Предпросмотр материала:
АРСАНУКАЕВ 1абдулмуслиман Шайхи.
1алашонаш: Арсанукаев Шайхин дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар. Дешархойн ойла а, тидам а кхиор. Берийн дегнашкахь патриотически дог-ойла а кхиор.
Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза шаьш ешначух кхета, ешначух лаьцна шайна хетарг ала; шайн белхан план х1отто, цу планан рог1аллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа,1ама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.
Хьехаран некъаш: учебникца болх бар, дешархойн хаамаш, комментари ярца текст ешар.
Гайтаман г1ирс: яздархочух лаьцна йина презентаци, Арсанукаев Шайхех лаьцна « Марзонан цинцаш» ролик.
Урокана эпиграф: «Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!»
Бохуш, и сийсазбан, ца хета иэхь!»
( Ш.Арсанукаев)
Урок д1аяхьар
I. Урокана кечамбар.
II. Ойла т1еерзор.
Эпиграфна далийначу мог1анийн маь1на достуьйту.
- Хьан эр дара аш, бераш, хьенан ду и г1арадевлла мог1анаш? Мила ву церан автор?
- «Ненан мотт» ц1е йолчу стихотворени юкъара и мог1анаш дешча, х1ун ойла кхоллало шун? Автор х1ун ала г1ерта вайга?
- Арсанукаев Шайхи шуна вевзарий? Мила хилла и?
- Хьан эр дара аша, хьанах лаьцна дуьйцур ду вай тахана урокехь?
( Дешархошка шайга урокан 1алашонаш а, декхарш а бигалдохуьйту)
III. Дешархойн хаарш жигардахар
Хьехархочо толлу дешархоша ц1ахь кхочушбина белхаш, билгалбоху церан кхиамаш а, кхачамбацарш а.
- «Сий делахь, Латта» стихотворенехь хьенан ц1арах къамел ду далош дерг?
- Стихотворенехь шайна къаьсттина хазахетта мог1анаш д1адеша, дийца муха кхета шу царех?
- Мостаг1чун къизалла муха гойту поэто?
- Нохчийн маттахь язйина кхин х1ун тайпа произведенеш евза шуна т1амах лаьцна?
- Коьрта маьIна хIун ду «Сий делахь, Латта» стихотворенин ?
- Нохчийчохь хилла муьлха т1емаш девза шуна?
IV. Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.
1. Хьехархочун дош.
Тахана вай шуьца карлабоккхур бу Арсанукаев Шайхин дахаран а, кхоллараллин а некъ.
- Мила ву Арсанукаев 1абдулмуслиман Шайхи?
- 7-чу классехь цуьнан муьлха стихотворенеш 1амийра вай?
- Дагахь цхьа а хаьий шуна?
2. Учебник т1ерачу статьяца болх бар.
( Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешарошка д1адоьшуьйту статьян дакъош)
Хаттарш:
- Маца язйина ю Арсанукаев Шайхис шен «Ненан мотт» ц1е йолу стихотворени?
- Х1ун тайпа белхаш бина поэто?
- Арсанукаевн хьалхара гуларан ц1е муха яра? Муьлхачу шарахь араяьккхина цо и?
- Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, х1ун тайпа ц1ераш еллера поэтана?
( Кхуззахь гайта мегар ду Шайхих лаьцна йолу «Марзонан цинцаш» ц1е йолу ролик)
V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.
1. Белхан тептарш т1ера кхочушдойту 4 т1едиллар
Боцца хаам баларца чекхдаккха чалтаран шолг1а дакъа
|
Мила ву АРСАНУКАЕВ Шайхи? |
|
|
Дахаран шераш |
|
|
Вина меттиг |
|
|
Дешна |
|
|
Яздан маца волавелла ? Дуьххьарлера байташ зорбане маца йийлина? |
|
|
Х1ун белхаш бина |
|
|
Цуьнан гуларийн ц1ераш йовзийта. |
|
|
Произведенийн коьрта тематика |
|
|
Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош,делла совг1аташ |
|
V. Урокан жам1дар
- Стенах лаьцна дийци вай тахана урокехь?
- Мичахь, маца вина Арсанукаев Шайхи?
-Муьлхачу шерашкахь нохчийн литературин юкъавеана Арсанукаев Шайхи?
-Д1адаханчу б1ешерин 60-г1а шераш х1ун билгалонаш йолуш дара вайн къоман 1ер-дахарехь
- Шен поэзехь муьлха теманаш коьрта лору цо?ХIун билгалонаш ю цуьнан поэзин, стенах лаьцна яздо?
VI. Рефлекси.
Дийца шайн кхиамех лаций.
Суна 1еми…
Суна хии…
Суна кхета хала дара…
Со ца кхийти…
Хаарийн мах хадор. ( Мах дешархошка шайга хадабойту).
VII. Ц1ахь кхочушдан дезарг. ( Т1едахкарш декъа мегар ду дешархошна).
1.Учебник-хрестомати т1ерачу 5- 8 хаттаршна жоьпаш кечдар.
2. Белхан тептар – 1-3 т1едахкарш.
Профессия: Учитель географии
Профессия: Педагог в сфере географического образования
В каталоге 7 237 курсов по разным направлениям
Учебник: «Английский язык», Ваулина Ю.Е., Дули Д., Подоляко О.Е. и др.
Тема: Module 10. Holidays
Учебник: «Английский язык», Ваулина Ю.Е., Дули Д., Подоляко О.Е. и др.
Тема: Reading
Учебник: «География. Материки, океаны, народы и страны», Душина И.В., Коринская В.А., Щенев В.А.
Тема: Антарктида
Учебник: «Физика (базовый уровень)», Мякишев Г.Я., Буховцев Б.Б., Сотский Н.Н. / Под ред. Парфентьевой Н.А.
Учебник: «Обществознание», Под ред. Боголюбова Л.Н., Ивановой Л.Ф.
Учебник: «Физика (базовый уровень)», Мякишев Г.Я., Буховцев Б.Б., Чаругин В.М. / Под ред. Парфентьевой Н.А.