йоза
1 класс
Урокан ц1е:
Урокан ц1е: «Йозанан элпаш п, П яздар».
Урокан
тайпа: керланиг довзийтар.
Урокан
г1ирс: компьютер, проектор, интерактивни у, учебник, прописаш, аьзнийн
карточкаш …
1алашо: йозанан
жима а, доккха а элпаш п, П довзийтар.
Уьш шаьш а, дешдакъошкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан
лерина жам1аш:
1.
Предметни:
берашна
девзар ду йозанан жима а, доккха а элп а п, П.
1емар ду уьш
нийса а, хаза а яздан.
2.
Метапредметни:
·
Регулятивни:
берашна
1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан
корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала, болх бан. Мог1анан
а, доккха а элп «Пп» яздаран хьокъех лаьцна бакъонаш а евзар ю.
·
Коммуникативни:
берашан
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а, доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна
хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан,
тобанашкахь кхиамаш баха. Берийн кхуьур ю меттан говзалла.
·
Познавательни:берийн
алсамдер ду тидаме хилар, ойлаяр. 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш
схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур
бу .
·
3.
Личностни: берийн
дозалла кхоллалур ду шайн Даймахках, 1емар ду и доггахь беза, лера. Берийн
лаам хир бу Даймохк ларбан.
Урок д1аяхьар.
1 . Организационни мур:
Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойуш 1алашбахь.
Цу халкъан парг1ато.
Цхьаммо а хьошур яц.
М.Мамакаев.
Маршалла ду
шуьга, хьоме дешархой!
Кийча дуй шу цадевзарг довза, цахуург
1амо.
Шу кечам бина девллехь, вай д1айолор ю
рог1ера нохчийн меттан урок.
1. Карладаккхарна хаттарш:
Яханчу урокехь муьлха аз а, элп а девзира
вайна?
Аз [к] мукъа ду я мукъаза ду?
Х1унда ду аз[к] мукъаза?
2. Тобанашца болх: (Класс кхаа тобане
йоькъу)
1-ра тоба:
Даладе аз – [к]- дашна юьххьехь долу дешнаш;
2-г1а тоба:
Даладе аз – [к]- дашна юккъехь долу дешнаш;
3-г1а тоба:
Даладе аз – [к]- дешан чаккхенгахь долу дешнаш;
3. Абатца
болх бар: абат аг1о 63-г1а
Б1ог1амашкара дешнаш дешийтар
Мак-ка кор-та кор
дах-ка
Ке-рим кар-та кад
ко-там
Ка-ми-ла кий-ра йол май-да
Ма-ли-ка йов-за йис ки-ра
Хьалхарчу б1ог1амера шина дешдекъах
лаьтташ долу дешнаш деша.
(Мак-ка, Ке-рим)
Шолг1ачу б1ог1амера хьалхара а, шолг1а а
ши дош муьлхачу элпаша хийцина? (о; а)
Цхьана дешдекъах лаьтташ долу дешнаш
муьлхачу б1ог1амехь ду? (3-чу)
Боьалг1ачу б1ог1амера дашна юьххьехь аз -к-
долу дешнаш деша.(ко-там, ки-ра)
4.
Суьрташка а хьовсуш предложенеш х1иттор. (абат аг1о 63)
Классан уьн т1ехь гайта. Кеп: Ко-там
еди-ра. Сай бе-ди-ра.
…………
? ве-ди-ра.
………….?
е-ди-ра.
………….?
де-ди-ра.
…………..? бе-ди-ра.
5.
Керла коьчал йовзийтар

Х1ара
х1ун ю?
Соьга
ахь ма баха «су»,
Дац
со ж1аьла, ду… (пису)
Маса
дешдакъа ду Пи-су дешан? (Ши дешдакъа ду)
Хьалхара
дешдакъа –пи- ду; шолг1а дешдакъа –су- ду.
И
дешдакъош аьзнашка декъа. Пи-олуш юьххьехь муьлха аз хеза? аз [п]
хеза); шолг1а аз [и]
-хеза; шолг1ачу дешдекъехь –су-олуш юьххьехь муьлха аз хеза? (аз [с]-хеза;
шолг1а аз [у] хеза.
-Х1ара
х1ун ю? (Поп).
Доккхуш хьуьнхахь доккха «доп»,
Херхо божий боккха … (поп)
Поп
дешан
цхьа дешдакъа ду. Поп дош аьзнашка доькъу вай:
Поп-
хьалхара аз [п]-ду;
шолг1а аз [о]-ду; кхоалг1а аз [п] ду. Пису
поп - оцу шина дашехь муьлха цхьатера аз
хеза? ( нийса боху вайна хеза аз –п.
6. «Мила ву тидаме» ловзар:
Цхьатерра аз караде х1окху дешнашкахь.
Х1орш х1ун ю?
пхьагал
пеш пил
пхьид помидор.
Муьлха
цхьатерра аз хеза вайна х1окху дешнашкахь? аз [п] -хеза
Тахана вайна
муьлха керла аз а, элп а девзар ду аьлла хета шуна?
Бераш, нийса боху,
тахана вайна девзар ду керла аз а, элп а Пп.
Алал массара п-п-п-п-п
Пехашкара
арадолу х1аваъ парг1ат арадалалой?
Аз [п] олуш,
багахула арадолучу х1аваана балдаш т1етта а доьлхий новкъарло хуьлу, цундела аз
[п] мукъаза ду.
Аз [п] мукъаза
къора ду, х1унда аьлчи. аз [п] олуш г1овг1а бен ца хеза.
7. Йозанан элпаш Пп довзийтар:
Вай 1амош долу аз [п] билгалдо
х1окху элпашца.
П-х1ара
доккха зорбанан элп ду;
П- х1ара
зорбанан жима элп ду.
И шиъ вовшех
къаьста доккхий, жимий хиларца.
Стенах
тера ду хьовсур ду вай элп п:

Элпех Хьуьстиг кхозавелла,
Турник ю и моттаделла.
Муьлха
элп тарделла Хьуьстигна турниках?
П
- элп тарделла. П элп турниках тера ду.
8.
Абат аг1о 64 суьрташца болх:
Х1ун го вайна хьалхарчу
сурта т1ехь?
_______ _____.
(полла а, цуьнан схема а)-пол-ла шина
дешдекъах лаьтташ ду.
Полла бохучу дашехь юьххьехь лаьтташ ду элп п.
Х1ун го вайна шолг1ачу суьрта
т1ехь?
________ ________.
(баппа а, цуьнан схема
а го). Бап-па шина дешдекъах лаьтташ ду.
Бап-па дашехь юккъехь лаьтташ ду ши элп п.
Х1ун го вайна кхоалг1ачу сурта т1ехь?
__________.
(топ
а, цуьнан схема а го). Топ дош цхьана дешдекъах
лаьтташ д.у
Топ
бохучу дашехь чаккхенгахь лаьтта п элп.
9. Сада1аран минот:
Полла аьлчи полла беди,
Падам цунна т1аьхьаеди.
10. Йозанан элпаш довзийтар, яздар.
Вайна девзи керла аз а, элп а-
п. И элп юкъахь дешдакъош, дешнаш, предложенеш еша а 1еми вай.
Х1инца яздан 1амор ду вай йозанан доккха
а, мог1анан а элпаш Пп.
-Вай 1амош долу аз
[п] билгалдо х1окху элпаца.
-х1ара
мог1анан элп п ду;
-х1ара
йозанан доккха элп П ду.
-Хьовсу вай
мог1анан элп –п- маса меженах лаьтта?
Мог1анан элп - п- шина меженах лаьтта.
(…………)
Цкъа хьалха мог1анан элпан меженаш язйо
вай прописашна т1ехь йолчу кепе а хьовсуш.
Мог1анан –п-
яздаран кеп гайтар)
Мог1анан
элп п яздо йозанан белхан мог1ан чохь.
Х1инца
и элп яздан 1емар ду вай.
Т1адам
буьллу лакхарчу белхан мог1ане. Билгалонна деллачу с1изах пайда а оьцуш
охьавог1у лахарчу белхан мог1ане кхаччалц. Хьалавоьду хьаькхначу сиха
т1ехула. Хьалакхачале гу а буьллуш , лакхарчу белхан мог1анах хьакхалуш
охьавог1у . Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкарг юьллу , цу т1ера д1а
тасалуриг юьллу
Элп
муха дуьллу а хьовсуш, т1аьххье х1аваэхь язде элп п.
Юха
кепе хьовсуш, прописаш т1е яздийр ду вай мог1анан элп п.
п
п п п п п п п п п…
П-элп
доккха а, жима а хуьлу.
Маца
яздо вай доккха элп?
Доккха
элп вай яздо предложени йолош, долахь ц1ерашкахь а.
гойту
доккха а, мог1анан а П п.
----
Хьовсал,
х1ун башхалла ю х1окху шина элпана юкъахь?
(
и ши элп вовшехкъаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)
Х1инца
вай яздийр ду доккха элп П. Доккха элп -П- кхаа меженах лаьтта.
Кепе
а хьовсуш, вай яздийр ду йозанан доккха элп П.
Йозанан
доккха элп П яздар.
Т1адам
буьллу лакхарчу белхан мог1анна, г1оьнан мог1анна юккъе. Билгалонна деллачу
сизе терра охьавог1у, лахарчу белхан моганна т1е кхачале аьрру аг1ор хьаьвзаш
техкарг юьллу, цу т1ера д1а тасалург.
Т1адам
буьллу лакхарчу белхан мог1анна, г1оьнан мог1анна юккъе. Охьавог1у билгалонна
деллачу сизе терра раз. Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш аьтту аг1ор техкарг
юьллу, цу т1ера д1а тасалург. Белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъехула
маь1иг йолу сиз яздо деха.
Элп
муха дуьллу а хьовсуш, т1аьххье х1аваэхь язде элп П.
Юха
кепе хьовсуш, прописаш т1е д1аязде йозанан доккха элп П.
П
П П П П П П П П П П….
11.
п элп юкъахь долуш дешдакъош яздар:
па пу по пи пе
ап
уп оп ип еп
12.
п -элпаца дешнаш яздар:
Бераш,
шуна девзий п элп юкъахь долу дешнаш? Далор
ду вай уьш.
Уьн
т1ехь д1аязде:
Поп,
паста, полла, палс, парта, пен, пазат, пондар, пес, пису
Д1адоьшур
ду вай ваьш далийна дешнаш.
13.Тобанашца
болх:
Класс
шина тобане йоькъу -1-ра тоба:
Схьаязде
цхьана дешдекъах лаьтташ долу дешнаш:
Толлу:
Поп, палс, пен, пес
2-г1а
тоба: Схьаязде шина дешдекъах лаьтташ долу дешнаш дакъошка а доькъуш:
Толлу:
пас-та, пол-ла, пар-та, па-зат, пон-дар, пи-су
14.
Предложенеш язъяр:
Бераш,
1амийнарг т1еч1аг1деш, вай лакхахь яздина дешнаш юкъахь а долуш ши предложени
язйийр ю вай.
Уьн
т1ехь:
Пи-су-на
дах-ка ха-а-ло.
На-нас
поп-пар би-ра.
П
элп юкъахь долу дешнаш билгалдахий вай?
Пи-су-на
дах-ка ха-а-ло.
На-нас
поп-пар би-ра.
15.
Предложенешна схеманаш х1иттор:
Маса
дош ду хьалхарчу предложенехь?
Муьлха
ду хьалхара дош? (Писуна)
Шолг1а
дош? (дахка)
Кхоалг1аниг?
(хаало)
Оцу предложенина схема хьан
х1оттор яра.
____________ ____________ ____________.
Предложени йолош муьлха элп
яздина вай? (доккха)
Предложенин дешнаш муха яздина
вай? (къаьстина)
Предложени чекхъяьлча х1ун
йиллина вай? (т1адам)
( Иштта болх бо шолг1ачу
предложени т1ехь а.)
Х1окху
урокех вайна девзи мукъаза аз а, элп а Пп, иштта 1еми мог1анан
доккха а, жима а элп Пп яздан а. Иштта П элп юкъахь долу дешнаш,
предложенеш еша а, язъян а 1амий.
Муха хийтира шуна таханлера урок?
Муьлха керла аз а, элп а девзи вайна
тахана?
Аз [п]мукъа ду я мукъаза ду?
Х1унда ду иза мукъаза?
16. Рефлекси.

Х1ора дешархочо шен
тетрада йистехь, ша уроках муха кхетта гойтуш, тайп-тайпана хьаьрк йилла:
1. Ц1ен
горга хьаьрк- дика кхетта;
2. Баьццара
биъсаберг-кхетта, амма дика ца кхетта;
3. Можа
кхосаберг-со ца кхетта.
Хьоме бераш, ненан мотт безаро а, цуьнца
болчу ларамо а, алсамдоккхийла вайн 1илманан бешахь заза, даима а бехийла вайн
нохчийн мотт!
Аша
х1окху уроках пайдаэцна хир бу аьлла хета суна.
Дала
т1аьхье беркате йойла! 1одика йойла шун!
Пайдаэцна
литература:
СолтахановЭ.Х,СолтахановИ.Э.,ЭдиловС.Э.«Нохчийн мотт-2 класс» Соьлжа-Г1ала
АО«ИПК» «Грозненский рабочий»-2016ш.
Эдилов С.Э. «Ловзуш,1ема»
ГУП «Книжное издательство»,2007ш.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.