Инфоурок Родной язык Другие методич. материалыПравила написание диктанта "Диктант язъяран бакъонаш"

Правила написание диктанта "Диктант язъяран бакъонаш"

Скачать материал

Диктант язъяран бакъонаш

 

1.ТАЛЛАМАН (КОНТРОЛЬНИ) ДИКТАНТ А, Г1АЛАТАШНА Т1ЕХЬ БОЛХ БАР А.


          Талламан диктант шен талламан декхарш кхочушдина ца 1а. Иза 1амийнарг т1еч1аг1даран упражнени ю, цо берашна 1амадо д1ааьлларг д1аяздан, церан хаарийн жоьпалла лакхадоккху. Цундела талламан диктант доккха маь1на долуш г1уллакх ду, хьехархочунна а, дешархочунна а.
Диктантан текст хьехархочо ша лаха а, х1отто а еза. Цуьнан х1оттаяр хала а, чолхе а г1уллакх ду, х1унда аьлча и хила еза хьалха 1амийнчу грамматически бакъонашца йог1уш а, (цул т1ех ца йолуш), цуьнан чулацамах бераш дика кхеташ а, программица а, разделашца а цхьаьна йог1уш, цо таллам бан беза берашна хуучунна. Цуьнан чулацамехь хила деза хьалха дешархоша г1алаташ довлийтина дешнаш. Диктантан дийнна цхьа текст ца караяхь, иза вовшахтоха тарло масех декъах. Текст хила тарло 1илманан, политически, исбаьхьаллин произведенеш т1ера схьаэцна. Йоьалг1ачу классана цхьаьнайозуш йолу текст дика хир ю. Оьшуш делахь а, дацахь а книжни хила еза аьлла дац текст. И хьехархочо ша х1отто а мега.
        Хьехархочунна оьшу цхьаьнайозуш йолу текст ца караяхь, и вовшех йозуш йоцчу предложенех х1оттийна хила а тарло.
        Дешаран шо чекхдолуш ечу талламан диктантан текст программо билгал ма-даккхара, ерриге грамматически нийсаяздаран бакъонаш чулоцуш хила еза. Бакъду, уьш ерриге чуйог1уш текст карор ю аьлча нийса дац, амма коьртанаш хилийта хьажа веза. Йоьалг1ачу классехь талламан диктантан барам 65-70 дашал совбала ца беза. Мехала ду хьехархочо диктантан текст нийса д1ааларца берашка д1аязъяйтар.
        Цкъа хьалха хьехархочо сих ца луш, ян езачохьсоцунг1а а еш, хозуьйтуш д1айоьшу дийна текст. Ткъа дешархоша сема ладуг1у цуьнан чулацамах кхетархьама. Дешархошна хьалххе д1ахаийта деза, текст д1аязъечу хенахь сихо ца иэшар. Цул т1аьхьа хьехархочо йоьшу цхьацца предложении (нагахь предложени йоккха елахь, шозза еша а мегар ду), т1аккха хьехархочо цхьацца дешнийн цхьаьнакхетар я цхьацца предложенин дакъа д1ааларца д1аязйойту. Нагахь дешархоша 1амийна а доцуш, чолхе, яздан хала дешнаш текст юкъахь делахь, уьш хьалххе классни уьн т1е д1аяздо, бовзуьйту церан чулацам.
         Диктант д1аязйина бевлча, дешархошна яла еза 5-6 минот, цаьрга шайга таллам а бойтуш, г1алаташ нисдан. И дан тарло шина кепара: дешархоша г1алаташ нисдо хьехархочо ерриге текст йоьшучу хенахь, я и ешна ваьллачул т1аьхьа. Цул т1аьхьа сихха дешархошкара тетрадаш схьаоьцу.
Т1ейог1учу урокехь дешархоша г1алаташна т1ехь болх бар д1ахьо… Урок д1айолалуш хьехархочо доццачу шен къамелехь билгалдоккху диктант дика хьан язйина а ледарлонаш муьлхачу белхаш т1ехь хилла а. Урокехь и г1алаташ нисдо. (Тетрадаш урок д1айолаялале берашна д1адекъа деза). Цкъа хьалха болх бо орфографически г1алаташ т1ехь. Хьехархочун цунна лерина кечйина упражненеш хила еза. Цул т1аьхьа пунктуационни г1алаташ нисдеш упражненеш кхочушйо.
Урок чекхйолуш, жам1 а деш, хьехархочо берашна хьалха хаттар х1отто тарло:
- Муьлха грамматически бакъонаш карлаехи вай?
         Ц1ахь дешархоша д1аяздо шайн словарикаш т1е г1алаташ дина дешнаш. Кхин д1а йолчу урокашкахь хьехархочун декхар ду, оцу дешнашна т1е тидам а бахийтина, т1ейог1учу хенахь царна т1ехь берашка г1алаташ ца дойтуш, таллар.


2. ХЬАЛХХЕ ХАИЙТАРАН ДИКТАНТ.


        Хьалххе хаийтаран диктанто таро хуьлуьйту хьалха 1амийнарг т1еч1аг1дан а, 1амийнарг карладаккха а, хьалха дина г1алаташ кхин ца довлийта а. Цуьнан тайп-тайпана варианташ хуьлу:
Хьехархочо предложени йоьшу, т1аккха дешархочо йоьшу, билгалдаьхна дешнаш хьехархочо муха яздан деза дуьйцу. Цул т1аьхьа бераша, билгалдаьхначу дешнашна к1ел сиз а хьокхуш, д1аязйо. Т1аьххьар а и предложени цхьана беро йоьшу, билгалдаьхна дешнаш иштта х1унда яздина а дуьйцуш, вукхара шайгара г1алаташ девллий а хьовсуш, уьш нисдо.
        Классни уьш т1е валийначу дешархочо диктантан текст д1аязйо хьехархочо д1ааларца. Цул т1аьхьа, хьехархочун куьйгаллийца тала а толлуш, тетрадаш т1е д1аязйо.
          Хьалххе хаийтаран диктантан текст хила тарло учебник т1ера схьаэцна а, исбаьхьаллин литература т1ера схьаэцна а. И тайпа диктанташ сих-сиха яр мехала ду. (20-25 минот).


3. КХЕТОРАН ДИКТАНТ Я КОММЕНТИРОВАННИ ЯЗДАР.


     Цу шина юккъехь башхала ю. комментированни яздар д1ахьо, яздечу хенахь, муха яздан деза а дуьйцуш, ткъа кхеторан диктант ечу хенахь, цкъа хьалха д1а а яздой, т1аккха дуьйцу, цуьнан нийсаяздар.


4. КОМБИНИРОВАННИ (ИЭЕЛЛА) ДИКТАНТ.


       Х1окху диктанто чулоцу хьалххе хаийтаран, кхеторан, талламан диктантийн билгалонаш церан тайп-тайпанчу вариаташкахь. Х1ара х1окху кепара йо: цкъа хьалха, тетрадаш т1е д1аязъяле, 3-4 предложенера орфограммаш толлу, цул т1аьхьа масийтта предложени язйо таллам а беш, царна юкъахь хила еза урокехь 1амош йолу грамматически бакъонашца йог1урш.т1аьххьара д1аязйо масийтта предложени талламан диктантехь сана, берийн кхетар муха хилла хьажархьама. Д1аяздинарг, юкъа хан ца юлуйтуш, толлу. Комбинированни диктант йо, берашна билгалъяьхна диктанташ ян1еминчул т1аьхьа, жам1 даран а, 1амийнарг карладаккхаран а 1алашонца.

 

5. ХАРЖАМАН ДИКТАНТ.


        Вукху диктанташца юьстича, х1окхуьнан башхалла ерриге а текст, д1а а ца язъеш, 1амочу бакъонна оьшуш долу дешнаш я дешнийн цхьанакхетарш яздеш ю. Цул совнаха, диктантана т1едиллар дан а мегар ду. Хьокху тайпана диктанташ сих-сиха ян еза.

                                            6. ГАЙТАРАН ДИКТАНТ.


        Х1окхуьнан башхала ю, цкъа хьалха дешархочун ойла т1еяхийтина д1аязйинчу тексте хьежар а, 1амочу орфограммин тидам бар а. Цуьнца цхьаьна бераша дуьйцу 1амош йолчу орфографически бакъонех лаьцна а.
       Цул т1аьхьа хьехархочо д1ааларца я дешархоша шаьш дагалацарца д1аязйо диктант. Т1аккха, бераша шаьш книги т1е а хьовсуш, толлу цуьнан язъяр.


7. ША-ШЕН ТАЛЛАРАН ДИКТАНТ.


         Ша-шен талларан диктантан 1алашо даима а ша-шен таллар кхиор ю. И таллам бан хаар доккха маь1на долуш г1уллакх ду. Х1ора дешархочух хьул ца йо нийсаяздаран шеконийн меттигаш, цунна бакъо ло, яздечу хенахь муха яздан деза, аьлла,хаттар дан. Дешархочо хаттар дар мехала лара деза. Хьехархочуьнга хаттар а дина, нисдина г1алаташ, диктантан мах хадочу хенахь, тидаме ца оьцу. Нагахь дешархочо шена ца хаарца, я хаттар ца деш, г1алаташ дар доккха кхачамбацар лара деза.
       Хьехархочо тидаме эца деза:
а) юьхьанца хала хуьлу хаттарш дар т1ехь берашка жигара дакъа лацийта;
б) шайна хаттарш дан еллачу бакъонах т1ех ца буьйлуш, эца ма-беззара цаьрга пайда эцийта;
в) х1ора дешархочо мел, муьлха хаттарш дина гойтуш, жам1 дан хала хилар.


8. КХОЛЛАРАЛЛИН ДИКТАНТ.


       Х1ора диктант х1окху кепара йо:
а) дага а лоцуш, масалш даладан 1амош йолчу я карлаяккха езачу бакъонна;
б) хьехархочо дешнаш (дешнийн цхьанакхетарш) классни уьн т1е д1аяздо;
в) уьш юкъа лоцуш дешархоша предложенеш х1иттайо, церан диъ тайпа ду:
1) кхин дешнаш юкъа а далош;
2) кхин дешнаш юкъа а ца далош;
3) дешнаш хийца а ца хуьйцуш;
4) уьш хийца а хуьйцуш.
Дешархоша х1иттийна предложенеш д1аязйо уьн т1е а, тетрадаш т1е а.

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Правила написание диктанта "Диктант язъяран бакъонаш""

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 2 месяца

Кризисный психолог

Получите профессию

Экскурсовод (гид)

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 668 593 материала в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 05.10.2020 568
    • DOCX 21.4 кбайт
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Алиева Пирдоз Мовладовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Алиева Пирдоз Мовладовна
    Алиева Пирдоз Мовладовна
    • На сайте: 6 лет и 8 месяцев
    • Подписчики: 10
    • Всего просмотров: 38220
    • Всего материалов: 22

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Копирайтер

Копирайтер

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Речевое развитие школьников на уроках родного (русского) языка в условиях реализации обновленного ФГОС НОО

36/72 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 38 человек из 21 региона
  • Этот курс уже прошли 215 человек

Курс профессиональной переподготовки

Русский язык и культура речи: теория и методика преподавания в дополнительном образовании

Педагог дополнительного образования по русскому языку и культуре речи

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 33 человека из 19 регионов
  • Этот курс уже прошли 48 человек

Курс профессиональной переподготовки

Родной (русский) язык и родная литература: теория и методика преподавания в образовательной организации

Учитель родного языка (русского языка) и родной литературы

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 87 человек

Мини-курс

Профессиональное развитие бизнеса: стратегии и инструменты

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Эффективная корпоративная коммуникация

8 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Принципы эффективного использования аграрных ландшафтов

8 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе