Инфоурок География КонспектыКонспект урока на тему "Элпаш Г1,г1 яздар", (1-ра класс).

Конспект урока на тему "Элпаш Г1,г1 яздар", (1-ра класс).

Скачать материал

57-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  г1 , Г1  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  г1 , Г1  довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а г1 , Г1  .  1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан  рог1алла а  ларъеш йозанан корматалла  караерзо. Берашна  1емар ду  коллективехь эбала , болх бан.

·        Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду  шайна  хетарг маь1ница нийса  д1аала. Берашна 1емар ду  тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю меттан  говзалла.

·      Познавательни:  берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду  аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн  алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу .Дешнаш дешдакъошка а доькъуш д1аяздан 1емар ду берашна.Берашна 1емар ду предложенешкахь предложенеш вовшех къасто , доккхачу элпаца уьш йоло.

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , дешар шайн дахарехь коьрта г1уллакх дина т1еберза. Берашна  1емар ду шайн  амалехь диканиг кхио .

Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар: «Кагделла  дош нисде!».

-Бераш , аса  уьн т1е  д1аяздинера  уггаре  мехала а, дика а дош . Амма  иза кагделла. Хьанна хуур дара  иза  нисдан?

ЛАДОТТАГ1

    -Муьлха дош ду  иза? (Доттаг1алла).

-Х1ун ю доттаг1алла? (Берийн жоьпаш)

-Муха хила веза  бакъ волу доттаг1?

-ДОТТАГ1АЛЛА дешан  юккъехь д1алевчкъина дуккха а дешнаш ду. Караде уьш. (Доттаг1, г1а, г1ала, ала, тала, дог1а, дота).

-Муьлхачу дешнашкахь ду  аз (Г1)? (Доттаг1, г1а, г1ала , дог1а).

-Кхин  муьлха дешнашкахь ду  аз (Г1) дешан  юьххьехь? (Г1ант, г1айба, г1овтал).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вайн таханлера т1едахкарш ду  г1аш т1ехь. Аша гулдан деза дуккха а г1аш. Шайна балур болу болх билгалбаккха?  Дийца , х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Вайна  тахана  девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш г1 ,Г1. 1емар ду  и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу  элпашца хоьттина яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш г1 , Г1 довзийтар , яздар.

·        Йозанан жима а , доккха а элпаш г1 , Г1 довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу  урокехь? (г1 , Г1).

-Схьагайта  шайгарчу элпаш юккъехь  зорбанан  жима элп г1, доккха  элп  Г1.

-Хьанна девза  йозанан жима элп  г1? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Г1 ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду  я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду)

-Маса хьаьрках пайдаэцна элп Г1 яздеш? (Шина хьаьрках).

-Муьлханаш ю уьш? (Г ,1).

-Элп Г1 цхьалха ду  я шалха ду? (Шалха ду).

·        Фонетически зарядка.

1аьлаша резадоцуш хилча х1ун до? («Г1-г1-г1»)

-Муьлха аз хеза ? (Г1).

-Аз (Г1) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

·        Йозанан  жима элп г1  яздар.

(Хьехархочо  тептарш  т1ехь яздина хила деза элп г1. Уьн т1ехь а гойту элп  г1 муха яздан  деза).

 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1

-Д1аязде элпаш шайн  тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        Дешдакъохкахь  элп  г1 яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту  йозанан  жима элп г1  муха хота деза кхечу элпех  дешнашкахь).

г1а  г1о г1у г1и г1е

-Хьан т1едузар дара дешдакъа Г1А? (Г1айба).

-Дешдакъа Г1О? (Г1овтал).

-Дешдакъа Г1У? (Г1умки).

-Дешдакъа Г1Е? (Г1езаш).

-Д1адеша дешдакъош. Д1аязде  уьш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехира аша?

·        Г1АЗ дешан  схема  х1оттор.

-Х1етал-метал хаьийла  шуна:

Луьйчу, юьжу бедарца,

TIepa и ца йоккхуш.

Дийнахь-буса лела и

Щен эткаша гойтуш. (Г1аз)

Пийсик санна

    Бу ц1енши ког,

   До цо хи т1ехь

                                                              Нека дика,

Оьг1азъяхча,

Лаг а дахдой,

  Хьоду  т1аьхьа

                             «Шашш-шашша» олий. (Г1аз)

-Х1ун ю х1етал-металшкахь  юьйцуш ерг? (Г1аз).

-Маса дешдакъа ду  Г1АЗ дешан? (Цхьаъ).

-Муьлханиг ду хьалхара  аз? (Г1).

-Аз (Г1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду).

-Муьлханиг ду шолг1а  аз? (А).

-Аз (А) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду  кхоалг1а  аз? (З).

-Аз (З) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса аз ду Г1АЗ дашехь? Маса элп ду? Маса еък1ов  хила еза схемин? Аьзнийн цхьанаэдаларш дуй дашехь? Муха билгалдоху  уьш  схеми т1ехь?Йилла схема.

          Ц1

С

 

С

 

-Караде  оцу схемина  кхин а дешнаш: дег1 , г1умки.

5. Сада1аран миноташ.

 

 6. Йозанан жима элп г1 дешнашкахь яздар.

·        Дешнаш  йозанан жима элп г1яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Ног1и , г1ант , г1овг1а, г1уркх , г1айба.

-Д1адеша  и дешнаш. Маса дешдакъа  ду НОГ1И дашехь? Муьлханиг ду хьалхара ? Шолг1а? (Иштта  толлу  важа дешнаш).

-Д1аязде  и дешнаш  тептарш т1е  дешдакъошка а доькъуш.

-Шина дешдекъ декъа  и дешнаш. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане?(Ног1и , г1овг1а , г1айба).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша  уьш цхьана  тобане? (Уьш  шина дешдекъах лаьтта).

-Муьлха дешнаш далийна аша  шолг1ачу чу тобане?(Г1ант, г1уркх).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша  уьш цхьана  тобане? (Уьш  цхьана дешдекъах лаьтта).

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        Ловзар: «Де , буьйса».

-Бераш аса  аз  (Г1) хьалхахь долуш  дош алахь д1адийша, аз (Г) хьалхахь долуш дош алахь-хьалаг1овтта.

Г1аз ,газ, газа, г1ант , говр , г1айба, г1умки , гуьйриг, г1алг1а.

·        Предложенеш язъяр.

-Бераш , аса  предложенеш вовшех ца къастош язйина. Цхьанхьа т1адам ца биллина. Хьан нисдийр дара сан г1алаташ?

Сан доттаг1 г1алг1а ву  адаман доттаг1 г1умки ву

-Д1абеша мог1а. Мила  ву сан доттаг1? (Сан доттаг1 г1алга ву).

-Мичахь била беза т1адам? (Ву дашна т1ехьа).

-Муьлха  дош яздан деза  доккхачу элпаца? (Сан-хьалхара  дош).

-Мила  ву Адаман  доттаг1? (Адаман  доттаг1  г1умки ву).

-Х1ун йилла еза  чаккхенгахь? Муьлха дош яздо доккхачу элпаца?

-Д1аязъе и предложенеш шайн  тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехира аш?

7. Жам1 дар.

-Муьлха элпаш  девзира шуна?  (Йозанан жима а , доккха а элпаш г1 , Г1).

-Г1 элпо муьха аз билгалдо? (Г1)

-Аз (Г1) мукъа  ду  я мукъаза ду?(Мукъаза ду).

-Муьлхачу дешнашкахь хеза аз (Г1).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш  бехира аша?                 

 

58-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  г1 , Г1  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  г1 , Г1  кхин д1а а довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна  кхин д1а а девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а г1 , Г1  .  1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан  рог1алла а  ларъеш йозанан корматалла  караерзо. Берашна  1емар ду  коллективехь эбала , болх бан.

·        Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду  шайна  хетарг маь1ница нийса  д1аала. Берашна 1емар ду  тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю етан  говзалла.

·      Познавательни:  берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду  аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн  алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу .Дешнаш дешдакъошка а доькъуш д1аяздан 1емар ду берашна.Берашна 1емар ду предложенешкахь предложенеш вовшех къасто , доккхачу элпаца уьш йоло.

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , дешар шайн дахарехь коьрта г1уллакх дина т1еберза. Берашна  1емар ду шайн  амалехь диканиг кхио .

Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар : «Дог1у дош ала!»

-Бераш , аса д1айоьшур ю кегийра  байташ. Аша  со сецча , т1етоха оьшу дош.

Берийн туьйра дийши ас, -

Хьекъалан и хилла-кх хае.

Т1екхечи д1авуьжу хан, -

Гур ду суна хаза .... (Г1ан)

 

  Соьга ловза г1ала

Вола ахь ма ала.

     Йоьшуш ву со абат

                 Ца долуьйтуш— (Г1алат)

 

Доттаг1а сайн юьртана

Вевзаш ву со тахана.

Со ву г1иллакх долушк1ант:

Хьешана ас дуьллу — (Г1ант)

 

Тхо ма гlepra, мостаг1, кхеро:

Юкъахь йолуш дац тхо херо.

              Цхьанне ницкъ бац дан тхо х1аллак,

      Лелош ду тхо оьзда.... (Г1иллакх)

-Муьлха дешнаш туьйхи аша т1е? (Г1иллакх , г1алат , г1ант , г1ан).

(Х1ора  дош  дешдакъошца талла).

-Х1ун ду цу дешнийн  юкъара? (Царна  юьххьехь хеза  аз (Г1)).

-Шина тобане декъа и дешнаш. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (Г1иллакх, г1алат).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша  уьш цхьана  тобане? (Шина дешдекъах лаьтта уьш).

Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (Г1ант , г1ан)).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша  уьш цхьана  тобане? (Цхьана дешдекъах лаьтта уьш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вайн таханлера т1едахкарш ду  г1аш т1ехь. Аша гулдан деза дуккха а г1аш. Шайна балур болу болх билгалбаккха?  Дийца , х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Вайна  тахана  кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш г1 ,Г1. 1емар ду  и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу  элпашца хоьттина яздан.

4. Йозанан  жима а , доккха а элпаш г1 , Г1 яздар.

·        Йозанан жима  элп  г1 д1аяздо тептарш  т1е.

г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1 г1

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Йозанан доккха элпаш Г1 яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту , муха яздан деза  йозанан доккха элп Г1).

Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1 Г1

-Д1аязде элп Г1  тептарш  т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        Йозанан доккха элп Г1 дешдакъошкахь яздан 1амор.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту   йозанан доккха элп Г1 дешдакъошкахь муха хотта  деза).

Г1а Г1о Г1у Г1и Г1е

-Д1адеша  и дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

5. Сада1аран  миноташ.    

 6. 1амийнарг  т1еч1аг1дар.

·        Дешнашкахь  йозанан жима а , доккха  а элпаш г1, Г1 яздар.

Г1ани , Г1азали, дог1а , борг1ал

-Муьлха дешнаш яздина даккхийчу  элпашца? Х1унда?

-Маса дешдакъа  ду  Г1АЗАЛИ дешан? Муьлханиг  ду хьалхара? Шолг1а ? Кхоалг1а?Кхоалг1а? (Иштта  толлу  важа дешнаш).

-Д1аязде дешнаш дешдакъошка а доькъуш.

-Х1ун кхиамаш бехира аша?

·        Г1АНТ дешан схема х1оттор.

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Букъ бу, амма дижина ца 1уьллу,

Биъ ког бу, амма лелаш дац.

Ша гуттара а лаьтташ ду,

Кхечаьрга охьахаа а бохуш. (Г1ант)

-Маса  дешдакъа  ду Г1АНТ  дешан?

-Муьлха аз ду хьалхара? (Г1).

-Аз (Г)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлха аз ду  шолг1а? (А).

-Аз (А)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлха аз дукхоалг1а? (Н).

-Аз (Н)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлха аз ду доьалг1а? (Т).

-Аз (Т)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса аз ду Г1АНТ  дашехь? Маса элп ду?

-Маса еък1ов хила еза  схемин? (Йиъ).

-Муьлханаш ду аьзнийн цхьанаэдаларш? (Г1А).

-Муха билгалдоху уьш  схеми т1ехь? (Ши бос болчу  еък1овшца).

       Ц1

С

 

С

 

С

 

-Караде оцу схемина  кхин а  дешнаш: Г1аз , г1уркх.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Чакхъяккха  сан ойла:

Г1аз , г1ант , г1алг1а дешнашкахь хеза аз ….(Г1).

-Аз (Г1)  ца лакхало , цундела иза  ду  …(мукъаза).

-Аз (Г1) йозанехь билгалдо жима  , доккха а элпашца..( г1 ,Г1).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока на тему "Элпаш Г1,г1 яздар", (1-ра класс)."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Эксперт по взаимоотношениям

Получите профессию

Няня

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 669 355 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Презентация по географии на тему: " Практическая работа №3 Определение типов климата по предложенным климатограмм. 7 класс.
  • Учебник: «География в 2-х частях (изд. "Русское слово")», Домогацких Е.М., Алексеевский Н.И.
  • Тема: § 9. Климатообразующие факторы
  • 01.10.2020
  • 1733
  • 10
«География в 2-х частях (изд.

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 2010
    • DOCX 31.5 кбайт
    • 200 скачиваний
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 7 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 664387
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

HR-менеджер

Специалист по управлению персоналом (HR- менеджер)

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Особенности подготовки к сдаче ЕГЭ по географии в условиях реализации ФГОС СОО

36 ч. — 180 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 25 человек из 19 регионов
  • Этот курс уже прошли 295 человек

Курс профессиональной переподготовки

География: теория и методика преподавания в профессиональном образовании

Преподаватель географии

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 64 человека из 30 регионов
  • Этот курс уже прошли 208 человек

Курс повышения квалификации

Методика обучения географии для детей с ОВЗ с использованием туристических приемов

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 63 человека

Мини-курс

Реализация ФОП: содержание, внеурочная деятельность и оценка качества образования

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Управление бизнес-процессами и инновациями

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Маркетплейсы: организационные, правовые и экономические аспекты

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе