Урокан чулацам: Стага шен дег1аца лело деза г1иллакхаш.
1алашо: 1 стага шен дег1аца лело деза
г1иллакхаш довзийтар, дийцар; 2«Ц1еналла
– ах дин ду», бохучу дешнийн маь1нех кхетор.
Г1ирс: г1иллакхах лаьцна байташ,
шира дийцар.
Урок д1аяхьар
1.
Хьехархочун
къамел: Вайн къамел хир ду стага шен дег1аца лелочу г1иллакхех лаьцна.
Дийца, шу муха кхета стага шен дег1аца лело дезачу
г1иллакхех. Х1ун г1иллакхаш ду уьш ?
Муха кхета шу г1иллакх долуш ву бохучух ,
«Г1иллакх ялсаманера схьадеъна ду» бохург х1ун ду? Иштта д1а
а кх.
2.
1амийнарг
карладаккхар.
Дийцал г1иллакх х1ун ю? Г1иллак - адамаша
вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа
уьш « оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов,
оьздангалла ДАЛЛА ечу 1амалца, гонахарчу 1аламца, шен дег1аца, дагца, ойланца
стаг ц1ена хилар а ду.
Оьздангалла бохучух муха кхета шу?
Оьздангалла дуьххьалд1а х1ора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца
1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш ю.
3.Урокан чулацам бовзийтар. Кху урокехь вайна хуур ду стага
шен дег1аца лело деза г1иллакхаш. Стеган оьзда массо а х1ума хила деза -
ойла а, духар а, г1иллакхаш.
ü Мел хаза духар хиларх г1уллакхаш
лелориг оьзда доцуш хуьлу.
ü Ц1еналла - ах дин ду, - аьлла ДЕЛАН
элчас., Делера салам - маршалла хуьлда цунна.
ü Шен дег1 ц1ена лелор.
ü Ламаз динан шолг1а б1ог1ам хилар,
дог- ойла ц1ена хуьлу, къинойх ц1анво.
ü Стеган оьздангалла цо лелочу
г1иллакхашна т1ера д1айолало (духар, сурт, сибат).
Стега
оьзда массо а х1ума хила деза- ойла а, духар а, г1иллакхаш а.
4.
Дешархошка
шайга болх байтар.
(кхаа тобане боькъу дешархой)
Т1едиллар:
1-ра тоба - муха кхета шу: «Ц1еналла – ах дин ду»
бохучух?
2-г1а тоба - « Ах стаг бедаро во», - бохучу кицано
х1ун гойту ?
3-г1а тоба – Эксперташ ( Дешархоша бинчу балхана жам1 до
эксперташа)
5.
1амийнарг
т1еч1аг1дар - Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнан
оьздангаллин гайтам бу духар. Ткъа духар уггар хьалха д1адолало коьрта туьллучу
х1уманна т1ера, коьрта 1уьйра аравалар магош ца хилла, зудчунна хьовха,
боьршачу стагана а. И г1иллакх ширчу заманахь дуьйна схьадог1уш ду, шеен
к1орггера маь1на а ду цуьнан Ширчу заманахь коьртахь х1ума лело бакъо ца хилла
шен схьавалар, оьзда ц1ена доцчу стеган…
· Хаза г1иллакх доьналла долуш
волчу стагехь бен хуьлуш дац.
· Хазчу г1иллакхо стеган
сийлаллин дарж кхуллу.
· Г1иллакх мах ахчанца хадалур
бац. Г1иллакх ахчанца эцалур дац.
· Стеган амалехь угаре а
сийлахьниг - хаза г1иллакх ду.
· Стеган оьзда массо а х1ума
хила деза – ойл а, духар а , г1иллакхаш а.
· Стеган дег1аца йолу
унахц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар.
6.
Г1иллакх - (Касумов С-М.)
-
Хьалха дайша лелош хилла,
Лерам
барца оьзда г1иллакх,
Тахна
алсамдаьлла х1илла,
Дисна
иза доь.лхуш г1ийла …
7.
Жам1 дар: - Дийца керла х1ун хиира вайна кху урокехь ?
- Вайна юкъахь мила ву и вай дийцина г1иллакх
долуш, оьзда волуш?
8.
Ц1ахь
бан болх: Язде шайна оьзда я хаза г1иллакх долуш хетачу накъостах
лаций.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.