Предмет:
литература.
Урокан
цӀе: «Хатуев Ӏаьрбин Ӏабдул-Хьамид «Аьрзунан
илли»
Урокан
тайпа: керланиг довзийтаран
Кеп:
фронтальни, тобанашца, шишша цхьаьна
Методаш:
эвристически (ахлехамийн)
Ӏалашонаш:
1.
Дешаран:
·
поэтан кхоллараллин некъ бовзийтар.
·
стихотворенин коьрта маьӀна даккха Ӏамор
·
йаздархочун исбаьхьаллин маттах кхетор.
2.
Кхиоран:
·
берийн тидаме хилар чIагIдеш, церан ойла
а, дагалацам а кхиор;
·
шен белхан мах хадор, ша-шен таллам бар а,
ловзаран барамехь керланиг довзар а кхиор.
3. Кхетош-кхиоран:
·
исбаьхьаллин даше безам кхиор
·
дайн оьзда гӀиллаккхийн мах лакхара
хиларх доьзна къамел дар
Урокан
гӀирс:
·
мультимедийн проектор, классан у
·
ПК
·
презентци
·
Ӏамат
·
карточкаш
·
тептар
Урок дӀайахьар.
I. Вовшахтохаран мур.
II. Дешарна ойла тIейерзор
Хьовсал, бераш, корах ара,
Мел хаза ду тахана де!
ХIинца вовшийн бIаьра хьовса,
Дешаре шовкъ йерзайе!
III. Iамийнарг
карладаккхарца хаарш жигардахар. (Дешархой шина тобане бекъна бу, хӀора тобанна
шен-шен хаттарш ду)
1-чу тобанна:
- Бексултанов Мусан «Ца кхетта хестор» дийцаран коьртачу
турпалхойн цӀераш йаха.
- ХӀун дара кӀанта сагатдийриг? ХӀун хаттарш ло цо Дерказе?
- ДӀайеша дийцар тӀера топ ца кхуссуш экха дӀадахийтина меттиг.
- Дийцар иштта чекхдер ду аьлла тешна дарий шу? «Ца кхетта хестор»
аьлла цӀе хӀунда тиллина цунна йаздархочо?
2-чу тобанна:
- Жимачу Джабраилна хьуьнах талла ваха лааран хӀун бахьана дара?
- Самадолучу дуьненан, Ӏуьйренан аьхналлин сурт муха хӀоттийна
дийцарехь? Схьа а лахий, дийцар тӀера дӀайеша и меттиг.
- Топ ца тухуш, кӀанта экха дӀадахийтича, хӀун элира цуьнга
Дерказа?
- Джабраилан метта хилча аш хӀун дийр дара? Экханна топ ца кхуссуш
Ӏалур дарий шу? Дийца хӀунда.
(Слайд 2)
IV. Урокан цIе йовзийтарца
Iалашонна тIебигар.
(Дешархошка Хатуев Ӏ-Хь. дешнийн буха тӀехь Димаев Ӏелас «Аьрзунан
илли» цӀе йолу илли дӀаолучу кийсаке ладугӀуьйту).
- Бераш, хьан эр дара аш, хIокху иллига вай ладогIаран хIун бахьана ду аьлла хета шуна? Мила ву-те иллин дешнийн автор?
(Берийн жоьпаш тӀе а дузуш, урокан цӀе йовзийтарца, дешархой
Ӏалашонна тӀебуьгу).
(Слайд - 3-5)
- Ткъа хӀинца, бераш, ас шуна чалтар тӀехь йолу кехаташ дохку
хьалха. Стенах лаьцна йу-те вайн говзар? Кху кехаташ тӀехь далийнчу хетаршца,
шайна нийса хетарг билгалдаккха. Текст йешначул тӀаьхьа, дустур дув ай шун
жоьпаш.
Текст йешале хьалха
|
Хетарш:
(Хатуев I-Хь. «Аьрзунан илли»
стихотворенехь дуьйцу)
|
Текст йешначул тIаьхьа
|
|
аьрзуно дечиг пондарца илли аларх лаьцна;
|
|
|
гIенаха аьрзуно авторан лерехь илли аларх лаьцна;
|
|
|
аьрзу а, адам а маьрша хиларх лаьцна;
|
|
|
къонахчо адаман дахар лардан дезарх лаьцна;
|
|
|
вайн лаьмнийн гIиллакхех лаьцна;
|
|
|
аьрзу санна, адам а йахь йолуш хиларх лаьцна;
|
|
|
йахь йолчу адаман мах лакхара хиларх лаьцна;
|
|
|
аьрзу а, адам а сиха амал йолуш хиларх лаьцна.
|
|
(Слайд 6)
V.Керла
хаарш дIакхачор.
1.
Хьехархочун дош.
(Боцца
бовзуьйту поэтан дахаран, кхоллараллин некъ)
Вина
меттиг – Киргизи
Дахаран
шераш- 1952-2011
Мила
ву, хӀун белхаш бина – поэт, литературин
критик, журналист.
Цуьнан
байташ тӀехь даьхна иллеш: «Бусалба сан Нохчийчоь», «БӀаьсте ер ю »,
«Стиглара дӀабайна седа», «Со дӀаваьлча юрт ма елхае», «ТӀаьххьара бал».
Цуьнан
произведенийн коьрта тематика – Даймехкан исбаьхьа Ӏалам,
къоман гӀиллакхаш, догцӀена, адамалла, яхь йолуш волу къонах.
VI.
1. Керла хаам кхин дIа а бовзийтар.
(Хьехархочо
цкъа ша, цул тӀаьхьа дешархошка йоьшуьйтуш, стихотворенин чулацам тӀехь болх
бо.
-
Бераш, шуна хӀун тайпа олхазарш девза? Ас дӀагайта кечдинчу сарташ йукъахь
аьрзу муьлха олхазар ду билгалдаккхалур дарий шуьга? (Слайд - 7-8)
(Аьрзунах
лаьцна хаамаш бовзийтар - слайд 9)
2. Дешнаш
тӀехь болх:
аьрзу (йу) – орел;
гIира-
хищный;
мукIарло
(ду) – признание;
йийсар (ву, йу) – пленник, пленница;
хьаргIа
(йу) – ворон;
кхерч (бу)- очаг
(Слайд 10)
3. СадаӀаран
миноташ. (Слайд 11)
VII.
Iамийнарг
тIечIагIдар.
Шина
тобане декъначу берашца ловзар дӀахьо.
(wordwall
цӀе йолчу программица хьалххе кечдина хаттарш ду дешархошна, царна жоьпаш
даларца дӀахьо къовсам)
Хьалхарчу
тобанна тIедиллар
https://wordwall.net/ru/resource/31733404
(Слайд 12)
ШолгIачу
тобанна тIедиллар
https://wordwall.net/ru/resource/31733791
(Слайд 13)
VIII.
Урокан жамI дар.
Текст
йешале дешархоша билгалдаьхна жоьпаш, иза йешначул тӀаьхьа хетачуьнца дустар. (Слайд 14)
1.
Тахана урокехь тхуна хии…
2.
Хатуев Ӏабдул-Хьамид – иза …
3.
Цуьнан дешнаш тӀехь … сов илли ду даьккхина…
4.
«Аьрзунан илли» стихотворенехь дуьйцу…
5.
Стеган дахарехь авторо коьрта лору…
(Слайд
15)
IX.
Рефлекси.
«Кхиаман
бӀов»
(Слайд
16)
Бинчу
белхан мах хадор.
X.
ЦӀахь бан болх.
1.
Хатуев I-Хь. дахарх а, кхоллараллех а лаьцна интернет ресурсашкара хаамаш гулбе
(индивидуально);
2.
Стихотворени къастош йеша;
3.
Шайна хазахетта кийсак дагахь Ӏамае.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.