Инфоурок Родная литература Рабочие программыРабочая программа по чеченскому языку 5-9 кл

Рабочая программа по чеченскому языку 5-9 кл

Скачать материал

Нохчийн меттан 5 – 9-чуй классашна лерина программа

 

                                                               Кхеторан кехат

 

Нохчийн меттан коьрта юкъардешаран ишколана лерина программа хIоттийна:

·      Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан, коьртачу дешаран программин буха т1ехь;

·      С.Э.Эдиловн нохчийн меттан герггарчу хьесапехь йолчу программин буха т1ехь;

·      Буммат йуьртан  йуккъерчу ишколан дешаран хьесапан буха т1ехь;

·      Буммат йуьртан  йуккъерчу ишколан коьрта дешаран программин буха т1ехь.

Кху тIехь тидаме эцна юккъерчу юкъардешарна леринчу массо а тайпана дешаран декъан гIуллакхаш кхиоран а, вовшахтохаран а программин коьрта идейш а, лехамаш а, юьхьанцарчу юккъерчу дешаран герггарчу программашца йозаелла а, тIаьхьало йолуш а хилар.

Программа – иза белхан программа хIотторан бух бу: цо билгалдо инвариантни (тIедоьжна декхар долу) дешаран дакъа а, шел тIаьхьа шен лаамехь дешаран чулацамах вариативни дерг харжа таро луш долу дакъа а. Юккъерчу юкъардешаран ишколана лерина герггарчу хьесапехь йолу программа шен чулацаман башхаллашца къаьсташ ю, цкъа-делахь, юккъерчу юкъардешаран системин предметийн чулацамца, шолгIа-делахь, Iамочеран психологически а, хенийн а башхаллашца.

 

Программа кхаа декъах лаьтта:

1.    «Дешаран предмет караерзорехь кхочушдан лору жам1аш». Кхузахь довзийтина, хIун меттиг дIалоцу нохчийн матто юккъерчу юкъардешаран Iалашонашка кхачош; нохчийн мотт Iаморан Iалашонаш а, жамIаш а билгалдаьхна масех тIегIанехь – личностни, метапредметни, предметни; нохчийн маттах лаьцна юкъара хаамаш белла, базисни дешаран планехь цо дIалоцу меттиг а къастийна.

2.    «Дешаран курсан чулацам». Дакъошка бекъна, Iамо билгалбина чулацам къастийна кхузахь.

3.    «Дешаран-тематикин хьесап». Дешаран курсан теманаш, хIора тема Iаморна лерина сахьташ къастийна. 

 

Дешаран-методически комплект (УМК)

I.  Юккъерчу юкъардешаран ишколашна лерина нохчийн меттан lаматаш:

1. Овхадов М.А., Махмаев Ж.М., Абдулкадырова Р.А. 5, 6-чуй классашна.

2. Овхадов М.А., Абдулкадырова Р.А. 7-чу классана.

3. Джамалханов З.Д., Вагапова Т.М., Эсхаджиев Я.У., Овхадов М.Р.,

Абдулкадырова Р.А. 8 – 9-чуй  классашна.

II.  Нохчийн меттан lаматашна методически хьехамаш.

III.  Диктантийн, изложенийн гуларш. Тайп-тайпана тексташ, тесташ.

IV.  Дешаран дошамаш.

V.  Белхан тетрадаш.

 

Дешаран хьесапаца цхьаьнадог1уш, нохчийн мотт 1аморна леринчу сахьтийн барам:

 

Класс

Шарахь

К1иранах

5

68

2

6

68

2

7

68

2

8

68

2

9

68

2

                 

                            Дешаран предмет караерзорехь кхочушдан лору жам1аш:

 

Нохчийн мотт – иза нохчийн къоман а, Нохчийн Республикин пачхьалкхан а мотт а, къоман историн, культурин бух а бу. Цуьнца доьзна ду къоман кхиар а.

Ненан меттан метапредметни декхарша билгалбоккху берана, цо школехь доьшучу хенахь, иза личность санна, кхиорехь массо тайпана а, юкъарчу амалехь а бен тIеIаткъам. Мотт дешархочун ойла, кхетам, суртхIотторан, кхоллараллин хьуьнарш кхиоран; личность санна, ша-шен вовзийтаран, ша-шена керла хаарш карадерзоран хьуьнарш кхиоран а бух бу, дешаран гIуллакх а цхьаьна вовшахтохар юкъа а лоцуш. Ненан мотт къоман культурин, литературин, синъоьздангаллин мехаллашка а, адаман оьздангаллин, историн зеделлачуьнга а кхачоран гIирс а, дахарехь дIалоцу меттиг къасторан некъ а бу.

Юккъерчу юкъардешаран ишколехь шатайпа меттиг дIалоцу нохчийн матто. Иза вовшашца юкъаметтигаш дIакхехьарехь, гонахара дахар довзарехь, кхетош-кхиорехь мехала гIирс бу.

Нохчийн мотт караберзоро таро лур ю дешархошна вовшашца юкъаметтигаш дIакхехьа, боккхачу кхиамца кхидолу меттанаш а, дешаран предметаш а Iаморехь онда гIортор хилла дIахIотта а, хийцалучу хIокху дахарехь шен меттиг каро а.

ХIума довзаран гIирс ша хиларе терра, матто ойла кхиаярна а, интеллектуальни а, кхоллараллин хьуьнарш кхиорна а, шаьш кхочушдечу дешаран гIуллакхийн шардарш  карадерзорна а, шен хаарш лакхадахарна а, ша-шен вовзийтарна а тIехь аьтто бо.

Шен къоман оьздангалла а, литература а, синъоьздангаллин мехаллаш а, дуьненан Iилма а, культура а йовзарехь мехала гIирс а бу нохчийн мотт.

Нохчийн мотт дешархо къоман гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь кхиорехь цуьнгахь кхидолчу къаьмнашка лерам хилийтаран коьрта чIагIо а ю.

 

Юккъера юкъардешаран ишкол чекхъяьккхинчу дешархочуьнгахь нохчийн маттехула  хила деза личностни жамIаш:

– нохчийн къоман оьздангаллин коьртачу мехаллех санна, нохчийн маттах кхетам хилар, дешар тIехь а, кхетаман, кхоллараллин хьуьнарш, дешархочун гIиллакх-оьздангаллица йоьзна амалш кхиорехь а цо дIалоцучу меттигах кхеташ хилар;

– нохчийн мотт эстетически мехалла санна тIеэцар; цунах дозалла дар, цуьнан ларам бар; къоман оьздангаллин хилам и хиларе терра, нохчийн меттан башхалла а, цIеналла а ларъян езар; мотт бийцар шардаре а, говза, шера бийцаре а кхачар;

– къамел дечу хенахь шен ойланаш а, синхаамаш а паргIат бовзийта а, дешнийн барам а, караберзийна грамматически гIирсаш а тоъал хилар; ша дечу къамелан тидамбеш, ша-шена мах хадо хааран хьуьнар хилар;

– нохчийн мотт уьйран, юкъаметтигаллин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар; нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, юкъараллехь ша дIалоцу йолу меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхетар;

– вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайдаэца кийча хилар; къаьмнийн культурин юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;

– шен къоман а, РФ-хь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара а культура йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхетар.

 

Юккъера юкъардешаран ишкол чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза метапредметни жамIаш:

1)      къамелдаран массо а тайпа карадирзина хилар:

– барта а, йозанан а хаам цхьанатайпана тIеэца безаш хиларх кхетар;

– ешаран тайп-тайпана кепаш карайирзина хила езар;

– тайп-тайпанчу хьостанашкара хаамаш схьалаха хааран хьуьнар хилар, ШХГI, дешарна лерина компакт-дискаш, Интернетан гIирсаш юкъа а лоцуш;

– билггалчу темина коьчал схьалаха а, цхьана кепе яло а хаар карадерзор; шенна хаам схьалаха а, иза къасто а, цунна анализ ян а хаар; хаамийн технологи а, технически гIирсаш юкъа а лоцуш, йоьшуш я ладугIуш бевзина хаам хийца а, ларбан а, дIабовзийта а хаар;

– хиндолчу дешаран декъан гIуллакхийн (цхьаммо ша а, вукхаьрца цхьаьна а) Iалашо билгалъян а, хьалха-тIаьхьа дийриг билгалдан а, барта а, йозанан а кепехь цхьанатайпана жамIийн мах хадо хааран хьуьнар хилар;

– паргIатчу кепехь барта а, йозанехь а нийса шен ойланаш йовзийта хьуьнар хилар;

– шен нийсархошна хьалха доклад ян я цхьа хаамбан хаар;

2)      карадирзинчу хаарех, шардарех, карадерзорех дахарехь пайдаэцар;

– билгалбинчу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я ешна текст юха схьайийца хаар;

– оьрсийн мотт Iаморехь нохчийн маттах пайдаэца хаар;

– меттан башхаллех пайдаэца хааар (нохчийн меттан, оьрсийн меттан, кхечу пачхьалкхийн меттанийн, литературин урокашкахь);

3) тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь, дийцаре дарехь, дискуссешкахь дакъалаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар.

 

Юккъера юкъардешаран ишкол чекхъяьккхинчу дешархочун нохчийн мотт караберзоран  предметни жамIаш ду:

1) массо а тайпана къамелдаран кепаш карайирзина хилар (ладогIар, ешар, дийцар я къамелдар (говорение), йоза), гонахарчу адамашца йолу юкъаметтиг, тайп-тайпанчу хьелашка хьаьжжина, д1акхехьа аьтто бан.

2) личностан кхетаман а, кхоллараллин а хьуьнарш кхиорехь, йоза-дешар карадерзорехь, ша-шен дешар лакхадаккхарехь матто дIалоцучу меттигах кхетар;

3) ненан меттан коммуникативно-эстетически таронех пайдаэцар;

4) ненан маттах долу 1илманан хаарш шордар, системе далор; цуьнан т1ег1анаш а, дакъош а вовшашца дозуш хиларх кхетам; лингвистикин базови кхетамаш, меттан коьрта цхьааллаш, грамматикин категореш караерзор;

5) дешан тайп-тайпанан кепара таллам бар (фонетически, морфемни, дошкхолладаларан, лексически, морфологически), предложени а, дешнийн цхьаьнакхетар а синтаксически къастор: текстана, цуьнан чулацамца а, дIахIоттаман коьртачу билгалонашца, исбаьхьаллин гIирсех пайда эцарца а боьзна  таллам бар;

6) х1оьттинчу хьоле а, къамелан стиле а хьаьжжина, шен ойла а, синхаам а ненан маттахь парг1ат бийца хаар, шен меттан дешнийн хазна (лексика) алсамъяккхар, дечу къамелехь  грамматически г1ирсех пайдаэца хаар.

7) нохчийн меттан лексикин, фразеологин коьрта стилистически г1ирсаш а, нохчийн меттан коьрта норманаш (орфоэпически, лексически, грамматически, орфографически, пунктуационни) а, къамелан оьздангаллин норманаш а караерзор; барта а, йозанан а аларшкахь зеделлачух пайдаэцар; къамелан т1ег1а лакхаяккха г1ертар;

8) меттан оьздангаллех, адамийн юкъарчу мехаллех санна, жоьпалла кхоллар.

 

 

 

 

Къамел а, къамелан т1екаре а

Арахецархо хууш хир ву:

·        т1екаре яран тайп-тайпанчу хьелашкахь монологан тайп-тайпанчу кепех пайдаэца (дийцар, суртх1оттор, ойлаяр; монологан тайп-тайпана кепаш цхьаьнаялор);

·        диалоган тайп-тайпанчу  кепех т1екаре яран хьелашкахь пайдаэца;

·        т1екаре яран тайпаналлин хьелашкахь къамел лелоран барам ларбан;

·        къамелан т1екаре яран процессан коммуникативни бохамех хьалхавала.

 

Арахецархочун таро хир ю 1ама:

·        жимачу докладца ладуг1учарна хьалха къамел дан; проект, реферат нахалахь (публично) йовзийта; нахалахь шена хетарг т1еч1аг1дан (чекхдаккха);

·        проблемаш коллективни йийцаре ярехь дакъалаца, шена хетарг т1еч1агдан, ша бакъ хиларх тешо;

·        коммуникативни декъехула ца нисделлачун коьртачу бахьанех кхета а, царех кхето а.

 

Къамелан г1уллакхдар

Ладог1ар (аудировани)

Арахецархо хууш хир ву:

·        ладог1аран тайп-тайпана кепех пайдаэца (ладоьг1начу текстах кхоччуш кхеташ, коьртачу чулацамах кхеташ, оьшу хаамаш схьахаржа хууш); ладоьг1начу текстан чулацам хьалха х1оттийначу коммуникативни 1алашонца цхьаьна бог1уш  барта схьабийца;

·        барта кепехь темех, коммуникативни хьесапах, коьртачу ойланах кхето а, шен ойла цхьана кепе ерзо а, дешаран-1илманан, публицистически, официальни-г1уллакхдаран, исбаьхьаллин аудиотекстийн ойланийн некъ схьабийца а, къасто коьрта а, кхачаман оьшу а информаци, барта кепехь цунах кхето а;

·        хьесапан, тезисийн, дешархочун изложенин (ма-ярра, хаьржина, яцйина) кепехь дешаран-1илманан, публицистически, официальни-г1уллакхдаран, исбаьхьаллин аудиотекстийн чулацам схьабийца.

 

Арахецархочун таро хир ю 1ама:

·          публицистически текстан гуш йолчу а, къайлах йолчу а (текстан чулацамехь) хаамех  кхета (ШХГ1-хь а цхьаьна), барта кепехь цуьнан анализ ян а, цунах кхето а.

 

Ешар

Арахецархо хууш хир ву:

·          ешначу дешаран-1илманан, публицистически (хаамийн а, аналитически а, исбаьхьаллин-публицистически а жанрийн), исбаьхьаллин текстийн чулацамах кхета а, уьш барта кепехь т1екаре яран хьелашка хьаьжжина а, цул сов дешархочун изложенин (ма-ярра, хаьржина, яцйина) кепехь, хьесапан, тезисийн (барта а, йозанан а) кепехь юхаяло а;

·          хьалха х1оттийначу коммуникативни хьесапца дог1учу довзийтаран, талламан, ешаран  некъех дарехь йолчу говзаллех  пайдаэца;

·          схематически билгалбина хаам йозуш йолчу текстан кепехь;

·          дешаран книгах, справочникех, кхечу хаамийн хьостех, ШХГI а, Интернетан  гIирсех а цхьаьна а, болх баран некъех пайдаэца;

·          билгалъяьккхинчу темица коьчал схьакъасто а, цхьаьнатоха а, схьахаьржинчу хааман анализ ян а, хьалха х1оттийначу коммуникативни хьесапца цхьаьна ялош  и йовзийта а.

Арахецархочун таро хир ю 1ама:

·          ешначу тайп-тайпанчу функциональни-стилан а, жанран а тексташкара гуш а, къайлах а (хьулбина а) болчу хаамах кхета, анализ ян, мах хадо.

·          тайп-тайпанчу хьосташкара оьшу хаам схьаэца, шена хетарг ала.

 

 

Дийцар (говорение)

Арахецархо хууш хир ву:

·        мехалчу социальни-оьздангаллин, г1иллакх-оьздангаллин, 1ер-дахаран, дешаран теманаш (цаьрца цхьаьна лингвистически а, цул сов, шайн чулацамца 1амош йолчу кхечу дешаран предметашца йоьзна йолу а) тайп-тайпанчу коммуникативни аг1онашца 1алашонийн а, т1екаре яран хьелашца а йог1уш (хаам, дешаран-1илманан т1екаре яран хьелашца жимо доклад, хиламах 1ер-дахаран маттаца дийцар, истори, къамелехь, къовсамехь дакъалацар) барта монологехь, диалогехь долу аларш (мах хадоран амалца дерш а цхьаьна) кхолла;

·        1алашонаш, цхьаьна кхочушдечу дешаран г1уллакхдаран хьесап, болх дакъошка бекъар дийцаре дан а,  нийса  кеп яло а;

·        билгалъяьккхинчу темица тайп-тайпанчу хьосташкара коьчал схьаэца, вовшахтоха, анализ ян, т1екаре яран къастийначу хьелашка хьаьжжина, барта кепехь и йовзийта;

·        х1инцалерчу нохчийн литературни меттан коьрта орфоэпически, лексически, грамматически норманаш барта къамелан т1екаре яран дарехь ларъян; лексикех а, фразеологех а, къамелан оьздангаллин  бакъонех а стилистически нийса пайдаэца.

 

Арахецархочун таро хир ю 1ама:

·      барта монологан а, диалоган а тайп-тайпанчу кепехь, жанрехь дешаран-1илманан (1амочу дешаран предметийн коьчал т1ехь), социальни-оьздангаллин а, г1уллакхан т1екаре яран  юкъаметтигашкахь а аларш кхолла;

·      докладца ладуг1учарна (аудиторина) хьалха вистхила; нахалахь шен проект, реферат  йовзуьйтуш чекхъяккха (защищать);

·      дешаран-1илманан т1екаре яран норманаш а ларъеш, дешаран-1илманан темица йолчу дискуссехь дакъалаца.

 

Йоза

Арахецархо хууш хир ву:

·        тайп-тайпанчу коммуникативни аг1онийн 1алашонаш а, т1екаре яран хьелаш тидаме а оьцуш, йозанан монологически аларш кхолла (социальни-оьздангаллин, г1иллакх-оьздангаллин, 1ер-дахаран, дешаран теманашца дешархочун сочинени, хиламах дийцар, тезисаш, отзыв, расписка, тоьшалла, заявлени);

·        дешархочун дийцаран кепехь, я тезисаш ялорца, я хьесап х1отторца ладоьг1начу а, ешначу а текстан чулацам (буьззина, боцца, хаьржина) бийца;

·        вайзаманан нохчийн литературни меттан йозанан коьрта лексически, грамматически, орфографически а, пунктуационни а бакъонаш практикехь ларъян; стилистически нийса лексикех, фразеологех пайдаэца.

Арахецархочун таро хир ю 1ама:

·        рецензеш, рефераташ язъян;

·        аннотацеш, конспекташ, тезисаш х1итто;

·        резюме, г1уллакхан кехаташ, д1акхайкхорш х1итто.

 

 

Текст

Арахецархо 1емар ву:

·         планан (цхьалхе, чолхе), тезисийн, схемийн, таблицийн, кхечу кепехь а чулацам балош, текст кечъян;

·        йозуш йолу текст кхолларан лехамаш тидаме а оьцуш, тайп-тайпанчу кепийн, стилийн, жанрийн шен тексташ кхолла а, нисъян а.

 

Арахецархочун таро хир ю 1ама:

·        барта а, йозанан а кепехь дешаран-1илманан (аннотаци, рецензи, реферат, тезисаш, конспект, къамелехь дакъалацар, дискуссеш) тексташ кхолла, официальни-г1уллакхан тексташ (резюме, г1уллакхан кехат, д1акхайкхор (объявлени)) кхолла.

 

Меттан функциональни башхаллаш

Арахецархо 1емар ву:

·        тайп-тайпанчу жанрийн тексташ вовшах къасто а, царна анализ ян;

·        барта а, йозанан а аларш тайп-тайпанчу стилашкахь, жанрашкахь, къамелан тайпанашкахь (отзыв, хаам, 1илманан стилан жанр санна доклад); вистхилар, интервью, публицистически стиль санна репортаж; расписка, тоьшалла, официальни-г1уллакхан стиль санна заявлени; дийцар, къамелдар, къамелдаран жанр санна къовсам; дийцаран амалехь тексташ, рассуждени, описани; тайп-тайпанчу функциональни-маь1нийн къамелан тайпанашца цхьаьнайог1уш кхолла;

·        нехан а, шен а къамелан аларш тайп-тайпанчу функциональни аг1онаш коммуникативни лехамашца а, меттан нийсаллица а цхьаьнайог1уш хиларан мах хадо;

·        къамелан кхачамбацарш, тексташ нисъян;

·        шен накъосташна хьалха вистхила жимачу информационни хаамашца, иштта докладаца а, хаамца а дешаран-1илманан темица йог1уш йолу.

 

Арахецархочун таро хир ю 1ама:

·        тексташ къамелан амалца, 1илманан, публицистически, официально-г1уллакхан, исбаьхьаллин литературан тексташ, шена хетарехь, лексически, морфологически, синтаксически г1ирсийн башхаллех пайда а оьцуш, анализ ян а, къасто а;

·        тайп-тайпанчу функциональни стилийн, жанрийн (аннотаци, рецензи, реферат, тезисаш, конспект дешаран-1илманан стилан жанр санна) тексташ кхолла; дешаран-1илманан темина йолчу дискуссешкахь дакъалаца; резюме, г1уллакхан кехат, объявлени официально-г1уллакхан стилехь х1отто; вистхилар, информационни хаам, сочинени-ойлаяр публицистически стилехь кечдан; къамелехь, 1ер-дахаран т1екаренан къовсамашкахь, къамел лелоран бакъонаш ларъеш, дакъалаца; 1ер-дахаран дийцарш, истореш кхолла, доттаг1аллин кехаташ яздан, маттаца боцу лехамаш тидаме а оьцуш, меттан г1ирсех пайда а оьцуш;

·        нахалахь дечу къамелан кепехь болчу хьежаман композици, аргументаци, меттан куц, кхиамаш х1иттийначу коммуникативни хьесапийн анализ ян;

·        шен накъосташна хьалха жимачу протокольно-этикетан, самукъадаккхаран, кхеторан къамел деш вистхилар.

 

 

 

 

 

 

Маттах долу юкъара хаарш

 

 Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета г1о до берашна. Ненан мотт хааро дешархошна  г1о до гонахарчу дуьнене болу кхетам а, цунах лаьцна долу хаарш а шордан а, боккхачу кхиамца оьрсийн а, кхин долу меттанаш а, дешаран предметаш а 1аморехь ненан маттехь г1ортор каро. Цу шина матто дешар 1аморехь, кхетамца кхиарехь боккха аьтто бо.

Хьехархо декхарийлахь ву нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна йовзийта а, берашкахь ненан матте безам кхио а. Цуьнца цхьаьна хьехархочо кхочушдан деза патриотизман, халкъийн доттаг1аллин ойланехь дешархой кхетош-кхиор. Ишколехь ненан мотт хьехар меттан 1илманан буха т1ехь д1ахьош хила деза.

Ишколехь мотт хьехаран методех кхетаме пайдаэцар ца хилча ца торуш ду. Ненан меттан хьехархочо шен балха т1ехь пайдаоьцуш йолу коьрта методаш ю: 1) индуктивнии, 2) дедуктивни, 3) индуктивно-дедуктивни, 4) дедуктивно-индуктивни, 5) барта а, йозанан а къамел кхиоран некъаш, иштта меттан бакъдерш вовшашца дустаран кепаш.

Ненан меттан хьехархочо шен балха т1ехь пайдаоьцу меттан бакъдерш вовшашца дустаран кепех. Меттан цхьанатайпанарчу а, цхьанатайпанара доцчу а, терачу а, вовшех дозуш долчу а бакъдолчаьрца дустар далоран кепаш мотт хьехаран балха т1ехь пайде а, дика сурт х1оттош а, берашна к1орггера хаарш луш а, мехала ю. Ч1ог1а мехала ду оьрсийн меттан бакъдолчаьрца ненан меттан бакъдерш дустаран кепах пайдаэцар.

V-IX классийн ненан меттан программаша къастабо ненан мотт хьехаран белхан чулацам а, иштта цуьнан коьрта аг1онаш а. Цу аг1онех коьртаниг йозу ненан меттан, литературан урокашкахь бераш 1амор, кхетош-кхиор вовшашца уьйр йолуш д1ахоттарах.

Ненан матте дешархойн безам кхиор лакхадаккхар ца хилча ца торуш ду. Ненан меттан суртх1отторан г1ирсаш а, исбаьхьаллин башхаллаш а йовзийтар, цу мехалчу хазнех пайдаэца дешархой 1амор нийса кхочушдан деза. Цуьнца цхьаьна ненан мотт хьехар д1ах1отто деза, дагахь ца 1амош, маь1нех кхетарца к1орггера хаарш долуш дешархой хирриг – нийсий, говзий.

Ненан мотт хьехаран декхар кхочшдарехь хьехархо декхарийлахь ву орфографин, пунктуацин, къамел кхиоран г1уллакхийн бух д1ах1отточу 1илманан хаттаршна т1е коьрта тидам хьовзо, кхечу дешнашца аьлча, аьзнийн а, элпийн а таллам бан, дешан х1оттам талла, къамелан дакъош къесто, предложенехь дешнийн уьйр нисъян хаа, предложенин д1ах1оттам бовза, и д1. кх. а.

Меттан 1илманан хаамаш 1амийна караберзор хила деза меттан бакъдерш, церан тайпанаш, церан башхаллаш къесторций, талларций, церан маь1наш к1орггера хаарций, , предложенеш фонетически а, морфологически а, синтаксически а, орфографически а, пунктуационни а, лексически а нийса талларций, орфограммаш, пунктограммаш бакъонца къасто а, талла а, йовзийта а 1аморций. Ненан меттан хьехархочун коьртачарах цхьа декхар ду йоза нийса язан 1амор а, карадерзор а. Орфографин а, пунктуацин а бакъонаш 1аморехь дешархой, маь1нех а кхеташ, шайгара масалш а далош, бакъонех нийса пайдаэцаре а, хааре а кхачар ца хилча ца торуш ду.

Х1ора дакъа, х1ора тема 1аморо дешархошна ойлаярна а, кхетарна а, къамел кхиорна а г1о дан декхар ду.

Ненан меттан урокашкахь къамел кхиор кхаа некъаца кхочушдеш хила деза. Уьш вовшех дозуш а, цхьа 1алашо кхочушъеш а ду.

Программехь 1-чу пунктехь гайтина 1амо еза тема программин материал ю, ткъа 2-чу пунктехь гайтинарг 1амочух пайдаэца хаар ду.

Къамел кхиоран хьалхара некъ бу нохчийн литературан меттан норманаш 1амор, караерзор:

Литературни нийса аларан (орфоэпин) а, дошкхолладаларан а, дешнийн форманаш кхоллаяларан а, дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш х1итторан а норманаш 1амор, караерзор; къамелан дакъойн, синтаксически конструкцийн стилистически таронех пайдаэцар. Программни материалаш йовзийтаран, 1аморан, караерзоран г1оьнца дешархой 1амо беза нохчийн литературни меттан фонетически а, морфологически а, синтаксически а, орфоэпически а, пунктуационни а, стилистически а норманаш йовза а, караерзо а, ларъян а. Ткъа синонимика стилистикан  бух бу. Синонимийн мехалла сов йоккха ю, х1унда аьлча меттан хазна совъяккхарехь а, бартан а, йозанан а къамел кхиорехь а, къамелан оьздангалла лакхаяккхарехь а йоккха меттиг д1алоцу цара.

Кхетош-кхиоран декхарш кхочушдарна хьехархочунна яккхий таронаш ло нена маттах лаьцна юкъаялочу урокаша. Цу урокашкахь делла хаарш гулдеш, к1аргдеш, ч1аг1деш, хила дезачу бараме а, кепе а далош, к1орггера дика 1амадо IX классехь «Маттах лаьцна юкъара хаамаш» ц1е йолчу декъехь. Цо ненан меттан школьни курс, жам1 деш, дешархойн хаарш лакхадохуш, чекхйоккху.

Иштта ч1ог1а мехала ду IX классехь синонимикехь синонимийн тайпанаш, церан башхаллаш, царах кхетаме пайдаэцар 1амо программехь билгалдина хилар.

Стилистикин а, литературни меттан норманийн а, бартан а, йозанан а къамел кхиоран а, къамелан оьздангалла лакхаяккхаран а хаарш оьшучу барамехь алсамдахарехь синонимаш ч1ог1а оьшуш а, мехала а ю.

Къамел кхиоран шолг1а некъ лору дешархойн къамелехь дешнийн хазна алсамяккхаран а, меттан грамматически д1ах1оттаман хаарш кхиор, к1аргдар. Ненан меттан урокашкахь дешархойн дешнийн хазна алсамяккхар кхочушдо тайп-тайпана упражненеш ярций, изложенеш, сочиненеш язъярций, саццаза дешнийн маь1наш къестош, довзуьйтуш бечу балхаций, омонимаш, синонимаш, антонимаш, эпитеташ харжарций.

Вайна ма-хаъара, мотт адамийн дахаран а юкъараллин , ойлаяран а, кхетаман, хьекъалан а, 1илманан а, культуран а угаре а сийлахь-йоккха хазна ю. Юкъараллин дахаран маь1нашка диллича, мотт адамийн уьйран а, кхиаран а, къийсаман а г1ирс бу.

Къамел кхиоран кхоалг1а некъ ларало бартан а, йозанан а къамелехь дешархой шайн ойланаш хьалха-т1аьхьа нийсий, кхетамей, вовшашца йозушший йийца а, язъян а 1амор. Дозуш долу къамел кхиорехь бан безаш болу белхаш бу: дийцаран чулацамна а, дешнаш маь1нашца нийса харжарца а, предложенеш х1итторна а т1ехь къахьегар, цу декъехь оьшуш долу тайп-тайпана шардарш кхочуш дар, изложенеш, сочиненеш язъярна кечам бар, оьшучу кепара план х1оттор. Цу г1уллакхна оьшу тема харжар, иза талла хаар, цуьнан чулацаман доза къасто а, коьрта ойла билгалъян а, план х1отто хаар а. Цу дерригенца а цхьаьнайог1уш материал нисъяро, язйийриг хила езачу барамехь кхочушйина д1ах1оттор оьшу.

Изложенина тескт а, сочиненина тема а харжарехь хьехархочунна  хаа деза уьш ислам-динца дог1уш а, эстетически а, г1иллакх-амалийн а, хьаналчу къинхьегаман а кхетамца кхетош-кхиорна оьшучу кепара хилийтар.

Парг1атчу теманашна изложенеш я сочиненеш язъярна кечам беш, дешархошкахь иманан, г1иллакхан-оьздангаллин, къинхьегаме юкъаметтиг кхиоран, Даймехкан а, халкъан сий лардаран, доттаг1аллин, накъасталлин, теманаш дош лардаран кхетам кхиош болх бо. Сочинени-дийцар яздар обрамлени юкъаялош а, иза йоцуш а хила тарло. (Обрамлени олу дийцаран д1ах1оттамехь дустар долуш х1оьттинчу декъах, масала: Л.Толстойн «ХЬаьжа-Мурд» повестехь ба1 буьйцуш юьххьехь далийна дустаран дакъа обрамлени ю. Цу повестехь санна, сочиненехь а хила тарло дустаран дакъа.)

Парг1атчу темина сочинени язъярна кечам беш, дешархойн зеделлерг а, юкъараллин-пайдечу белхашкахь цара дакъа лацар а, вина мохк 1амор а, бовзар а дерриге а лоруш хила деза.

Бартан а, йозанан а къмел кхиорехь юкъаяло еза интернациональни доттаг1аллин а, патриотически а, Даймехкан а, эстетически а чулацам болу тайп-тайпана теманаш а, царал сов, юьртан бахаман къинхьегамхойн атта боцчу беркатечу балхе а, белхалойн тайп-тайпанарчу говзаллашка а дешархойн безам кхио г1о деш йолу тематика а, иштта вайн Нохчийчоьнан культурни а, социально-экономически а кхиар гойтуш йолу теманаш а.

Исбаьхьаллин произведени, ойла т1еяххийтина еша а ешна, оьшу меттигаш схьа а язйина, цуьнан чулацам а, коьрта маь1наш а теллинчул т1аьхьа, гучуер ю грамматикана а, литературан теорина а,  стилистикана а т1ехь болх бан ца луш йолу материал. Дешнийн форманаш, маь1наш муха нисло а хьожуш, произведенеш ешар ч1ог1а пайдехьа ду. Цу г1уллакхо меттан хаарш кхио а, керланиг довза а г1о до.

Литератураца меттан уьйр елахь, ненан меттан хьехархочунна хаа деза, ишколехь 1амочу исбаьхьаллин произведених лаьцна язъеш йолу сочинени меттан урокехь яхъеш хилар.

Ненан меттан урокашкахь литератураца уьйр латтош дешархой 1амор, уьш кхетош-кхиор доккха маь1на долуш ду. Меттан бакъдерш, дешнийн грамматически форманаш йовзаран а, дешнаш маь1нашка хьаьжжина харжаран а, предложенеш х1итторан а, текстехь церан уьйр къасторан а г1уллаккхана лерина шуьйра пайдаэца беза литературан урокашкахь 1амочу исбаьхьаллин произведенех.

Меттан занятешкахь дешархойн жигаралла йозу цара кхочуш бечу белхан хаарш кхиоран барамах. Методически лехам ларало ненан меттан урокан болх д1абахьарехь дешархойн ойлаяран а, кхетаран а хьуьнар кхиор. Муьлхха а тема 1аморехь х1ора дешархочун кхетаран а, кхиаран а таронаш оьшучу барамехь гучуяха еза.

Дешархойн 1аморан а, кхетаран а хьуьнар совдаккхарехь доккха маь1на долуш ду тайп-тайпанчу гайтаман г1ирсех пайдаэцар (таблицех, схемех, суьртех, технически (говзаллин) г1ирсех). Хьехархочо цкъа а дицдан ца деза ненан меттан грамматика 1аморца цхьаьна нийсаяздар 1амор, дозуш долу къамел кхиор коьртачу декхарех мехала хилар. Дешархойн бартан а, йозанан а кхиор ненан меттан а, литературан а-шина а предметан юкъара дакъа ду.

Дешархойн 1аморан а, кхетош-кхиоран а жоьпаллин декхар кхочушдарехь хьалхара, коьрта меттиг хьехархочун ю. Цундела иза декхарийлахь ву шен меттан 1иламан а, педагогически а говзалла лакхаяккха а, кхио а.

1амийнарг шардеш, ч1аг1деш бечу балхаца (шардаршна) тидам бан а, ойла ян а, 1амочух маь1ница кхета а 1амо беза.

V-IX классийн ненан меттан программашкахь материал 1амор линейни принципехь нисдина, кхечу классехь хьалха 1амийнарг юха а 1амор ца хилийта. Иза  ду меттан материал, юх-юха ца ялош, хьалха-т1аьхьа шен рог1ехь 1амор, грамматически категореш 1амор меттан 1илманехь магийнчу рог1ехь хилийтар.

Программехь доцца гайтина:

1.V классехь программо маттах лаьцна лучу хьалхарчу урокехь дала деза х1ара хаарш: матто адамийн уьйран а, юкъаметигаллин а г1уллакх кхочушдеш хилар, цуьнан юкъараллин дахарехь доккха маь1на хилар.

2.Предложенин меженаш юьйцучохь кхачаме хир ду: подлежащи ц1ерниг, дийриг дожаршкахь хилар довзийтар. Сказуеми цхьалхениг йовзийтар («цхьалхе» боху термин юкъа а ца ялош), кхачамах, къастамах, латтамах, церан тайпанаш ца къестош, юкъара кхетам балар.

3.V классехь «Дошкхоллар а, орфографи а» бохучу декъех орам, дешхьалхе, суффикс 1амочу параграфехь формакхолларан а, дошкхолларан а суффиксехь юьхьанцара кхетам балар.

4.Дешан чаккхенгара: доланиг дожаран а, цхьана дешдекъах лаьттачу билгалдешан а, причастин а, хандешан  билгалзачу кепан а чаккхенга яздешдолу н билгалдоккхуш, къастош ала цаэшар.

Шаьш легийна девлчий бен (коьчалниг дожаре даьхчий бен), ц1ердешнийн диъ легар къаьсташ цахиларна а, ткъа кхечу кепара йолу легарийн концепци V классана чолхе хир ю аьлла, хетарна а, цул сов, х1окху классехь, хьалха хиллачу дешаран планаца дуьстича, 34 сахьт эшийна хиларна а, и 4 легар ша-ша даьккхина ца 1амийча а мегар ду аьлла, хетта тхуна. Делахь а, хьехархочун шен лаамехь дита а мегар ду иза.

Чаккхенчара н цхьаболчара г1алат олу. Цундела программехь, шолг1ачу пунктехь, билгалдина иза нийса ала 1амор. Къайлах меран-нун а, дуьззина н а вовшех къасто хаар.

Массаллин терахьдашах рог1аллин терахьдош кхоллалуш, ораман мукъа аьзнаш хийцадалар.

Цхьаболчу ненан меттан хьехархоша иэдеш галдоккху массаллин терахьдешан легар а, цунах рог1аллин терахьдош кхолладалар а. Цундела иза кху кепара дивзийта деза:

1)Масаллин терахьдош дожаршца хуьйцуш, ораман мукъа аз хийцадалар;

2)Массаллин терахьдашах рог1аллин терахьдош хуьлуш, ораман мукъа аз хийцадалар цхьанакепара цахилар.

19 нохчийн маттахь масех кепара алар: ткъоьсна, ткъаясса, ткъаясна, ткъаяссана, ткъаесана, ткъайоьссана, ткъайоьссина.

1938-чу шарахь ч1аг1йинчу нохчийн меттан орфографехь терахьдош 19 кху кепара яздан магийнера: ткъоьсна, ткъайоьсна. Иха цу кепара яздан а деза, х1унда аьлча иза цкъачунна кхечу кепара ч1аг1дина магийна а дац. Яздар цхьана кепара хилийтархьама, цу  шина ткъайоьсна яздар нийса хилар.

Нохчийн маттахь дешнийн хийцадаларехь монофтонг монофтонге, дифтонг дифтонге, трифтонг трифтонге хийцалуш хилар.

1. Хаттаран ц1ерметдош, хаттаран куцдош вовшех къасто 1амор.

Хаттаран ц1ерметдашах, куцдашах чолхечу предложенехь юкъаметтигаллин ц1ерметдош, куцдош хилар.

2.VII классехь куцдешнийн кхолладалар 1амочохь довзийта деза тайп-тайпанчу къамелан дакъойх уьш хилар.

3.Нохчийн маттахь билгалзачу бехкаман саттаман цхьа-ши формий бен цахиларна а, иза, чолхе йоцуш, кхета атта хиларна а, лааран саттамца цхьаьна бехкаман саттам 1амо билгалбар.

4.Юккъера ишкол чекхйоккхучу дешархошна орфографин бакъонаш дика хаа а, царах нийса пайдаэца а, ненан маттахь нийса дийца а, яздан а хаа деза ю Цундела ненан меттан хьехархочо и мехала г1уллакх шен коьртачу тидамехь латто деза.

5.V классехь «Ц1ердош» ц1е йолчу декъехь «Цхьана дешдекъах лаьттачу ц1ердешнийн ораман мукъа аьзнаш дожаршца а, терахьашца а хийцадаларехь тайп-тайпана хилар.

6.Дешархойн, хьехархойн болх аттачу баккхархьаа, ненан меттан программехь яханчу хенан кепех юкъара кхетам балар, яханчу хенан чаккхенаш нийсаязъяр 1амо магадар.

7.VI классехь дешархошна йовзийта еза масаллин, рог1аллин терахьдешнийн легаран башхаллаш, церан бакъонаш. Лааме масаллин терахьдош ц1ердош санна а, рог1аллин терахьдош билгалдош санна а хийцадалар.

Терахьдешнийн массо а тайпанийн легаран кепаш гайтар а, йовзийтар а.

8.Нохчийн морфологехь шатайпанара башхаллаш йолуш а, синтаксисехь коьрта меженаш 1аморехь ч1ог1а мехала а ду деакепара хандешнаш (четырехтипные глаголы). И тема, чолхе х1ума юкъа ца далош, церан масех билгало ца луш, 1амор.

9.Программо магадо, деакепара хандешнаш аттачу дохуш, тема яцъеш, хаадаларан а, таронан а хандешнийн терминаш юкъацаялор.

10.VII  классехь хандешан латтаман кепах юкъара кхетам балар.

11.VIII  классехь, синтаксисехь подлежащи 1амош, деакепарчу хандешнийн синтаксически билгало къастор.

12.IX классехь чолхе-карарчу предложених кхетам луш, т1етухучу предложенин коьрта билгало йовзийтар.

13.Ц1ердешнийн, билгалдешнийн дожарийн чаккхенаш цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь нийсаязъярехь церан легарш а, хандешнийн чаккхенаш нийсаязъярехь спряженеш а ч1ог1а мехала хилар бахьанехь, ц1ердешнийн, билгалдешнийн легарш, хандешан спряженеш, аттачу а йохуш, программи юкъаялор.

 

 

 

 

 

 

 

 

               V-IX классашкахь дешархойн хила деза х1ара хаарш:

V класс чекхйолуш дешархойн хила деза х1ара хаарш:

Берашна хаадеза дешнаш фонетически а, дешан х1оттам къастош морфологически а, шиъ а коьрта меже йолу предложенеш синтаксически а талла. 1амийнчу кепара йолу цхьалхе а, чолхе а предложенеш х1итто хаар.

1амийнчу метериалца йог1уш йолу орфограммаш каро а, дешнийн нийса яздар талла а хаар.

VI класс чекхйолуш дешархойн хила деза xlapa хаарш:

Дукха маь1наш долчу дешнийн маь1наш довзийта а, уьш къамелехь нийса лело а хаар. Дешан маь1на къасто хаар.

VIклассехь 1амийна къамелан дакъош, церан граммати­чески билгалонаш йовзар а, къесто хаар а.

I-VI классашкахь 1амийнчу меттан материалца йог1уш йолу орфограммаш каро а, цаьрца дешнаш нийса яздан а, къесто а хаар.

Юьззина нийса ойланаш билгалъяхархьама, къамелехь ц1ердешнех, билгалдешнех, куцдешнех, церан синонимаш, антонимаш, омонимаш юкъа а ялош, пайдаэца хаар.

1амийнчу бакъонийн пунктограммаш предложенешкахь каро а, йовзийта а хаар.

Чолхе план xloттop. Г1ишлош чоьхьара а, 1аламан а суртгойтуш, дийцаран кепара йолу юьззина а, йоца а, хаьржина а йолу сочиненина оьшуш йолу материал гулъяр, цхьана кепе ялор. Г1ишлош, 1аламан cypтх1отторан а буха т1ехь дийцар кхоллар. Шен текст а, чулацам а, меттан говзалла а шаръеш, тосшкхочушъяр (1амийнчу материалца йог1уш). Шахаьржинчу темина сочинени язъяр.

VII класс чекхйолуш дешархойн xlapa хаарш хила деза:

VII классехь 1амийна коьрта а, г1уллакхан а къамелан дакъош довзар, нийса къесто хаар.

Причастин, деепричастин карчамашца йолу а, 1амийнчу хуттургашца цхьанатайпанара йолу а, йоцу а предложенин меженаш а, чолхе предложенеш а синтаксически таллар. При­частин, деепричастин карчамашца предложенеш х1иттор.

   IV-VII классашкахь 1амийнчу материалца йог1уш йолу орфограммаш карор, дешнийн нийсаяздаран некъаш, бахьанаш билгалдаха хаар.Причастин, деепричастин карчамаш запятойшца къастор.Адамам куц-кеп, бедар (кечвалар), къинхьегаман г1уллакхаш дуьйцуш долу дийцарш яздар, билгалйинчу сюжетана дийцарш яздар; дешархоша шайн дахарехь зеделлачун а, шаьш кхочушбинчу юкъараллин-пайдечу белхан а г1оьнца сочинени язъяр.

         

  VIII класс чекхйолуш дешархойн хила деза х1ара хаарш:

Дешнийн цхьаьнакхетарш, цхьалхе цхьанах1оттаман, шинах1оттаман предложенеш синтаксически талар. Тайп-тайпанчу грамматически талларех пайда эца хаар.

Шинах1оттаман а, цхьанах1оттаман а цхьалхе предложенеш х1иттор, цхьанатайпанарчу а, шакъаьстинчу а меженашций, юкъадалочу дешнашций, предложенешций, т1едерзаршций чолхеяьхна цхьалхе предложенеш х1иттор. Къамелан чулацамца а, стилаца а йог1уш йолчу синтаксически синонимех пайдаэцар.

Литературни меттан норманаш (бакъонаш) ларъяр.

VII-классехь 1амийна пунктограммаш карор, йозанехьсацаран хьаьркаш х1иттор къасто а, довзийта а хаар.

Цхьанатайпанарчуй, д1акъаьстинчу меженашций, юкъадалочу дешнашций, предложенешций, т1едерзашций, айдардешнашций йолчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш х1иттор. Грамматикан хаттарийн талламан болх кхочушбан хаар. Х1оттам боцчохь подлежащиний, сказуеминий юккъе тире йиллар.

V-VII классашкахь 1амийна орфограммаш, пунктограммаш юкъайог1у предложенеш, дешнаш нийса яздан а, довзийта а хаар.Орфограммаш талла ца лучу дешнийн нийсаяздар.

Текстан стиль къасто хаар. Меттиган а, памятникин а сурт гойтуш йолу изложени (дийцаран текст) язъян хаар.

Сочинени язъян хаар (масала: литературни турпалхойн г1иллакх-амал дустаран маь1нехь гайтар, меттиган (юьртан, г1алин, бешан, хьуьнан), памятникан сурт гойтуш язъян хаар).

IX класс чекхйолуш дешархойн х1ара хаарш хила деза:

Чолхе   предложенеш талла хаар. Тайп-тайпанчу кепара чолхе предложенеш х1итто а, къамелан чулацаме а, стиле а хьаьжжина, синтаксически синонимех пайдаэца а хаар. Текстан стиль а, тайпа а къасто хаар. Литературни меттан норманаш ларъян хаар.

VIII-IX классашкахь 1амийна пунктограммаш каро а, йозанехь сацаран хьаьркаш х1иттор къасто а, талла а, довзийта а хаар.Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенин  дакъошна а, коьртачуй, т1етухучуй предложенешна а юккъе запятой йилла а, хуттургаш    йоцчу а, тайп-тайпанчу юкъаметтигийн а, маь1нийн а дакъойх лаьттачу чолхечу предложенешкахь а, ма-даррачу къамелехь а, диалогехь а, цитаташкахь а сацаран хьаьркаш х1итто хаар.

V-VIII классашкахь 1амийнчу орфограммашца долу дешнаш нийса я здан а, уьш   яздаран бакъонаш йовзийта а хаар.

Историко-литературни тема йолу доклад кечъян а, ян а хаар. Йоккхайоцчу литературно-критически статьян тезисаш я конспект х1отто хаар. Публицистически (юкъараллин-политически) кепара сочинени язъяр.

Сочиненин чулацам а, меттан говзалла а шаръеш, тоеш, нисъешкхочушъян а, орфографически, пунктуационни, грамматически стилистически г1алаташ каро а, нисдан а хаар.

Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета г1о до берашна. Ненан мотт хааро дешархошна  г1о до гонахарчу дуьнене болу кхетам а, цунах лаьцна долу хаарш а шордан а, боккхачу кхиамца оьрсийн а, кхин долу меттанаш а, дешаран предметаш а 1аморехь ненан маттехь г1ортор кароа. Цу шина матто дешар 1аморехь, кхетамца кхиарехь боккха аьтто бо.

Хьехархо декхарийлахь ву нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна йовзийта а, берашкахь ненан матте безам кхио а. Цуьнца цхьаьна хьехрхочо кхочушдан деза патриотизман, халкъийн доттаг1аллин ойланехь дешархой кхетош-кхиор. Ишколехь ненан мотт хьехар меттан 1илманан буха т1ехь д1ахьош хила деза.

Ишколехь мотт хьехаран методех кхетаме пайдаэцар ца хилча ца торуш ду. Ненан меттан хьехархочо шен балха т1ехь пайдаоьцуш йолу коьрта методаш ю: 1) индуктивнии, 2) дедуктивни, 3) индуктивно-дедуктивни, 4) дедуктивно-индуктивни, 5) барта а, йозанан а къамел кхиоран некуъаш, иштта меттан бакъдерш вовшашца дустаран кепаш.

Ненан меттан хьехархочо шен балха т1ехь пайдаоьцу меттан бакъдерш вовшашца дустаран кепех. Меттан цхьанатайпанарчу а, цхьанатайпанара доцчу а, терачу а, вовшех дозуш долчу а бакъдолчаьрца дустар далоран кепаш мотт хьехаран балха т1ехь пайде а, дика сурт х1оттош а, берашна к1орггера хаарш луш а, мехала ю. Ч1ог1а мехала ду оьрсийн меттан бакъдолчаьрца ненан меттан бакъдерш дустаран кепах пайдаэцар.

V-IX классийн ненан меттан программаша къастабо ненан мотт хьехаран белхан чулацам а, иштта цуьнан коьрта аг1онаш а. Цу аг1онех коьртаниг йозу ненан меттан, литературан урокашкахь бераш 1амор, кхетош-кхиор вовшашца уьйр йолуш д1ахоттарах.

Ненан матте дешархойн безам кхиор лакхадаккхар ца хилча ца торуш ду. Ненан меттан суртх1отторан г1ирсаш а, исбаьхьаллин башхаллаш а йовзийтар, цу мехалчу хазнех пайдаэца дешархой 1амор нийса кхочушдан деза. Цуьнца цхьаьна ненан мотт хьехар д1ах1отто деза, дагахь ца 1амош, маь1нех кхетарца к1орггера хаарш долуш дешархой хирриг – нийсий, говзий.

Ненан мотт хьехаран декхар кхочшдарехь хьехархо декхарийлахь ву орфографин, пунктуацин, къамел кхиоран г1уллакхийн бух д1ах1отточу 1илманан хаттаршна т1е коьрта тидам хьовзо, кхечу дешнашца аьлча, аьзнийн а, элпийн а таллам бан, дешан х1оттам талла, къамелан дакъош къесто, предложенехь дешнийн уьйр нисъян хаа, предложенин д1ах1оттам бовза, и д1. кх. а.

Меттан 1илманан хаамаш 1амийна караберзор хила деза меттан бакъдерш, церан тайпанаш, церан башхаллаш къесторций, талларций, церан маь1наш к1орггера хаарций, , предложенеш фонетически а, морфологически а, синтаксически а, орфографически а, пунктуационни а, лексически а нийса талларций, орфограммаш, пунктограммаш бакъонца къасто а, талла а, йовзийта а 1аморций. Ненан меттан хьехархочун коьртачарах цхьа декхар ду йоза нийса язан 1амор а, карадерзор а. Орфографин а, пунктуацин а бакъонаш 1аморехь дешархой, маь1нех а кхеташ, шайгара масалш а далош, бакъонех нийса пайдаэцаре а, хааре а кхачар ца хилча ца торуш ду.

Х1ора дакъа, х1ора тема 1аморо дешархошна ойлаярна а, кхетарна а, къамел кхиорна а г1о дан декхар ду.

Ненан меттан урокашкахь къамел кхиор кхаа некъаца кхочушдеш хила деза. Уьш вовшех дозуш а, цхьа 1алашо кхочушъеш а ду.

Программехь 1-чу пунктехь гайтина 1амо еза тема программин материал ю, ткъа 2-чу пунктехь гайтинарг 1амочух пайдаэца хаар ду.

Къамел кхиоран хьалхара некъ бу нохчийн литературан меттан норманаш 1амор, караерзор:

Литературни нийса аларан (орфоэпин) а, дошкхолладаларан а, дешнийн форманаш кхоллаяларан а, дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш х1итторан а норманаш 1амор, караерзор; къамелан дакъойн, синтаксически конструкцийн стилистически таронех пайдаэцар. Программни материалаш йовзийтаран, 1аморан, караерзоран г1оьнца дешархой 1амо беза нохчийн литературни меттан фонетически а, морфологически а, синтаксически а, орфоэпически а, пунктуационни а, стилистически а норманаш йовза а, караерзо а, ларъян а. Ткъа синонимика стилистикан  бух бу. Синонимийн мехалла сов йоккха ю, х1унда аьлча меттан хазна совъяккхарехь а, бартан а, йозанан а къамел кхиорехь а, къамелан оьздангалла лакхаяккхарехь а йоккха меттиг д1алоцу цара.

Кхетош-кхиоран декхарш кхочушдарна хьехархочунна яккхий таронаш ло нена маттах лаьцна юкъаялочу урокаша. Цу урокашкахь делла хаарш гулдеш, к1аргдеш, ч1аг1деш, хила дезачу бараме а, кепе а далош, к1орггера дика 1амадо IX классехь «Маттах лаьцна юкъара хаамаш» ц1е йолчу декъехь. Цо ненан меттан школьни курс, жам1 деш, дешархойн хаарш лакхадохуш, чекхйоккху.

Иштта ч1ог1а мехала ду IX классехь синонимикехь синонимийн тайпанаш, церан башхаллаш, царах кхетаме пайдаэцар 1амо программехь билгалдина хилар.

Стилистикин а, литературни меттан норманийн а, бартан а, йозанан а къамел кхиоран а, къамелан оьздангалла лакхаяккхаран а хаарш оьшучу барамехь алсамдахарехь синонимаш ч1ог1а оьшуш а, мехала а ю.

Къамел кхиоран шолг1а некъ лору дешархойн къамелехь дешнийн хазна алсамяккхаран а, меттан грамматически д1ах1оттаман хаарш кхиор, к1аргдар. Ненан меттан урокашкахь дешархойн дешнийн хазна алсамяккхар кхочушдо тайп-тайпана упражненеш ярций, изложенеш, сочиненеш язъярций, саццаза дешнийн маь1наш къестош, довзуьйтуш бечу балхаций, омонимаш, синонимаш, антонимаш, эпитеташ харжарций.

Вайна ма-хаъара, мотт адамийн дахаран а юкъараллин , ойлаяран а, кхетаман, хьекъалан а, 1илманан а, культуран а угаре а сийлахь-йоккха хазна ю. Юкъараллин дахаран маь1нашка диллича, мотт адамийн уьйран а, кхиаран а, къийсаман а г1ирс бу.

Къамел кхиоран кхоалг1а некъ ларало бартан а, йозанан а къамелехь дешархой шайн ойланаш хьалха-т1аьхьа нийсий, кхетамей, вовшашца йозушший йийца а, язъян а 1амор. Дозуш долу къамел кхиорехь бан безаш болу белхаш бу: дийцаран чулацамна а, дешнаш маь1нашца нийса харжарца а, предложенеш х1итторна а т1ехь къахьегар, цу декъехь оьшуш долу тайп-тайпана шардарш кхочуш дар, изложенеш, сочиненеш язъярна кечам бар, оьшучу кепара план х1оттор. Цу г1уллакхна оьшу тема харжар, иза талла хаар, цуьнан чулацаман доза къасто а, коьрта ойла билгалъян а, план х1отто хаар а. Цу дерригенца а цхьаьнайог1уш материал нисъяро, язйийриг хила езачу барамехь кхочушйина д1ах1оттор оьшу.

Изложенина тескт а, сочиненина тема а харжарехь хьехархочунна  хаа деза уьш ислам-динца дог1уш а, эстетически а, г1иллакх-амалийн а, хьаналчу къинхьегаман а кхетамца кхетош-кхиорна оьшучу кепара хилийтар.

Парг1атчу теманашна изложенеш я сочиненеш язъярна кечам беш, дешархошкахь иманан, г1иллакхан-оьздангаллин, къинхьегаме юкъаметтиг кхиоран, Даймехкан а, халкъан сий лардаран, доттаг1аллин, накъасталлин, теманаш дош лардаран кхетам кхиош болх бо. Сочинени-дийцар яздар обрамлени юкъаялош а, иза йоцуш а хила тарло. (Обрамлени олу дийцаран д1ах1оттамехь дустар долуш х1оьттинчу декъах, масала: Л.Толстойн «ХЬаьжа-Мурд» повестехь ба1 буьйцуш юьххьехь далийна дустаран дакъа обрамлени ю. Цу повестехь санна, сочиненехь а хила тарло дустаран дакъа.)

Парг1атчу темина сочинени язъярна кечам беш, дешархойн зеделлерг а, юкъараллин-пайдечу белхашкахь цара дакъа лацар а, вина мохк 1амор а, бовзар а дерриге а лоруш хила деза.

Бартан а, йозанан а къмел кхиорехь юкъаяло еза интернациональни доттаг1аллин а, патриотически а, Даймехкан а, эстетически а чулацам болу тайп-тайпана теманаш а, царал сов, юьртан бахаман къинхьегамхойн атта боцчу беркатечу балхе а, белхалойн тайп-тайпанарчу говзаллашка а дешархойн безам кхио г1о деш йолу тематика а, иштта вайн Нохчийчоьнан культурни а, социально-экономически а кхиар гойтуш йолу теманаш а.

Исбаьхьаллин произведени, ойла т1еяххийтина еша а ешна, оьшу меттигаш схьа а язйина, цуьнан чулацам а, коьрта маь1наш а теллинчул т1аьхьа, гучуер ю грамматикана а, литературан теорина а,  стилистикана а т1ехь болх бан ца луш йолу материал. Дешнийн форманаш, маь1наш муха нисло а хьожуш, произведенеш ешар ч1ог1а пайдехьа ду. Цу г1уллакхо меттан хаарш кхио а, керланиг довза а г1о до.

Литератураца меттан уьйр елахь, ненан меттан хьехархочунна хаа деза, ишколехь 1амочу исбаьхьаллин произведених лаьцна язъеш йолу сочинени меттан урокехь яхъеш хилар.

Ненан меттан урокашкахь литератураца уьйр латтош дешархой 1амор, уьш кхетош-кхиор доккха маь1на долуш ду. Меттан бакъдерш, дешнийн грамматически форманаш йовзаран а, дешнаш маь1нашка хьаьжжина харжаран а, предложенеш х1итторан а, текстехь церан уьйр къасторан а г1уллаккхана лерина шуьйра пайдаэца беза литературан урокашкахь 1амочу исбаьхьаллин произведенех.

Меттан занятешкахь дешархойн жигаралла йозу цара кхочуш бечу белхан хаарш кхиоран барамах. Методически лехам ларало ненан меттан урокан болх д1абахьарехь дешархойн ойлаяран а, кхетаран а хьуьнар кхиор. Муьлхха а тема 1аморехь х1ора дешархочун кхетаран а, кхиаран а таронаш оьшучу барамехь гучуяха еза.

Дешархойн 1аморан а, кхетаран а хьуьнар совдаккхарехь доккха маь1на долуш ду тайп-тайпанчу гайтаман г1ирсех пайдаэцар (таблицех, схемех, суьртех, технически (говзаллин) г1ирсех). Хьехархочо цкъа а дицдан ца деза ненан меттан грамматика 1аморца цхьаьна нийсаяздар 1амор, дозуш долу къамел кхиор коьртачу декхарех мехала хилар. Дешархойн бартан а, йозанан а кхиор ненан меттан а, литературан а-шина а предметан юкъара дакъа ду.

Дешархойн 1аморан а, кхетош-кхиоран а жоьпаллин декхар кхочушдарехь хьалхара, коьрта меттиг хьехархочун ю. Цундела иза декхарийлахь ву шен меттан 1иламан а, педагогически а говзалла лакхаяккха а, кхио а.

1амийнарг шардеш, ч1аг1деш бечу балхаца (шардаршна) тидам бан а, ойла ян а, 1амочух маь1ница кхета а 1амо беза.

V-IX классийн ненан меттан программашкахь материал 1амор линейни принципехь нисдина, кхечу классехь хьалха 1амийнарг юха а 1амор ца хилийта. Иза  ду меттан материал, юх-юха ца ялош, хьалха-т1аьхьа шен рог1ехь 1амор, грамматически категореш 1амор меттан 1илманехь магийнчу рог1ехь хилийтар.

Программехь доцца гайтина:

1.V классехь программо маттах лаьцна лучу хьалхарчу урокехь дала деза х1ара хаарш: матто адамийн уьйран а, юкъаметигаллин а г1уллакх кхочушдеш хилар, цуьнан юкъараллин дахарехь доккха маь1на хилар.

2.Предложенин меженаш юьйцучохь кхачаме хир ду: подлежащи ц1ерниг, дийриг дожаршкахь хилар довзийтар. Сказуеми цхьалхениг йовзийтар («цхьалхе» боху термин юкъа а ца ялош), кхачамах, къастамах, латтамах, церан тайпанаш ца къестош, юкъара кхетам балар.

3.V классехь «Дошкхоллар а, орфографи а» бохучу декъех орам, дешхьалхе, суффикс 1амочу параграфехь формакхолларан а, дошкхолларан а суффиксехь юьхьанцара кхетам балар.

4.Дешан чаккхенгара: доланиг дожаран а, цхьана дешдекъах лаьттачу билгалдешан а, причастин а, хандешан  билгалзачу кепан а чаккхенга яздешдолу н билгалдоккхуш, къастош ала цаэшар.

Шаьш легийна девлчий бен (коьчалниг дожаре даьхчий бен), ц1ердешнийн диъ легар къаьсташ цахиларна а, ткъа кхечу кепара йолу легарийн концепци V классана чолхе хир ю аьлла, хетарна а, цул сов, х1окху классехь, хьалха хиллачу дешаран планаца дуьстича, 34 сахьт эшийна хиларна а, и 4 легар ша-ша даьккхина ца 1амийча а мегар ду аьлла, хетта тхуна. Делахь а, хьехархочун шен лаамехь дита а мегар ду иза.

Чаккхенчара н цхьаболчара г1алат олу. Цундела программехь, шолг1ачу пунктехь, билгалдина иза нийса ала 1амор. Къайлах меран-нун а, дуьззина н а вовшех къасто хаар.

Массаллин терахьдашах рог1аллин терахьдош кхоллалуш, ораман мукъа аьзнаш хийцадалар.

Цхьаболчу ненан меттан хьехархоша иэдеш галдоккху массаллин терахьдешан легар а, цунах рог1аллин терахьдош кхолладалар а. Цундела иза кху кепара дивзийта деза:

1)Масаллин терахьдош дожаршца хуьйцуш, ораман мукъа аз хийцадалар;

2)Массаллин терахьдашах рог1аллин терахьдош хуьлуш, ораман мукъа аз хийцадалар цхьанакепара цахилар.

19 нохчийн маттахь масех кепара алар: ткъоьсна, ткъаясса, ткъаясна, ткъаяссана, ткъаесана, ткъайоьссана, ткъайоьссина.

1938-чу шарахь ч1аг1йинчу нохчийн меттан орфографехь терахьдош 19 кху кепара яздан магийнера: ткъоьсна, ткъайоьсна. Иха цу кепара яздан а деза, х1унда аьлча иза цкъачунна кхечу кепара ч1аг1дина магийна а дац. Яздар цхьана кепара хилийтархьама, цу  шина ткъайоьсна яздар нийса хилар.

Нохчийн маттахь дешнийн хийцадаларехь монофтонг монофтонге, дифтонг дифтонге, трифтонг трифтонге хийцалуш хилар.

1. Хаттаран ц1ерметдош, хаттаран куцдош вовшех къасто 1амор.

Хаттаран ц1ерметдашах, куцдашах чолхечу предложенехь юкъаметтигаллин ц1ерметдош, куцдош хилар.

2.VII классехь куцдешнийн кхолладалар 1амочохь довзийта деза тайп-тайпанчу къамелан дакъойх уьш хилар.

3.Нохчийн маттахь билгалзачу бехкаман саттаман цхьа-ши формий бен цахиларна а, иза, чолхе йоцуш, кхета атта хиларна а, лааран саттамца цхьаьна бехкаман саттам 1амо билгалбар.

4.Юккъера ишкол чекхйоккхучу дешархошна орфографин бакъонаш дика хаа а, царах нийса пайдаэца а, ненан маттахь нийса дийца а, яздан а хаа деза ю Цундела ненан меттан хьехархочо и мехала г1уллакх шен коьртачу тидамехь латто деза.

5.V классехь «Ц1ердош» ц1е йолчу декъехь «Цхьана дешдекъах лаьттачу ц1ердешнийн ораман мукъа аьзнаш дожаршца а, терахьашца а хийцадаларехь тайп-тайпана хилар.

6.Дешархойн, хьехархойн болх аттачу баккхархьаа, ненан меттан программехь яханчу хенан кепех юкъара кхетам балар, яханчу хенан чаккхенаш нийсаязъяр 1амо магадар.

7.VI классехь дешархошна йовзийта еза масаллин, рог1аллин терахьдешнийн легаран башхаллаш, церан бакъонаш. Лааме масаллин терахьдош ц1ердош санна а, рог1аллин терахьдош билгалдош санна а хийцадалар.

Терахьдешнийн массо а тайпанийн легаран кепаш гайтар а, йовзийтар а.

8.Нохчийн морфологехь шатайпанара башхаллаш йолуш а, синтаксисехь коьрта меженаш 1аморехь ч1ог1а мехала а ду деакепара хандешнаш (четырехтипные глаголы). И тема, чолхе х1ума юкъа ца далош, церан масех билгало ца луш, 1амор.

9.Программо магадо, деакепара хандешнаш аттачу дохуш, тема яцъеш, хаадаларан а, таронан а хандешнийн терминаш юкъацаялор.

10.VII  классехь хандешан латтаман кепах юкъара кхетам балар.

11.VIII  классехь, синтаксисехь подлежащи 1амош, деакепарчу хандешнийн синтаксически билгало къастор.

12.IX классехь чолхе-карарчу предложених кхетам луш, т1етухучу предложенин коьрта билгало йовзийтар.

13.Ц1ердешнийн, билгалдешнийн дожарийн чаккхенаш цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь нийсаязъярехь церан легарш а, хандешнийн чаккхенаш нийсаязъярехь спряженеш а ч1ог1а мехала хилар бахьанехь, ц1ердешнийн, билгалдешнийн легарш, хандешан спряженеш, аттачу а йохуш, программи юкъаялор.

 

                                              

 

 

 

 

 

 

 

V КЛАСС

Мотт адамийн уьйран уггаре а мехала г1ирс бу

Юьхьанцарчу классашкахь 1амийнарг карладаккхар

1.Дешан чаккхенга шала мукъаза элпаш яздар (лл, сс, тт)

2.Къамелан дакъош (юкъара кхетам).

3.Ц1ердош, цуьнан терахь, классаш, дожарш, легарш.

4.Билгалдош, дожарш, легар.

СИНТАКСИС А, ПУНКТУАЦИ А

Синтаксис лаьцна юьхьанцара кхетам. Дешнийн цхьанакхетарех коьрта а, дозуш долу а дешнаш. Предложенин чаккхенгахь сацаран хьаьркаш.

Предложенин коьрта меженаш: подлежащи, сказуеми, нийса кхачам. Предложенин коьртаза меженаш: кхачам, къастам, латтам. Яржаза а, яьржина а предложенеш.

Цхьанатайпанарчу меженех лаьцна кхетам балар. Предложенин цхьанатайпанара меженаш (а, амма, ткъа бохучу хуттургашца а, хуттургаш йоцуш а). Цхьанатайпанарчу меженашкахь сацаран хьаьркаш х1иттор.

Цхьанатайпанарчу меженашна хьалха юкъара дешнаш. Юкъарчу дашна т1ехьа шит1адам биллар.

Т1едерзар, т1едерзарехь сацаран хьаьркаш х1иттор.

Хуттургашца йолу чолхе предложенеш (шайгахь подлежащи а, сказуеми а долуш, цхьалхечарех лаьттарш). Чолхечу предложенехь йолчу цхьалхечу предложенешна юккъехь а хуттургана а, амма, ткъа бохучу хуттургашна хьалха а запятой йиллар.

Авторан дешнел т1аьхьа а, царна хьалха а ма-дарра къамел. Ма-даррачу къамелехь сацаран хьаьркаш. Диалог. Диалоган репликашна хьалха йозанехь тире.

Шайн интонацига (эшаре) хьаьжжина, дийцаран а, хаттаран а, айдаран а предложенеш нийса еша хаар.

 

 

ФОНЕТИКА, ГРАФИКА, ОРФОГРАФИ

 

I.Йозанехь къамелан аьзнаш билгалдахар, нохчийн алфавит.

Къамелан аьзнаш: мукъанаш, мукъазнаш. Нохчийн меттан шатайпанара аьзнаш билгалдеш долу элпаш, церан нийсаяздар (г1, кх, къ, ц1, т1, н1, ч1, хь, х1, аь, оь, уь, юь, я). Я ,яь, ю, е элпийн маь1на а, церан яздар а. Й элпан нийсаяздар. Деха а, доца а мукъа аьзнаш (а,у, и), церан нийсаяздар.

Орфографически а, нохчийн-оьрсийн а, оьрсийн-нохчийн а словарех пайдаэца хаар.

ЛЕКСИКА

I.Лексиках юьхьаyцара кхетамю Дешан лексически маь1на. Цхьана маь1нин а, дуккха а маь1нийн а дешнаш. Омонимаш (юкъара кхетам). Дешнийн нийса а, т1едеана а маь1наш. Синонимашю Антонимаш. Оьрсийн маттера нохчийн матте т1еэцна дешнаш.

Меттан дешнех лаьцна юкъара кхетам. Ширделла дешнаш (довзийтар). Фразеологизмех лаьцна кхетам балар.

II.Дешнаш, шайн маь1нашка хьаьжжина, нийса харжа а, ала а хаар. Орфографически а, гочдаран а словарех, фразеологически карчамех пайдаэца хаар.

МОРФОЛОГИ

Дошкхолладалар а, орфографи а

I.Дошкхолладаларх, орфографих кхетам балар. Дешнийн хийцадалар а, кхолладаларан некъаш а. Дешан чаккхе а, лард а. Гергара а, схьадовлааз а, схьадевлла а дешнаш. Орам, дешхьалхе, суффикс. Формакхолларан а, дошкхолларан а суффиксаш.

II.Х1оттаме хьаьжжина, дош талла хаар (дешан лард, орам, дешхьалхе, суффикс, чаккхе). Тайп-тайпана дешнаш кхолла хаар, дошкхолладаларан тайп-тайпанчу кепех пайдаэца хаар ( дешхьалхенан а, суффиксан а г1оьнций, чолхечу дешнашкахь лардаш цхьанатохарций).

Чолхе-дацдина дешнаш нийса ала хаар.

Къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам балар.

 

 

Ц1ердош

I.Ц1ердош а, цуьнан юкъара маь1на а, морфологически билгалонаш а. Ц1ердешан синтаксически г1уллакх. Предложенехь цунах подлежащица, кхачам, латтам, т1едерзар хилар. Адамех а, кхечу х1уманех а лаьцна долу ц1ердешнаш церан

хаттарш : Мила? Муьлш? Х1ун?

Юкъара а, долахь а ц1ердешнаш. Географически ц1ершкахь урамийн, майданийн, исторически хиламийн, дезачу  денойн ц1ершкахь доккха элп яздар. Книгийн, газетийн, журналийн, кинофильмийн, спектаклийн, литературни, музыкальни произведенийн ц1ершкахь доккха элп яздар, кавычкаш х1иттор.

Ц1ердешнийн терахь. Дукхаллин терахьан чаккхена: ш, аш, наш, маш, ош, еш, арш, й, ий, рчий.

Ц1ердешнийн грамматически классаш, цаьрца уьйр йолчу дешнашкахь церан классан гайтамаш ( 1кл. ву-бу; 2 кл. ю-бу; 3 кл. ю-ю; 4 кл. ду-ду; 5 кл. бу-бу; 6 кл. бу-ду). Цу классех лаьцна бакъонца кхетам балар. Юкъара касс йовзийтар (лор ву, лор ю).

Ц1ердешний дожарш а, дожаршца хийцадалар а (легар).

Ц1ердешнийн дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр а. Ц1ердешнийн кхолладаларан некъаш: 1) дешхьалхенца, 2) суффиксаца, 3) дешхьалхенан а, суффиксан а г1оьнца, 4) дешнийн лардаш цхьаьнатохарца.

Цхьана дешдекъах лаьттачу ц1ердешний ораман мукъа аьзнаш хийцадалар а, церан алар а, нийсаяздар а(легарехь а, терахьехь а).

Дацаран дакъалг ца ц1ердашца нийсаяздар.

Ц1ердешнийн суффиксаш (формакхоларш а, дошкхолларш а).

Ц1ердош морфологически талар.

Ц1ердош карладаккхар.

II.Къамелехь ц1ердешнех – синонимех, омонимех, антонимех пайдаэца хаар, уьш маь1нашка хьаьжжина нийса харжа а, ала а хаар (шовда, хьоста, говр, дин, гила,; де-буьйса, 1уьйре-суьйре; ча (ю), ча (ду); мохь (ю), мохь (бу). Ц1ердешан доланиг дожаран чаккхенгахь долу мукъа аз манкха (мерах) нийса ала 1амор.

                                                    

Дешаран-тематикин хьесап

5 класс

№ п/п

Дешаран курсан дакъа

Сахьтийн барам

Билгалдаккхар

1.

 Юьхьанцарчу классашкахь 1амийнарг карладаккхар 

6

 

2.

Синтаксис а, Пунктуаци а 

8

 

3.

Предложенин коьрта меженаш

2

 

4.

Предложенин  коьртаза  меженаш.

10

 

3.

Фонетика,Графика,

Офографи

12

 

4.

Лексика

5

 

5.

Морфологи

6

 

6.

Ц1ердош

9

 

7.

Талламан белхаш

5

 

8.

Кхоллараллин белхаш

5

 

 

Дерриг:

68

 

 

 

 

 

                                

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Дешаран курсан дакъа

Белхан тайпа

1

            Карладаккхар

Талламан болх «Шеран заманаш»

2

                 Синтаксис

Сочинени «Дашо гуьйре»

3

Предложенин коьрта меженаш

Талламан болх  «Зайнди»

4

Предложенин коьртаза меженаш

Изложени «Хьоза»

5

Фонетика

Талламан болх «1алам»

6

Фонетика

Сочинени «Сан хьоме нана»

7

Лексикологи

Изложени «Майра хьаша»

8

Лексикологи

Талламан болх «Жа дажош»

9

Ц1ердош

Сочинени «Б1аьсте»

10

Ц1ердош

Талламан болх «Бекъа»

Талламан,кхоллараллин белхаш.

 

 

 

 

 

                

                                    

                                         

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Дозуш долу къамел кхиор

Къамел кхиор. Текстах а, цуьнан дакъойх а лаьцна кхетам: текстан дакъойн уьйран лексически г1ирсаш, цхьалхе план. Кегий а, шуьйра а теманаш, текстан коьрта ойла: къамелан стилех лаьцна кхетам, къамелан хабаран а, исбаьхьаллин а стилех лаьцна юьхьанцара хаамаш; дийцарх а яздарх а лаьцна: дийцаран кепара йолчу текстан жима а, юьззина а изложени язъяр суртх1отторан элементашца, цхьаццайолчу х1уманийн а, дийнатийн а хьокъехь сочиненеш- суртх1отторан дийцарш; дахарехь хиллачух лаьцна сичинени-дийцар (суьрташца а, юкъараллин-пайдечу къинхьегамехь дакъаларца а доьзна). Доттаг1аллин а, къахьегаран а теманашна сочиненеш язъяр

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                                                

 

 

 

 

                                                             VI  KЛACC

Ненан маттах лаьцна дош

Карладаккхар  (1) предложенин меженаш ; 2) шалха элпаш, церан нийсаяздар; 3) омонимаш, синонимаш, антонимаш; 4) дешан лард, чаккхе, орам, дешхьалхе, суффикс; 5) ц1ердош, дожарш; 6) къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам.

Билгалдош

1.Билгалдош а, цуьнан маь1на а, морфологически билгалонаш а (юкъара кхетам).

Мухаллин а, юкъамегигаллин а, доладерзоран а билгалдешнаш. Лаамаза а, лааме а билгалдешнаш.

Билгалдешнаш, синтаксически билгалонаш:

- лаамазчу билгалдашах предложенехь къастам хилар;

- лаамечу билгалдашах, маь1не хьаьжжина, подлежащи я кхачам, я т1едерзар хилар.

Цхьадолу билгалдешнийн терахь а, классан гайтам а. Мухаллин билгалдешнийн даржаш, церан кхолладалар, суф­фиксаш. Т1ехдаларан дарж кхуллуш долу дешнаш: сов, mlex, вуно, 1аламат, инзаре, уггаре а (дика - дикаха - mlex ди­ка).

Билгалдешнийн легарш, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр.

Билгалдешнийн кхолладалар, церан суффиксаш (формакхолларан а, дошкхолларан а).

Т1еэцна билгалдешнаш, церан легар.

Т1еэцначу билгалдешнийн суффиксаш а, церан нийсаязъяр а. Билгалдош морфологически таллар. Билгалдош карладаккхар.

II. Лаамаза а, лааме а билгалдешнаш дожаршца нийса хийца хаар. Къамелехь билгалдешнех-синонимех нийса пайдаэца хаар (маса, чехка, сиха, каде, mlаx-аьлла, х/айт-аьлла; г1иллакхе, к1еда-мерза; товш, безамехь).

Лаамечу билгалдешан доланиг дожаран чаккхенгахь а, цхьана дешдекъах лаьттачу билгалдешан чаккхенгахь а мукъа аз манкха (мерах) иийса ала хаар.

Терахьдош

1.Терахьдош а, цуьнан маь1на а, морфологически билгалонаш а.

Терахьдешнийн тайпанаш: 1) лаамаза а, 2) лааме а; 1) масаллин (маса?), 2) декъаран (мас-маса?), 3) гулдаран (маса?), 4) билгалза-масаллии (маса?мел?) 5) рог1аллин (масалг1а?).

Масаллин терахьдешнийн легар.

Цхьалхе а, чолхе a, xloттаман а терахьдешнаш, церан легар.

Рог1аллин терахьдешнаш, церан кхолладалар, суффиксаш.

Лаамазчу рог1аллин терахьдашах къастам хилар, лаамечух, маь1не хьаьжжина, подлежащи я кхачам хилар.

Рог1аллин терахьдешнийн легар. Лаамаза рог1аллин терахьдешнаш лаамаза мухаллин билгалдешнаш санна дожаршца хийцадалар.

Терахьдешнийн кхолладалар (масалличарах декъаран а, гулдаран а, билгалза-масаллин a, рог1аллин а терахьдешнаш хилар).

Терахьдешнийн нийсаяздар.

Терахьдош морфологически таллар.

Терахьдош карладаккхар.

2.Чолхе декъаран а, билгалза-масаллин а терахьдешнаш ц1ердешнашца цхьаьна нийса ала хаар; лаамечу масаллин а, рог1аллин а терахьдешнийн дожарийн чаккхенаш нийса ала хаар.

Лаамечу терахьдешан доланиг дожаран чаккхенгара мукъа аз манкха (мерах) нийса ала хаар.

Ц1ерметдош

I.                  Ц1ерметдош а, цуьнан грамматически билгалонаш а.

Ц1ерметдешнийн тайпанаш довзийтар: 1) яххьийн, 2) дерзоран, 3) доладерзоран, 4) дерзоран-доладерзоран, 5) гайтаран, 6) къастаман, 7) къастамза, 8) хаттаран, 9) юкъаметтигаллин.

      Яххьийн а, дерзоран а ц1ерметдешнийн яххьаш а, церан легар а. Тхо, вай бохучу дукхаллин тсрахьан 1-чу юьхьан шина ц1ерметдашна юккъера башхо йовзийтар.

     Доладерзоран а, дерзоран-доладерзоран а ц1ерметдешнийн яххьаш а, церан легар а.

Гайтаран а, къастаман а, къастамзачу а ц1ерметдешнийн легар.

Хаттаран а, юкъаметигаллин а ц1ерметдешпийн легар, цар­на юккъера башхо йовзар, уьш вовшашца дуста а, предложенешкахь къасто а хаар.

Ц1ерметдешнийн нийсаяздар.

Ц1ерметдош морфологически таллар.

Ц1ерметдашан синтаксически билгалонаш: 1) яххьийн а, дерзоран а ц1ерметдешнех предложенехь маь1не хьаьжжина подлежащи я кхачам хилар; 2) лаамазчу гайтаран а, къастаман а, доладерзоран а ц1ерметдешнех къастам хилар.

Ц1ерметдош карладаккхар.

II.               Къамелехь тайп-тайпанчу ц1ерметдешнех а, церап яххьех а, дожарийн чаккхенех нийса пайдаэца хаар. Предложенешкахь хаттаран а, юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнаш вовшех къасто хаар, церан башхалла йовзар. Ц1ерметдешнаш хуттурган (юкъаметтигаллин) дешнаш хилла лелар хаар.

Хандош

I. Хандош, цуьнан грамматически билгалонаш (морфоло­гически а, синтаксически а).

Хандешан билгалза кеп, цуьнан суффиксаш (-а, -о,-ан, -ен, -он). Хандешан билгалзачу кепан нийсаязъяр.

Хандешан хенаш.

Карара хан а, цуьнан чаккхенаш нийсаязъяр а.

Яхана хан. Яханчу хенан кепех юкъара кхетам балар. Яханчу хенан чаккхенаш нийсаязъяр (и, ий, ира, ийра, ина, ийна, на, инера, ийнера, нера, ура, ара, ора). Йог1у хан: 1) хила мега хан, 2) хин йолу хан. Йог1учу хенан нийсаязъяр.

Хандешан цхьаллин а, дукхазаллин а кепаш.

Цхьадолчу хандешнийн терахь а, классаш а.

Бартан а, йозанан а къамелехь хандашах нийса пайдаэца хаар. Хандешнийн чаккхенаш нийса ала а, нийса язъян а хаа

 

 

 

 

Дешаран-тематикин хьесап

6 класс

 

№ п/п

Дешаран курсан дакъа

Сахьтийн барам

Билгалдаккхар

1.

Карладаккхар

6

 

2.

Билгалдош

13

 

3.

Терахьдош

14

 

4.

Ц1ерметдош

13

 

5.

Хандош

12

 

5.

Талламан белхаш

5

 

6.

Кхоллараллин белхаш

5

 

 

Дерриг:

68

 

 

Талламан,кхоллараллин белхаш.

Чулацам

Белхан тайпа

1

Карладаккхар

Талламан болх «М1аьчиг»

2

Ц1ерметдош

Изложени «Ча а,зударий а»

3

Билгалдош

Талламан болх «Воккха стаг Бисолтий,жима Хьамзаттий »

4

                   Терахьдош

Талламан болх «Олхазарийн дуьне»

5

Ц1ерметдош

Сочинени «Хьоме Даймохк»

6

Ц1ерметдош

Изложени «Гуьйренан юьхь»

7

Хандош

Талламан болх «Юьртахь суьйре»

8

Хандош

Сочинени «Сан дика доттаг1а»

9

Хандош

Изложени «Мухтар»

10

Хандош

Талламан болх «Дай к1антий»

 

                                            

 

 

Дозуш къамел кхиор

 Текстах, цуьнах дакъойх, къамелан стилех, темех, цуьнан коьртачу ойланех, дийцарх, cypтх1отторан дийцарх, кхеташоне дийцарх лаьцна 1амийнарг карладаккхар. Сочиненина мате­риал гулъяр. Сочинени язъярна оьшу материал цхьана кепе ерзор, чолхе план xloттop.

  Шайна гина х1усам муьлхачу хьолехь ю а, 1аламан сурт а xlоттош, яцйина а, хаьржина а излонеш язъяр.

Х1усам а, 1аламан сурт а гойтуш йолу сочинени язъяр. Кху кепарчу теманашна дийцаран кепара сочиненеш язъяр: «Суна стенна еза со веха меттиг», «Дийнаташ -адаман г1оьнчий», «Ларде xьоме 1алам» иштта д1а кхиерш а.

Сочинени-дийцар яздар (обрамленица а, обрамлени йоцуш а), дуьйцуш хезначун а, бинчу тидаман a, cypтх1отторан буха т1ехь а (цу юкъахь дайн-нанойн а, бевзаш болчеран а къинхьегаманхьуьнарех лаьцна а, цуьнга терра кхидолчух лаьцна а). Масала: «Даьхнилелорхочух дийцар», «Со лор хилча...», «Б1аьхочун дийцар», «Т1еман 1азап», «Къоман турпал», «Тхан юьртахь лору стаг...»

 

 

 

                                                 

 

 

 

 

 

                                                

 

 

 

 

                                                            VI1 КЛАСС

Ненан маттах лаьцна дош

V-VI классашкахь 1амийнарг карладаккхар билгалдош, ц1ерметдош, хандош, церан билгалонаш.

                                              Хандош а, цуьнан кепаш а

I. Хандош 1амор

VI классехь хандашах 1амийнарг карладаккхар.

Хандешан саттамаш. Билгала саттам. Бехкаман а, лааран а саттамаш. Т1едожоран саттам.

Хандешан спряженеш. Хандешан билгалзачу кепан ораман мукъа аьзнаш карарчу хенан орамехь хийцадалар, церан нийсаяздар.

Хандешнийн кхолладалар.

Деакепара хандешнаш, шайца долу подлежащеш ц1ерниг, дийриг, лург, меттигниг дожаршка х1уьттурш.

Дацаран дакъалгаш ца, ма хандешнашца нийсаяздар.

                                                  Причасти

Причасти а, цуьнан грамматически билгалонаш а.

Причастин хенаш, церан суффиксаш нийсаязъяр.

Лаамаза а, лааме а причастеш.

Причастин карчам, цуьнан синтаксически г1уллакх, цуьнца сацаран хьаьркаш.

Причастийн легар, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр.

Причастин кхоллаялар.

                                              Деепричасти

Деепричасти а, цуьнан грамматически билгалонаш а.

Деепричастин хепаш, церан нийсаязъяр.

Деепричастин карчам а, цуьнан синтаксически г1уллакх а, цуьнца сацаран хьаьркаш а.

                                                

                                                       Масдар

Масдар а, цуьнан грамматически билгалонаш а.

Масдаран терахь а, классаш а, кепаш а.

Масдаран легар, дожарийн чаккхенаш.

Масдарца дацаран дакъалг ца нийсаяздар.

Масдаран а, цуьнан карчамийн а синтаксически г1уллакх.

II. Хандешан латтаман кепаш, церан карчамаш (кхетам балар) (1 сахьт).

Хандош а, цуьнан кепаш а морфологически таллар, уьш карлаяхар (1 сахьт).

Къамелехь хандешнех, церан хенех, хандешан шатайпапарчу а, латтаман а кепах пайдаэца хаар. Хандешнийн сино­нимах, антонимех нийса пайдаэца хаар. Хандешан билгалзачу кепан а, лаамазчу причастийн а чаккхенгара мукъа аз манкха (мерах) нийса ала а, яздар а хаар.

                                                  Куцдош

I. Куцдош а, цуьнан грамматически билгалонаш а (морфо­логически а, синтаксически а).

Куцдешнийн тайнапаш, церан хаттарш, маь1наш.

Куцдешнийн коьрта тайпанаш: 1) хенан, 2) метгиган, 3) бахьанин, 4) 1алашонан, 5) мухаллин (я даран суьртан), 6) масаллин, 7) бараман.

Куцдешнийн цу коьртачу тайпанел сов, xlapa тайпанаш а довзийтар: 1) xaттаран куцдешнаш: маца? мацале? маццалц? xlyндa? мича? мосазза? муха? 2) юкъаметтигаллин куцдешнаш: изза куцдешнаш, хаттаран маь1на хийцалуш, чолхечу предложенин шина декъан юкъаметтиг гойтуш хилахь: маца, мацале, маццалц, xlyндa, мича, мичара, мосазза, муха.

Куцдешан синтаксически билгалонаш (куцдешнех предложенехь тайп-тайпана латтамаш хилар: хенан куцдашах хенан латтам, меттиган куцдашах меттиган латтам, бахьанин куцдашах бахьанин латтам, 1алашонан куцдашах 1алашонан латтам, даран суьртан куцдашах даран суьртам латтам).

Куцдешнийн даржаш: 1) юьхьанцара, 2) дустаран, 3) т1ехдаларан.

Куцдешнийн кхолладалар (ц1ердашах, билгалдашах, терахьдашах, ц1ерметдашах, куцдашах).

Куцдешнийн нийсаяздар.

Куцдош морфологически таллар.

Куцдош карладаккхар.

II. Къамелехь куцдешнийн синонимех, антонимех пайдаэца хаар. Куцдешнашца предложенеш а, дешнийи цхьаьнакхетарш а х1итто хаар. Чолхечу предложенехь юкъаметтигаллин куцдашах пайдаэца хаар.

Г1УЛЛАКХАН КЪАМЕЛАН ДАКЪОШ

Дешт1аьхье

I.                  Дешт1аьхье а, цуьнан тайпанаш а: 1) меттиган: класа чохь; 2) хенан: хьол хьалха, сов т1аьхьа; 3) даран суьртан: куьйгаш т1ехь лелаво; 4) 1алашонан: халкъан дуьхьа, дайн-нанойн хьомара; 5) юкъаметтигаллин (хенан а, метгиган а): делкъахь дуьйна, корера дуьйна.

Дешт1аьхьенийн нийсаязъяр.

Дсшт1аьхье лург дожаран яцйинчу а, юьззинчу а кепашца лела тарлуш хилар: 1) дитташ т1ехь (лург дожаран яцйинчу кепаца), 2) дитташна т1ехь (лург дожаран юьззинчу кепаца).

II. Барта къамелехь а, йозанехь а дешт1аьхьенех нийса пайдаэца хаар. Дешт1аьхье хьакъ долчу дожарца нийса ала хаар.

Хуттург

I.                  Xlyттypг, цуьнан тайпанаш: 1) цхьаьнакхетаран: а-а, я, амма, ткъа, делахь а, бакъду, цхьабакъду, xlemme а, аьлча а (дозаран а, къасторан а, дуьхьалара а, довзийтаран а); 2) карара; 1) бахьанин: xlyндa аьлча; 2) бехкаман: нагахь, нагахь санна; 3) дустаран: санна; 4) кхеторан: аьлла, бохуш.

II.               Цхьанатайпанарчу меженашкахь а, чолхечу предложенехь а хуттургех, церан синонимех нийса пайдаэцар хаар.

  

 

 

Дакъалгаш

1.Дакъалгаш а, церан маь1на а..Дакъалгийн тайпапаш: 1) бакъдаран (х1аъ, те); 2)дацаран (xlaн-xla, ца, ма, -ц, -за); 3) ч1аг1даран (-м, -х, -кх, -ма, -ма, хьа-ха, дера, ур-атталла); 4) хаттаран (те, техьа, теша, ткъа); 5) дозатохаран (бен, деккъа),

I.                  Тайп-тайпанчу дакъалгашца йолу предложенеш, церан маь1нийн башхаллашка хьаьжжина, нийса еша хаар.

Айдардош

1. Айдардешан маь1на.

Айдардешнийн тайпанаш: I) синхаамийи (эх1, эxxlай, эх1е-х1ай, 1алелай, ойн, маржа-я1);2)хьадаран я кхайкхаран(же, но, хьайц, киш, тигри-тигри, тикаш-тикаш, xlaн, xlaxlaни); 3) азтардаран(гап, дап, дап-дип, гап-гип, т1ох-т1их, ж1ашт, д1овв, говв, б1овв).

Айдардешнийн нийсаяздар.

II. Айдардешнашца йолу предложенеш къастош, кхетош, нийса еша хаар.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                        

 

 

 

 

 

Дешаран-тематикин хьесап

7 класс

 

 

№ п/п

Дешаран курсан дакъа

Сахьтийн барам

Билгалдаккхар

1.

1амийнарг карладаккхар

3

 

2.

Хандош а,цуьнан кепаш а

15

 

3.

Причасти

8

 

4.

Деепричасти

6

 

5.

Масдар

8

 

6.

Куцдош

12

 

7.

Г1уллакхан къамелан дакъош

16

 

8.

Дерриг:

68

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Талламан,кхоллараллин белхийн барам.

Чулацам

Белхан тайпа

1

                         Хандош

Талламан болх «Г1а»

2

Хандош

Изложени «Олхазарийн баркалла»

3

Хандош

Талламан болх «Г1арг1улеш»

4

Причасти

Сочинени «1аьнан зама»

5

Масдар

Изложени «Куралла»

6

Причасти

Талламан болх «Б1аьстенан суьйре»

7

Куцдош

Изложени «Хазахетар»

8

Масдар

Сочинени «Дицлур доцу де»

9

Куцдош

Талламан болх «Хьоме юрт»

10

Г1уллакхан къамелан дакъош

Сочинени «Доттаг1алла»

11

Г1уллакхан къамелан дакъош

Изложени «Дуьххьарлера хьехархо»

 

Г1уллакхан къамелан дакъош

Талламан болх «Ирсе б1аьрхиш"

 

                                   

 

                              

 

 

 

 

 

 

                                                   

 

 

VIII класс

Нохчийн мотт халкъийн вежараллин меттанех цхьаъ бу

V-VII классашкахь 1амийнарг карладаккхар : 1)фонетика. Й элпан нийсаяздар. Дешан чаккхенга н яздар.

1.Ц1ердешан, билгалдешан, хандешан, кучдешан синтаксически г1уллакх. Лексика, фразеологи, дошкхоллар.

2. Орфографи, цуьнан дакъош. Дешт1аьх-ьенаш а, дешхьалхенаш а  нийсаязъяр. Предложенин тайпанаш карладахар. Дашна хьалха ст яздар.

СИНТАКСАХ ЛАЬЦНА ЮКЪАРА КХЕТАМ

Дешнийн цхьаьнакхетар а, предложени а

 1.Дешнийн цхьаьнакхетар. Дешнийн цхьанакхетаран д1ах1оттам а, маь1на а. Дешнийн цхьанакхетарний, предложениний юкъара башхо. Коьрта а, дозуш долу а дешнаш. Предложени, цуьнан тайпанаш. Логически (маь1нин) тохар (5 сахьт).

Предложенехь дешнийн уьйр. Цхьанакхетаран а, карара а уьйраш. Бартбар, урхалла, т1етовжар (5 сахьт).

2.Дешнийн цхьанакхетар а, предложени а нийса х1отто хаар.

Предложенин коьрта меженаш

1.Подлежащи, сказуеми, нийса кхачам. Грамматически а, маь1нин а подлежащеш. Коьрта меженаш юкъаялоре хьаьжжина цхьалхечу предложенин кепаш кхоллаялар (шинах1оттаман а, кхаах1оттаман, цхьанах1оттаман а). Подлежащин хилар. Хандешан цхьалхе сказуеми. Ц1еран х1оттаман сказуеми. Подлежащиний, сказуеминий юккъехь тире. Хандешан х1оттаман сказуеми. Ийна х1оттаман сказуеми.

II. Сказуемин синонимех пайдаэца хаар.

Коьрта меженаш юкъаялоре хьаьжжина, цхьалхечу предложенин кепаш кхоллаялар (шинах1оттаман а, цхьанах1оттаман а).

Предложенин коьртаза меженаш

I.Кхачамаш, церан хилар. Къастамаш, церан хилар. Юххедиллар, цуьнгахь сацаран хьаьркаш. Латтамаш (хенан, меттиган, бахьанин, 1алашонан, даран суьртан, бараман, бехкаман, дуьхьалара), церан хилар.

II. Къамелехь предложенин коьртазчу меженах а, церан тайпанех а нийса пайдаэца хаар. Церан синонимех, антонимех пайдаэца хаар.

                           Предложенин цхьанатайпанара меженаш

I.Предложенин цхьанатайпанара меженаш, яьржина цхьанатайпанара меженаш.

Цхьанатайпанарчу меженашкахь дозаран а, къасторан а, дуьхьалара а, довзийтаран а хуттургаш: а-а, амма, ткъа, делахь а, бакъду, цхьабакъду, х1етте а, аьлча а. Хуттурган суффиксаш: й, н эшарца (интонацица) цхьанакхеташ йолу цхьанатайпанара меженаш (карладаккхаран хьесапехь).

Цхьанатайпанарчу меженашкахь сацаран хьаьркаш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш, юкъарчу дешнашца йолчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш х1иттор.

Цхьанатайпанарчу а, цхьанатайпанара боцчу а къастамашкахь сацаран хьаьркаш.

II. Цхьанатайпанарчу меженашца а, юкъарчу дешнашца а йолу предложенеш дагардаран эшарца (интонацица) нийса еша хаар.

Предложенин шакъаьстина меженаш

I.Предложенин шакъаьстинчу меженех лаьцна кхетам балар.

Причастин карчамаш. Причастин карчамах къастам, деепричастин карчамах латтам хилар.

Шакъаьстина юххедиллар а, цуьнгахь сацаран хьаьркаш а. Латтаман дурс (латтам буьззина нийса билгалбаккхар).

Предложенин шакъаьстина меженаш карлаяхар.

II. Предложенин шакъаьстина меженаш эшарций (интонацица), соцунг1иций (паузица) нийса еша хаар. Шакъаьстинчу меженех а, церан синтаксически синонимех а пайдаэца хаар. Юххедилларца шакъаьстина юххедиллар дуста а, хийца а хаар.

Цхьалхечу предложенин кепаш

Шинах1оттаман я кхаах1оттаман предложени-юьхьан предложени (шена чохь шиъ я кхоъ коьрта меже хуьлуш йолу).

Цхьанах1оттаман предложенеш: билгала-юьхьан, билгалза-юьхьан, юкъара-юьхьан, юьхьза, ц1еран, юьззина йоцу предложенеш.

Коьртаза меженаш юкъаялоре хьаьжжина цхьалхе предложенеш яьржина а, яржаза а хилар.

Дешнаш юкъадалоре-цадалоре хьаьжжина цхьалхе предложенеш  юьззина а, юьззина йоцуш а хилар. Предложенин кепаш, тайпанаш цхьаъ цахиларх кхетам балар.

Цхьалхечу предложенийн кепийн башхаллаш йовзар, царах нийса пайдаэца хаар.

              Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

I. Т1едерзар, даьржина т1едерзар. Т1едерзар а, подлежащи а вовшашца дустар, башхалла къастор. Уьш муьлхачу къамелан дакъойх хуьлу довзийтар. Т1едерзарехь сацаран хьаьркаш.

Юкъадало дешнаш, уьш шина аг1ор запятойшца къастор.

 Юкъаяло предложенеш а, сацаран хьаьркаш х1иттор а.

 Х1аъ, х1ан-х1а боху дешнаш-предложенеш, цаьргахь сацаран хьаьркаш.

     Айдардешнаш-предложенеш, цаьргахь сацаран хьаьркаш.

II. Предложеница грамматически уьйр йоцчу дешнех пайдаэца а, уьш эшарца (интонацица) нийса деша а хаар. Къамелехь синонимически долчу юкъадалочу дешнех пайдаэца хаар. Предложенин дакъошкахь уьш дагардарехь уьйран г1ирсан кепара юкъадалочу дешнех пайдаэца хаар (масала, кху юкъадалочу дешнех: цхьана аг1ор, вукху аг1ор, масала, цкъа-делахь, шозлаг1а-делахь, кхозлаг1а-делахь, и д1.кх.а.)

Грамматически талларш

I. Грамматически талларш, уьш кхочушдар.

II. Тайп-тайпанчу грамматически талларех пайдаэца хаар.

1амийнарг карладаккхар

Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш.

Предложенин цхьанатайпанара меженаш.

Предложенин тайпанаш, цхьалхечу предложенин кепаш.

Грамматически талларш.

 

Дозуш долу къамел кхиор

Текстах, къамелан стилех, тайпанех лаьцна болу хаамаш гулбар, юкъара маь1на дар. Къамелан публицистически (юкъараллин-политически) а, исбаьхьаллин а стилех лаьцна кхетам к1аргбар. Меттигах (г1алех, юьртах, поселках, урамах, бешах), архитектуран, историн, культуран памятникех лаьцна дийцар юкъа  далош, публицистически сочинени язъяр. Г1иллакх-амалийн, оьздангаллин теманашна (масала: берийн доттаг1аллех, къинхьегамах, винчу махках лаьцна) изложенеш язъяр. Цара доккха г1о дийр ду иманехь а, патриотически а, интернациональни а, хьанал къинхьегам безаш а йолчу ойланца бераш кхио. Публицистически кепара сочинени язъяр ( меттигах, историн, культуран памятникех лаьцна юкъадалош, масала: «Сан бералла», «Сан доттаг1чун бералла», «Самукъане а, хаза а долу гонахара дахар»). Белхалочун говзалле а, юьртабахаман къинхьегамхойн атта боцчу беркатечу балхе а дешархойн бехам кхио таро лучу тематиках пайдаэца беза къамел кхиоран балха т1ехь.

Адамийн тоьллачу амалех, оьздангаллех лаьцна а 1амочу литературни произведенин кхетош-кхиоран а, исбаьхьаллин а маь1нех лаьцна а сочинени язъяр (масала: «Дика к1ант иштта хуьлу», «Доттаг1алла сийлахь-боккха ницкъ бу», «Сан хьалхара толам», «Хьанал къинхьегам адаман шолг1а нана ю», «Къинхьегаман коллектив_сийлахь-боккха ницкъ».

Дийцаран кепара патриотически, интернациональни, исламан чулацам болу сочиненеш язъяр (масала: «Уьш лийтира Даймехкехьа», «Ялтехьа къийсам», «Оьздачу нехан сийлахь г1уллакхаш», «Къонахчо герз леладо мехкан а, халкъан а сий лардан», «Вайна беза вешан мотт а, вешан мохк а», «Уггаре а коьрта декхар лаьтта т1ехь адамалла хилар ду», «Мила лору ас вуьззина доттаг1»).

Литературни турпалхойн дустаран характеристика (Г1иллакх-амал).

 

 

 

 

 

 

 

 

Дешаран-тематикин хьесан

 8 класс

№ п/п

Дешаран курсан дакъа

Сахьтийн барам

Билгалдаккхар

1.

1амийнарг карладаккхар

5

 

3.

Предложенин коьртаза меженаш

5

 

4.

Предложенин цхьанатайпанара меженаш

33

 

5.

Ма-дарра къамел

25

 

 

Дерриг:

68

 

                           

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                                    

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Талламан,кхоллараллин белхийн барам.

Чулацам

Белхан тайпа

1

Карладаккхар

Талламан болх «Хи»

2

Орфографии

Изложени «Дайн 1адат»

3

Коьрта а,коьртаза меженаш

Талламан болх «Ло»

4

Коьртаза меженаш

Сочинени «Доттаг1алла»

5

Коьрта а,коьртаза меженаш

Талламан болх «Ирсе к1охцал»

6

Предложенин цхьанатайпана меженаш

Изложени «Ламанан хи»

7

Предложенин цхьанатйпана меженаш

Сочинени «Сан ненан мотт»

8

Предложенин шакъаьстина меженаш

Талламан болх «Ненан дарбане куьг»

9

Ма-дарра къамел а,лач къамел а

Изложени «Оьзда мотт»

10

Ма-дарра къамел а,лач къамел а

Сочинени «Нохчийн къоман зуда»

 

11

Цитаташ а,церан нийсаяздар а

Талламан болх «Кехат»

 

   

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

IX КЛАСС

VIII классехь 1амийнарг карладаккхар

Предложенин коьрта а коьртаза а меженаш, цхьалхечу предложенин кепаш

карлаяхар. Цхьанатайпанара меженаш.

Чолхе предложенеш

Чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш

I. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложених лаьцна юкъара кхетам.

Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкахь дозаран а, къасторан а, дуьхьалара а хуттургаш: а-а, я, амма, ткъа, делахь а, бакъду, цхьабакъду, х1етте а, чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкахь сацаран хьаьркаш х1иттор.

II. Чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш х1итто а, нийса еша а, цаьргахь цхьаьнакхетаран хуттургех пайдаэца а хаар.

Чолхе-карара предложенеш

I. Чолхе-карарчу предложених, цуьнан билгалонех лаьцна кхетам балар. Коьрта а, т1етуху а предложенеш. Чолхе-карарчу предложенехь коьртачу а, т1етухучу а предложенийн уьйран г1ирс: карара хуттургаш, хуттурган (юкъаметтигаллин) дешнаш. Карара хуттургаш: х1унда аьлча, нагахь, нагахь санна, бохуш, аьлла. Кхеторан хуттургийн маь1наш къестор, довзийтар. Хуттурган (юкъаметтигаллин) дешнаш: 1) юкъаметтигаллин куцдешнаш: маца, мацале, маццалц, х1унда, муха, мича, мичара, мосазза, и д1.кх.а. Чолхе-карарчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш. Т1етухучу предложенин грамматически билгалонаш.

Т1етуху предложенийн кепаш:

1)      Кхачаман т1етуху предложенеш;

2)      Къастаман т1етуху предложенеш;

3)      Хенан т1етуху предложенеш;

4)      Бахьанин т1етуху предложенеш;

5)      1алашонан т1етуху предложенеш;

6)      Даран-суьртан, бараман т1етуху предложенеш;

7)      Бехкаман т1етуху предложенеш.

II. Чолхе-карара предложенеш х1итто а, цаьргахь карарчу хуттургех, хуттурган (юкъаметтигаллин) дещнех пайдаэца а хаар.

Хуттургаш йоцу предложенеш

I.Хуттургаш йоцчу чолхечу предложених кхетам балар. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь запятой а, запятойца т1адам а. Церан дакъойн маь1нин юкъаметтигаш къасто хаар: ца хилча ца торуш йолу ч1ог1а уьйр хилар, вовшашца к1езиг уьйр хилар, ша-ша къастийча, кхачаме лодуш маь1на хилар.

Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенехь шит1адам х1оттор. Цуьнан дакъойн вовшашца йолу уьйр а, маь1наш а къасто хаар.

Хуттургаш йоцчу чолхечу предложекнехь тире йиллар. Цуьнан дакъйон вовшашца йолу юкъаметтиг а, маь1наш а къасто хаар.

II. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенийн дакъойн тайп-тайпана маь1нийн юкъаметтигаш эшарца (интонацица0 къасто а, уьш нийсаязъян а хаар.

Ма-дарра а, лач а къамел

I.Ма-дарра а, лач а къамел (кхетам балар).

Ма-даррачу къамелаца авторан дешнаш. Ма-даррачу къамелехь сацаран хьаьркаш. Диалог а, цуьнан нийсаязъяр а.

Ма-дарра къамел лач къамеле дерзор, ц1ерметдешнийн яххьаш хийцаялар.

Цитаташ, цитаташкахь сацаран хьаьркаш х1иттор.

II. Ма-даррачу а, лач а къамелех, цитатех нийса пайдаэца а, уьш нийса д1аеша а хаар.

Маттах лаьцна юкъара хаамаш

Юкъараллин дахарехь меттан маь1на а, цуьнан корьта билгалонаш а. Меттан 1илманан дакъош а, цуьнан маь1на а. Нохчийн литературни мотт а, диалекташ а.

 

 

 

Къамелан культура а, стилистика а

Стилистиках кхетам балар. Ненан меттан суртх1отторан г1ирсаш а, исбаьхьаллин башхаллаш а. Литературни меттан стилаш. Синонимаш, церан тайпанаш, синонимика. Литературни меттан норманаш.

II. Литературни меттан норманаш нийса ларъян хаар

1амийнарг карладаккхар

Лексикех, фонетикех, грамматикех, нийсаяздарх лаьцна 1амийнарг шардар:

1) омонимаш, синонимаш, антонимаш; доца шеконан мукъанаш (а, у, и);

2) ц1ердош, билгалдош, хандош, куцдош;

3) чолхе-цхьаьнакхетта а, чолхе-карара а предложенеш.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Дешаран-тематикин хьесап

9 класс

№ п/п

Дешаран курсан дакъа

Сахьтийн барам

 Билгалдаккхар

1.

1амийнарг карладаккхар

7

 

2.

Чолхе-цхьанакхетта предлодженеш

7

 

3.

Чолхе-карара предложенеш

6

 

6.

Маттах лаьцна юкъара кхетам

6

 

7.

Къамелан культура а,стилистика а

9

 

8.

Т1етуху предложенин кепаш

33

 

 

Дерриг:

68

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Талламан,кхоллараллин белхийн барам.

Чулацам

Белхан тайпа

1

Чолхе-предложени

Талламан болх «Борз»

 

2

Чолхе-цхьанакхетта предложени

Изложени  «Доттаг1ий» .

 

3

Чолхе-цхьанакхетта  предложени

Сочинени «Къинхетаме хилар»

 

4

Чолхе-карара предложени

Талламан диктант «Т1аьххьара гуьйре».

 

 

5

Т1етуху предложенийн кепаш

Изложени «Ден дозалла»

 

6

Къастаман т1етуху предложени

Сочинени «Г1иллакх»

7

Къастаман т1етуху предложени

Талламан  болх «Ирча буьйса»

 

8

Даран суьртан т1етуху предложенеш

Изложени «Доттаг1 вонехь вевза»

 

 

9

1алашонан т1етуху предложени

Сочинени «Адамалла»

10

Къастаман т1етуху предложени

Талламан болх (тест)

11

Т1етуху предложенийн кепаш

Талламан болх «Хьоме юрт»

12

Хуттаргаш йоцу чолхе предложенеш

Изложени «Дуьххьарлера хьехархо»

13

Литературин меттан стилаш

Сочинени «Баккхийчаьрга безам»

14

Литературин меттан стилаш

Талламан болх «Воккхачу стеган до1а»

 

 

 

 

 

 

 

Дозуш долу къамел кхиор

Текстах, теманах, цуьнан корьтачу ойланех лаьцна болу хаамаш бовзар; текстан дакъойн вовшашца йолу уьйр йовзар; дийцарх, къамелан стилех лаьцна болу хаамаш к1аргбар.

Юкъараллин-политически а, г1иллакх-амалийн а, историко-литературни а теманашна публицистически кепара сочиненеш язъяр (масала: «Диканаш даима а хьалха хуьл», «Суна дукхавезаш волу литературни турпалхо», «Мила а, муха а хила веза», «Нохчийчохь халкъийн доттаг1аллий, культурни а, социально-экономически а кхиаррий», «Турпалхой вайна юххехь бу», и д1.кх.а).

Историко-литературни темина доклад я реферат язъяр.

Литературно-критически статьян конспект а, тезисни план а язъяр.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Рабочая программа по чеченскому языку 5-9 кл"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Портной

Получите профессию

Бухгалтер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 666 016 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Календарно-тематическое планирование по литературному чтению на родном языке (4 класс)
  • Учебник: «Литературное чтение (Эдэби укыу): учебник для общеобразовательных организаций с родным (башкирским) языком обучения (в 2 частях)», Сынбулатова Ф.Ш., Мавлиярова А.Т.
  • 17.12.2021
  • 256
  • 5
Календарно-тематическое планирование по литературному чтению на родном языке (2 класс)
  • Учебник: «Литературное чтение (Эдэби укыу): учебник для общеобразовательных организаций с родным (башкирским) языком обучения (в 2 частях)», Сынбулатова Ф.Ш., Давлетшина М.С.
  • 17.12.2021
  • 204
  • 3
Календарно-тематическое планирование по литературному чтению на родному языку (1 класс)
  • Учебник: «Литературное чтение (Эдэби укыу): учебник для общеобразовательных организаций с родным (башкирским) языком обучения», Сынбулатова Ф.Ш., Атнагулова С.В.
  • 17.12.2021
  • 175
  • 4

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 17.12.2021 1398
    • DOCX 84.4 кбайт
    • 19 скачиваний
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Заурбекова Мадина Умаровна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Заурбекова Мадина Умаровна
    Заурбекова Мадина Умаровна
    • На сайте: 2 года и 4 месяца
    • Подписчики: 0
    • Всего просмотров: 65450
    • Всего материалов: 12

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Няня

Няня

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс профессиональной переподготовки

Педагогическая деятельность по проектированию и реализации образовательного процесса в общеобразовательных организациях (предмет "Литература")

Учитель литературы

300 ч. — 1200 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Особенности преподавания родного (русского) языка и родной литературы в образовательной организации

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 20 человек из 14 регионов
  • Этот курс уже прошли 148 человек

Курс повышения квалификации

Актуальные вопросы преподавания литературы в условиях реализации ФГОС

72 ч.

2200 руб. 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 129 человек из 43 регионов
  • Этот курс уже прошли 464 человека

Мини-курс

Искусство: от истории к глобализации

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Продвижение: от бесплатной рекламы до постоянных клиентов

3 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 47 человек из 25 регионов
  • Этот курс уже прошли 18 человек

Мини-курс

Психологические вызовы современного подростка: риски и профилактика

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 124 человека из 49 регионов
  • Этот курс уже прошли 34 человека