39-г1а урок.
Урокан ц1е: Ш.Рашидов «Даймахке безам».
1алашо: Ш. Рашидовн дахар, кхолларалла, произведени «Даймахке безам»
йовзийтар; нийса а, къастош а стихотворенин текст еша 1амор; Даймахках лаьцна
хаамаш гулбар.
Кхочушдан лерина
жам1аш
1.Предметни: 1емар ду яздархочун дог-ойла а гойтуш
стихотворенин текст еша; ешначун чулацамах кхетар хир ду.
2. Метапредметни
·
Регулятивни: 1емар ду хьехархочун г1оьнца урокан 1алашо
билгалъяккха и кхочушъян некъаш къасто; 1емар ду шаьш-шайн болх тергонехь латто
, нийса мах хадо.
·
Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш
дала; Даймахках лаьцна дийца уггара довза дешнаш къасто хуур ду.
·
Х1ума довзаран: 1емар ду текстаца болх бан, цхьацца аларш,
дешнаийн маь1наш талла; алсамдер ду ойлаяр, тидамбар, кхетам кхуьур бу.
3. Личностни: Даймахках дозалла деш, и хазбан лаам хир бу
дешархойн.
УРОК Д1АЯХЬАР.
I.Ц1ера болх таллар.
Д.Кагермановн «Сан Кавказ» стихотворени схьайийцар.
II. Мотт шарбар.
-Д1адеша чехкаалар.
Даг1 т1ехь хьарг1а,
Paгly к1ел борг1ал.
-Д1адеша чехкаалар дешдакъошца.
-Д1адеша чехкаалар дешнашца.
-Дагахь 1амаде. Нийса а, чехка а схьаала.
III.1алашонаш билгалъяхар.
-Бераш , ас уьн т1е яздинчу дешнашна нийса аша мукъа элпаш юкъаяздахь ,
шуна тахана вевзар ву керла яздархо.
Ш Х1 Д Р Ш Д В.
-Муьлха элпаш язди аша? Мила ву иза? (Шах1ид Рашидов).
-Ш.Рашидовн муьлха произведени йоьшур ю вай тахана? (Стихотворени
«Даймахке безам»).
-Стенах лаьцна хир ю иза? (Дешархойн жоьпаш).
-Муьлханиг ю вайн урокан коьрта 1алашо? (Стихотворени нийса а, къастош
а еша, чулацамах кхетар).
IV.Керла тема хьехар.
1. Яздархочух лаьцна дош.
ШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШ
2.Хьехархочо къастош д1айоьшу Ш.Рашидовн
«Даймахке безам» стихотворени.
-Муха ю поэтан Даймахках лаьцна йолу ойла? (Поэта дозалла до шеен
Даймахках).
-Муьлхачу эшарехь еша еза стихотворени? (Хазахетар, ваккхийвер гойтуш).
V. Сада1аран миноташ.
VI.Керла тема кхин д1а а хьехар.
1.
Дешархоша д1айоьшу Ш.Рашидовн
«Даймахке безам» стихотворени.
2.
Хоржуш ешар.
-Стенах лаьцна ю стихотворении ? (Даймахках
лаьцна).
-Х1ун боху автора Даймахках лаьцна ? Д1аеша
к1айдарг.
-Х1ун боху аренех , лаьмнех , батах
лаьцна? Д1аеша к1айдарг.
-Х1ун боху вайнехан адамийн гергарлонах?
Д1аеша к1айдарг.
-Д1абеша т1аьххьара биъ мог1а. Муха кхета
шу царех?
VII.Жам1 дар.
-Муьлха произведени йийшира вай тахана?
-Мила ву цуьнан автор?
-Х1ун хаамаш гулбелла шун кху декъа т1ехь Даймахках лаьцна? Х1ун ю
Даймохк?
VIII.Рефлекси.
-Муьлханиг яра урокан коьрта 1алашо?
-Хьенан ницкъ кхечи шун и кхочушъян?
-Х1ун эр дара аша Даймахке болчу безамах лаьцна?Х1ун ду Даймахке безам
хилар?
IX. Ц1ахь бан болх балар.
Ш. Рашидовн «Даймахке безам» стихотворени дагахь
1амо.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.