница аьлла дешнаш ду. Дан а ду иза иштта. Буьйцуш мотт боцуш халкъ хуьлийла а дац. Цундела вай хаддаза ларбан беза, дола дан а деза вайн меттан, х1аллак ца хуьлуьйтуш.

 

Йо1: Вайн мотт массо а х1уманан  д1адаханчун, хиндолчун, культуран а бух бу. Цуьнца доьзна ду вайн 1ер-дахар, г1иллакхаш, ламасташ.

 

К1ант: Матто хийла йовзуьйту стеган амалш,  дуьйцу цуьнан лаамех, хазахетарех, халахетарех, хьекъалах, кхетамах лаьцна. Маттаца буьйцу шен  Даймахке, нене болу безам, балхабо  шен баланаш, г1айг1анаш.

 

                Ненан мотт.(Ш.Рашидов)

                      

               

Доккхачу лаьтта т1ехь

 Хазалла лоьхуш

Сада1ар дицдина

Еттарх а йорт,

Хьегаран хьу елла,

Шена т1евоьхуш,

Хиллера ц1ийх боьлла

Сан ненан мотт.

 

Зезагийн лестарехь,

Техкарехь диттийн,

Къайленаш соь юьйцуш

Ловзарехь х1орд ,

Ладоьг1ча шабаршца

Бешарчу ниттийн,

Соь ницкъ лург хиллера

Сан ненан мотт.

 

 

Иллига бирзича

1енадеш б1аьрхиш,

Делхадеш, ловзадеш

Кийрара дог.

Кхолабеш,юха а

Къагабеш б1аьргаш,

Серло лург хиллера

Сан ненан мотт.

 

 

Диканехь я вонехь

Дош ала дезча,

К1оргера ян воьлча

Хиллачийн чот,

Эхь,иман я г1иллакх,

Доьналла эшча,

Хьекъал лург хиллера

Сан  ненан мотт.

 

Вахар а х1ун оьшу

Цунах д1ахаьдча?

Бицбина вехаш верг

Ю яьсса ботт.

И саннарг карор бац

Мелла а лехча,

Даймехкан дозалла

Сан ненан мотт.

 

Йо1: Массийтта б1ешарашкахь йоза-дешар доцуш 1ийна кхин долу къаьмнаш санна вайн нохчий а. Амма йоза дацар аьлла ца 1аш дукха пайдехьа дерг вовшашкара кар-кара оьцуш, дайшкара, ден-дайшкара массийтта чкъуре схьаеана и меттан говзалла.

 

К1ант: Вайн дай меттан говзалло йовзийтина халкъан барта кхолларалла а: дийцарш, аларш, туьйранаш,иллеш, х1етал-металш, кицанаш.

 

Йо1: Цара а  до тоьшалла нохчийн мотт уггаре а ширачарех а, хьалдолчарех а цхьаъ хилар.

 

К1ант: Матто ца деш дика а, вон а дац. Ирачу, говзачу матто халкъе беана бала а д1аойъу. Бехачу матто бала халкъана а, махкана а боссабо.

 

Йо1: Вайн дай кицанаш ду:

Хазачу дашо 1уьргара лаьхьа баьккхина. Герзаца йина чов йирзина, дашца йина чов ца йирзина.

Маттана юккъахь даь1ахк яц.

 

К1ант: Мотт и вайн дешнийн музей ю. Цо гойту  вайна 100-200 шо хьалха вайн нохчийн дахарехь, исторехь хилларг. Цу хенахь шен Даймахке, шен къоме, шен кхерче хилла болу безам гойту .

 

Йо1:150 шо хьалха шаьш х1илланца махках дохуш. Хонкара боьлхуш нохчаша шаьш бинчу лаьмнашкара 3 жовх1ар д1адаьхьна хилла: йовлакх юкъахь х1айкал санна. коча оьллина дагна уллохь лело латта а; мостаг1чуьнга буьйцуш ткъес  санна, безаршна юкъахь буьйцуш шовда санна ц1ена бекаш болу мотт а, мел буьрсачу дорце а яйалур йоцу Даймехкан кхерчара ц1е.

 

К1ант: Ша къам делахь кхо х1ума ду массо къома а дуьненчохь даима а цхьана хила дезаш: Даймохкий, ненан моттий, халккъий.

 

Йо1: Мел дукха дуьсур дара к1ел, алаза язданза мотт бацахьара. Муха хестор бара яздархоша вайн наной, вайн Даймохк, вайн къонахий. Муха буьйцур бара цаьрга болу безам, сий, ларам.

 

К1ант:

Ненан боцург мотт ца хилча,

Мотт боцуш нана ца хилча,

 «Нана», «мотт» а боху дешнаш.

Вовшех уьйра йолуш хилча,

Цхьа  маь1на а церан хилча,

Ненан маттах кхаьрдаш,лоьхуш

Цуьнца доцу сакхташ, воьлуш.

Хийрачулла  хеташ пана.

Айхьа,мотт бо моьттуш сийсаз,

Сийсаз йийриг яц ткъа нана?

 

Йо1: Тахана санна маршо ца хилла цхьана заманчохь нохчийн мотт 1амо, беза, хаа.

Цхьа хан еана йоза дешар доцуш.1амо аьтту боцуш Совет 1едал т1едеача нохчийн мотт 1амо йиш ю бохуш, амма шен шелхонашца, шен 1алашонца дора и къамел. Вайн массеран цхьа мотт бу, .массо совет къаьмнаш цхьаъ ду бохуш.

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Урок - сценарий: "Ненан мотт - аганан илли"."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 2 месяца

Теолог

Получите профессию

Технолог-калькулятор общественного питания

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 665 003 материала в базе

Скачать материал

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 27.05.2017 6915
    • DOCX 51.5 кбайт
    • 19 скачиваний
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Илясова Даамат Хамидовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Илясова Даамат Хамидовна
    Илясова Даамат Хамидовна
    • На сайте: 6 лет и 11 месяцев
    • Подписчики: 1
    • Всего просмотров: 134925
    • Всего материалов: 25

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой