Нохчийн
меттан денна лерина цхьаьнакхетар
«НОХЧИЙН МОТТ-НОХЧИЙН КЪОМАН СИЙ»
(Видеоролик
Зайтемиров С.)
(Слайд,
г1ийлачу мукъамца)
(25-г1а
апрель)
(Маршалла)
(Хьава)
Маршалла ду шуьга
хьомсара махкахой
(сан
бусулба йижарий, вежарий)
Лекхачу
лаьмнашкара кховдийна
Шийлачу
шовданашкара ц1ена схьаэцна
Эсала
г1а ластош ловзучу мохо дадийна
Нур дашочу
малхо шу дегнаш дохдеш кховдийна
Д1аэца,
ц1енчу даггара ду шуьга!
(Сайдик)
Даггара
салам-маршалла ду шуьга! Шу массо марша а дог1ийла!
Вай
тахана гулделла, нохчийн меттан денна лерина, «НОХЧИЙН МОТТ-НОХЧИЙН КЪОМАН СИЙ»
ц1е йолу цхьаьнакхетар даздан. Дала беркате дойла вай цхьаьнакхетар!
(Хьава)
Уггар а
хьалха тхуна бовзийта лаьа, вайн таханлерачу цхьаьнакхетаре баьхкина хьеший.
1.
Ножай-Юьртан
к1оштан (РУО) дешаран урхаллин куьйгалхо Зубайраев Сайпудди
2.
Ножай-Юьртан
к1оштан имам Магомаев Ваха
3.
6.
7.
8.
9.
10.
Хьешашка
дош
1.
2
3
4.
5.
6.
7.
(Хьава)
Вайн дуьххьарлерачу
Президента, Россин турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима шен тидамехь латтийна
къам оьздангаллица кхиор. Шен къомана весетана дитина Ахьмад-Хьаьжас х1ара
дешнаш: «Нохчийн къам дийна хиларан мокхазан ч1аг1о ю нохчийн мотт».
Иза бакъду!
Мотт-иза къоман са ду. Мотт дийна мел бу деха халкъан иэс, кхетам, амал,
синмехаллаш. Шен ненан мотт д1атесча, бицбича, лар йоцуш дов халкъ.
(Сайдик)
Вайн мехкан
Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Указаца т1еч1аг1дина 2007-чу шарахь « 25-г1а
апрель – Нохчийн меттан Де», ду аьлла. Цуьнан коьрта 1алашо яра, вайн мотт бан
ца байта, цуьнан сий лакхадаккха, иза 1амо а, кхио а. Дала мукъ лахь т1екхуьу
кегирхой вай ненан маттаца, г1иллакхца, оьздангаллица кхетош кхиор бу-кх.
(Хьава)
Ма хаза
аьлла-кх, поэта Пашаев Нурдис: «Ас сайн аьлларг хилча «Ненан мотт» аьлла ц1е
мосазза йоккху а цунна хьалха «бисмилла» доккхур дара. Стиглан корашка ца яздахь
а, мелла а лакха, массарна гучче д1аяздийр дара. Айса и балхош болчаьрга
т1ехула балхийна ца 1аш, церан дегнаш чу хьорсур дара цуьнан зевне аз.
(Сайдик)
Вайн
массеран а дегнашчу зевне аз хьорсуш, Исраилова Луизас «Ненан матте» дина
къамел д1адоьшу Бена-Веданарчу ишколера дешархочо Байсулаева Шахадата.
(Хьава)
Ткъа х1инца
оха шен доклад д1аеша кху сцени т1е кхойкху ненан мотт беза а безаш, и марзбар
т1ехь хаддаза къахьоьгуш йолу Айти-Махкара ишколера нохчийн меттан а,
литературин а хьехархо Магомедова Падам.
(Сайдик)
Х1инца вай самукъа
доккхур ду, Айти-Махкарчу ишколера дешархоша.
(Сайдик) Ткъа
х1инца Ножай-Юьртан к1оштан Бешил-Ирзурчу 8 классан дешархочо Эдиева Раянас ша
яьккхина, «Дуьне» ц1е йолу байт д1айоьшур ю вайна.
(Хьава)Иштта Ножай-Юьртан к1оштан
Чурч-Ирзерчу ишколера 8 классан дешархочо Эльдарова Хадижата йоьшур ю вайна шен
«Нана» ц1е йолу байт.
(Хьава)
Ма ирс долш ду-кх
вай тахана, вешан Даймахкахь, вешан ненан маттахь догах дош ала йиш йолуш. «Нана»ц1е
йолу йиш д1алакха кху сцени т1е кхойкху Ножай-Юьртан к1оштан Бена-Веданарчу ишколера
8 классан дешархо АрбиеваТамила.
(Сайдик)
Нохчийн меттан денна лерина дуккха а къовсадаларш д1адаьхьира вайн к1оштахь.
«Тоьлла нохчийн меттан хьехархо», «Тоьлла кабинет», «Тоьлла сочинени», иштта
«Тоьлла байт ешархо». Республикански «Тоьлла нохчийн меттан хьехархо»
конкурсехь хьалхара меттиг яьккхина Ножа-Юьртарчу к1оштарчу Зандакъара ишколерчу
нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Эпсирханова Раянас.
(Хьава)Эпсирханова
Раяна. Дош Раяна хьоьга ду.
Хууш
ма хилларра вай к1оштахь болх беш ю, къоначу хьехархойн ассоциаци. Шен
коьртехь Абругов Рамзан волш. Цу ассоциации декъашхой бу, вай к1оштара тоьлла
хьехархой.
Вай
республикерчу къоначу хьехархойн ассоциации куьйгалхочо Цуруев Шамхана даийтина
совг1аташ ду, вай к1оштарчу тоьллачу къоначу хьехархошна. Совг1аташ д1адала
сцени т1е кхойкху Ножай-Юьртан к1оштан къоначу ассоциаци куьйгалхо Абругов
Рамзан.
(Хьава) жам1аш дан дош ло Ножай-Юьртарчу
к1оштан дешаран урхаллин куьйгалхо волчу Зубайраев Сайпуддига.
(Сайдик)
Аллах1 Дала
могуш-маьрша кест-кеста вовшах тухийла вай кху тайпанарчу цхьаьнакхетаршкахь.
(Хьава)Вайн таханлера цхьаьнакхетар
тхуна дерзо лаьа, «Ненан мотт» ц1е йолчу иллица. Ладог1арна а, дахкарна а шуна
баркалла, Дела реза хуьлда.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.