Инфоурок Другое КонспектыРабочие программы по чечен.яз.6-8 кл

Рабочие программы по чечен.яз.6-8 кл

Скачать материал

ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

 

Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета г1о до берашна. Ненан мотт хааро дешархошна г1о до гонахарчу дуьнене болу кхетам а, цунах лаьцна долу хаарш шордан а, боккхачу  кхиамца оьрсийн а, кхин долу меттанаш а, дешаран предметаш а 1аморехь ненан маттехь г1ортор каро а.

           

Хьехархо декхарийлахь ву нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна йовзийта а, берашкахь ненан матте безам кхио а, халкъийн доттаг1аллин  ойланехь дешархой кхетош-кхиор. Школехь ненан мотт хьехар меттан 1илманан буха т1ехь д1ахьош хила деза.

 

ДЕШАРАН ПРЕДМЕТ IАМОРАН ЖАМIАШ

 

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочуьнгахь нохчийн маттехула  хила деза хаарш:

- нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин гIирс а,  пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар; нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, юкъараллехь ша дIалоцу йолу  меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхеташ хилар;

- вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайда эца кийча хилар; къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;

- шен къоман а, РФ-цехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара  культура а йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхеташ хилар.

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза метапредметни жамIаш:

 

- барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (Iалашонех, теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);

-тайп-тайпанчу хотIийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар  карадерзор;

- билгалбинчу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

- тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар;

-шенна хаарш лаха а, карадерзо а хаар; тайп-тайпанчу хаамийн хьостанашца, ШГГI а,

 

Интернетан  гIирсашца а цхьаьна, болх бан а, справочни литературех а пайда эца хаар;

- билгалйинчу темина коьчал схьахаржа а, иза цхьана къепе ерзо а хаар; таллам бан а, цхьаъ вукхуьнца юста а, схьагайта а, жамIаш дан а, юкъара маьIна даккха а, шена хетарг тIечIагIдеш, делил дало а хаар.

- оьрсийн мотт Iаморехь нохчийн маттах пайда эца хаар;

- ша дечу къамелан терго яран хаарш  карадерзор;

- меттан башхаллех пайда эца хаар (нохчийн меттан, оьрсийн меттан, кхечу пачхьалкхийн меттанийн, литературин урокашкахь).

 

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза предметни жамIаш:

 

-базови кхетамаш караберзор: мотт а, къамел а, барта а, йозанан а къамел, диалог, монолог, къамел даран хьелаш, литературни меттан норманаш, текст, меттан система: фонетика, орфоэпи, лексика, фразеологи, дешан хIоттам, дошкхоллар, морфологи, синтаксис, орфографи, пунктуаци;

 

-нохчийнметтан коьрта меженаш а, церан билгалонаш а евзаш хилар, дешан, дешнийн цхьаьнакхетарийн, предложенийн  тайп-тайпана таллам  бан хаар;

 

- юкъаметтигаш а, хьелаш а тидаме а оьцуш, шен къамелехь нийса меттан дакъойх пайда эцар;

 

- нохчийн меттан фонетически, лексически  системийн, грамматически дIахIоттаман коьрта башхаллаш евзаш хилар;

 

-нохчийн литературни меттан норманаш а, къамелан оьздангалла а евзаш хилар а, барта а, йозанан а аларех  шен  къамелехь пайда эца хаар;

 

-тайп-тайпанчу лингвистически а, ткъа иштта шинаметтан а словарех пайда эца хаар;

 

-тайп-тайпанчу жанрийн, хотIийн (стилан) тексташ юкъарчу чулацамах кхеташ  еша  хаар: исбаьхьаллин (стихаш, эшарш, дийцарш, романийн, повестийн дакъош), дешаран-Iилманан (учебникаш, хрестоматеш  тIера тексташ), Iилманан-гIараевлла (шуьйра девзаш долчу журналаш тIера статьяш), публицистически (хроника, информационни хаам, комментари), гIуллакхан (анкеташ, тоьшаллаш и дI. кх. а);

 

- лергана хазарехь юккъерчу барамехь ( хьехархочун, телевиденин, радион дикторан къамел) бовзуьйтучу хаамах кхетар;

 

-юкъаметтигаш дIакхехьаран тайп-тайпана  хьелаш тидаме а оьцуш, массо кепара жанрийн, хотIийн (стилан) тексташ кхоллар; къамел долоран юьхь шегахь а йолуш, Iер-дахаран, дешаран, социокультурни  теманашна  гIиллакхехь диалогаш дIаяхьа хаар;

 

-хаамийн хьостанах  санна пайда эцарца текстаца болх бан а, текстан массо кепара анализ ян а,  текстан хаамийн коьрта  кепаш  плане, тезисе, конспекте а юхакечъян хаар;

- текстан дакъош нохчийн маттера оьрсийн матте  гочдар.

 

ЧУЛАЦАМАН КОЬРТА ДАКЪОШ

 

Нохчийн мотт Iаморан декъехула программин чулацаман коьрта башхаллаш  билгалйина коммуникативни, меттан, лингвистически, культуроведчески кхиарехь хаарш, шардарш карадерзорца доьзна. Герггарчу хьесапехь йолчу программин дIахIоттаман бухе  диллинарг  чулацаман и кхо дакъа ду:

- коммуникативни хаарш карадерзо аьтто беш  болу чулацам;

-меттан а, лингвистически а хаарш карадерзо аьтто беш болу  чулацам;

-культуроведчески хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам.

 

Коммуникативни декъехула долчу хаарша шайна чулоцу массо а кепара къамелдаран а, барта а йозанан къамелан культурин баххаш карадирзина хилар; тайп-тайпанчу дахаран хьелашкахь а, шен нийсархошца (5-7, 8-9 классийн дешархой) вовшех кхеташ, психологически башхаллаш, зеделларг, дуьйцучуьнга шовкъ хилар а  тидаме а оьцуш, тайп-тайпанчу муьрашкахь тIекаре ян а,   къамел дан кийча а, хьуьнаре а хилар.

 

Меттан а, лингвистически а декъехула долчу хаарша шайна чулоцу юкъараллин хиламехь маьIне долу хIума санна маттаца доьзна хаарш карадерзор; цуьнан дIахIоттам а, кхиар а, цо ден гIуллакх а  дика девзаш хилар; нохчийн литературни мотт а, оьшуш болу дешнийн барам а, къамелан грамматически дIахIоттам а карабирзина хилар; меттан хиламаш а, бакъдерш  а мах хадо хаарца талла  хааран хьуьнар карадерзор; тайп-тайпанчу лингвистически словарех пайда эца хаар.

 

Культуроведчески декъехула долчу хаарша шайна чулоцу къоман культурин кеп  санна мотт тIелаца безарх а, халкъан истори а, мотт а вовшех бозабелла а, нохчийн мот   къоман-культурин башхалла а хиларх  кхетар; гIиллакхехь, норманаш ларъеш, нохчийн маттахь  къамел дан а, кхечу къаьмнийн векалшца оьзда юкъаметтигаш лело а хаар.

  Программа  мотт Iаморан керлачу методически некъех пайда эцаран буха тIе  тевжаш ю: кхетаман-коммуникативни, гIуллакхдаран.

5-9 классашкахь нохчийн мотт караберзоран принципаш хIорш ю.

Коммуникативни принципо билгалйо мотт Iаморан Iалашо-

коммуникативни кепара охIла волуш  кхиор. И Iалашо кхочушъяро шена чулоцу массо а кепара, тайпана къамелдар кхиор. Коммуникативность бохург иза  дешаран гIуллакх къамелан хьажамна тIеберзийна  дIахIоттор ду, ма-хуьллу и гIуллакх Iер-дахарехь нислучу хьелашца тардеш, юкъаметтигаш лелор царна герга яло хьажарца. Юкъаметтигаш дIакхехьа а, тIекаре яр а оьшуш хиларна тIе воьхуш хила беза и болх. Юкъаметтигаш лелаяр, тIекаре ян Iамар – хIара ду коьртаниг коммуникативность бохучун духехь.

  Кхетаман принципе диллича, меттан коьчал  тIеоьцу органически а, цхьана системехь а вовшахтоьхна, шена тIехь дешархойн  къамелдаран шардарш, карадерзораш кхиош йолу   дешаран коьчал санна. Кхетам болуш меттан хиламаш, бакъдерш, бакъонаш караерзоре хьовсу нохчийн мотт шера караберзор  ца хилча ца торуш долчу  хьоле санна. Коммуникативни а, кхетаман а декъехула йолчу принципаша билгалйо кхетаман-коммуникативни тIегIойла нохчийн мотт Iаморехь а, караберзорехь а.

  Вай йийцинчу принципел совнаха, нохчийн мотт Iаморо билгалдо дешархой нохчийн къоман культуре кхачор, кхечу къаьмнийн культурашца уьйр тасарца диалог дIаяхьар а: дозаделла къамел кхиор а, кхоччуш мотт  караберзор а; оьрсийн а, нохчийн а меттанаш Iаморца доьзначу хаарех ший а мотт караберзош пайда эцар, цара вовшийн бен тIеIаткъам мелла а жимбан хьажар; Iамор хууш долчунна тIетевжаш а, тIаьхьало хинйолчу кепара а дIадахьар.

 

  Хьалхара чулацаман дакъа лаьтта хIокху дакъойх: «Къамел», «Текст», «Къамел дарехула долу гIуллакх».

 

  ШолгIа чулацаман дакъа лаьтта хIокху дакъойх: «Нохчийн маттах болу юкъара хаамаш», «Фонетика. Графика. Орфоэпи», «Дешан хIоттам а, дошкхолладалар а», «Лексика а, фразеологи а», «Морфологи», «Синтаксис», «Орфографи а, пунктуаци а».

 

  КхоалгIа чулацаман  дакъа хIокху декъаца билгалдина «Нохчийн культура маттехь а, къамелехь а».

 

 Дакъойн чулацам ша-ша къаьстина бовзуьйту, амма къамел кхиор  доьзна ду хIора дакъа Iаморца а, меттан ерриге а системин хIора темица а. ХIора дакъа шина блоках  лаьтташ ду:  хьалхара (терахь

 

 I) теманаш а, царах болу  теоретически хаамаш бу белла, шолгIа (терахь

 

2) хьалхарчу пунктехь цIерш яьхна теманаш караерзоран хьокъехь кхочушден дешаран коьрта гIуллакхаш ду довзуьйтуш.

 

 

 

 

 

7 класс(102 сахьт)

ПРОГРАММА

            Мотт адамамашна юкъахь уьйр латтош болу г1ирс бу.  (1 сахьт)

  5-6-чу классашкахь 1амийнарг карладаккхар (3 сахьт)

  Ц1ерметтош (1-сахьт)..

   Хандош (20-сахьт). 

 Причасти (18 сахьт).

Деепричасти (5).

Масдар (7 сахьт).

Куцдош(15-сахьт).

Дешт1аьхье(6 сахьт)

Хуттургаш (3-сахьт).

     Дакъалгаш (3сахьт).

 Айдардош(4сахьт).

Шеран талламан диктант(2 сахьт)

1амийнарг карладаккхар(2 сахьт)

 

5-6-чу классашкахь 1амийнарг карладаккхар (3-сахьт).

1.Дешархошна хаийта деза нохчийн мотт бийца атта а, хьалдолуш а хилар. Муха кхоллабелла х1инцалера нохчийн литературни мотт.

Карлаяха еза билгалдешан грамматически билгалонаш, цо предложенехь до синтаксически г1уллакх, цуьнан дожаршкахь хуьлу чаккхенаш а.

Карладаккха деза ц1ерметдашах 1амийнарг а, цуьнан легар, дожарийн чаккхенаш нийса язъяр,цо предложенешкахь   деш долу синтаксически г1уллакх а.

Хуттургашца йолу чолхе предложенеш (шайгахь подлежащи а, сказуеми а долуш, цхьалхечарех лаьттарш).  Чолхечу предложенехь йолчу цхьалхечу предложенешна юккъехь ахуттургана а, амма, ткъа бохучу хуттургашна хьалха запятой йиллар.

Авторан дешнел т1аьхьа а, царна хьалха а ма-дарра къамел. Ма-даррачу къамелехь сацаран хьаьркаш. Диалог, Диалога репликашна хьалха йозанехь тире.

2. Шайн интонацига хьаьжжина. Дийцаран а, хаттаран а, айдаран а предложенеш нийса еша хаар.

                                                                Хандош(20 сахьт)

            1.Карлаяха еза хандешан грамматически билгалонаш, церан нийсаяздаран бакъонаш, хенаш.

            2. Хаа деза муьлха саттамаш бу хандешан, х1ун гойту х1ора саттамо.

            3.Хаа деза спряженех лаьцна.

 

Причасти(18 сахьт)

            1.Причасти а, цуьнан  грамматическибилгалонаш айовзийтар, иза кхидолчу дешнашна юкъара схьакъасто хаар. Причасти хенашца хийцаяларх кхетам балар. Кхин долчу къамелан дакъошна юккъехь причасти схьакъасто хаар.

           2. Лааме а, лаамаза а причастех дешархошна кхетам балар.Причастин качамех, церансинтаксически г1уллакхах а кхетор. Хаа деза причастин карчам бовза , цигахь муьлха сацаран хьаьркаш х1иттайо.

                       3.Дешархошна причасти легоран некъаш довзийтар.

 

                                       Деепричасти( 5-сахьт).

1.Деепричасти йовзийтар. Цуьнан грамматически билгалонех пайда аоьцуш, и кхийолчух хандешнийн формех къасто хаар.

            2.Муха билгалйоккху деепричастин хенаш, муьлхачу дашах йозуш ю.Деепричасти нийсаязъян хаар, и хандешан форма хилар ч1аг1деш долу масалш гайтар, уьш юкъахь а долуш йолу предложенш таллар.

 

Масдар (7-сахьт)

1.      Масдаран грамматически билгалонаш йовзийтар, и муха кхоллало хаар. Хаа деза масдарний хандашний юккъехь х1ун башхалла ю, уьш вовшех муьлхачу билгалонашца къастадо.

      2.Масдаран класс а, терахь а билгалдаккха хаар. Классан гайтам мичхьа хила тарло (дашна хьалха а юккъехь а).Цунна масалш дало хаа деза.

3.Масдарийн терахьашца хийцадалар 1амор. Масдарца дакцаран дакъалг ца  нийсаяздарх лаьцна кхетам балар. Предложенин муьлха меже хуьлий лела, стенах олу масдаран карчам.

4.Дозуш долу къамел кхиор. Текстах цуьнан дакъойх, къамелан стилех, тайпанех лаьцна 1амийнарг карладаккхар.

КУЦДОШ (15 сахьт).

 

 

1.Берашна довзийта деза куцдош. Муьлха билгалонаш ю куцдешан. Х1ун башхалла ю куцдашний, билгалдашний юккъехь. Муха къасто деза уьш вовшех хаар.

2.Куцдешнийн тайпанаш довзийтар, церан хаттарш, синтаксически къастам.

 Хаа деза муьлха меже хилла лела куцдош предложенехь, кхетам бала беза куцдешнийн даржех:юьхьанцара, дустаран, т1ехдаларан дарж муха кхоллало, уьш муьлхачу билгалонашца къастадо.

3.Муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало, муха кхоллало хаар.

 

 Г!УЛЛАКХАН КЪАМЕЛАН ДАКЪОШ (16-сахьт).

 

1.Х1ун билгалонаш ю дешт1аьхьенан, х1ун гойту цо, х1унда аьлла цунах г1уллакхан къамелан дакъа хаийтар. Хаа деза муьлхачу тайпанийн хуьлу дешт1аьхьенаш. Муьлхачу билгалонашца къастайо уьш вовшах.Муьха башхалла ю дешхьалхенний, дешт1аьхьенний юккъехь кхетор. 

2.Х1ун маь1на ду хуттургийн предложенехь я предложенеш т1ехь долчу дешнашна юккъехь. Хуттургаш каро хаар,церан муьлха тайпанаш ду хаар.Цара предложенехь деш долу г1уллакх. Хуттургаш нийсаязъярх кхетор.

3.Хаа деза дакъалгаш х1ун ю, церан предложенехь х1ун маь1на ду.Дакъалгийн тайпанех кхетор,предложенехь х1ун г1уллакх до гайтар. Хаа деза дакъалгаш  дешнашца цхьаьна маца яздо.

4.Айдардешнех кхетам балар. Хаа деза муьлхачу дашах олу айдардош, х1ун маь1на ду цуьнан. Муьлхачу интонацица билгалдоккху айдардош, церан тайпанаш, уьш муха кхоллало

 

ДОЗУШ ДОЛУ КЪАМЕЛ КХИОР( 13 сахьт)

 

            Къамел кхиор. Текстах а, цуьнан дакъойх а лаьцна кхетам: текстан дакъойн уьйран лексически г1ирсаш, цхьалхе план. Кегий а, шуьйра а теманаш, текстан коьрта ойла: къамелан стилех лаьцна кхетам, къамелан хабаран а, исбаьхьаллин а стилех лаьцна юьхьанцара хаамаш; дийцарх а, яздарх а лаьцна:   дийцаран кепара йолчу текстан жима а ,юьззина а изложени язъяр суртх1отторан элементашца, цхьаццайолчу х1уманийн а, дийнатийн а хьокъехь сочиненеш-суртх1отторан дийцарш; дахарехь хиллачух лаьцна сочинени-дийцар.Доттаг1аллин а, къахьегаран а теманашна сочиненеш язъяр.

 

Коьрта хаарш

7 класс чекхйолуш дешархойн хила деза х1ара хаарш: дешнаш фонетически а, дешан х1оттам къастош морфологически а, шиъ коьрта меже йолу предложенеш синтаксически а талла. 1амийначу кепара йолу цхьалхе а,чолхе а предложенеш х1итто хаар.

1амийначу материалаца йог1уш йолу орфограммаш каро а, дешнийн нийсаяздар талла хаар. Хандешан саттамаша х1ун гойту,муьлха билгалонаш ю церан.Муха кхоллало уьш.

Спряжени х1ун ю, муха кхоллало. Причасти къасто хаар. Деепричастих долу хаарш,масдар муха кхоллало.Куцдешнийн тайпанах долу хаарш т1еч1аг1дар. Г1уллакхан къамелан  дакъош довзар.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

6 класс(136 сахьт)

Ненан маттах лаьцна дош (1 сахьт).

Карладаккхар (7 сахьт); 1) предложенин меженаш; 2) Шалха элпаш, церан нийсаяздар;

3)Омонимаш, синонимаш, антонимаш; 4) дешан лард, чаккхе, орам дешхьалхе, суффикс; 5) ц1ердош, дожарш; 6) къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам.

 

БИЛГАЛДОШ (31 сахьт)

            1.Билгалдош а, цуьнан маь1на а, морфологически билгалонаш а (юкъара кхетам).

Мухаллин, юкъаметтигаллин, доладерзоран билгалонаш. Лаамаза а, лааме а билгалдешнаш. Билгалдешнийн синтаксически билгалонаш: 1) лаамазчу билгалдашах предложенехь къастам хилар; 2 лаамечу билгалдашах, маь1не хьаьжжина, подлежащи я кхачам, я т1едерзар хилар.

Цхьадолу билгалдешнийн терахь а, классан гайтам а. Мухаллин билгалдешнийн даржаш, церан кхолладалар, суффиксаш. Т1ехдаларан дарж кхуллуш долу дешнаш: сов, т1ех, вуно,1аламат, инзаре, уггаре а.

Билгалдешнийн легарш, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр. Билгалдешнийн кхолладалар, церан суффиксаш.

Т1еэцна билгалдешнаш, церан легар. Т1еэцначу билгалдешнийн суффиксаш а, церан нийсаязъяр а. Билгалдош морфологически таллар. Билгалдош карладаккхар.

            2.Лаамаза а, лааме а билгалдешнаш дожаршца нийса хийца хаар.  Къамелехь билгалдешнех-синонимех нийса пайдаэца хаар(маса,чехка,сиха, каде, т1ах-аьлла,х1айт-аьлла; г1иллакхе, к1еда-мерза; товш, безамехь).

Лаамечу билгалдешан доланиг дожаран чаккхенгахь а, цхьана дешдекъах лаьттачу билгалдешан чаккхенгахь а мукъа аз манкха (мерах) нийса ала хаар.

ТЕРАХЬДОШ (22 сахьт)

            1.Терахьдоша, цуьнан маь1на а, морфологически билгалонаш а.

Терахьдешнийн тайпанаш:   лаамаза;   лааме а. 1) масаллин (маса?), 2) декъаран (мас-маса?), 3) гулдаран(маса?), 4)билгалза-масаллин(маса? мел?), 5) рог1аллин(масалг1а?).

Масаллин терахьдешнийн легар.Цхьалхе, чолхе, х1оттаман терахьдешнаш, церан легар.

Рог1аллин терахьдешнаш, церан кхолладалар, суффиксаш. Лаамазчу рог1аллин терахьдашах къастам хилар, лаамечух, маь1не хьаьжжина, подлежащи я кхчам хилар. Рог1аллин терахьдешнийн легар. Лаамаза рог1аллин терахьдешнаш лаамаза мухаллин билгалдешнаш санна дожаршца хийцадалар.

Терахьдешнийн кхолладалар(масалличарах декъарана, гулдаран а, билгалза-масаллин а, рог1аллин атерахьдешнаш хилар). Терахьдешнийн нийсаяздар. Терахьдош морфологически таллар. Терахьдош карладаккхар.

            2.Чолхе декъаран а, билгалза-масаллин а терахьдешнаш ц1ердешнашца цхьаьна нийса ала хаар; лаамечу масаллин а, рог1аллин а терахьдешнийн дожарийн чаккхенаш нийса ала хаар. Лаамечу терахьдешан доланиг дожаран чаккхенгара мукъа аз манкх(мерах) нийса ала хаар.

Ц1ЕРМЕТДОШ (26 сахьт)

            1.Ц1ерметдош а, цуьнан грамматически билгалонаш а. Ц1ерметдешан тайпанаш довзийтар: 1) яххьийн, 2) дерзоран, 3) доладерзоран, 4)дерзоран-доладерзоран,5) гайтаран, 6)къастаман, 7) къастамза, 8) хаттаран, 9) юкъаметигаллин.

Яххьийн а, дерзоран а ц1ерметдешнийн яххьаш а, церан легар а. Тхо, вай бохучу дукхаллин терахьан 1-чу юьхьан шина ц1ерметдашна юккъера башхо йовзийтар. Доладерзоран а, дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнийн яххьаш а, церан легар.

Хаттаран а, юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнийн легар, царна юккъера башхо йовзар, уьш вовшашца дуста а, предложенешкахь къасто хаар.

Ц1ерметдешнийн нийсаяздар. Ц1ерметдош морфологически таллар. Ц1ерметдешан синтаксически билгалонаш: 1) яххьийн а, дерзоран а ц1ерметдешнех предложенехь маь1не хьаьжжина подлежащи я кхачам хилар; 2) лаамазчу гайтаран а, къастаман а,доладерзоран а ц1ерметдешнех къастам хилар. Ц1ерметдош карладаккхар.

            2.Къамелехь тайп-тайпанчу ц1ерметдешнех а, церан яххьех а, дожарийн чаккхенех а нийса пайдаэца хаар.. Предложенешкахь хаттаран а, юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнаш вовшах къасто хаар, церан башхалла йовзар. 

 

ХАНДОШ (23 сахьт)

            1.Хандош, цуьнан грамматически билгалонаш (морфологически а, синтаксическиа) Хандешан билгалза кеп, цуьнан суффиксаш(-а, -о, -ан, -ен, -он). Хандешан билгалзачу кепан нийсаязъяр. Хандешан хенаш. Карара хан, цуьнан чаккхенаш нийсаязъяр а. Яхана хан. Яханчу хенан кепехюкъара кхетам балар.Яханчу хенан чаккхенаш нийсаязъяр (и, ий,ира, ина, ийна, на, инера,ийнера, нера,ура, ара, ора).Йог1у хан: 1) хила мега хан, 2) хин йолу хан. Йог1учу хенан нийсаязъяр. Хандешан цхьаллин а, дукхазаллин а кепаш. Цхьадолчу хандешнийн терахь а, классаш а.

            2.Бартан а, йозанан а къамелехь хандашах нийса пайдаэца хаар.Хандешнийн чаккхенаш нийса ала а, нийса язъян а хаар.

КАРЛАДАККХАР(7 сахьт)

1.      Билгалдош, цуьнан синтаксически г1уллакх;

2.      Масаллин, рог1аллин терахьдешнаш;

3.      Доладерзоран а, дерзоран-доадерзоран а, гайтаран а, хаттаран а, юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнаш;

4.      Хандош, цуьнан билгалонаш.

 

 

КЪАМЕЛ КХИОР (20 сахьт)

Текстах, цуьнан дакъойх, къамелан стилех, темех, цуьнан коьртачу ойланех, дийцарх, суртх1отторан дийцарх лаьцна 1амийнарг карладаккха. Сочиненина материал гулъяр. Сочинени язъярна оьшу материал цхьана кепе ерзор, чолхе план х1оттор.

Шайн х1усам муьлхачу хьолехь ю а, 1аламан сурт а х1оттош, яцйина а, хаьржина а изложенеш язъяр. Х1усам а, 1алам гойтуш йолу сочиненеш язъяр.

Сочинени – дийцар яздар.

 

 

Коьрта хаарш

            6-г1а класс чекхйолуш дешархойн хила деза х1ара хаарш:

            Дукха маь1наш долчу дешнийн маь1наш довзийта а, уьш къамелехь нийса лело а хаар. дешан маь1на къасто хаар. 1амийна къамелан дакъош, церан грамматически билгалонаш йовзар а, къасто  хаар а.

1-6 классашкахь 1амийнчу меттан материалца йог1уш йолу орфограммаш каро а, цаьрца дешнаш нийсаяздана, къесто а хаар. Юьззина нийса ойланаш билгалъяхархьама, къамелехь ц1ердешнех, билгалдешнех, куцдешнех, церан синонимаш, антонимаш, омонимаш юкъа а ялош, пайдаэца хаар.

1амийначу бакъонийн пунктограммаш предложенешкахь каро а, йовзийта а хаар.

            Чолхе план х1оттор. Шен текст а, чулацам а, меттан говзалла а шаръеш, тоеш кхочушъяр. Ша хаьржинчу темина сочинени язъяр.

 

 

 

8 класс  (34 сахьт)

           

            Нохчийн мотт халкъийн вежараллин меттанех цхьаъ бу. (1 сахьт)

5-7 классашкахь 1амийнарг карладаккхар (2 сахьт). 1) фонетика; Й элпан нийсаяздар. Дешан чаккхенга н яздар. 2) Ц1ердашан, билгалдешан, хандешан, куцдешан   синтаксически г1уллакх.Лексика, фразеологи, дошкхоллар.

1)      Орфографи, цуьнан дакъош. Предложенин тайпанаш карладахар.

 

СИНТАКСИСАХ ЛАЬЦНА ЮКЪАРА КХЕТАМ

1.Дешнийн цхьанакхетаран д1ах1оттам а, маь1наш а. Дешнийн цхьанакхетарний, предложениний юкъара башхо. Коьрта а, дозуш долу а дешнаш. Предложени, цуьнан тайпанаш. Логически (маь1нин) тохар.(2 сахьт).

 

            2.Предложенин коьрта меженаш. Подлежащи, сказуеми, нийса кхачам. Грамматически а, маь1нин а подлежащеш. Подлежащи хилар, Хандешан цхьалхе сказуеми.Ц1еран х1оттаман сказуеми. Подлежащиний, сказуеминий юккъехь тире.(4с.)

            3. Предложенин коьртаза меженаш. 1) Кхачамаш, церан хилар. Къастамаш, церан хилар. Юххедиллар, цуьнгахь сацаран хьаьркаш. Латтамаш (хенан, меттиган, бахьанин, 1алашонан, даран суьртан, бараман, бехкаман, дуьхьалара), церан хилар.

2)Къамелехь предложенин коьртазчу меженех а, тайпанех а нийса пацдаэца хаар. Церан синонимех, антонимех пайдаэца хаар. (10 с.)

 

            4.Предложенин цхьанатайпанара меженаш.1) Предложенин цхьанатайпана меженаш. Цхьанатайпанчу меженашкахь дозоран а, къасторан а, дуьхьалара а, довзийтаран а хуттургаш: а-а, амма, ткъа, делахь а, бакъду, цхьабакъду, х1етте а, аьлча а. Хуттурган суффиксаш: й,и эшарца (интонацица) цхьанакхеташ йолу цхьанатайпанара меженаш.(карладаккхаран хьесапехь).

Цхьанатайпанчу меженашкахь сацаран хьаьркаш.Цхьанатайпанчу меженашца юкъара дешнаш, юкъарчу дешнашца йолу сацаран хьаьркаш.Цхьанатайпанчу а, цхьанатайпанара боцчу къастамашкахь сацаран хьаьркаш.(.)

 

            5.Цхьалхечу предложенин кепаш.1) шина х1оттаман я кхаах1оттаман предложени- юьхьан предложени(шена чохь шиъ я кхоъ коьрта меже хуьлуш йолу).

Цхьанах1оттаман предложенеш: билгала-юьхьан, билгалза-юьхьан, юкъара-юьхьан, юьхьза-, ц1еран, юьззина йоцу предложенеш.

Коьртаза меженаш юкъаялоре хьаьжжина цхьалхе предложенеш юьззина а, юьззина йоцуш а хилар.

Дешнаш юкъадалоре-цадалоре хьаьжжина цхьалхе предложенеш юьззина а, юьззина а йоцуш а хилар. Предложенин кепаш, тайпанаш цхьаъ цахиларх кхетам балар.

Цхьалхечу предложенийнкепийн башхаллаш йовзар, царах нийса пайдаэца хаар. (4с)

 

6.Предложенешца уьйр йоцу дешнаш.1) т1едерзар, даьржина т1едерзар. Т1едерзар а, подлежащи а вовшашца дустар, башхалла къастор. Уьш муьлачу къамелан дакъойх хуьлу довзийтар. Т1едерзарехь сацаран хьаьркаш.

Х1аъ, х1ан-х1абоху дешнаш-предложенеш, цаьргахь сацаран хьаьркаш. (2 с.)

 

7.Предложенин шакъаьстина меженаш. Предложенин  шакъаьстинчу меженех лаьцна кхетам балар.Шакъаьстина юххедиллар а, цуьнгахь сацаран хьаьркаш. Латтамаш дурс(латтам буьззина билгалбаккхар). Хенан а, меттиган а латтаман дурсаш, церан нийсаяздар. Предложенин шакъаьстина меженаш карлаяхар. (4 с.)

 

8.Грамматически талларш.Грамматически талларш, уьш кхочушдар. Тайп-тайпанчу талларех пайдаэцар.

 

9.Карладаккхар.Предложенин коьрта а, коьртаза меженаш карлаяхар. (2 с.)

 

10.Дозуш долу къамел кхиор. Текстах, къамелан стилех, тайпанех лаьцна болу хаамаш гулбар, юкъара маь1на дар. Г1иллакх-амалийн, оьздангаллин теманашна сочинени язъяр.Адамийн тоьллачу амалех, оьздангаллех лаьцна  а 1амочу литературни произведенин кхетош-кхиоран а, исбаьхьалин а маь1нех лаьцна а сочинени язъяр.(2 с.)

 

КОЬРТА ХААРШ

8 класс чекхйолуш дешархойн хила деза х1ара хаарш:

            Дешнийн цхьанакхетарш, цхьалхе цхьанах1оттаман, шинах1оттаман предложенеш синтаксически таллар. Тайп-тайпанчу талларех пайдаэцар.

Шинах1оттаман, цхьанах1оттаман а цхьалхе предложенеш х1иттор, цхьанатайпанарчу а, шакъаьстинчу а меженашций, юкъадалочу дешнашций, предложенешций. Т1едерзаршций чолхеяьхна цхьале предложенеш х1иттор.

Цхьанатайпанарчу а, шакъаьстинчу а меженашций, юкъадалочу дешнашций, предложенешций, т1едерзаршций айдардешнашций йолчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш. Грамматикан хаттарийн талламан болх кхочушбан хаар.. Х1оттам боцчохь подлежащиний, сказуеминий юккъе тире йилар.

5-8 классашкахь 1амийна орфограммаш, пунктограммаш юкъайог1у предложенеш, дешнаш нийсаяздан а, довзийта а хаар. Орфограммаш талла ца лучу дешнийн нийсаяздар. Сочинени а, изложени язъян хаар.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

ЮККЪЕРЧУ ШКОЛАШНА НОХЧИЙН МЕТТАН ПРОГРАММАШ

6– чу классашна

 

 

 

 

 

Нохчийн меттан хьехархо: Садулаева А.А.

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Рабочие программы по чечен.яз.6-8 кл"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Экономист-аналитик

Получите профессию

Фитнес-тренер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 671 792 материала в базе

Скачать материал

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 29.05.2017 2588
    • DOCX 23.5 кбайт
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Матагова Maлика Ибрагимовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Матагова Maлика Ибрагимовна
    Матагова Maлика Ибрагимовна
    • На сайте: 7 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 1
    • Всего просмотров: 178436
    • Всего материалов: 132

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой