27-г1а
урок.
Тема:
Сочинени «Суна дукхаеза спорт».
1алашо:
шайна гучх ,зеделлачух лаьцна барта жима дийцар х1отто 1амор. И дийцар чулацам
ца талхош , йозанца схьабала 1амор.
Юкъара дешаран
ардам (УУД):
Предметни:
хуур ду билгалйинчу темина дийцар х1отто, тайп-тайпанчу предложенех пайда а
оьцуш и д1аяздан.
Метапредметни:
·
Регулятивни: 1емар ду
шайн болх кхиамаш дика хир болчу кепара д1ах1отто.
·
Коммуникативни:
1емар
ду хьехархочун хаттаршан дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду спортах лаьцна дийца
оьшу дешнаш каро , царех пайдаэца.
·
Х1ума
довзаран: 1емар ду суьрта т1ехь х1ора декъах дог1уш дерг каро. Цунна
оьшу г1ирс лаха.
Личностни:
Даймехкан дуьхьа спортехь кхиамаш баха лаам хир бу
дешархойн.
Урок
д1аяхьар.
I.Урокан
ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.
II. Суьртах лаьцна къамел дар.
-Х1ун ю спорт? (Спорт –иза
къийсадаларш ду).
-Д1аелла учебникан 49-г1а
аг1о.
-Муьлш бу цу т1ехь гуш
берш? (Бераш).
-Х1ун деш ду бераш? (Бераш
спортах пайдаоьцуш ду).
-Х1орш 1ун деш бу ? (Футболах
ловзуш бу).
-Х1ун деш бу шолг1ачу суьрта т1ера бераш?
(Уьш бовдуш хьалхабовлв къовсуш бу).аш ду спортан? (Берийн жоьпаш).
-Кхин муьлха тайпан
III. Шайн юьртахь , школехь спортаца долчу г1уллакхах лаьцна къамел
дар.
-Спортан муьлха тайпанаш девза шуна? (Спортан шорта тайпанаш ду:
бокс, футбол, нека дар, вадар, теннис).
-Х1ун таронаш ю цун юьртахь
спорах пайдаэца? (Тхан юьртахь дуккха меттигаш ю с
портах пайдаэца тойина. Уьш ю спротзалаш, бовда кечбина некъаш, нека дан
боссейнаш ,футболана кечйина аренаш).
-Шун классера бераш дуй спортехь? (Тхан
классера дуккха а бераш ду спортехь).
-Муьлш бу боксе лелаш? (Со , Индарби ,
Юсуп бокс 1амош ву).
-Шу къаийсамашка дуьгий? Дийца шайн
кхиамех лаций дийца. (Тхо сих-сиха къийсамашка дуьгу. Селхана Индарбис ,
Муслима хьалхара меттигаш ехира. Цаьршинна мидалш елира).
-Бовдучу спортехь хьан бехира кхиамаш?
(Хадижат ,Рукъет бовдучу спортехь. Цаьршиннан дуккха а мидалш ю).
-Мила ву шун классехь теннисах ловзуш?
(Тхан классера дуккха бераш ду теннисах ловзуш. Амма массарел дика ловзуш вверг
Мовлид ,Мансур ву. И шиъ сих-сихс кхойкху къийсамашка. Даимна толам бохьуш
вог1у и шиъ).
-Мила ву шун классехь футболах ловзуш?
(Футболах ловзуш дут хан классера дукха бераш. Уьш сих-сиха къийсамашка буьгу.
Церан дуккха а кубкаш а , мидалаш а ю).
-Шуна х1ун дог-ойла юс портах лаьцна?
(Суна дукхаеза спорт).
IV.
Сочинении язъян кечам бар.
1.
План х1оттор.
-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Диъ).
-Стенах лаьцна хир ду хьалхара дакъа? (Тхан
юьртахь спорте эха таро ю).
-Х1ун эр дара аша шайн юьртахь спорте эха
бинчу аьттунах лаьцна?
-Стенах лаьцна хир ду шолг1а дакъа?
(Спорте лелаш болчу берех лаьцна).
-Х1ун ц1е туьллур ю аша цунна? (Оха а боху
спортехь кхиамаш).
-Х1ун эр дара аша спорте оьхучу берех ,
церан кхиамех лаьцна?
-Стенах лаьцна хир ду кхоалг1а дакъа?
(Спорто бохьучу пайданах лаьцна, сайн спортах лаьйна йолу ойла гойтуш).
-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Спорт
могушаллина пайде ю).
-Доьалг1ачу декъехь спортах лаьцна шайна
хетарг ала.
·
Уьн т1е д1аязйо план.
1. Тхан юьртахь спорте эха
таро ю.
2. Оха а боху спортехь
кхиамаш.
3. Спортах хуьлу пайда.
4. Суна дукхаеза спорт
-Д1аеша план. Муха д1айолор ю аша
сочинени? (Спорт ч1ог1а оьшуш г1уллакх ду).
-Х1ун яздийр ду аша хьалхарчу декъе? (Тхан
юьртахь шортта таронаш юс портах пайдаэца. Уьш ю спортзалаш, вада кечбина
некъаш, футболана кечйина аренаш).
-Х1ун яздийр ду аша шолг1ачу
декъехь?( Тхан классера дукхахдолу бераш спортехь
бу. Со , Индарби , Юсуп бокс 1амош ву. Тхо сих-сиха къийсамашка дуьгу.
Селхана Индарбис , Муслима хьалхара меттигаш ехира. Цаьршинна мидалш елира .Бовда
къовсучу юкъахь ю Хадижат, Рукъет. Дуккха а кхиамаш бу цу шиннан.Теннисах
ловзуш ву Мовлид, Мохьмад. Ч1ог1а дика ловзу и шиъ . Футболах ловзуш ду тхан
классера дукха бераш. Уьш сих-сиха къийсамашка буьгу. Церан дуккха а кубкаш а ,
мидалаш а ю).
-Х1ун яздийр ду аша кхоалг1ачу декъе?
(Спорт могушаллина пайде хила ца 1а , цо 1амаво бертахь ваха, вовшийн кхиамех
дозалла дан).
-Муха ерзор ю аша сочинени? (Суна дукха
еза спорт).
-Муха къастадо х1ора дакъа йозанехь?
(Ц1ечу мог1анчуьра яздо).
3. Г1орторан дешнаш
довзийтар.
-Д1адеша дешнаш.
Пайдаэца , кечйина, футбол,
спортзал, дакъалоцуш, къийсамашка дуьгу, теннис, 1амаво , мог1шаллина.
-Оцу дешнех ,планах пайда а оьцуш
схьабийца чулацам.(3-4 дешархочо схьабуьйцу).
V.
Сада1аран миноташ.
VI.
Сочинении язъяр.
(Бераша шаьш язйо сочинени. Хьехархочо г1о
до предложении нийса х1оттош,оьшу дешнаш карош, маь1на т1едуза дешнаш карош).
VII.
Рефлекси.
-Х1ун дара халаниг? Х1ун нисдели шун дика?
VIII.Урокан
жам1.
-Х1ун керланиг хии шуна?
IX.
Ц1ахь бан болх балар.
1. Бакъонаш карлаяха.
Спорт ч1ог1а пайден г1уллакх ду. Спортан
шортта тайпанаш ду : футбол, бокс , боскетбол, кросс, гимнастика , лыжанаш
хехкар. Уьш деригге ч1ог1а хаза а ,пайде а х1умнаш ду.
Амма къаьсттина сан самукъадолу футболах. Со
футболе оьхуш ву. Оха ч1ог1а дукха тренировкаш йо. Тхо кест еста къийсамашка а
оьху.
Дукха хан йоцуш тхан команда йигира Майкопе.
Тхоьца къийсалуш яра Сочера команда «Серло». Ч1ог1а т1ахаьлла хьаьвзира тхо а
, важа команда а. Амма тхан ницкъ кхечира толам тхайгахь бита.
Спорта юкъахь хилар ч1ог1а могушаллина пайдехь
ду.
Спорт ч1ог1а оьшуш г1уллакх ду.
Тхан юьртахь дуккха меттигаш юс портах пайдаэца тойина. Уьш ю спротзалаш,
бовда кечбина некъаш, нека дан боссейнаш футболана кечйина аренаш.
Тхан классера
дукхах долу бераш спортехь бу. Со , Индарби , Юсуп бокс 1амош ву. Тхо
сих-сиха къийсамашка дуьгу. Селхана Индарбис , Муслима хьалхара меттигаш
ехира. Цаьршинна мидалш елира.
Бовда къовсучу юкъахь ю
Хадижат, Рукъет. Дуккха а кхиамаш бу цу шиннан.
Теннисах ловзуш ву Мовлид,
Мохьмад. Ч1ог1а дика ловзу и шиъ .
Футболах ловзуш дут хан
классера дукха бераш. Уьш сих-сиха къийсамашка буьгу. Церан дуккха а кубкаш а ,
мидалаш а ю.
-Спорта юкъахь хилар ч1ог1а пайдехь ду
могушаллина.
-Суна дукхаеза спорт.
Спорто 1амаво бертахь ваха, хьайн накъостех
доглаза.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.