Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Другое / Рабочие программы / Рабочая программа по Чеченскому языку 8 класс

Рабочая программа по Чеченскому языку 8 класс


  • Другое

Поделитесь материалом с коллегами:

Кхеторан кехат

Документан бух


8-г1а классан нохчийн маттана лерина долу х1ара документ кхоьллина юкъара дешаран а, коьрта юкъара дешаран а пачхьалкхан программин буха т1ехь. Программо предметан чулацам схьа а боьллу, бовза а бовзуьйту, билгалбоккху. Белхан программо, нохчийн мотт 1аморан 1алашонца цхьаьна а дог1уш, дешархой кхиоран, кхеторан, 1аморан а юкъара некъаш довзуьйту.


Документан д1ах1оттам

Нохчийн меттан белхан программа дийна цхьа документ ду, цу юкъадог1у:

кхеторан кехат;

дешаран-тематикин план;

дешархойн хаарийн т1ег1а;

дешаран методикин болх кхочушбан оьшу г1ирсаш билгалбахар.

Дешаран предметан юкъара характеристика

Нохчийн мотт – иза нохчийн къоман а, Нохчийн республикин пачхьалкхан а мотт а, къоман историн, культурин бух а бу. Мотт адамийн дахарехь уггаре мехала гIирс бу. Цуьнца доьзна ду къоман кхиар а.

Юккъерчу юкъарадешаран хьукматехь ша-тайпа меттиг дIалоцу нохчийн матто. Иза вовшашца юкъаметтигаш дIакхехьарехь, гонахара дахар довзарехь, кхетош-кхиорехь мехала гIирс бу. Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гlo до берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гlo до гонахарчу дуьнене болу кхетам а, цунах лаьцна долу хаарш а шордан а, боккхачу кхиамца оьрсийн а, кхи долу меттанаш а, дешаран предметаш а 1аморехь ненан маттехь г1ортор каро а. Цу шина матго дешар 1аморехь, кхетамца кхиарехь бокхха аьтто бо.

Хьехархо декхарийлахь ву нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна йовзийта а, берашкахь ненан матте безам кхио а. Цуьнца цхьаьна хьехархочо кхочушдан деза патриотизман, халкъийн доттаг1аллин ойланехь дешархой кхетош-кхиор. Ишколехь ненан мотт хьехар меттан 1илманан буха т1ехь д1ахьош хила деза.

Дешаран хьукматехь мотт хьехаран методех кхетаме пайдаэцар на хилча цаторуш ду.

Меттан цхьанатайпанарчу а, цхьанатайпанар доцчу а, терачу а, вовшех дозуш долчу а бакъдолчаьрца дустар далоран кепаш мотт хьехаран балха т1ехь пайде а, дика сурт х1оттош а, берашна к1орггера хаарш луш а, мехала а ю. Ч1oгIa мехала ду оьрсийн меттан бакъдолчаьрца ненан меттан бакъдерш дустаран кепах пайдаэцар.

Ненан матте дешархойн безам кхиор лакхадаккхар ца хилча ца торуш ду. Цуьнца цхьана ненан мотт хьехар д1ах1отто деза, дагахь ца 1амош, маь1нех кхетарца к1орггера хаарш долуш дешархой хирриг – нийсий, говзий.

Ненан мотт хьехаран декхар кхочушдарехь хьехархо декхарийлахь ву орфографи, пунктуаци, къамел кхиоран г1уллакхийн бух д1ах1отточу 1илманан хаттаршна т1е коьрта тидам хьовзо: аьзнийн а,элпийн а таллам бан, дешан х1оттам талла, къамелан дакъош кьесто, предложенехь дешнийн уьйр нисъян хаа, предложенин д1ах1оттам бовза, и. д1. кх. а.

Меттан 1илманан хаамаш 1амийна караберзор хила деза меттан бакъдерш, церан тайпанаш, церан башхаллаш къесторций, талларций, церан маь1наш к1орггера хаарций, предложенеш фонетически а, морфологически а, синтаксически а, орфографически а, пунктуационни а, лексически а талларций, орфограммаш, пунктограммаш бакъонца кьасто а, йовзийта а 1аморций.

Ненан меттан хьехархочун коьртачарах цхьа декхар ду йоза нийса яздан 1амор а, карадерзор а.

Нохчийн меттан хьехарсахьташкахь тидаме эца деза дешархойн бартан къамел, цара тайп-тайпанчу ткоьчалех лаьцна хаамаш бар, иштта церан говзаллин башхаллаш ган а, йовза а еза.

Ненан мотт хьехарехь литератураца уьйр латтош дешархой 1амор, уьш кхетош-кхиор доккха маь1на долуш ду.

Меттан занятешкахь дешархойн жигаралла йозу цара кхочушбечу белхан хаарш кхиоран барамах. Методически лехам ларало ненан меттан хьехарсахьтан болх д1абахьарехь дешархойн ойлаяран а, кхетаран а хьуьнар кхиор. Муьлхха а коьчал 1аморехь xlopa дешархочун кхетаран а, кхиаран а таронаш оьшучу барамехь гучуяха еза.

Дешархойн 1аморан а, кхетаран а хьуьнар совдаккхарехь доккха маь1на долуш ду тайп-тайпанчу гайтаман г1ирсех пайдаэцар (таблицех, суьртех, технически (говзаллин) г1ирсех). Дешархойн бартан, йозанан а кхиор ненан меттан а, литературин а – шина а предметан юкъара дакъа ду.

Нохчийн мотт дешархо къоман гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь кхиорехь, цуьнгахь кхидолчу къаьмнашка лерам хилийтаран коьрта чIагIо а ю.

Дешаран декхарш кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду.

Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета г1о до берашна.

8-чу классехь нохчийн мотт к1иранах 2 сохьтехь хьеха лерина ю программа.

Юккъерчу юкъарадешаран хьукматехь нохчийн мотт Iаморан Iалашонаш:

нохчийн мотт Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт санна карберзор;

хинцалерчу 1илманан керла кхиамаш а, ненан меттан хьехархойн балха техь зеделларг а тидаме эца дезар;

вовшашца тIекаре ян а, вовшех кхеташ хила а кийча а болуш, тайп-тайпанчу хьелашкахь литературни норманаш ларъеш, къамелан тайп-тайпанчу кепех пайда эца хаар карадерзор;

нохчийн матто кхочушдечу гIуллакхах а, цуьнан дIахIоттамах а, литературни норманех а долу хаарш карадерзор;

ненан меттан гоьнца дешархой гиллакх-оьздангалла йолуш кхетош-кхиор а, уьш ойлаян амор а, церан юкъара кхиар лакхадаккхар;

ненан меттан литературни къамелан стилистически норманаш тидаме а оьцуш, ненан маттахь хьехар, коьртачу декъана, дозуш долчу къамелах шуьйра пайда оьцуш дIахIоттор;




нохчийн матте терго а, шовкъ а, къоман синъоьздангаллин мехалле санна цуьнан тIалам бан безаран кхетам а, кхечу къаьмнийн векалшца къинхетаме а, машаре а хила везар кхиор;

Россин пачхьалкхан гражданин ша хиларан кхетам дешархочуьнга кхачор.


Белхан программин чулацам

(68 сахьт)


Ненан мотт-дахаран хазна.(1 сахьт) Карладаккхар. Дешан чаккхенга –н-яздар Ц1ердешан ,билгалдешан, хандешан, куцдешан синтаксически г1уллакх. Дешт1аьхьенаш а,дешхьалхенаш а дешнашца н/яздар Предложенийн тайпанаш карладахар. (4 сахьт)

Дешнийн цхьаьнакхетар ,церан тайпанаш. Предложенехь дешнийн уьйр. Бартбар.Урхалла. Т1етовжар. Предложенехь дешнийн уьйрах 1амийнарг карладаккхар .( 7 сахьт).

Предложенин коьрта меженаш. Подлежащин хилар. Хандешан цхьалхе сказуеми. Ц1еран х1оттаман сказуеми. Подлежащиний,ц1еран х1оттаман сказуеминий юккъехь тире. Хандешан х1оттаман сказуеми. (6 сахьт)

Предложенин коьртаза меженаш.Лач кхачам. Къастам. Юххедиллар. Даран суьртан латтам. Бараман латтамаш Меттиган латтам. Хенан латтам. Бахьанин латтам. 1алашонан латтам. Бехкаман а ,дуьхьалара а латтамаш. (6 сахьт)

Цхьалхечу предложенин кепаш.Цхьанах1оттаман а ,шинах1оттаман а предложенеш. Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш. Билгалза –юьхьан предложении. Юкъара –юьхьан предложении.Юьхьза предложении .Ц1еран предложении. Юьззина а , юьззина йоцу а предложенеш. (7 сахьт) Предложенин цхьаьнатайпанара меженаш. Предложенин цхьаьнатайпанара меженаш.Предложенин цхьаьнатайпагарчу меженашкахь хуттургаш.Цхьанатайпанара а,цхьанатайпанара боцу а къастамаш. Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш.Т1едерзар.Юкъадало дешнаш а ,предложенеш а . Х1аъ,х1ан-х1а дешнаш-предложенеш.(7 сахьт)

Предложенин шакъаьстина меженаш Предложенин шакъаьстинчу меженах лаьцна юкъара кхетам. Шакъаьстина латтамаш. Шакъаьстина юххедиллар. Хенан а,меттиган а латтамийн дурсаш. ( 4 сахьт)

Карладаккхар.(2 сахьт)


Дешаран-темин хьесап



Ненан мотт-дахаран хазна -1 сахьт


Карладаккхар – 4 сахьт.


Дешнийн цхьаьнакхетар ,церан тайпанаш – 7 сахьт.


Предложенин коьрта меженаш – 6 сахьт.


Предложенин коьртаза меженаш -10 сахьт

Цхьалхечу предложенин кепаш. –7 сахьт.


Предложенин цхьаьнатайпанара меженаш. – 7сахьт.


Предложенин шакъаьстина меженаш - 4 сахьт.


Дешаран шарахь 1амийнарг карладаккхар – 2 сахьт.


Талламан белхаш – 12 сахьт.


Кхоллараллин белхаш – 8 сахьт.


Дерриге – 68 сахьт.




















8-г1а класс чекхъяьккхинчарна хаа дезарг


Нохчийн мотт 1амийначу дешархочуьнгахь хила деза х аарш:


нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар;

нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, юкъараллехь ша дIалоцу йолу меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхеташ хилар;

вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайда эца кийча хилар;

къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;

барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (Iалашонех, теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);

тайп-тайпанчу хотIийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар карадерзор;

билгалбинчу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар;

дешнийн цхьаьнакхетарш.цхьалхе цхьанах1оттаман ,шинах1оттаман предлженеш синтаксически таллар;

-тайп-тайпанчу грамматически талларх пайдаэца хаар;

шинах1оттаман а,цхьанах1оттман а цхьалхе предложенеш х1иттор,цхьанатайпанарчу а ,шакъаьстинчу а меженашций,юкъадалочу дешнашций ,предложенешций,т1едерзаршашций чолхеяьлла цхьалхе предложенеш х1иттор.

5-8-чуй классашкахь 1амийна пунктограммаш каро а, йозанехь сацаран хьаьркаш х1иттор къасто а, талла а, довзийта а хаар;


историко-литературни тема йолу доклад кечъян а, ян а хаар;

йоккха йоцчу литературно-критически статьян тезисаш я конспект х1отто хаар;

публицистически (юкъараллин-политически) кепара сочинени язъяр;

сочиненин чулацам а, меттан говзалла а шаръеш, тоеш, нисъеш кхочушъян а, орфографически, пунктуационни, грамматически, стилистически г1алаташ каро а, нисдан а хаар.

шен къоман а, РФ-цехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара культура а йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхеташ хилар.







Дешаран-методикин кхачаман ларам


Литература


Дешархочунна:


1. Джамалханов З.Д., Вагапова Т.М., Эсхаджиев Я.У. «Нохчийн мотт»

8, 9-чуй классашна синтаксис. Грозный ГУ «Книжное издательство» 2002 шо.

Хьехархочунна:


1. Джамалханов З.Д., Вагапова Т.М., Эсхаджиев Я.У. «Нохчийн мотт» 8, 9-чуй классашна синтаксис. Грозный ГУ «Книжное издательство» 2002 шо.

2.Джамалханов З.Д., Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» 1-ра дакъа. Педучилищан студенташна учебник. Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 1985 шо.

4. Джамалханов З.Д. , Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» 2-г1а дакъа «Синтаксис». Педучилищан студенташна учебник. Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 1985 шо.

5.Тимаев А. Д. «Х1инцалера нохчийн мотт» Лексикологи, фонетика, морфологи. Соьлжа-Г1ала 2011 шо.

6. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство«Арфа-Пресс» 2010 шо.

7. Арсаханов И.А. «Х1инцалера нохчийн мотт» Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 1965 шо.

8. Гайсултанов 1.Э., Аушева Ф.М. «Ненан мотт а, литература а хьехарехь зеделларг» Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 1966шо.

9. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2010 шо.

10. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.

11. Тимаев А.Д., Ирезиев С.-Х. С.-Э., Абубакаров А.Х. «Нохчийн меттан

морфологин практически курс» Грозный ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий» 2012 шо.

12. Баширова Х.Б. «Синтаксис» Назрань-2009.

13. Ахмадов М.М. «Нохчийн мотт» (тексташ, хаттарш, т1едахкарш) Нальчик-г1ала ГУП «Полиграфкомбинат» 2002 шо.

15. Халидов А.И. «Типологический синтаксис чеченского простого предложения» Нальчик Издательский центр «ЭЛЬ-ФА» 2004 шо.

16. Джамалханов З.Д., Эсхаджиев Я.У. «Юккерчу школашна нохчийн меттан программаш» 5-11-чуй классаша. Грозный Издательство ООО фирма «Глобус» 2002 шо.

hello_html_967f15b.jpg


Автор
Дата добавления 05.10.2016
Раздел Другое
Подраздел Рабочие программы
Просмотров543
Номер материала ДБ-238447
Получить свидетельство о публикации


Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх