Инфоурок Родная литература Статьи«Нохчийн мотт-селхана,тахана,кхана» Родная литература (11 класс)

«Нохчийн мотт-селхана,тахана,кхана» Родная литература (11 класс)

Скачать материал

                                                       Доклад

                                       Нохчийн мотт-селхана,тахана,кхана.

 Азаллехь Дала синош кхуллуш, халкъаш къестош, нохчийн къомана совгIатна белла вайн ненан мотт.
Доьзалш  оьздангаллин ойланехь  кхетош-кхиорехь,
 тахана а вайн дахарехь  уггаре  йоккха меттиг дIалоцу цо.
Лаа аьлла дац эвлаяа  Соип-моллас:"
Iаьрбийн мотт Iамабелаш-ийманан мотт бу шуна  иза; оьрсийн мотт  хаалаш-шайх хила доллург  хIун ду хуур ду  шуна; ингалсан  мотт Iамабелаш – бахаман  мотт бу шуна иза;нохчийн мотт ларалаш-ненан мотт гӀиллакхан мотт бу шуна .Бан а бу вайн мотт -гӀиллакхан мотт. Царех ду цхьа башха хаза гIиллакх белхи. Белхеш тайп-тайпана хуьлуш бу : тIаргIа къажбеш, поппар хьокхуш, хьаьжкIаш йохуш, доча бIарийн тIамарш йохуш.Ткъа иштта йуьртахь некъаш тодеш,кешнаш цIандеш . Уггар  коьртаниг керла хIусам йеш вовшашна гIо деш хилла йуьртахоша. Хаза гIиллакх ду  нохчийн цIенна тхов баьккхина бевлча , белхалошна совгIаташ деш, бе-берса кхача кечбеш.

Беркате хилла дайн гIилакхаш,  дукха хьолахь поппаран белхехь, йа тIаргIа къажбечу белхехь кегирхойн вовшийн бовзарца кхоллалуш хилла керла доьзалш. 

  Ткъа карарчу  хенахь халахеташ делахь а , и гIиллакхаш дIадовлуш ду  вайна йукъара. Бакъду йарташкахь нисло некъаш тодеш,кешнаш цIандеш болу белхи.

Тахана шена тIера дIа, хIорамма оьзда гIиллакхаш дендар тIехь гIо лаьцчи, кхоман лар йовр яц. 

Дуккха а Iилманчаш, яздархой, журналисташ бу вайн мотт кхиорехь а, талларехь а къахьоьгуш.

 

И мехала хазна дIа ца йайта чIагIо йина, цуьнан жовхIарийн буьртигаш берриге махкахула лоьхуш,шайн жайнашна а, Iаматашна  а йукъадалош къахьегна а, къахьоьгуш а нах дуккха бу вайн. Царах лаьцна дуьйцуш хезна суна Ӏилманчаша.

Масала, нохчийн халкъан поэта Сулейманов Ахьмада, I944-чу шарахь, цIера арадолучу хенахь, оццул ша жима хиллашехь, цхьанабуьйцуш хиллачу чхарна тIе а ведда, гола а тухуш, чIагIо йира боху мехкан меттигийн цIераш, йицйийр а ма йац, ца йевзарш Iамор а ма йу, ша аьлла.

Цо шен чIагIо кхочушйира. Башха жайнаш делла ца Iаш, цо халкъана доккха совгIат дира Iилманан жайнаш арахецарца а. «Топономия Чечено-Ингушетии», аьлла дара уьш шовданийн, лаьмнийн,  хьехнийн,Iаннийн, хотийн, тогIенийн цIераш а, уьш схьайовларан бахьанаш а дуьйцуш.

Халкъан барта кхолларалла дIа а йайна, дуьссур дара вай Советан Iедало шен мур берзочу киртигехь  литератор а, Iилманча а Джамбеков ШаIрани ца хиллехь (Дала гечдойла цунна!).Халкъан фольклоран массийтта томехь болу белхаш арахецарца  совгIат до цо нохчийн дерриге а халкъана. Республикан массо а йарташка кхочуш, фольклоран тайп-тайпана агIонаш гулйеш баккхийчаьрца гергарлонаш туьйсуш, аьхкенан мур дIахьора боху цо университетехь Iамош болчу студенташа.

Оцу  студентех дукхаха берш бу тахана нохчийн литературан а, журналистикан а йуьхь-сибат хилла дIахIиттинарш.

Дукха хенахь дуьйна кхоллараллин наха шайга  дукха  сатийсина хиллачу паргIатоно неI йиллина тахана Россин Турпалхочо, Нохчийн пачхьалкхан Мехк-Дас Кадыров Ахьмад -Хьаьжин Рамзана. Хууш ма-хиллара 2023шо-Нохчийн меттан шо ду аьлла, шен омрица дIакхайкина ,доккха беркат а, ниIмат а ду нохчийн маттана цо шен терго йар. Цу тIе а доьгIна ,республикехь дIахьош ду цхьаьнакхетарш, семинараш, поэзина лерина суьйренаш.

Культурехь,  литературехь, Iилманехь талламаш  бан, кхолларалллин   цIергахь  ма- хетта   ваго  таро  йу  кхоллараллех  Iоттавеллачу муьлххачу    стеган а.

Республикан тIегIанехь хилла  ца  Iаш, генарчу  лаьмнийн  ярташкарчу   оьздангаллин   цIеношкахь  а дIахьош  йу, дешархоша  а, кегийрхоша    а   шуьйра  дакъалоцуш  йолу   «Синмехаллаш»  цIе йолу  конкурс.   Мах хадон баьхкина къаной  цец а бохуш , къоман шира гIиллакхаш, оьздангаллин кепаш шайна дика йевзаш хилар хоуьйту цара.

Гуобаьккхина республикехь барта а, зорбанца а, гайтаршца а дIахьочу оцу балхо школийн хьехархошна а доккха гIодо нохчийн мотт, литература дешархошна Iамо.

 Сайн доклад йерзош, нохчийн журналистан, йаздархочун Дадаев Сайд-Хьасанан дешнаш дало луур ду суна:

 Нохчийн мотт ша цхьаъ лелаш бац. Нохчийн мотт бийцарца бен вайн къоман гIиллакхаш лардар хир дац, дай Iадаташ ларлур дац, эхь-бехк а лардар хир дац. Кхечу къоман мотт бийца волавелла стаг оцу къоман амале воьрзу. ХIора меттан шен амал йу, къоман санна. Нохчийн мотт - нохчийн гIиллакхаш ду, нохчалла йу, нохчийн къонахалла йу.

                               

 

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "«Нохчийн мотт-селхана,тахана,кхана» Родная литература (11 класс)"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Юрист

Получите профессию

Экскурсовод (гид)

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 672 337 материалов в базе

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 21.01.2024 274
    • DOCX 17.9 кбайт
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Хасаров Рамзан Шараниевич. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Хасаров Рамзан Шараниевич
    Хасаров Рамзан Шараниевич
    • На сайте: 8 лет
    • Подписчики: 4
    • Всего просмотров: 60104
    • Всего материалов: 13

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Менеджер по туризму

Менеджер по туризму

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Изучение классической русской литературы в современном контексте на уроках с учетом реализации ФГОС СОО

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 37 человек из 21 региона
  • Этот курс уже прошли 230 человек

Курс повышения квалификации

Актуальные вопросы преподавания литературы в условиях реализации ФГОС

72 ч.

2200 руб. 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 128 человек из 42 регионов
  • Этот курс уже прошли 466 человек

Курс повышения квалификации

Особенности преподавания родного (русского) языка и родной литературы в образовательной организации

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 151 человек

Мини-курс

Современное инвестирование: углубленное изучение инвестиций и финансовых рынков

8 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 28 человек из 14 регионов

Мини-курс

Современные подходы к духовно-нравственному воспитанию дошкольников

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 13 человек

Мини-курс

Феноменология в педагогике: основные концепции и их практическое применение

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе