Урокан ц1е: Билгалдош карладаккхар.
1алашо: Билгалдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар, и юкъахь долуш
предложенеш х1итто хаар. Билгалдашо предложенехь деш долу син-таксически
г1уллакх. Билгалдешан терахь, классан гайтам, цуьнан даржаш. Т1еэцна билгалдешнаш
нийсаяздан хаар.Доттаг1ашка болу безам ч1аг1бар.
Урок д1аяхьар.
1.Ойла т1еерзор.
2.Ц1ахь бина болх таллар.
3. Дешархошка болх бойту уьн т1ехь тобанашца:
1- ра тоба
1. Билгалдош, цуьнан маь1на, морфологически бил- галонаш.
2. Легаде акха цициг, гергарниг.
3. Морфологически
къастам бе: Мерзо нам болу
иг ду пгхан бешара 1ежаш.
2-
г1а тоба
1. Билгалдешнийн тайпанаш.
2.
Легаде телевизионни хаам, телевизионниниг.
3.
Сиха
говр, говза пхьар боху
билгалдешнаш дус- таран а, т1ехдаларан а даржашка х1иттаде.
4.1амийнарг
карладаккхар, т1еч1аг1дар
1. Дешархоша кхочушдо 65-г1а шардар.
2. Сирла, воккха,
дика, хаза, атта, парг1ат
боху билгалдешнаш дустаран а, т1ехдаларан а даржашка х1иттаде.
3. Легаде бабиниг, бабин пух1анан бой, ламанан леча, юьртара майда, юьртарниг боху дешнийн цхьаь- накхетарш.
4. 0ьг1аза,
дегаза, сийсаза, эвхьаза боху билгалдеш- наш юкъахь долуш, дешнийн
цхьаьнакхетарш х1иттаде, т1аккха уьш юкъахь долуш предложе- неш язъе.
- Муха кхолладелла и билгалдешнаш?
5.Дешархошка
шайга болх байтар
1-ра кеп.
1. Кхочушдо 68-г1а шар дар.
2. Легаде таьллийн ора- маш, таьллийниг.
3. Шедачу куьйгаца хъаъс- тира цо буобер. Билгалдаьккхинчу бил- галдашна бе морфологически
къастам.
2-г1а кеп.
1. Кхочушдо 70-г1а шардар.
2.
Легаде баьллийн мутт,
баьллийниг.
3.
Белхалой бовхачу кха-
чанах кхетаза дукха хан яра.
Билгалдаьккхинчу
билгалдашна бе морфологически къастам.
6.Хьалххе
хаийтаран диктант
Къегина кхеттачу малхо серлаяьккхина 1уьллура ерриге а
район. Кху ломан басера охьахьаьжча, шерра къаьстара дукхахйолу ярташ. Нихалахь
дара Ибрах1иман ден-ненан ц1а а. Кхузара охьахьаьжча гора к1антана баьццарчу
стоьмийн дитташна юкъахь шайн ц1енойн кибарчигийн тхов. (С-Хъ.
Нунуев)
- Оьшучу интонацица д1аеша роман т1ера кийсак.
- Исбаьхьаллин сурт xIottoш
мел г1о дина аьлла хета шуна билгалдешнаша?
Дал аде л масалш.
- Билгалдаха билгалдешнаш, схьаязде уьш дозуш
долчу ц1ердешнашца.
- Морфологически къастам бе буха сизаш хьаькхначу
билгалдешнашна.
7.Рефлекси.
Ц1ахь бан болх
1.Карлаяха
1 – 11-г1ий пп, 12-чу хаттаршна жоьпаш ло.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.