Инфоурок География КонспектыУрок-конспект "Гацаев Саь1идан дахар а, кхолларалла а"

Урок-конспект "Гацаев Саь1идан дахар а, кхолларалла а"

Скачать материал

Гацаев Асламбекан Саь1ид. (1938-2013) Дахар а, кхолларалла а.

1алашонаш: Гацаев Саь1идан дахарх, кхоллараллах лаьцна хаам балар; шен махкана, къомана хьаналхилар, церан дуьхьа муьлххачу халонех доьналлица чекхвалар кхиор. Ойла а, тидам а кхиор. Къинхьегаме, дешаре безам кхоллар.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза шаьш ешначух кхета , хиндолчу г1уллакхан прогноз ян; шайн белхан план х1отто , цу планан рог1аллехь болх бан, вовшашца а , хьехархочуьнца а къамеле бовла , къамел д1адахьа, 1ама беза шен кхиамаш а , кхачамбацарш а довза , царех пайдаэца.


Хьехаран некъаш: учебникца болх бар, дешархойн хаамаш, комментари ярца текст къастош ешар, хаттаршца доьзна къамелдар, хьехархочун комментареш, текстана анализ яран кепаш.


Эпиграф : Со-м хьан варий ,Нохчийчоь,

Хьо-м саярий ,Нохчийчоь,

Хьо-м сан деган шовкъ ярий,

Сан марзонан кеп ярий.

Урок д1аяхьар


I.Урокана кечамбар.


II.Ойла т1еерзор.

- Муха кхета шу тахана вай урокана далийначу дешнех?

- Цуьнан маь1на хьан достур дара аша ?

-Мила ву цуьнан автор? (Гацаев Саь1ид)

- Даймахках йолу поэтан стихаш, шаерш бохург санна, авторан дахарх йозаелла ю. Ма- дарра аьлча, поэтан ерриг лирика а ю авторан даймахкаца йолчу юкъаметтигех лаьцна, даймехкан 1аламан исбаьхьалла гойтуш, цаьрга болчу безамах юьзна.

- Гацаев Саь1идан муьлха произведенеш 1амийна вай? ( «Дарц»)

-Таханлерачу вайн урокан ц1е х1ун хир ю ? Х1ун белхаш бийр бу вай?

(Дешархоша шаьш билгалйоккху урокан ц1е, иштта х1иттайо урокехь бан леринчу балхана 1алашонаш а ).

III. Дешархойн хаарш жигардахар.

-Стенах лаьцнадийцира вай д1аяханчу урокехь?

-Муьлха теманаш яьстина Хасбулатов Ялимхана шен «Дош» , «Стаг хила ваьллехь хьо ара».

ц1е йолчу стихотворенешкахь?

-Нохчийн яхь йолчу к1антехь хила деза х1ун г1иллакхаш билгалдоху поэто шен стихотворенехь?

-Нохчийн доьзалехь ненан сийлалла муха гойту авторо?

- Къовсамехь к1анта ша муха гайта веза билгалдоккху поэто?

-Харц некъах ларвала везар муха билгалдоккух авторо?

-Нохчийн яхь йолчу к1антехь хила деза х1ун г1иллакхаш билгалдоху поэто шен стихотворенехь?

-Лирически турпалхочунна лууш дер х1ун ду, стенга сатесна ву иза?

-Д1адахнарг а керла т1едог1ург муха т1еоьцу лирически турпалхочо?

- Дагайог1ий шуна цуьнан цхьа а стихотворени? Дагахь хьанна хаьа?

(Хьехархочо толлу дешархойн кхоллараллин белхаш, билгалбоху кхиамаш а, кхачамбацарш а).

1.«Воккхачо бохург динарг дохко вер вац» доклад еша.


IV. Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.

Хьехархочун дош

1аламан хастамча, нохчийн Есенин аьлла ц1е яхна ву нохчийн поэт Гацаев Саь1ид. Д1адаханчу б1ешеран 50-г1а шераш чекхдовлучу – 60-г1а шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкинчу тоьллачу яздархойх ву Гацаев Саь1ид.

Гацаев Саь1ид вина 1938 шеран 2-чу декабрехь Веданан районера Дишни-Веданахь ахархочун Асламбекан доьзалехь.

Гацаев Саь1ид стихаш язъян волавелла ша школехь доьшуш волчу хенахь. Шен поэтически корматалла кхиарехь беркате хилла лору цо нохчийн фольклор, оьрсийн, малхбален къаьмнийн лирика, Пушкинан, Блокан, Есенинан кхолларалла.

Гацаев Саь1идан дуьххьарлера стихотворени зорбане яьлла 1961 шарахь. Х1етахь дуьйна поэзехь а, драматургехь а хаддаза болх беш схьавеана. Поэтан «1уьйре» ц1е йолу хьалхара книга араяьлла 1969 шарахь. Гацаев Саь1идан поэтически кхоллараллин коьрта аматаш къаьсташ гучудевлира цуьнан шолг1ачу книги т1ехь. Иза яра 1973 шарахь зорбанера яьлла «Б1аьстенан г1apa» ц1е йолу стихотворенийн, поэмин гулар. Халкъан яздархочо Ахмадов Мусас яздо: «Оцу шина гуларна юкъаяханчу стихийн коьрта цхьа маь1на хета – Даймахке, цуьнан 1аламе болу безам. Амма и безам цхьана кепара бац, и тайп-тайпана бу шен гучубийларца, иза бекъабелла бу 1аламан тайп-тайпаналлехь, поэтан синхаамашкахь.

Гацаев Саь1ида болх бина драматургехь а. Цуьнан комедеш «Бале ваьлла нуц», «Пелхьонаш» кхиамца х1иттийна къоман театрехь. Иза автор ву Советски Союзан Турпалхочух Нурадиловх лаьцна йолчу «Ханпашин валар» пьесин а.

Гацаев Саь1ид кхелхина Веданахь 2012 шеран 13-чу декабрехь, п1ерасканан буьйсана.




Поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна йолу учебник-хрестомати т1ера статья ешар, тезисаш х1иттор. (белхан тептар т1едиллар)


хьехархочун а, тIаьхьа директоран а болх, Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан, литературин кафедрехь ассистент.


Цуьнан стихийн, поэмийн гуларийн ц1ераш йовзийта.Маца йийлина уьш зорбане?

«1уьйре» -(1969), «Б1аьстенан г1apa»-(1973),

«Хазахетар» -(1982), «Суьйренан 1еха» -(1988), «Мекара цициг»- (1991).

«Со-м хьан варий ,Нохчийчоь»-(2014).

Цуьнан произведенийн коьрта тематика

Адам а, 1алам а. И тема, даймехкан тема санна, поэтан ерриге лирикех чекхйолуш ю.



V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

Хаттаршца доьзна къамелдар.

- Муьлхачу исбаьхьаллин васташца гайтина поэто шен Даймахке болу безам?

-Нохчийн исторехь хилла муьлха бохам дагабоуьйту х1окху дешнаша: «Со хьох ваьлла дукха лелла,

-Хьан достур дара цу дешнийн маь1на?

Дийца,стен латтош ду къам а,къоман г1иллакхаш а, ламасташ а?

VI. Урокан жам1аш.

Хьехархочун дош.

Гацаев Саь1идан ойланехь,синхаамашкахь 1аламца йолу юкъаметтигаш ю , цуьнан 1аламе болу лирически хьежамаш бу,цунна 1аламан исбаьхьалла гаран башхаллаш ю . Поэтан синхаамийн йовхо ю б1аьстенан 1аламехь «яьржинарг». Иштта адаман йовхо й,1аламан хазаллий цхьаьнаийна долу исбаьхьаллин васташ кхоллар Гацаев Саь1идан лирикин коьрта башхалла ю, поэтан исбаьхьаллин хат1 а ду иза. Нохчийн литературехь дуьххьара оцу тайпана 1аламан васташ кхоьллинарг , адам, 1алам сел исбаьхьа цхьаьнадалийнарг Гацаев Саь1ид ву .Нохчийн поэзехь дахар гайтаран таронаш шорйина поэта,адаман,1аламан уьйраш керлачу исбаьхьаллин кепехь гайтина.

VII. Рефлекси.

-Хьанах лаьцна дийци вай тахана?

-Керланиг х1ун хии шуна?

-Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна 1еми..

Суна хии..

Суна хазахийти..

Со ца кхийти…

VIII. Хаарийн мах хадор.


IX. Ц1ахь кхочушдан дезарг

1 Проект «Сан хьоме Кавказ» темина доклад кечье.

2. Гацаев Саь1идан « Кавказ» стихотворени къастош, шера ешарна кечам бан.


Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Урок-конспект "Гацаев Саь1идан дахар а, кхолларалла а""

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Агроном

Получите профессию

Секретарь-администратор

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 665 123 материала в базе

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 10.10.2020 4141
    • DOCX 20.5 кбайт
    • 171 скачивание
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Исраилова Луиза Абдул-Галимовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    • На сайте: 6 лет
    • Подписчики: 52
    • Всего просмотров: 111459
    • Всего материалов: 31

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Интернет-маркетолог

Интернет-маркетолог

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Методика обучения географии для детей с ОВЗ с использованием туристических приемов

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 63 человека

Курс профессиональной переподготовки

География: теория и методика преподавания в профессиональном образовании

Преподаватель географии

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 57 человек из 29 регионов
  • Этот курс уже прошли 208 человек

Курс повышения квалификации

Особенности подготовки к проведению ВПР в рамках мониторинга качества образования обучающихся по учебному предмету «География» в условиях реализации ФГОС ООО

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 70 человек из 34 регионов
  • Этот курс уже прошли 761 человек

Мини-курс

Медико-педагогические аспекты обучения и тренировки

2 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

История архитектуры: от классицизма до конструктивизма

3 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 34 человека из 19 регионов
  • Этот курс уже прошли 18 человек

Мини-курс

Стратегии антикризисных коммуникаций и управление репутацией в современном бизнесе

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе