Инфоурок Другое Научные работыНПК по Чеченской литературе: "Айдамиров Абузаран кхоллараллин лехамаш а, кхиамаш а".

НПК по Чеченской литературе: "Айдамиров Абузаран кхоллараллин лехамаш а, кхиамаш а".

Скачать материал

         

     Научно – практическая конференция  «Шаг в будущее-2017»

                

              

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Айдамиров Абузаран 
кхоллараллин лехамаш а, 
кхиамаш а.

 

Докладчик:  ученица 8 «В» класса  СОШ №42 г.Грозный

                                 Берсанукаева Раяна Висамбиевна

                    Научный  руководитель:  Илясова Зина  Хамидовна

(преподаватель чеченского языка и литературы, высшее, 40 лет, высшая)

                                                    

Грозный - 2017 г.

 

            Чулацам
  

 

       Д1адолор…………………………………………………аг1о 3

       Дахар а, кхолларалла а…………………………...……аг1о 5

       «Еха буьйсанаш»………………………………….........аг1о 11

      «Лаьмнашкахь ткъес»………………………………….аг1о 16

      «Дарц»…………………………………………….……...аг1о 17

      «Сан дахаран некъ»……………………………..….….аг1о 21

      Музейх дош………………………………………………аг1о 22

      «Вина мохк»……………..………………………………аг1о 26

      «Гуьйре»………………………………………….………аг1о 28

     «Ненан мотт»……………………………………..………аг1о 29

      Д1адерзор………………………………………..……….аг1о 30

      Пайдаэцна литература

      Приложенеш

 

       

 

                

 

 

 

                                          

 

 

 

                            Д1адолор

                                                          Лаьар-кха сайн оьмар жимма яхлойла,

                                                          Хьомечу халкъана, махкана ваца.

                                                          Цаьршиннан ирс кхуллуш доггах къахега,

                                                         Т1аьххьара ц1ийн т1адам царна  д1алойла…

           Х1ора а къоман литературехь тайп-тайпанчу бахьанашца х1ара я важа жанраш къаьсттина билгалйовлуш заманаш  хуьлу. Д1адаханчу б1ешеран 60-70 г1ий шерашкахь нохчийн литературехь иштта жанр хилира историн роман. Кхойтта шарахь хийрачу махкахь мух1ажарш хилла даймахка юхабирзина нохчийн керла дахар д1адолош бара. Царна х1инца ч1ог1а лаьара шайн истории хаа, цуьнан уггаре бохаме хилла аг1онаш йовза. Цундела тамашийна х1ума дацара баккхийчийн чкъурах болчу яздархоша историн романа т1е тидам берзор. Арсанов Саь1ид –Бейс  «Маца девза доттаг1алла» романехь теллира 19-г1а б1ешеран юьххье кхаччалц хила  долу нохчийн халкъан дахар, амма роман чекхъяккхаза йисира. Ошаев Халида шен «Алун шераш» трилогехь гайтира     19-г1а б1ешеран 40-г1а шерашкара дуьйна -20-г1а б1ешерашкара  граждански т1ом чекхбаларе кхаччалц д1абахна хиламаш.  Мамакаев  Мохьмада шен  «Зеламха», «Революцин мурд» романашкахь кхоьллира 20-г1а б1ешеран юьххьехь нохчийн халкъан дахаран сурт шина турпалхочун васташ т1ехь –цхьа лелачу обарган Зеламхин а, нохчийн халкъан  революционни къийсаман куьйгалхочун Шерипов Асланбекан а. Ц1ераш яьхна и ерриге  произведенеш, шеко йоццуш, исбаьхьаллин кхиам бара оцу шерийн

       Айдамиров Абузар нохчийн яздархойн керлачу чкъуран векал вара, цуьнан бералла дерриге халкъаца махках ваккхарна кхоьлина дара, цунна хьалха х1ора денна х1уьттура, шен  халкъан а бехках лаьцна   хаттар–стенна, х1ун бахьана долуш махках къастийна ша? Нохчийн  халкъах, шаьш 1амийначу ненан маттах, шайна ца хуучу шайн историх, ца евзачу культурах хьакхалуш мел дерг ч1ог1а дагах кхеташ т1екхиъна чкъор дара и. Оцу дерригено а балийра вайн литературе д1адаханчу б1ешеран 50-60 шерашкахь Айдамиров Абузар а, иштта Арсанукаев Шайхи, Хасбулатов Ямлихан, Окуев Шима, Сатуев Хьусейн, Кибиев Мусбек, кхин  дуккха а .

       

      Х1окху Дуьненахь адамийн тобанан, кхетамца, цхьана  маттаца, дуьнене  хьежамашца  кхиъначу халкъан я къоман шена юкъахь ц1е йоккхуш къаставой, оцу къоман дика-вон шен сица кхобуш, дагца къуьйлуш,эхь-бехкан, доьналлин, собаран а, масал хуьлий лаьтташ стаг-къонах хуьлу. И стаг-къонах, шегахь къоман эс лардийриг, эхь-бехкан хехо, замано ха харцарх шен юьхьан чкъор, амал, дог-ойла ца хуьйцуш лаьтта, наж-дитт санна лаьмнашкахь, мацах-цкъа  дайша йоьг1на б1ов санна. Цуьнан дахаран некъех а, цуьнан дашах а хан-зама яларца къилба хуьлу, адамаллин, къинхетаман, доттаг1аллин, стогаллин, собаран гечонах тиллачунна нисвала г1о деш… Массо  а къаьмнийн бу яздархой-хьехамчаш, къонахий, къаной, дешан ох1ланаш, са ц1ена нах.  Церан ницкъ кхочу шен къоман лазамах кхечу къаьмнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш  даккхийдейта.

 

     

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Дахар а, кхолларалла а.

23966177_chechnya_zhilische_chechni.jpg        Нажин-Юьртан  к1оштара Меската юьртахь  дуьнен  чу ваьлла  Айдамиров  Абузар  1933-г1а шарахь (т1аьххьарчу хенахь карийна йозанаш бахьанехь, 1929 шо лоруш а ду и). Шен юьртахь юьхьанцара школа чекхъяккха бен ца ларийра иза.

 

  

 

 

 

 

 

 

       Цуьнан  бералла  хедира 1944-чу шарахь, оцу шийлачу, бохамечу февралан      23-г1а дийнахь, дерриге  халкъаца  цхьаьна генарчу Казахстане вуьгучу новкъа ваьлча, бехке а воцуш, амма  Даймехкан  ямартхочун, халкъан мостаг1чун  ц1е а т1ехь. Шен Даймахках нуьцкъах къастийначу Айдамиров Абузаран-хинволчу поэтан, прозаикан, публицистан –кхоллараллин боккха т1е1аткъам бинарг дара  иза ша теш хилла волу 30-г1а шерашкахь советийн 1едало халкъана ницкъаш бар  а, 1944 шарахь  нохчийн къам махках даккхар а.

 

   

 

 

 

 

 

       Цуьнан г1орасизчу белшашна т1е дуьйжира халонийн дукъ, уьш цо къонахаллица, къар ца луш иэшайора, болх беш, деша а доьшуш . Аренаш лелархойн бригадин учётчикан, школан библиотекаран белхаш  бира цо. Даймахка юха ц1аверзаро новкъарло йира Пишкекера юьртбахаман техникум чекхъяккха, х1етахь цигахь доьшуш вара, иза амма бухгалтеран корматалла цуьнан синлехамашца цхьаьна ца йог1ура. Циггахь, Юккъерчу Азин йистйоцчу г1амаршлахь, къомо ловш йолу харцо гуш, 1едало маттаца цхьаъ а дуьйцуш, даррехь лело къизаллаш гуш, церан бахьанийн дуьхье кхиа г1ерташ, кхоллало хинволчу яздархочун дахаре а, дуьнене а болу хьежамаш.                

         Уьш д1агайта, бовзийта болу лаам хилла Айдамиров Абузаран дахарехь коьрта 1алашо.

         1957-г1а шеран 1-ра сентябрехь дуьйна шен  биографехь керла аг1о схьайиллира Айдамировс Мескатара школе хьехархочун  балха вахарца. 1958-63-г1ачу шерашкахь хьехархойн историко-филологин  факультетан заочни  декъехь  доьшу цо. Дукха хан ялале школан директор х1оттаво иза. Хийла шераш д1адоьлху цо хьехархочун, яздархочун хала къинхьегам цхьаьна  д1ахьош. 1едалан  т1ег1анехь д1а  ца кхайкхинехь а, бакъволу халкъан яздархо, халкъан хьехархо вара иза.

                                                                                                                 Айдамиров Абузаран кхоллараллин некъ  д1аболабелира 1956 шарахь, цо Алма-Атахь зорба тухучу «Къинхьегаман байракх» газете  шен  дуьххьарлера произведенеш д1аелча дуьйна. Х1етахь оцу газетехь цхьаьнакхеташ бара репрессийн  шерашкахь х1аллакьхиларх Делан цхьа къинхетам хиларна дийна бисина баккхийчийн  чкъурах яздархой. Уьш сталински лагерийн жоьжахатих чекхбевлла бара. Ошаев Халид, Мамакаев Мохьмаддий, 1аьрбий, Арсанов Саь1иид-Бей. Цига боьлхура  керлачу чкъуран векалш а, царах вара Айдамиров Абузар а.

     Цуьнан  дуьххьарлера  стихотворенешший, дийцаршший шайн  чулацамца, кепаца оцу заманан  яздархойчарех  к1езиг  къаьсташ яра.  «Кехат» ц1е йолчу дийцарехь къоначу шина  адаман  васташ  кхоьллира Айдамировс . Солтин а, Дадашан а хиндолчу ирсана  новкъарло йира  дуьххьара т1амо, т1аккха-махках  дахаро а. Оцу шерийн стихотворенешкахь, Кавказера репрессеш  йинчу кхечу  халкъийн яздархойн санна, коьрта тема  Даймахке безам бара.  «Вина  мохк» стихотворенин турпалхо автор ша ву, еххачу ханна Даймахках къаьстина, юха ц1авирзина.  Цуьнан воккхаверан синхаамаш  мича бахьанина кхоллабелла бу кхетара массо а ешархо .лирически турпалхочо, ша стенна, мича бахьанина къастийнера Нохчийчоьнах нийсса схьа ца алахь а .

      

                         

                                                   Бераллехь со хьоьха

                                                   Къаьстинчу хенахь

Суо жима бер  долуш

                                                  Ас ма -биттара ,

                                                  Карий хьо ас дагахь

                                                  Латтийнчу суьртахь,

                                                  Сих- сиха г1енаха

                                                  Суна ма-гарра

                                                  Ахь со т1еийцира,

                                                  Нанас бер санна

                                                  Хьаьстина хийла

 

 

 

 

 

 

Хьан лаьмнаш, аренаш,

                                                Баьццара хьаннаш

                                                Ас дагчохь ларйира

                                                Массанхьа сайца…

                                                Беза хьо, Нана-мохк-

                                                Дай баьхна латта.

                                                Хьоьца ду сан ирс  а,

                                                Ас мел ен ойла …

                                                Хьан дуьхьа къахьега,

                                                1ожалла  т1еэца

                                                Ца луун долу к1ант

                                                Дена ма  войла!

             Цо х1етахь  язйинчу лирикин  байтийн дешнаш  т1ехь иллеш а, эшарш а кхоьллира  («Хьоьга», «Хьоьца  ирсе хила лууш, элира»,  кхиерш  а).   

    60-г1а  шераш  кхиаме хилира Айдамировна. Т1аьххьий, хьалхий араюьйлу цуьнан  киншкаш : «Ненан дог» (1961), «Винчу ломахь»(1962), «Лаьмнашкахь серло» (1963), «Генарсолтин хьуьнарш» (1965), «Тхан юьртахь» (1966), «Маршонан ц1арах» (1968).

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

              Цуьнан кхолларалла шуьйра  йовза йолало  ешархошна.


Безаман лирикехь цо хьоьху г1иллакх –оьздангалла, дегнийн ц1еналла, махкана а, халкъана а хьанал хилар. «К1ант веллачу дийнахь», «Жерочун дийцар»  произведенешкахь нохчийн 1ер-дахаран, ламастийн баххаш шайн ч1аг1аллех дохадоьлла хилар гайтина автора дика а, вон дерзоран шира, оьзда г1иллакхаш вайн дахарера гуттаренна а д1адовларна кхеравеллачу стеган орцане мохь хеза оцу шина а дийцарехь.

     Амма и произведенеш яцара Айдамировн кхолларалла дийнна халкъе  къобалъяйтинарг. Уьш историн  проза яра. Дуьххьара историн темина т1е тидам бахийтира цо 1963-г1а шарахь «Лаьмнашкахь серло» гуларна юкъаяханчу «Маршонан ц1арах» повестехь. Яздархочо цул т1аьхьа язйийр йолчу историн произведенийн бух бара и. Россин империн олаллина дуьхьал халкъаша д1абаьхьна шайн парг1атонехьа болу къийсам гойтура автора.

 

 

 

 

 

 

 

Повестан турпалхо 1ела –Кавказан  т1еман, иштта 1877-1878 шерашкара 1аьлбаг-Хьаьжа коьртехь  волуш маршонехьа ламанхоша бинчу г1аттаман а декъашхо, Сибрехахь ткъе пхи  шо  даьккхина, винчу юьрта юхавоьрзу. Къийсаман новкъа бовла луурш 1елина гонаха цхьаьнакхета, церан хьехамча, Кавказерчу революцин боламан  туьшашца з1е латтошверг а хуьлу цунах.   

1905-1907 шерийн хьалхара революцин т1емашкахь кхелха 1ела. Цу кеппара, шовзткъе итт шеран муьрехь  Нохчийчохь а, Россехь а д1абахна коьрта хиламаш гайта г1оьртина яздархо, амма цуьнан аьтто ца белира жимачу  повестехь и  беха, боккха  мур гайта. И цо  кхочушдан  долийра  1968 шарахь  изза  повестехь шоръярна т1ера. И повесть ешархошна йовза  а евзира.

         Шен кхоллараллин юьххьехь дуьйна Абузара нохчийн халкъан д1адахначу дахаран тидам к1орггера гуш дара, цо шен муьлххачу а произведенехь карара  я хиндолу дахар историца дустуш хиларца. Иза беккъа цхьа хиламаш бийцина ца 1аьш, церан бух мичахь бу, х1ун з1е ю церан халкъан дахарца бохург талла г1ертара.

             Цул т1аьхьа т1евирзира Айдамиров Абузар шен  трилогина. Ткъе итт шарахь  сов болх бира цо цунна. Оцу трилогина  юкъаяхна «Еха буьйсанаш» (1972), «Лаьмнашкахь ткъес» (1989), «Дарц» (1999) романаш. Нохчийн литературин  исторехь ешархошна юкъахь «Еха  буьйсанаш» роман санна боккха кхиам хилла бац  цхьана а  произведенин.

        « Еха  буьйсанаш»  роман  екъало кхаа декъе. Хьалхарчу  «Дагийна латта» ц1е йолчу декъехь  дуьйцу Къилбаседа Кавказан  ламанхоша къоман  парг1атонехьа латтийначу, антиколониальни  къийсамах. Яздархочо бовзуьйту  вайна  Нохчийчохь  иттанаш  шерашкахь  лаьттина къийсам, нохчийн  халкъан  иэшамех, бохамех  дуьззина хилла  дахар. Оцу  буьрсачу, т1ом угар марсабаьллачу хенахь  хилла  т1еман-политически, социально-экономически  г1уллакхаш  автора  ша  дийцарца  девза  вайна, я турпалхойн  кхетам бовзийтарца  довзуьйту. Т1еман  буьрсачу шерашкахь, 1810-г1а шераш  дуьйладелча, нохчийн  халкъан  дахарехь  хиллачу  хийцамаша сихдира  цунна  юкъахь  социальни а, классови а къестамаш  кхоллабалар, г1о  дира  цунна  хуьлуш  долчу  политически  г1уллакхан  хьесап  дан  хаар  к1аргдаларна.  Халкъана юккъехь кхиира идейни баьччанаш, амма цаьрца цхьаьна кхуьуш йог1ура халкъан буржуази а. Т1аьххьарчара халкъан хьашташ, цуьнан карара хьовха, т1аьхьа т1ехиндолу хьал-дахар паччахьан администрацина латтанех, детех, чинех духкура. Шен хьадалчашна д1асадекъа иза шортта хилийтархьама, цу т1ехь дехаш долу халкъ цхьанхьа нацкъара татта дезара.

    И тайпа некъ  х1ирин  инарла-майоран  Кундухов  Мусина  дагабеара, шеггара (шена  хуьлучу  пайденна) къайлах  барт  бира  цо Хункар  паччахьан  векалца  Россехара  нохчийн  пхи  эзар  доьзал  цига д1акхалхо. И исторически  бакъдерг  ду  романан  сюжетан  бух  х1оттийнарг .

           Дукха  ю  яздархочо кху  т1ехь  х1иттош йолу проблемаш. Кхузахь ю эпохин  социальни  къийсамашца  кхоьллина  халкъан  дахаран  трагедин проблема: кхузахь  ю безаман  а, къинхьегаман  а  проблема: муьридизман, цуьнан  идейни концепцин проблема, «дай», «бераш»  халкъо  маршонехьа  латточу  къийсамах  тайп-тайпана кхетар, т1аьххьара а –обаргалла, цуьнан  чулацам, оьрсийн  ахархойн  кхоллам а и д1.кх.  Уьш х1итторца гучудолу вайна халкъан декъаза кхоллам оцу халкъан юкъара, цунна ямарт хиларца, хьоладайн сослови а хилла д1ах1иттинчу чкъоро беш хилар. Исторически  бакъдолчунна  т1ете1арца  яздархочо  типически  васташца  гойту  вайна  оцу  сословино  дахарехь  лехна  некъаш, церан  мораль а.

     Романан турпалхошна  юкъахь  халкъехь  лаьттийнчу  къизаллица  г1араваьлла ву 1ийса. Цо дукхаза  дакъалаьцна, куьйгалла а дина  масийтта  экспедицина. Цо луьра  та1зар  дора   г1аттамашна, ойла ца еш, шен  1алашонна  т1евоьдура.

      Цуьнан к1ентий  Дакаш, Саьмби, Ловдий, изий  къийсаман  тайп-тайпанчу  аг1онашкахь  нисвелла. 1исин  к1ентий –къинхьегаман  халкъан  хьашташ кхочушдархьама  бала  а  кийча бу.

   1исин, цуьнан  к1ентийн вастийн  масалшца яздархочо  говза  хоуьйту вайна оцу  хенахь  Нохчийн лаьмнашкахь т1еман  1алашонех, цуьнан  некъех  лаьцна  тайп-тайпана  кхетамаш   хилла  хилар а, ткъа  оцу  кхетамийн  тоьлашха  йолчу  ойланаша халкъан  къийсамна  атта, дика  а  некъаш  лехна хилар а.  

    «Еха буьйсанаш»  романехь  Нохчийчохь  хилла  дахар  гайтина  ца 1а  яздархо.   Салтичун Василин, эпсаран Косалаповн  типически васташ дахкарца  оьрсийн ахархойн Россин геннарчу губернашкахь хилла дахар а, прогрессивни кхетам болуш хиллачу эпсарийн  идейни т1етовжамаш гайтина Абузара. Яздархочо  ца  хьахош  ца  юьту  динан  идеологин  проблема а. Шайн  парг1атонехьа  г1евттина  адамаш, коьрта  долчунна, вовшахтохаран  ницкъ  бина  д1ах1оьттинера  халкъан  коьртехь  лаьттинчу  цхьаццаболчу  баьччанаша  дино  нахана  беш  болу  т1е1аткъам.

     Керлачу, къоначу  баьччийн  чкъор  кхуьура цу  хенахь, царна  лаьара  халкъан  боламна   керла  идейни  бух  кхолла. Эскаршкахь  низам  латторхьама  царна  бег1ийла  карийнарг  шари1ат дара. Романан  турпалхой  Берсий, Аьрзой, Маккхалуьш  бу  оцу  куьйгалхойн  векалшУьш  къинхьегаман  халкъан  к1оргенера  схьабевлла  бу. Цара  ч1аг1о  йинера  халкъан  хьашташ  кхочушдеш  шайн  синош  д1адала.

    Нохчийн халкъо шен маршонехьа къийсам гайтарца цхьаьна  Айдамировс довзуьйтура вайн г1иллакхаш, ламасташ, синъоьздангаллин мехаллаш, маьршачу син уггар лекха  лакхенаш. Цуьнан ницкъ кхаьчна, нохчийн халкъо  сийлахь мел лерина долу г1иллакхаш амалш- собар, майралла, доьналла, оьздангалла, къинхетамалла оцу  цхьана турпалхочуьнгахь дуьззина гайта. Масала, мацах шена езна, ткъа х1инца кхечуьн долахь зуда йолчу Эсетца ларамаза  цхьаьнакхета Аьрзу  хьуьнах.

  «-Цхьанна кхузахь вайша  гича, муха хир ду те, Эсет?-хаьттира Аьрзус, воьхна д1аса а хьаьжна. Цкъа а кхерам  х1ун ю ца хиъна, майрачу т1емалочун дахчаделла дог, тахана оцу зудчуьнца  цхьа висча, к1илло хила тохаделира …», -боху яздархочо. Муьлхха а оьзда  нохчи санна, Аьрзу кхоьрург ду ша санна волчу  къонахчунна (Эсетан майрачунна ) ша бахьанехь даг чу шеко, вас кхоллаялар. Шен дег1ан лаамийн  а, синхаамийн а лай воцуш, эла ша хилар гойту цо кхузахь.

   «Еха  буьйсанаш»  роман  халкъан  д1аяханчу  исторехь  хилла кхоллам вуно  дика  гойтуш ю. Т1аьххьарчу шерийн  хиламаш  т1екхачалц цунна т1еберзийна  тидам  лах а ца белира. Х1ун  бахьана  дара романаш оццул боккха  кхиам  хиларан?

     Шеко  йоццуш, царах уггаре  коьртачех цхьа бахьана ду: Айдамиров Абузара  шен  романехь  халкъан  исторера шуьйрра  мур чулацар, х1инццалц  шайх лаьцна  ца  яздина хиламаш  цо  бийцар  а. Кавказан т1ом  цо гайтина керлачу  кепара, цуьнан  дакъалацархойн  дагалецамашкахула. Ламанхой боккхачу барамехь  1865-г1а  шарахь  Турце  д1акхалхаран  тема а нохчийн литературехь  х1етталц  хьа ца  еш лаьтташ яра,  ала мегар  ду. 

    Айдамировл хьалха а, цул  т1аьхьа  а  мух1ажарийн  темина  т1е  тидам  бахийтинера Кавказерчу  яздархоша, масала, Кануков  Иналан «Ламанхой-мух1ажарш»  очерк, Базоркин  Идрисан  «Б1ешерийн  боданашкара», Шинкуба Багратан «Д1абаханчех т1аьххьарниг» романаш, Лохвицкий Михаилан «Ткъесан г1уг1» повесть, кхиершший. Нохчийн  литературера  алаза дерг  д1адаьккхира Айдамиров  Абузара  шен  романца, и  бахьанехь  хилира  цуьнан  кхиам а .

      Лакхахь билгал  ма-даккхара, «Маршонан ц1арах»  повестан буха  т1ехь  кхоллаелла  Айдамировн   кхуьй а  роман.

       «Еха буьйсанаш»  романера  коьрта  хиламаш д1адаханчу б1ешеран 60-г1а  шерашкахь  д1абоьлху. Советийн пропагандой, юкъарчу культурой, «вайша  муьлххачу шарахь  дуьнен  т1е  ваьлла  велахь а, вайшиъ  вуьрх1итталг1а  шарахь  вина ву»  боху ойла  яйта  хьийзошшехь, ешархо кхетара  шен  халкъан истории цигара схьайолалуш  цахиларх, цуьнан орамаш кхид1а а к1оргене  д1адахана  дуйла, шен  къеггина  аг1онаш, къонахий болуш  хиллийла а. И  маь1на  дара  романан, т1еэцар  а  хилира, исбаьхьаллин  произведени  санна  хилла  ца 1аш, историн  документ  санна.

       «Цхьанаметта  латтаран» аьлла  билгалдаьхначу шерашкахь  «Еха буьйсанаш»  роман  зорбатоха  аьтто  хилира  меттигера  идеологаш  оцу  романан  дуьззинчу  маь1нах  ца  кхетарна. Цул  т1аьхьа г1еххьа хан яьлча,

70-80-г1а шерашкахь, цхьаболу  1илманчаш, партин  т1едиллар  кхочушдеш, историга жигараллица  юхахьовса, и талла  боьлча, романна  1аламат дукха  критика  ян  буьйлира, баккъал  аьлча, иза ешар, йийцар дехкар дара и. «Иштта, масала, 1983-г1а шарахь яздархочун 50 шо кхачар билгалдоккхочу  хенахь, даздаран вовшахтохар  д1ахьош, оцу романан  ц1е  яккха а магош  дацара –иштта  аьлла  директива  яра т1еэцна, и кхочушъярна т1ехь  б1аьрг  сирла  терго  а яра  латтош. Амма оцо  ешархойн  тидам  лах-м  муххале  ца  бора  и роман  еша  лаам  кхоллар бен. «Еха буьйсанаш»  романа  «реабилитаци»  яр  перестройкин  шерашкахь бен, 1990-г1а шарахь, ца хилира, х1етахь Айдамиров  Абузар СССР-н  Лаккхарчу Советан  депутат  вара. Роман  юха а арахийцира, ткъа  цул  т1аьхьа, 1992-г1а шарахь, эххар, иза араелира оьрсийн  маттахь а.

 

 

 

       


 Кхин а бохаме  хилира  трилогин  «Лаьмнашкахь  ткъес» ц1е  йолчу  шолг1ачу  киншкин  кхоллам а. 1аьлбаг-Хьаьжа  коьртехь  волуш  хиллачу г1аттаман  б1е  шо  кхочуш, 1977-г1а шарахь, цу т1ехь беш  болу болх  чекхбаьккхира автора, амма  и  арахецар  ца  хилира  цул  т1аьхьа  шийтта  шо  даьлчий бен. 

         Зорбатоьхна а  йоццушехь, цу  романа, партийн куьйгаллин  т1едилларца, дуккхказза  реценцеш  язйина  яра, цуьнан  герггарчу хьесапехь  гочдар  а динера, республикера  партин баьччанашка ешийтархьама. 1983-г1а шарахь, яздархочун юбилейна  лерина зорбане кечйина и  саца а йина, «Ненан дог»  ц1е  йолу киншка арахийцира. Цу юкъаяхийтина стихаш, вайзаманах лаьцна  дийцаршший, повесттий идеологина кхераме  йоцурш  яра.»-боху вевзаш волчу яздархочо Минкаилов Эльбруса шен цхьана статьяхь.

 «Лаьмнашкахь ткъес»  роман  «Еха  буьйсанаш»  романан  темица  йоьзна ю, трилогин  хьалхарчу  декъехь  болу  турпалхой  а  балийна  цунна  юкъа, иштта  1аьлбаг а. Керлачу  романехь яздархочун  коьрта  тидам  т1ебахна  1877-1878  шерийн  хиламашна, Росси, Турцица т1ом  бахьанехь, шен  коьрта  ницкъаш  цига  д1аоьзна  йоллуш, ламанхоша  г1аттам  бинера, и къиза  хьаша  а хьаьшира. 1аьлбиггий, уьнан  гергара  б1аьхаллин  накъостий а  ирхъоьхкира, декъашхойх  б1еннаш  набахтешкий, сибреха  д1ахьовсийра. 1877-1878 шерийн  г1аттам ламанхойн  т1аьххьарлера  болам  бара.

Цул т1аьхьа дог1учу  шерашкахь Кавказехь  шуьйра  д1асабаьржира  обаргийн болам. Нохчийн  иллийн  гочдаршна  ша  язйинчу  дешхьалхехь  Шерипов  Асланбека  билгал  ма-даккхара, «1едало  бахархошна т1ехь та1зар латтадора, ткъа  обаргаша  та1зар латтадора 1едална  т1ехь».

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

        Амма обаргех  уггаре  вевзаш, г1араваьлла  векал  харачойн  Зеламха вара, итт шарахь  сов,  1913-г1а  шарахь ша  валлалц, областан  куьйгаллина  кхерам латтийна волу.

 

 

 

 

 

 

 

 

           19-г1а  б1ешеран  чаккхенехь, 20-г1ачун юьххьехь  а хилла  социальни-экономикин, политикин  хьал, оьрсийн  хьалхара  революцин хиламаш, и эшначул т1аьхьа  х1оьттина  реакционни  хьал  а  гойту 1999-г1а шарахь  араяьллачу «Дарц» романехь. Романан коьрта турпалхочун  Харачойн Зеламхин васт, х1инццалц кхечу яздархоша санна, и дуьненна г1араваьлла обарг веккъа, ц1ена майра, т1ахъаьлла, къармаза бекхамо хилла хилар т1еч1аг1дина ца 1аьш  кхузахь а цуьнан  чоьхьара дуьне –психологи гайта таро, ницкъ кхаьчна  авторан. Зеламха, халкъан орцанхо, г1ийлачийн, мискачийн накъост хила ца 1а романехь. Иза а ду-кх, кхидолу адамаш сана, дала кхоьллина, шен дика а, ледара аг1онаш  г1алаташ  долуш, адам. Дерриг а чолхе даьллачу заманан хьийзарехь кхолламо декъаза кхаж баьккхина, шен оьмарехь синтемах, маршонах дохийна лелош долу. Оцу романаца  чекхйолу  яздархочун  трилоги.

         

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

     70-90-г1ий  шерашкахь  зорбанера  араевлла  Айдамиров  Абузаран  кхийолу  произведенеш  а билгалъяха  еза – «Лаьмнийн некъашкахула» (1975), « Ирхеш» (1986), «Кхолламан цхьа де» 1993) .      

          Яздархочун дийцаршкахь  коьрта   тидам т1ебохуьйту  г1иллакх-оьздангаллин, синмехаллийн хаттаршна. Т1аьххьарчу  шерашкахь  шен  кхоллараллехь  къоман  лехамийн  хаттаршна  жоьпаш  кароран  1алашо  яра  оцу  дийцаршкахь  Айдамировс  гайта  йолийнарг. Ларамца  дуьйцу   яздархочо  цунах  лаьцна, ешархошна  баккъалдерг  гайтина  ца 1аш, церан бахьанийн дуьхе а кхио  г1ерта автор, чолхечу хьелашкара к1елхьардовла шена  хеташ  долу  некъаш а  билгалдоху. Ерриге и ойланаш яздархочо охьаехкира ешархочунна  «Вайн  амалш»  ц1е  йолчу  синъоьздангаллин-философин  балха  т1ехь.

          Нохчийн  юьртан дахар  гайтарна лерина йолу  «Ирхеш»  роман ешархоша т1еийцира яздархочо 1едалца  йолу шен  юкъаметтиг тоян  г1ортар санна. Айдамировн кхечу произведенийн  турпалхошка  болу  безам  партин райкоман секретаре, массо  а  аг1ор  дика гайтинчу турпалхочуьнга  Тумсоевга хиллане а  ца  хилира  церан.

      «Кхолламан  цхьа  де»  книшки  юкъа  изза ц1е  йолу повесть а, иштта «Маршонан  к1ентий», «Калугера  йийсар»  повесташ а  яхара. Хьалхарниг  1960-г1а  шарахь  язйина  яра, амма  и зорбатохар ца хилира, нохчийн халкъ  махках дакхаран тема  йихкина  хиларна. Киносценарин  кепара  х1оттийначу  шатайпанчу  композицино  аьтто  бо  яздархочунна  дуккха  меттигаш, иттанаш  васташ кхолла, цу  кеппара, 1едало  ямартхой леринчу  халкъан  дахар  шуьйрра  гайта. Авторо юха а дехарца кхайкхам бо халкъе, шен иэс, культура, доьналла яхь ларъяхьара бохуш, уьш дицдинчу халкъан  хиндерг цахилар юха а т1еч1аг1деш. Повесть  юьззина а бохаман пафосах, амма  цуьнца  цхьаьна  дахарх, адмах  болчу  тешамах юьзна а ю. Адамийн  хила  йиш йоцчу  хьелашкахь а  адам-адам  хилла дисарх лаьцна ю повесть.

Махках къастийна, цхьа а бакъо йоцуш, еш терго, 1уналла деш г1о доцуш х1аллакьхилийта аьлла, Казахстанан, Сибрехан, Г1ирг1азойчоьнан йистйоцчу, мецачу аренашка,х1у санна  д1асакхоьссина декъаза къам, дуьне я эхарт –царах цхьа къастам бан безачу йисте кхаьчна, дукхахберш эхарте сатесна а бу царах.Ткъа ишттачохь къонахий оьшу, халкъан  иэс, яхь, доьналла самадаккха. Айдамировн х1окху повестехь царах ву лекха, вуткъа, хьаьрса воккха стаг. «…Ша х1етта кхоьллинчу назманца воккха стага йийцира дайшна т1ех1иттина халонаш, ца бухуш цара уьш эшор, Даймехкан, халкъан сий лардеш, маршонехьа къуьйсуш эгначу б1еннаш халкъан турпалхойх дуьйцура.

           Цо ч1аг1дора нийсонал, бакъонал харцо тола йиш ца хилар, шен махках халкъ къахко ницкъ ца хилар, кхойкхура собаре хиларе …

Назма д1атийча, адам самаделира. Хезара забарш, беларш…»

       Цул т1аьхьа воккхачу стага динчу къамело кхин т1е а дегнашка тешам боссабо нехан. Нохчийн, оьздангаллах, къонахаллах, г1иллакхах цадохар доьху цо цаьрга, т1аккха: «Цхьана эсарчу махо д1аяьхьча санна, д1аелира нехан дегнаш т1ера г1айг1а.. Цхьак1еззиг ханна осалдевлла церан дегнаш  юха а ч1аг1делира…»

            И  автора  шен  дена лерина, шеко  йоццуш, автобиографин  кепехь  язйина а ю .  

      «Калугера йийсар» повестехь Айдамиров Абузара юха а ойбу историн тема.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Имам Шемалан дахаран т1аьххьарлера шераш ду яздархочо цу т1ехь гойтурш.   Имам Шемалан психологически сурт х1отторца, автора гайтина муьлхха а адаман (хуьлда иза мог1арера стаг я халкъашлахь ц1е яьккхина турпалхо) чоьхьара дуьне мел чолхе а, 1отбаккхаме а ду.  

        Кхолламо уггар а лекхачу  сийлахьчу дарже вохуш, хьистина муьлхха а адам, дахаран а кхолламан а къиза тохарш ловш тийна –тапъаьлла, шена Дала дела дукъ текхош схьавог1ург а эххар цхьана йисте кхочуш хилар: дуьне, эхарт вовшахкъаьстачу бухбоцчу 1инан йисте. Т1аккха волало х1ора а шен дахаран з1е листа, шен толамийн а, иэшамийн а жам1аш дан.

 

      

 

       Шен   дахарх, кхоллараллин  некъах  лаьцна  «Сан дахаран  некъ» ц1е  йолу  дагалецамийн  книшка  язйира  цо, цуьнан  цхьадолу дакъош  зорбатуьйхира  «Орга» журналан  аг1онаш  т1ехь (2003,№7). Дуккха а шерашкахь  къахьийгира  Айдамиров Абузара « Нохч-Г1алг1айн историн  хронологи» х1оттош. Ширачу  заманашкара  дуьйна  1917 шаре  кхаччалц  долчу  б1ешерашкахь  хилла  баккхий  хиламаш  билгалбохуш  болчу  оцу  мехалчу  балхана  1991-ра  шарахь  зорбатуьйхира.

       Цу т1ехь  бина  болх, шен  талламаш кхин  т1е а  к1аргбира  авторо  оьрсийн  маттахь  ялх  томехь  йолчу  шен  гуламехь (2004, 2005 шш.) 1илманчин-историкан  1аламат  боккха  къинхьегам, историн  1илма  кхиарна  юкъадиллина доккха дакъа  ду и.

     Айдамиров  Абузаран  произведенеш  гочйина оьрсийн, 1аьрбийн а, туркойн  а меттанашка.

2005-г1а шеран 27 майхь  кхелхира  Айдамиров  Абузар  (Дала  гечдойла  цунна). Нохчийн  литературин  исторехь  дийнна  мур  бу  иза  ваьхнарг, чолхе а, 1отбаккхаме а мур, дахаран  бакъдерг  идеологина  б1останехьа  долу  зама. 1едална  луъург  ца  дина, халкъана  хьалха  шен  декхар хьанал  кхочушдинчех  цхьаъ  ву иза.

  2006-чу  шеран  ноябан  2-чу  дийнахь  Мескитахь, нохчийн  халкъан  яздархо  Айдамиров  Абузар  ваьхначу  ков-кертахь, схьайиллина яздархочун 

сийнна  лерина  литературно-мемориальни музей.

      

     Тхо цу музейхь хилира яханчу аьхка. Тхуна Абузар Айдамирах лаьцна дийцира цуьнан йо1а яздархочо Айдамирова Машарс.

http://www.mkchr.com/LoadedImages/2008/12/15/Aid10_02.jpgЧ1ог1а мехалла хета суна и музей схьаеллар, Абузар вайна  юкъахь  волуш  санна, нохчийн  литературица  гергарло  мел долчун  х1ораннан  а таро  хир ю  Мескета, Абузар  волчу вахан, цуьнан  дахаран  тоьшаллашкахула  яздархочун  кхоллараллин  некъ  бовза, цуьнан  дахаран  масална  т1ехьа кхиа.

 

  

 

 

 

 

 

 

 

 

Уциев Абус дуьйцу : «Сих-сиха воьдийла ца нислахь а, х1ара т1аьхьара  т1ом  балале баттахь цкъа-м муххале а хуьлура со Абузар волчохь..

     Маь1не дара А. Айдамировс мел олу дош. Къонахчун яра багах йолу 1аь. Оьзда, барте дара къамел. Жимчуьнца жима вара, воккхачуьнца - воккха. Евзара забар. Хьоьгара девллачу г1алаташна гечдан а хаьара. Суна сайн да санна дукхавезара Абузар. Цхьа вас, халахетар хилча, д1ахьодура Меската. Цунах дагаваьлча, байлуш хетара муьлхха а бала. Иштта хетара сан накъосташна а…

Нийса хир дацара Абузарах дуьйцучохь вай Мух1ажар йицйича. Махко шен тешам беллачу къонахчун дийнна цхьа аг1о ма бара иза. Уггар хьалха и ма яра, хала-атта киртигаш ца юьйцуш, шен чохь, шен х1усамехь веза эвлаяъ вина, шен майра леринарг, бакъдуьнена д1а яххалц иза лийринарг. Т1аккха Абузар лерира шен доьзало, шен лулахоша, шен юьртахоша, лерира йоллучу а Нохчийчоьно. Дера яцара иза х1ара дуьне т1еделхарх юхур йолуш а, шен майра вухуьйтур волуш а. Иза цуьнан собар дара, иза цуьнан йохьан г1ортор яра, иза цуьнан дахаран ирс а дара.

     Мух1ажар д1аяьлча, д1аелира Абузаран дуьненца йолу марзо а…

Д1авахча бен ца кхийти Абузар сайна мел ч1ог1а хьашт хиллера. Мел ч1ог1а оьшура тахана а цуьнан собарх, йохьах, юьхьах, доьналлех, хьекъалх болу кхетам.

    Ша везначарна, ша вевзинчарна, шеца хьаьг1наш лелийначарна а вицлур вац нохчийн къоман сийлахь к1ант Айдамиров Абузар.»

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Беза хьо, Нана-мохк!
Дай баьхна латта.
Хьоьца ду сан ирс а, 
Ас мел ен ойла...
Хьан дуьхьа къахьега,
1ожал т1еэца
Ца луун долу к1ант 
 Дена ма войла!

                                                           

                                              

 

 

 

 

 

 

Бекалахь,  ненан мотт, тахна,
Дуьнене машаре кхойкхуш,
Лаьтта т1ехь къинхьегам, нийсо,
Вошалла, ирс, машар кхайкхош.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                    

 

 

Бераллехь со хьоьха
Къаьстинчу хенахь,
Суо жима бер долуш
Ас ма-битарра,
Карий хьо ас дагахь
Латтийнчу суьртахь,
Сих-сиха г1енаха
Суна ма-гарра.

      Даймохк-нана… Мел  дагна  хьоме  дешнаш ду уьш..  Генарчу  Г1ум-Азийн арахь ша даьккхинчу кхойтта шарахь дайн лаьтте, хьомечу юьрте бераллин г1енашкахь а бен  ца бисначу Даймахке  сатуьйсура к1анта. Вайна ма-хаара, цу хенахь даккхий зуламаш дира къаьмнашна йоцу ц1ераш а тохкуш Пачхьалкхо. Ойла йича, кхин масалш ца далийча а Пачхьалкхера йоккха ямартло ю, аьлла хета итт-цхьайтта  шо бен доцу к1ант «Халкъан мостаг1», аьлла, ц1е а тиллина, махках  ваккхар. Цигахь даьккхинчу 13 шарахь  ша Даймахке сатийсарх лаьцна яздо автора «Вина мохк» ц1е йолчу стихотворени т1ехь.

 

 

 

 

 

 

 

 

Бераллехь со хьоьха

Къаьстинчу хенахь,

Суо жима бер долуш

Ас ма-битарра,

Карий хьо ас дагахь

Латтийнчу суьртеахь,

Сих-сиха г1енаха

Суна ма-гарра.

 

Ахь со т1еийцира,

Нанас берс санна,

Хьаьстина  хийла са

Тийсинарг хьайга.

Хьан лаьмнаш, аренаш,

Баьццара хьанннаш

Ас дагчохь ларйира

Массанхьа сайца.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

     Говза яздо Айдамировс вайн хазачу 1аламех  лаьцна, иштта цо гуьйренах лаьцна   язйина йолу стихотворенин мог1анаш дагчохь  лаьтта  суна. Мел  исбаьхьчу басаршца  дерриге а 1аламан сурт дуьхьалх1утту и мог1анаш дешча. Дог1анна язъелла мархаш, къилбехьа йоьлху г1арг1улеш, и дерриге а х1инца гуш санна, хета.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                                             Аьхкено кхелина дитташ ,

                                            Сийначу духарца дохуш,

     Мох хьоькху юткъа шок етташ:

-1аьнна аш кечам бе,-бохуш.

Дог1анна язъелла марханаш

Кхоьлинчу стигланца соьцу.

Дерзинчу дитта т1ехь хьарг1а

Сингаттам тийсарца ека.

Г1арг1улеш, вовшашка кхойкхуш,

Генарчу къилбехьа йоьлху.

Юкъ-юкъа лайн чимаш кхуьйсуш,

Х1аваэхь шийла дерз доьлху.

Амма яц кхераме шело,-

Юьратахой самукъне  хьийза:

Амбараш рицкъанах юьзна,

Х1усмашкахь даим ю б1аьсте.

   

          Абузар вийца а ца оьшуш, массарна вевзаш а,  везаш, яздархо а, поэт а ву. Массо а классехь йоьшуш, 1амош, езаш а ю цуьнан произведенеш, байташ. Ч1ог1а беркате 1аткъам бой, к1орггера ойла йойту цуьнан хазачу къамело, цо говза вовшех дуьйцинчу дешнаша. Кхечу поэташна санна, цунна а говза дешнаш карийна ненан маттах ала.

 

Ненан мотт.

Со вина Каваказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юххехь.

Аьрзонийн баннашна лулахь

Нанас со кхиийна берахь.

 

Цигахь со набарна товжош

Цо олу аганан илли

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан ненан маттара илли.

 

Цу иллин дешнашца гора

Даймехкан исбаьхьа суьрташ,

Маршоне, Даймахке безам

Вайн дайша къийсамехь гайтар.

 

Бекалахь, ненан мотт, тахна

Дуьнене машаре кхойкхуш.

Лаьтта т1ехь къинхетам, нийсо,

 Вошалла,Ирс, Машар кхайкхош.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Со вина Каваказан ломахь, 
Къоьжачу баххьашна юххехь.
Аьрзонийн баннашна лулахь
Нанас со кхиийна берахь.

     

 

 

 

 

Цу иллин дешнашца гора
Даймехкан исбаьхьа суьрташ,
Маршоне, Даймахке безам
Вайн дайша къийсамехь гайтар.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                                     

                                              

Д1адерзор

 «Вайн амалш» ц1е йолчу шен публицистикин книшкехь нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара   иштта боху: «Стаг цомгуш хилча, цкъа хьалха цуьнан цамгар а къастайой, оцу цамгаран бахьанаш а карадой, т1аккха цунна дарбанаш леладо лоьраша.

 

 

 

 

 

 

 

 

   Х1окху т1аьххьарчу шерашкахь нохчийн къомана т1ех1иттинчу бохамаша дуккха а ойланаш йойту нахе. Оцу бохамийн хьостанаш, бахьанаш, бехкенаш а лоьху. Бехке до оьрсийн паччахьийн, коммунистийн 1едалш. Х1аъ, х1окху т1аьххьарчу кхаа б1е шарахь нохчийн къомана хиллачу бохамашна бехке ду иза, важа а. Амма цаьрга и бохамаш шайна байта шегара дуккха а бахьанаш, г1алаташ дийлийтина  нохчийн къомо, оцу бохамех лардала хьекъал  а, кхетам а цахиларна. Керлачу бохамех, шен г1алатех нохчийн къам  лардалийта 1алашо йолуш язйина ас сайн исторически произведенеш.»

     Оцу дешнаша буьззина гойту нохчийн тоьлла волчу къонахех, яздархойх цхьаъ хиллачу Абузар Айдамировн  дахаран некъ а маь1на а. К1еззиг МУР бу заманна 75 шо бохург, амма оццул хан бен х1окху лаьтта яккха оьмар ца хиллачу Айдамировн дахаран а, къинхъегаман а масал, нохчийн къам мел деха, цунна беркате, хьехаме хила дуьсур ду. Хан-зама яларца т1е1аткам совболуш, цуьнан исбаьхьаллин дашо вешан халкъан хиндолче д1абоьдучу новкъахь галморзахаллех, очакхех лардала 1амор ду цо вай.

А. Айдамировн   произведенийн  мехалла  шерашца  лахлуш  яц, лахлур  йолуш  а яц, вайна т1ехь  ду  т1екхуьу  чкъор  цуьнан  произведенийн  турпалохойн а, цуьнан  шен  дахаран  а масална  т1ехь  кхетош-кхиор. Оцу  1алашоне  кхачарехь  доккхачу  маь1на  дара  х1ара  музей  схьаеллар.

      Музей схьаелларо  а, цигахь  динчу  къамелаша  а тешавора, шен   къоман  лазамашца, цуьнан  дуьхьа  ваьхнарг  вовш  вац, иза  гуттаренна   а ваха  вуьсу  къоман  иэсехь  бохург. Ишттачех  ву  Абузар.  Шен заманахь дерриг а нохчийн халкъана ,иэсана боккха, беркате т1е1аткъам бина йолу йолу цуьнан произведенеш х1окхул т1аьхьа а шен мехалла ца йовш ехар ю .

                   Нохчийн  къам  мел  ду  ехар ю  цуьнан  ц1е а. 

 

 

Пайдаэцна литература

 

1)    «Халкъан дош» №3-4;

2)    «Теркйист»  №89-90;

3)    А.Алиев «Къоман дозалла»;

4)    Туркоев Х. «Абузарх дош»;

5)    Аргун №4-5;

6)    Билтоев А.  «Абузар дагалоцуш»;

7)    «Вайн амалш» А.Айдамиров;

8)    Нохчийн литература 5-11 класс;

9)    ЖЗЛ-н  архив.

 

 

 

 

 

 

 

Приложенеш  

 

 

 

 

 

,

                  

 

 

              

 

 

 

 

 

 

 

 

       

 

 

 

 

 

       

 

     

                 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                      

                                               

 

 

 

 

           

 

 

 

 

 

           

                                                                                                        

 

 

 

 

        

 

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "НПК по Чеченской литературе: "Айдамиров Абузаран кхоллараллин лехамаш а, кхиамаш а"."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Электронный архивариус

Получите профессию

Няня

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 664 948 материалов в базе

Скачать материал

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 27.05.2017 11762
    • DOCX 7.2 мбайт
    • 70 скачиваний
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Илясова Даамат Хамидовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Илясова Даамат Хамидовна
    Илясова Даамат Хамидовна
    • На сайте: 6 лет и 11 месяцев
    • Подписчики: 1
    • Всего просмотров: 134917
    • Всего материалов: 25

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой