Инфоурок География КонспектыКонспект урока на тему "Элпаш Г,г яздар", (1-ра класс).

Конспект урока на тему "Элпаш Г,г яздар", (1-ра класс).

Скачать материал

55-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  г , Г  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  г , Г  довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а г , Г  .  1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан  рог1алла а  ларъеш йозанан корматалла  караерзо. Берашна  1емар ду  коллективехь эбала , болх бан.

·        Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду  шайна  хетарг маь1ница нийса  д1аала. Берашна 1емар ду  тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю меттан  говзалла.

·      Познавательни:  берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду  аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн  алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу .

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , дешар шайн дахарехь коьрта г1уллакх дина т1еберза. Берашна  1емар ду шайн  амалехь диканиг кхио .

Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар : «Хетал-металш».

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Хина - т1ай, некъана - накъост. (Говр).

 

Ч1ерий ца лоьцуу, амма маша буцу. (Гезиг).

Пенах кхозу, оллалой,

Т1еда мел верг вакъаво. (Гата)

 

Горгамна  юккъехь ерг х1ун ю? (Г)

 

К1айн-къорза и кхокха

Ц1ехьа схьабеа,

Дуьненахь хуьлург

Тхоьга схьадийца. (Газет)

 

Мотт бац, амма и хила чохь

Дерриг бохург керланиг хууш  хуьлу. (Газет)

-Х1ун ю х1етал-метал т1ехь юьйцуш ерш? (Газет , гата, гезил, говр).

-Муьлха  аз  хеза  оцу дешнашна  юьххьехь? (Г).

-Даладе  масалш аз (Г) юккъехь долуш. (Мангал, горгам, горгали).

-Даладе масалш аз (Г)  чаккхенгахь хезаш. (Диг , дог, берг, церг).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , тахана  шуна долу т1едахкарш ду горгалиш чу яздина. Горгалиш схьа а оьцуш  шайн балур болчу белзан план х1отта е. Х1ун кхиамаш баха дагахь ду  шу  тахана?

-Вайна  тахана  девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш г ,Г. 1емар ду  и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу  элпашца хоьттина яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш г , Г довзийтар , яздар.

·        Йозанан жима а , доккха а элпаш г , Г довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу  урокехь? (г , Г).

-Схьагайта  шайгарчу элпаш юккъехь  зорбанан  жима элп г, доккха  элп  Г.

-Хьанна девза  йозанан жима элп  г? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Г ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду  я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду)

·        Фонетически зарядка.

Муха дека аьчкан ков т1е цхьа х1ума тоьхча? («Говв-говв-говв»)

-Муьлха аз хеза ? (Г).

-Аз (Г) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

·        Йозанан  жима элп г  яздар.

(Хьехархочо  тептарш  т1ехь яздина хила деза элп г. Уьн т1ехь а гойту элп  г муха яздан  деза).

-Т1адам буьллу лакхарчу  белхан мог1анна т1е кхача кхоалг1а  дакъа дисинчохь. Тасалуриг т1ехула хьалавоьду. Белахан мог1анна  т1е кхаьчча хьаьвзаш, билгалонна деллачу сизе терра  охьавог1у. Кхузахь техкарг юьллу , цу т1ера д1а  тасалуриг  , мог1анна  юккъе  кхаччалц.

 г г г г г г г г г г г г г г г г г г г г г г г г г г

-Д1аязде  и элпаш  .

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Дешдакъохкахь  элп  г яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту  йозанан  жима элп г  муха хота деза кхечу элпех  дешнашкахь).

га го гу ги ге

-Хьан т1едузар дара дешдакъа ГА? (Гали).

-Дешдакъа ГО? (Горгали).

-Дешдакъа ГУ? (Гунаш).

-Дешдакъа ГЕ? (Гезиг).

-Д1адеша дешдакъош. Д1аязде  уьш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехира аша?

·        ГАЗА дешан схема х1оттор.

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Маж ю, амма воккхастаг вац,

Malaш ю, амма сту бац,

Узуш  хуьлу, амма етт бац,

Дитта т1ера «ц1ока» йоккху,

Амма не1армачашца йо. (Газа)

-Х1ун ю иза? (Газа).

-Маса дешдакъа ду  ГАЗА дешан? Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?

-Муьлханиг ду хьалхара  аз? (Г).

-Аз (Г) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду).

-Муьлханиг ду шолг1а  аз? (А).

-Аз (А) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду  кхоалг1а  аз? (З).

-Аз (З) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду доьалг1а  аз? (А).

-Аз (А) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъа).

-Маса аз ду ГАЗА дашехь? Маса элп ду? Маса еък1ов  хила еза схемин? Аьзнийн цхьанаэдаларш дуй дашехь? Муха билгалдоху  уьш  схеми т1ехь?Йилла схема.

        Ц1

С

        Ц1

С

-Караде  оцу схемина  кхин а дешнаш: говр , дуга , дага , бога.

5. Сада1аран миноташ.

Вай яздира, яздира,

Куьйган  п1елгаш  к1адделира.

 Вай жима садо1ур ду,

Т1аккха юха а яздийр ду.

 6. Йозанан жима элп г дешнашкахь яздар.

·        Дешнаш  йозанан жима элп г яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Гомаш , говр , бога , дуга , дага.

-Маса дешдакъа ду ГОМАШ дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (Го).

-Шолг1аниг? (Маш).

(Иштта толлу важа дешнаш).

-Муьлха дош ду  совнаха? (Говр).

-Х1унда ду  и дош совнаха? (Иза цхьана дешдекъах  лаьтта).

-Д1аязде и дешнаш шайн тептарш  т1е дешдакъошка а доькъуш.

·        Предложенеш язъяр.

Хьайна хуург нахе ма хата.

Ненан сий динарг  махко а лерина.

-Д1адеша  хьалхара  кица. Муха кхета шу  цунах?

-Д1адеша  шолг1а  кица. Муха  кхета  шу  цунах?

-Д1аязде кицанаш.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

7.Жам1 дар.

·        Г элпах лаьцна байт 1амор.

Бац и мангал,

Диттан га.

Ду и - хьажал -

Доккха  Г.

-Муьлха элп ду  дуьйцург? (Г).

-Г элпо  муьлха  аз билгалдо? (Г).

-Аз (Г)  мукъа ду  я мукъаза  ду?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

 

 

 

 

 

 

 

 

 

56-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  г , Г  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  г , Г  кхин д1а а довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а г , Г  .  1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан  рог1алла а  ларъеш йозанан корматалла  караерзо. Берашна  1емар ду  коллективехь эбала , болх бан.

·        Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду  шайна  хетарг маь1ница нийса  д1аала. Берашна 1емар ду  тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю етан  говзалла.

·      Познавательни:  берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду  аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн  алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу .

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , дешар шайн дахарехь коьрта г1уллакх дина т1еберза. Берашна  1емар ду шайн  амалехь диканиг кхио .

Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар : «Кагделла  дош  нисде!».

-Бераш , аса д1аяздина долу дош кагделла . Ткъа сунна дисделла  , иза муьлха дош дара. Хьанна  хуур дара  шуна и нисдан?

ЛАГОВЗАЛ

-Муьлха дош ду иза? (Говзалла).

-Х1ун ю говзалла? (Берийн жоьпаш).

-Говзалла  -иза  цхьана адамо шена хазахеташ карадерзийна г1уллакх ду. Говзаллаш тайп-тайпана  хуьлу: хьехархо , программист , йишлакхархо , артист.

-Муьлха говзалла  еза шуна? Х1ора говзалла  караерзо х1ун дан деза?

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , тахана  шуна долу т1едахкарш ду горгалиш чу яздина. Горгалиш схьа а оьцуш  шайн балур болчу белзан план х1отта е. Х1ун кхиамаш баха дагахь ду  шу  тахана?

-Вайна  тахана  кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш г ,Г. 1емар ду  и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу  элпашца хоьттина яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш г , Г яздар.

·        Йозанан жима элпаш г яздар.

(Хьехархочо тептарш  т1е д1аязбина  хила беза  мог1анаш).

·         Йозанан доккха элпаш Г яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту , муха яздан деза  йозанан доккха элп Г).

-Т1адам  буьллу  лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна  юккъе. Билгалонна  деллачу  сизе терра  охьавола . Лахарчу  белхан мог1анна  т1е кхочуш  техкарг йилла , цу т1ера  д1а  тасалуриг. Т1адам  буьллу  лакхарчу  белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна  юккъе. Жимма д1авоьду аьрру аг1ор, хьаьвза , нисса д1авоьду.

-Д1аязде элп Г  тептарш  т1е.

Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        Йозанан доккха элп Г дешдакъошкахь яздан 1амор.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту   йозанан доккха элп  Г дешдакъошкахь муха хотта  деза).

Га Го Гу Ги Ге

-Д1адеша  и дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

5. Сада1аран  миноташ.    

Охьа а таь1на, хьаланисдала ца лууш долу элп Г гайта шена олу хьехархочо берашка. Цхьаъ - шиъ - кхоъ аьлча, охьа а таь1ий,куьйгаш хьалха дохуьйту, диъ - пхиъ аьлча, иштта лаьтта, меттахца хьовш, ялх - ворх1 - барх1 аьлча, хьала а нислой, д1ах1уьтту.(Х1ара упражнени кхузза кхочушйо меллаша)

Газа

Газа-газа-гуьзалг,

Хьийзина ма1аш, газа,

Чилланан маж, газа,

Ди  ахь сарралц хелхарш

Кертал арашершаш:

Когаш бетташ «дап-дап»,

Ма1аш етташ «т1ох-т1ох»,

Б1аьргаш къерзош «лап-лап»

Корта сеттош «oxloxl».

(Бераша газано дийриг до, цуьнан хьийзина ма1аш гойту, чилланан маж хьоьсту, когаш бетта, корта асеттабо, «ма1аш» 1уьтту.)

6. 1амийнарг  т1еч1аг1дар.

·        Дешнашкахь  йозанан жима а , доккха  а элпаш г, Г яздар.

Гилани , Гила , горгали , горгам.

-Муьлха дешнаш яздина даккхийчу  элпашца? Х1унда?

-Маса дешдакъа  ду  ГИЛАНИ дешан? Муьлханиг  ду хьалхара? Шолг1а ? Кхоалг1а? (Иштта  толлу  важа дешнаш).

-Д1аязде дешнаш дешдакъошка а доькъуш.

-Х1ун кхиамаш бехира аша?

·        ГОМАШ дешан схема  х1оттор.

-Бераш , хьан йохур яра дуьненчохь йолчу х1уманийн  ц1ераш? (Бераша  йоху).

- Уьш яьхна вера а вац. Хьанна  евза дуьненчохь  йоцу ялх х1ума? Х1ун яц дуьнен чохь?Тидам белаш: х1ун ялх х1ума яц дуьненчохь?

Х1ун ялх х1ума?

Х1ун ялх х1ума, дийцал схьа,

Кху дуьненахь хуьлуш  дац?

Стигла волуш ....(лами )бац!

Лаьттана тухуш.... (дог1а)дац!

Х1орда т1ехула...(т1ай)а дац!

Вертанан ши ...(пхьош) а дац!

Маьждиган ...(туьнталг)а яц!

К1айчу басахь ... (гомаш) яц

-Маса  дешдакъа  ду ГОМАШ дешан? Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?

-Муьлха аз ду хьалхара? (Г).

-Аз (Г)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлха аз ду  шолг1а? (О).

-Аз (О)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлха аз ду кхоалг1а? (М).

-Аз (М)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлха аз ду доьалг1а? (А).

-Аз (А)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлха аз ду пхоьалг1а? (Ш).

-Аз (Ш)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса аз ду ГОМАШ дашехь? Маса элп ду?

-Маса еък1ов хила еза  схемин? (Пхиъ).

-Муьлханаш ду аьзнийн цхьанаэдаларш? (ГО , МА).

-Муха билгалдоху уьш  схеми т1ехь? (Ши бос болчу  еък1овшца).

     Ц1

С

     Ц1

С

 

С

-Караде оцу схемина  кхин а  дешнаш: горгам , цициг, берг.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Чакхъяккха  сан ойла:

Говр , газа , гезиг дешнашкахь хеза аз ….(Г).

-Аз (Г)  ца лакхало , цундела иза  ду  …(мукъаза).

-Аз (Г) йозанехь билгалдо жима  , доккха а элпашца..( г ,Г).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока на тему "Элпаш Г,г яздар", (1-ра класс)."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Портной

Получите профессию

Экскурсовод (гид)

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 672 466 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Презентация по географии на тему: " Практическая работа №3 Определение типов климата по предложенным климатограмм. 7 класс.
  • Учебник: «География в 2-х частях (изд. "Русское слово")», Домогацких Е.М., Алексеевский Н.И.
  • Тема: § 9. Климатообразующие факторы
  • 01.10.2020
  • 1737
  • 10
«География в 2-х частях (изд.

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 1130
    • DOCX 31.6 кбайт
    • 127 скачиваний
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 7 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 665430
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Бухгалтер

Бухгалтер

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 29 человек из 22 регионов

Курс повышения квалификации

Инновационные технологии в преподавании географии детям с ОВЗ

36 ч. — 180 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 33 человека из 23 регионов
  • Этот курс уже прошли 146 человек

Курс повышения квалификации

Педагогика и методика преподавания географии в условиях реализации ФГОС

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 282 человека из 69 регионов
  • Этот курс уже прошли 2 739 человек

Курс повышения квалификации

Особенности подготовки к проведению ВПР в рамках мониторинга качества образования обучающихся по учебному предмету «География» в условиях реализации ФГОС СОО

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 25 человек из 18 регионов
  • Этот курс уже прошли 221 человек

Мини-курс

Занятия спортом при заболеваниях опорно-двигательного аппарата

3 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 41 человек из 22 регионов
  • Этот курс уже прошли 50 человек

Мини-курс

Психология взаимоотношений, прощения и самопонимания

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 134 человека из 54 регионов
  • Этот курс уже прошли 52 человека

Мини-курс

Эффективное управление проектами

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе