Урокан ц1е:
«Хандешнашца ца , ма нийсаядар».
1алашо: дакъалгаш ца , ма
хандешнашца къаьстина язъярх лаьцна кхетам балар. Оцу хаамехь йозанехь нийса
пайдаэца 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: бераша
т1ач1агбир бу хандешнех лаьцна болу хаамаш. Евзар ю хандешнашца ца , ма
дакъалгаш къаьстина язъяран бакъо. Берашна 1емар ду предложенешкахь дакъалгаш а
, хандешнаш а каро , билгалдаха.
2. Метапредметни:
·
Регулятивни: берашна
1емар ду шайн болх райде долчу аг1ор нисбан д1абахьа. Берашна хуур ду шайн
кхиамаш ган, церан мах хадо , пайдаэца. Кхачамбацарш ган , царех ларбала.
· Коммуникативни: берашна
1емар ду хьехархочун хаттарна жоьпаш дала, шайна оьшург хата. Берашан 1емар ду
вовшашца г1иллакхе хила, г1он-накъосталла дан.
· Познавательни: берашна
1емар ду книги т1ехь шайна оьшу г1ирс лаха, цунах пайдаэца. Бераш т1екхуьр бу
хандешнашца дакъалгаш къаьстина яздан дезарна. Берийн алсамдер ду тидамбар ,
ойлаяр, х1ума лаха лаам.
3.
Личностни: берийн алсамбер бу х1ума довза , дика деша лаам.
Г1иллакхе а , адмалле кхочур бу бераш.
Урок д1аяхьар
1.Маршалла хаттар.
2. Ц1ера болх таллар.
Шардар №
-Д1аеша байт. Мила ву цуьнан автор? (1. Мамакаев).
-Стенах лаьцна ю иза?(Терках).
-Муьлха хандешнаш ду цо цу т1ехь далийнарш?
(Карарчу хенан).
-Муха хир дара уьш йог1учу хенехь хилча?
3. 1алашо йовзийтар. Хетачу аг1ор 1алашонаш
х1иттор
-Д1аеша урокан ц1е. (Хандешнашца ца , ма
нийсаяздар).
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Стена т1ера
д1адуьйлалур ду вай? (Бакъонна т1ера).
-Х1ун дан ницкъ кхочур ба аьлла хета шуна вайн?
-Бераш , вайна тахана евзар ю хандешнашца
дакъалгаш ца , ма нийсаязъяран бакъонаш.
4. Керла тема кхьехар
·
Бакъо таллар.
-Д1аеша 149-г1а аг1он т1ера бакъо.
-Муха язйо дакъалгаш ца , ма
хандешнашца?
·
Дакъалгаш хандешнашца нийсаязъяран тидам бар
Шардар
№
(Бераша шаьш кхочушдо шардар).
·
Картоцкашца болх бар.
Карточка 1.
Къовларш д1а а йохуш д1аязъе предложенеш.
Хьалха хьажий бен ког (ма) баккха,
таьхьа хьажий бен дош (ма) ала. Къьоллех кхарда (ма) кхарда, къинхьегамах
кхера (ма) кхера. Хьалдолчунна къехочуьнгара хьал (ца) хаьа. Хьайца схьалело
(ца) луудерг, нахаца д1а (ма) леладе.
|
Карточка 1.
Къовларш д1а а йохуш
д1аязъе байт.
Ислам, дехках ма къехка,
И
цхьа цуьрриг бен ма бац.
Цул
схьаволий кхуза чехка,
Хьайн Писулиг
схьалаца.
|
-Муха язйиана аша аша къовларш юкъара
дакъалгаш хандешнашца?
5.Сада1аран
миноташ.
. Хелхадуьйлу «т1ох-дап-т1ох»,
Тхайн ц1ахь чохь а, арахь.
Кхин дан х1ума ца хилахь,
Хелхар дийр ду школехь.
Хуьлийла хьо шианхо
Я т1ехдика дешархо.
Xlapa хелхар 1амаде,
Когаш хьайн ма кхоабе!
(Xlapa
байташ
а йоьшуш,
куьйгаш
хьала а дохуьйтий,
уьш
вовшах а детташ,
юкъ-кара нагнаггахь
когаш а тухуш,хелхар до)
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
·
Предложенешка оьшу дакъалгаш язъяр.
Шардар
№
-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлха
дакъалг язйийр яра аша оцу предложенехь? (Ца).
-Муха язйо дакъалгаш хандешнашца?
(Къаьстина).
-Билгалъяха уьш.
(Толлу еригге предложенеш).
·
Берашка шайга болх байтар.
Шардар
№
7. Жам1 дар.
-Х1ун эр дара аша
дакъалгаш ца , мА хандешнашца нийсаязъярх?
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи
аша?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар №
Бакъо,
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.