Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
1 слайд
Дешаран урок 3 – г1а класс
«Лайн чимаш» М. Сулаев
Хьехархо Бекаева З. С.
2 слайд
1алашо:
Учебникан керла дакъа довзийтар , цу декъа т1ехь евзар йолу произведенеш билгалъяхар. М. Сулаевн «Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении йовзийтар. Нийса а, кхеташ а, шера а еша 1амор. Ойлаяр , тидам бар , къамел кхиор.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотворни тексташ еша. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна хуур ду керлачу декъехь йолу произведенеш билгалъяха. Берашна хуур ду керлачу декъехь хир болу кхиамаш ган , церан план х1отто.
3 слайд
Де дика хуьлда шун, бераш!
4 слайд
Х1етал -метал
Гуьйре яхча едда д1а,
Деъна кхечи шийла ...
5 слайд
Ладог1ал стихотворенига. Ойлае :маца хуьлу ишттаниг?
- Диканиг, хьажал корах ара,
-Мамае к1анте элира.
Ваха, вахна арахьаьжча,
Доггах велакъежира.
Массо дитташ т1ехь 1охкура
Бамбин семса к1айн куйнаш.
Ц1енойн тхевнаш т1ехь а гора
Бамбин ховха юрг1анаш.
К1айн, байн, семса бамба бара
Корал арахь генна гуш.
И к1айн бамба д1асатуьйсуш,
Дада вара некъ боккхуш.
Тайп-тайпана к1айн зезагаш
Кораш т1е хьан летийна?
К1айн полларчий, к1айн седарчий
Лаьтта т1е хьан эгийна?
...Дека арахь берийн аьзнаш,
Кхуьйсу вовшийн межаргаш.
Доьлу, ловзу, лаьттахь керча,
Хоьхку басах салазаш.
Ваха арахьаьди маса,
Каранаш шен ийци схьа.
- Собар, собар! - боху мамас,
Йоьлуш, к1анте хьоьжуш д1а.
- Куьйгаш довха хилча тоьа
Моьтту хьуна, хьомениг?
Юха пальто, шарф ма йицъе,
Куй а тилла бовханиг...
Хаьий хьуна, маца долу
Берийн иштта самукъа,
Ч1ог1а совг1ат иза хеташ
Ловзу сарралц, йицлой хан? (1ай)
(Хь. Саракаев)
6 слайд
Маца хуьлу стихотворении т1ехь дуьйцург? (1ай)
--Учебникан уьлха дакъа доладо вай тахана ? (1а)
-Стенах лаьцна хир ю вай цу декъа т1ехь 1амор йолу произведенеш? (1аьнах)
7 слайд
Муьлха кхиамаш хир бу вайн и дакъа 1амош?
Вайна евзар ю 1аьнах лаьцна произведенеш.
Вайна бевзар бу керла яздархой.
Вайна бевзар бу 1аламехь 1ай хуьлу кхиамш.
Суна 1емар ю , нийса а, шера а , кхетош, а тайп- тайпана тексташ еша.
Суна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала.
Суна 1емар ду чулацамах лаьцна сайн хатта рш дала.
Аса дозалл дийр ду даймехкан 1аламах, нохчийн яздархойх.
8 слайд
М. Сулаев
Сулаев Мохмад Абуевич вина 1920 шарахь, сентябрь беттан 20 – чу дийнахь Г1ойт1ахь. Деша ваххалц йолу белаллин хан цигахь яьккхина цо. Цул т1аьхьа Грозный г1аларчу 16 школехь 1928 –чу шарахь долийна дешар цо д1ахьо 1алхан – Юьратахь хиллачу юьхьанцарчу опорни школехь а. Иза 1933 шарахь чекхяьккхича, Сулаев Мохьмад деша вахара Баку г1ала. Цигах педагогически рабфакехь дешна ваьлча, цо 1941 шарахь чекхйоккху Бакура медицински институт. Оцу хенахь дуьйна схьа лоьралла а, литературни болх а цхьана д1акхоьхьу цо.
9 слайд
«Лайн чимаш» М. Сулаев
10 слайд
11 слайд
Чулацамах къамел дар.
-Шеран муьлха зама ю стихотворении т1ехь йуьйцург? (1а)
-Муха охьадог1у лайн чимаш ? (Меллаша )
-Аша тида м биний церан ? Муха хуьлу уьш ? Стенах тера хуьлу уьш? (Седарчех тера хуьлу)
-«Стиглаца уьйр хаьдда» бохучух муха кхета шу?
«Кху лаьттах шайна г1ортор ян дагахь уьш охьаоьгу»- бохучух муха кхета шу?
-Стихотворени йоьшуш муха дог –ойла кхоллало шун?(Г1айг1ане)
12 слайд
Сурт диллар.
13 слайд
Рефлекси.
-Муьлха кхиамаш кхочушбан ницъ кхечи шун?
Х1ун диси шун дан ницкъ ца кхаьчна ?
Х1ун бахьна ду ш Х1н дина аша билгалдаьккхина доцуш?
Жам1 дар.
-Муьлха произведени и евзира шуна?
-Мила ву цуьнан автор?
-Стенах лаьцна ю иза?
Ц1ахь бан болх балар.
М. Сулаевн « Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении дагахь 1амо.
Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
6 665 117 материалов в базе
«Дешаран книжка (Литературное чтение) (на чеченском языке)», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э.
Больше материалов по этому УМКНастоящий материал опубликован пользователем Бекаева Зульфия Салмановна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Удалить материалВаша скидка на курсы
40%Курс повышения квалификации
36 ч. — 144 ч.
Курс профессиональной переподготовки
300/600 ч.
Курс повышения квалификации
36 ч. — 144 ч.
Мини-курс
4 ч.
Мини-курс
6 ч.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.